che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
Узар – ЦІадукъин да, ЦІадукъа – Ахьмин да, Ахьма – Аладин да,
Азор родил Садока; Садок родил Ахима; Ахим родил Елиуда;
Алади – ЭлиІазаран да, ЭлиІазар – МатІанин да, МатІани – Якъубан да,
Елиуд родил Елеазара; Елеазар родил Матфана; Матфан родил Иакова;
Якъуб – Мареман майра волчу Юсупан да. Марема Іийса вина, Дала леррина Къобалвинарг аьлла, цІе йоккхуш волу.
Иаков родил Иосифа, мужа Марии, от Которой родился Иисус, называемый Христос.
ИбрахІимна тІера Даудана тІе кхаччалц ейтта тІаьхье хилла, Даудана тІера Бавеле йийсаре бахийтталц – ейтта тІаьхье хилла, ткъа иштта ейтта тІаьхье кхиъна Бавелера юхабалийначул тІаьхьа Іийса дуьнен чу валлалц.
Итак всех родов от Авраама до Давида четырнадцать родов; и от Давида до переселения в Вавилон четырнадцать родов; и от переселения в Вавилон до Христа четырнадцать родов.
Цуьнан дуьнен чу валар иштта хилира: Іийсан нана Марем Юсупна ехна хилла. Амма иза маре яхале гучудаьлла Марем Делан Синах доьзалхочух хилар.
Рождество Иисуса Христа было так: по обручении Матери Его Марии с Иосифом, прежде нежели сочетались они, оказалось, что Она имеет во чреве от Духа Святаго.
Цуьнан хин волу майра Юсуп чІогІа оьзда стаг хилла. Цо шайна юкъахь хьахаделла долу захало, нахала а ца доккхуш, дохо сацам бина хилла.
Иосиф же муж Её, будучи праведен и не желая огласить Её, хотел тайно отпустить Её.
Цо цу гІуллакхах лаьцна ойла ечу хенахь, цунна гІенах Везачу Элан малик дуьхьалтесира. Малико элира: «Даудан кІант Юсуп, Марем хьайна дІайига ма кхера, хІунда аьлча цуьнан кийрахь долу бер Делан Синах схьадаьлла ду.
Но когда он помыслил это,— сё, Ангел Господень явился ему во сне и сказал: Иосиф, сын Давидов! не бойся принять Марию, жену твою, ибо родившееся в Ней есть от Духа Святаго;
Цо кІант вийр ву. Цуьнан цІе Іийса тиллалахь, хІунда аьлча Цо Шен къам къинойх кІелхьардоккхур ду».
родит же Сына, и наречёшь Ему имя Иисус, ибо Он спасёт людей Своих от грехов их.
И шадерг а хилла, Везачу Эло Шен пайхамарехула аьлларг кхочуш хилийтархьама. Делан Йозанна тІера дешнаш иштта дара:
А всё сие произошло, да сбудется реченное Господом через пророка, который говорит:
«ЙоІстага, берах а хилла, КІант вийр ву, Цуьнан цІе Іимануал туьллур ю. Иза „Тхоьца Дела ву!“ – бохург ду».
сё, Дева во чреве приимет и родит Сына, и нарекут имя Ему Еммануил, что значит: с нами Бог.
Юсуп самаваьлча, цо, Везачу Элан малико ма-хьеххара, Марем шена маре схьаялийра.
Встав от сна, Иосиф поступил, как повелел ему Ангел Господень, и принял жену свою,
Амма бер дина яллалц, цо цунах куьг ца туьйхира. Юсупа цу кІентан цІе Іийса тиллира.
и не знал Её. Как наконец Она родила Сына Своего первенца, и он нарёк Ему имя: Иисус.
Іийса ЯхІуд-махкарчу Байтлахам-гІалахь вина. Иза яра ХІарод-паччахь олаллехь волу зама. Іийса дуьнен чу ваьлла жимма хан яьлча, Ярушалайм-гІала баьхкира малхбалехьара хьекъалчаш.
Когда же Иисус родился в Вифлееме Иудейском во дни царя Ирода, пришли в Иерусалим волхвы с востока и говорят:
Цара адамашка хоьттура: «Мичахь ву хІинцца дуьнен чу ваьлла волу жуьгтийн къоман паччахь? Тхуна къеггина схьакхетта болу Цуьнан седа гира. Цундела, Цунна хьалха гора а хІуттуш, корта тоха даьхкина тхо».
где родившийся Царь Иудейский? ибо мы видели звезду Его на востоке и пришли поклониться Ему.
Иза шена хезча, ХІарод-паччахь синтем байна хьаьвзира, ткъа цуьнца ерриг а Ярушалайм-гІала сингаттаме хилла дІахІоьттира.
Услышав это, Ирод царь встревожился, и весь Иерусалим с ним.
ХІарода ша волчу кхайкхира шен махкара динан коьрта дай а, Іелам нах а. Цо цаьрга хаьттира: «Муьлхачу меттехь дуьнен чу вала везаш вара Дала леррина Къобалвинарг?» – аьлла.
И, собрав всех первосвященников и книжников народных, спрашивал у них: где должно родиться Христу?
Цара цуьнга жоп делира: «ЯхІуд-махкарчу Байтлахам-гІалара, хІунда аьлча шен йозанна тІехь пайхамаро аьлла ду:
Они же сказали ему: в Вифлееме Иудейском, ибо так написано через пророка:
„Хьо а, ЯхІуд-махкара Байтлахам-гІала, ЯхІудан махкарчу сийлахьчу гІаланаш юкъахь лахара яц. Хьан махкара вер ву, Сан Исраилан къоман куьйгалхо хилла дІахІуттун верг!“»
и ты, Вифлеем, земля Иудина, ничем не меньше воеводств Иудиных, ибо из тебя произойдёт Вождь, Который упасёт народ Мой, Израиля.
ТІаккха ХІарода къайлаха шена тІе схьакхайкхира малхбалера баьхкина болу хьекъалчаш. Цаьргара цунна хиира, маца гучубаьлла стигалахь керла седа.
Тогда Ирод, тайно призвав волхвов, выведал от них время появления звезды
Байтлахам-гІала уьш дІахьажош, цо царна тІедиллира: «ДІа а гІой, цу берах лаьцна доллу хІума а хаа хьовса. Шайна иза карийначул тІаьхьа соьга хаам бе, цига ваха а вахана, соьга а Цунна Іибадат дайта».
и, послав их в Вифлеем, сказал: пойдите, тщательно разведайте о Младенце и, когда найдёте, известите меня, чтобы и мне пойти поклониться Ему.
Паччахьо шайна тІедиллиначуьнга ла а доьгІна, уьш новкъа бевлира. Царна къеггина схьакхетта гина болу седа, хьалха а баьлла, меллаша стигалахула дІабоьдуш бара. ТІаьххьара а иза сецира нийсса и бер долчу меттигна тІехула.
Они, выслушав царя, пошли. И сё, звезда, которую видели они на востоке, шла перед ними, [как] наконец пришла и остановилась над [местом], где был Младенец.
Шайна и сурт гича, хьекъалчаш чІогІа хазахетта хьаьвзира.
Увидев же звезду, они возрадовались радостью весьма великою,
Шаьш цІа чу а дахана, шайна и Бер а, Цуьнан нана Марем а гича, цара, гора а хІиттина, кортош охьа а таІийна, Цунна Іибадат дира. ТІаккха Цунна совгІаташ а делира: деши а, хаза хьожа йогІу еза хІума а, деза хьакхар а.
и, войдя в дом, увидели Младенца с Мариею, Матерью Его, и, пав, поклонились Ему; и, открыв сокровища свои, принесли Ему дары: золото, ладан и смирну.
ТІаьхьо царна гІенах Дела дуьхьалтесира. Цо цаьрга ХІарод-паччахь волчу юха ма гІо элира. Цундела уьш кхечу новкъахула шайн махка дІабахара.
И, получив во сне откровение не возвращаться к Ироду, иным путём отошли в страну свою.
Хьекъалчаш дІабахча, Юсупна гІенах Везачу Элан малик дуьхьалтесира. Цо элира: «ХьалагІатта, схьаэца бер а, цуьнан нана а, Мисар-махка, вадий, дІагІо. Аса шайга хаам баллалц, цигахь Іе, хІунда аьлча ХІарод-паччахь и бер лохуш ву, иза ден гІерташ а ву».
Когда же они отошли,— сё, Ангел Господень является во сне Иосифу и говорит: встань, возьми Младенца и Матерь Его и беги в Египет, и будь там, доколе не скажу тебе, ибо Ирод хочет искать Младенца, чтобы погубить Его.
Юсуп, сама а ваьлла, бер а, Марем а схьа а эцна, буьйсанна Мисар-махка ведда дІавахара.
Он встал, взял Младенца и Матерь Его ночью и пошёл в Египет,
ХІарод-паччахь шен Іожаллех кхалххалц, уьш цигахь Іийра. Иштта кхочушхилира Везачу Эло пайхамарехула аьлларг: «Мисар-махкара аравалийтархьама схьакхайкхина Аса Сайн кІанте».
и там был до смерти Ирода, да сбудется реченное Господом через пророка, который говорит: из Египта воззвал Я Сына Моего.
Хьекъалчаша ша левинийла хиъча, ХІарод-паччахь чІогІа оьгІазвахара. Цо сихонца омра делира, Байтлахам-гІалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а шина шарера далаза долу божабераш дайа аьлла. Цу берийн хан цо билгалъяьккхина хьекъалчашца шен хиллачу къамелехула.
Тогда Ирод, увидев себя осмеянным волхвами, весьма разгневался, и послал избить всех младенцев в Вифлееме и во всех пределах его, от двух лет и ниже, по времени, которое выведал от волхвов.
Цу тІехь кхочушхилла Ярми-ЯхІу-пайхамарехула хилла болу хаам:
Тогда сбылось реченное через пророка Иеремию, который говорит:
«Аз хеза Рами чохь, инзаре мохь, тийжар хеза. Рахьал йоьлху шен берашна, амма цхьаммо а шен дог оьцийла цунна ца лаьа, хІунда аьлча цуьнан бераш дийна дац».
глас в Раме слышен, плач и рыдание и вопль великий; Рахиль плачет о детях своих и не хочет утешиться, ибо их нет.
ХІарод-паччахь веллачул тІаьхьа Юсупна Мисар-махкахь юха а Делан малик дуьхьалтесира.
По смерти же Ирода,— сё, Ангел Господень во сне является Иосифу в Египте
«Хьала а гІаттий, – элира цо, – бер а, цуьнан нана а схьа а эций, Исраил-махка дІагІо, хІунда аьлча бер ден гІиртинарш белла».
и говорит: встань, возьми Младенца и Матерь Его и иди в землю Израилеву, ибо умерли искавшие души Младенца.
Бер а, Марем а схьа а эцна, Исраил-махка дІаваха новкъа велира Юсуп.
Он встал, взял Младенца и Матерь Его и пришёл в землю Израилеву.
Шаьш цига дІакхачале, цунна хиъна, ХІарод-паччахь кхелхинчул тІаьхьа цуьнан дарже дІахІоьттинарг паччахьан кІант Архул вуйла. Иза цига дІаваха ца хІоьттира. Амма цунна гІенах юха а малик дуьхьалтесира. Цо Юсупна цигара дІаваха тІедожийра. ТІаккха Юсуп Галилай-махка дІавахара.
Услышав же, что Архелай царствует в Иудее вместо Ирода, отца своего, убоялся туда идти; но, получив во сне откровение, пошёл в пределы Галилейские
Уьш Назарт-гІалахь бāха хевшира. Иштта кхочушхилира Дала пайхамарехула аьлларг: «Цунах назартхо эр ду».
и, придя, поселился в городе, называемом Назарет, да сбудется реченное через пророков, что Он Назореем наречется.
Цхьа зама тІекхаьчча, Яхьъя ЯхІуд-махкарчу яьссачу аренгахула кхайкхам беш волавелира.
В те дни приходит Иоанн Креститель и проповедует в пустыне Иудейской
«Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тІедерза!» – бохура Цо.
и говорит: покайтесь, ибо приблизилось Царство Небесное.
Яхьъях лаьцна ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро аьлла: «Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду: Везачу Элана некъ кечбе! Нисде Цунна хьалха некъан тачанаш!»
Ибо он тот, о котором сказал пророк Исаия: глас вопиющего в пустыне: приготовьте путь Господу, прямыми сделайте стези Ему.
Цу хенахь Яхьъяс эмкалан тІаргІанах йина бедарш а лелайора, гІодаюккъе шуьйра тІаьрсиган доьхка а доьхкура. Юучу хІуманах цо билгалдаьккхинарг цІоз а, акха моз а дара.
Сам же Иоанн имел одежду из верблюжьего волоса и пояс кожаный на чреслах своих, а пищею его были акриды и дикий мёд.
Дукха адам догІура цунна тІе: Ярушалаймера а, ЯхІуд-махкара а, Йордан-хи йистехь дехаш долу адамаш а.
Тогда Иерусалим и вся Иудея и вся окрестность Иорданская выходили к нему
Шайх даьллачу къиношна Далла хьалха дохко а бовлий, Йордан-хи чохь шаьш хих чекхдохуьйтура наха Яхьъяга.
и крестились от него в Иордане, исповедуя грехи свои.
Шена тІеоьхуш дуккха а садукъой а, парушхой а гича, Яхьъяс элира: «Шу лаьхьанан кІорнел а чІогІа зуламе адамаш ма ду! Хьан бина шуьга, тІедогІучу къематан дийнах кІелхьардовла деза аьлла, хаам?
Увидев же Иоанн многих фарисеев и саддукеев, идущих к нему креститься, сказал им: порождения ехиднины! кто внушил вам бежать от будущего гнева?
Шу Далла тІедирзина делахь, шайн дахарехь иза гайта.
сотворите же достойный плод покаяния
„Тхан да ИбрахІим ву“, – аьлча, шаьш кІелхьардевр ду ма мотталаш. Делан таро ю оцу Іохкучу тІулгех а ИбрахІимна тІаьхье ян.
и не думайте говорить в себе: «отец у нас Авраам», ибо говорю вам, что Бог может из камней сих воздвигнуть детей Аврааму.
Орамашна тІехула диг хьалаайина ду: шена тІе пайден болу стом латош доцу хІора дитт, хада а дой, цІера юккъе кхуссу.
Уже и секира при корне дерев лежит: всякое дерево, не приносящее доброго плода, срубают и бросают в огонь.
Шу Далла тІедирзина дела, Ас хих чекхдоху шу, амма сол тІаьхьа ван везарг сол нуьцкъала ву. Со Цунна мачаш кхехьа а хьакъ вац. Цо шу Делан Синах а дузур ду, цІарца а дахчор ду.
Я крещу вас в воде в покаяние, но Идущий за мною сильнее меня; я не достоин понести обувь Его; Он будет крестить вас Духом Святым и огнём;
Цуьнан карахь кІа ору баьхьа бу. Цо хьаьттахь кІа цІандийр ду. КІа цІа чу схьагулдийр ду, ткъа кегаш цкъа а дІайовр йоцучу цІера юкъахь ягор ю Цо».
лопата Его в руке Его, и Он очистит гумно Своё и соберёт пшеницу Свою в житницу, а солому сожжёт огнём неугасимым.
Галилай-махкара Йордан-хи тІе веара Іийса, Ша Яхьъяга хих чекхваккхийта.
Тогда приходит Иисус из Галилеи на Иордан к Иоанну креститься от него.
Иза сацо гІоьртира Яхьъя: «Со-суо ву Хьоьга хих чекхваккхийта везаш верг. Ткъа Хьо-Хьуо ма веана суна тІе?»
Иоанн же удерживал Его и говорил: мне надобно креститься от Тебя, и Ты ли приходишь ко мне?
Іийсас цуьнга элира: «Тахана шадерг а иштта хила дезаш ду. Берриг а Делан лаам вай кхочушбан беза». Яхьъя Цо бохучунна резахилира.
Но Иисус сказал ему в ответ: оставь теперь, ибо так надлежит нам исполнить всякую правду. Тогда [Иоанн] допускает Его.
Іийсас Ша цуьнга хих чекхваккхийтира. Иза хи чуьра араволлушехь, Дала стигалш дІасаеллаялийтира. Іийсана хьалха кхокханан суьртехь лакхара охьадогІуш долу Делан Са дІахІоьттира. Иза нийсса Цунна тІе охьадеара.
И, крестившись, Иисус тотчас вышел из воды,— и сё, отверзлись Ему небеса, и увидел [Иоанн] Духа Божия, Который сходил, как голубь, и ниспускался на Него.
Стигалара схьахезаш долчу озо элира: «Иза ву Сан хьоме КІант! Цуьнца бу Сан лаам!»
И сё, глас с небес глаголющий: Сей есть Сын Мой возлюбленный, в Котором Моё благоволение.
Цул тІаьхьа Делан Сино Іийса яьссачу аренга дІавигира, иблисе Иза зейта.
Тогда Иисус возведён был Духом в пустыню, для искушения от диавола,
Шовзткъа де-буьйса марха кхобуш дІадаьлча, Иза чІогІа мацвелла хьаьвзира.
и, постившись сорок дней и сорок ночей, напоследок взалкал.
Иблисо, Цунна тІе а дахана, элира: «Хьо Делан КІант велахь, хьуьлла Іохкуш долчу тІулгашна тІедожаде, бепиг хила алий».
И приступил к Нему искуситель и сказал: если Ты Сын Божий, скажи, чтобы камни сии сделались хлебами.
Іийсас жоп делира: «Делан Йозанна тІехь ма ду: „Адам деккъа цхьана баьпках дехаш дац. Цуьнан вузар – Делан багара схьадаьлла хІора дош ду“».
Он же сказал ему в ответ: написано: не хлебом одним будет жить человек, но всяким словом, исходящим из уст Божиих.
ТІаккха иблисо, Іийса езачу Ярушалайм-гІала а вигина, Делан цІийнан тхов буьххье хьалаваьккхира.
Потом берёт Его диавол в святой город и поставляет Его на крыле храма,
«Хьо Делан КІант велахь, – элира цо, – кхузара чукхоссало. Яздина ма ду: „Везачу Эло Шен маликашка Хьох лаьцна омра дийр ду“. Кхин а яздина ду: „Цара куьйгаш тІехь дІахьур ву хьо, хьан ког тІулгах а ца тасаболуьйтуш“».
и говорит Ему: если Ты Сын Божий, бросься вниз, ибо написано: Ангелам Своим заповедает о Тебе, и на руках понесут Тебя, да не преткнешься о камень ногою Твоею.
Іийсас цунна жоп делира: «Амма яздина ду: „Хьайн Веза Дела зе ма гІерта“».
Иисус сказал ему: написано также: не искушай Господа Бога твоего.
ТІаккха иблисо валийра Іийса боккхачу лам тІе. Цу буьххьера цо гайтира кху дуьненахь мел йолу пачхьалкхаш а, церан исбаьхьа хилар а.
Опять берёт Его диавол на весьма высокую гору и показывает Ему все царства мира и славу их,
«И Хьуна гуш мел дерг аса Хьуна дІалур ду, Ахьа суна, Далла санна, гора а хІоьттина, Іибадат дахь!»
и говорит Ему: всё это дам Тебе, если, пав, поклонишься мне.
Іийсас элира: «ДІадала Суна уллора, иблис! Делан Йозанаш тІехь яздина ду: „Хьайн Везачу Далла бен ма де Іибадат, Цунна бен гІуллакх а ма де!“»
Тогда Иисус говорит ему: отойди от Меня, сатана, ибо написано: Господу Богу твоему поклоняйся и Ему одному служи.
Иблис Іийсана тІаьхьара дІадаьлча, Иза волчу маликаш схьагулделира, Цунна гІуллакх а деш.
Тогда оставляет Его диавол, и сё, Ангелы приступили и служили Ему.
Яхьъя набахти чу воьллина аьлла Шена хезча, Іийса Галилай-махка юхавирзира.
Услышав же Иисус, что Иоанн отдан [под стражу], удалился в Галилею
Назарт-гІала а йитина, Иза Къапарнам-гІалахь ваха хиира. И гІала Галилай-Іомана йистехь Іохкуш долчу Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш тІехь хилла.
и, оставив Назарет, пришёл и поселился в Капернауме приморском, в пределах Завулоновых и Неффалимовых,
Иштта кхочушхилира ЕшаІ-ЯхІу-пайхамарехула аьлларг:
да сбудется реченное через пророка Исаию, который говорит:
«Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш а, Галилай-хІорда тІекхачале, Йордан-хил дехьа йолу кхечу къаьмнийн нехан Галилай!
земля Завулонова и земля Неффалимова, на пути приморском, за Иорданом, Галилея языческая,
Боданехь Іийначу халкъана йоккха серло гира! Іожаллин ІиндагІехь болчу махкахь Іийначу нахана серло къеггина дІахІоьттира!»
народ, сидящий во тьме, увидел свет великий, и сидящим в стране и тени смертной воссиял свет.
Цу хенахь дуьйна схьа Іийса кхайкхам бан волавелира: «Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тІедерза!» – бохуш.
С того времени Иисус начал проповедывать и говорить: покайтесь, ибо приблизилось Царство Небесное.
Цхьана дийнахь, Галилай-Іам йистехула дІавоьдуш, Іийсана ши ваша гира: ШамІий, тІаьхьо Кипа аьлла цІе тиллина волу, Іандаррий. Уьш чІерийлецархой бара. Кхунна гиначу хенахь ши ваша хи чу чІерий лоьцу бой тосуш воллура.
Проходя же близ моря Галилейского, Он увидел двух братьев: Симона, называемого Петром, и Андрея, брата его, закидывающих сети в море, ибо они были рыболовы,
«Суна тІаьхьахІитта, – элира цаьрга Іийсас, – ткъа Аса хІинца дуьйна адамийн синош лецархой дийр ду шух».
и говорит им: идите за Мною, и Я сделаю вас ловцами человеков.
Уьш, сихонца шайн бойнаш а йитина, Іийсана тІаьхьахІиттира.
И они тотчас, оставив сети, последовали за Ним.
Уьш дІабоьлхуш, Зевадин ши кІант – Якъуб а, цуьнан ваша Яхьъя а гира Іийсана. Ший а ваша шайн деца Зевадица хинкеман чохь вара, чІерий лоцу бойнаш тоеш. Іийсас уьш а кхайкхина тІебалийра.
Оттуда, идя далее, увидел Он других двух братьев, Иакова Зеведеева и Иоанна, брата его, в лодке с Зеведеем, отцом их, починивающих сети свои, и призвал их.
Уьш, шайн да а, хинкема а дитина, Іийсана тІаьхьахІиттира.
И они тотчас, оставив лодку и отца своего, последовали за Ним.
Іийса берриг Галилай-махкахула волавелира. Цо нехан гуламан цІеношкахь Іамадора, Стигалийн Олаллех хаза кхаъ кхайкхабора, нах массо а цамгарех тобора.
И ходил Иисус по всей Галилее, уча в синагогах их и проповедуя Евангелие Царствия, и исцеляя всякую болезнь и всякую немощь в людях.
Цунах лаьцна хабар ерриг Сири-пачхьалкхехула дІадаьржира. Іийса волчу бāлабора тайп-тайпана цамгарш кхетта болу нах: жинаша хьийзош берш а, лазар догІуш берш а, шен дегІан дола ца далуш берш а. Царна массарна а Цо дарба а дора.
И прошёл о Нём слух по всей Сирии; и приводили к Нему всех немощных, одержимых различными болезнями и припадками, и бесноватых, и лунатиков, и расслабленных, и Он исцелял их.
Дукха адам дара Цунна тІаьхьа лелаш Галилайра а, Иттшахьар-махкара а, Ярушалаймера а, ЯхІуд-махкара а, Йордан-хил дехьа Іаш долу адамаш а.
И следовало за Ним множество народа из Галилеи и Десятиградия, и Иерусалима, и Иудеи, и из-за Иордана.
Цхьана дийнахь Іийсана уллохь дукха адам гулделлера. Иза, ламанан басе хьалаваьлла, охьахиира. Іийсана тІе гулбелира Цуьнан мурдаш.
Увидев народ, Он взошёл на гору; и, когда сел, приступили к Нему ученики Его.
ТІаккха Іийса царна хьехам бан волавелира:
И Он, отверзши уста Свои, учил их, говоря:
«Декъалбина бу миска са долуш болу нах – уьш, Стигалийн Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь бу.
Блаженны нищие духом, ибо их есть Царство Небесное.
Декъалбина бу боьлхуш берш – церан дог оьцур ду.
Блаженны плачущие, ибо они утешатся.
Декъалбина бу эсала амал ерш – дерриг а дуьне церан хир ду.
Блаженны кроткие, ибо они наследуют землю.
Декъалбина бу бакъоне кхача хьагбелларш – Дала церан лаам кхочушбийр бу.
Блаженны алчущие и жаждущие правды, ибо они насытятся.
Декъалбина бу къинхетаме берш – царах а бийр бу къинхетам.
Блаженны милостивые, ибо они помилованы будут.
Декъалбина бу цІена дог дерш – царна Дела гур ву.
Блаженны чистые сердцем, ибо они Бога узрят.
Декъалбина бу нахана юкъахь машаре гІуллакх лелорш – царна, Делан бераш ду аьлла, цІе туьллур ю.
Блаженны миротворцы, ибо они будут наречены сынами Божиими.
Декъалбина бу, бакъонна тІаьхьахІиттина аьлла, таІзаре озийнарш – уьш, Стигалийн Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь бу».
Блаженны изгнанные за правду, ибо их есть Царство Небесное.
«Декъалдина ду шу, наха сийсаза дохуш, тІаьхьа а бевлла, харц хабарш а дуьйцуш, Со бахьана долуш бехкедеш лелаш делахь.
Блаженны вы, когда будут поносить вас и гнать и всячески неправедно злословить за Меня.
Хазахетарца даккхийделаш! ХІунда аьлча стигалшкахь йоккха ял хир ю шуна. Иштта хьийзийна пайхамарш а, шул хьалха хилла болу».
Радуйтесь и веселитесь, ибо велика ваша награда на небесах: так гнали [и] пророков, бывших прежде вас.
«Шу Лаьттан туьха ду. Нагахь санна туьхан чам дІабаьлча, иза муха дурдийр ду? Иза, нахе когашца хьеша а хьешийтина, дІакхоссан бен, цхьанна а хІуманна пайденна дац.
Вы — соль земли. Если же соль потеряет силу, то чем сделаешь её солёною? Она уже ни к чему негодна, как разве выбросить её вон на попрание людям.
Шу дуьненан серло ю. Ламанан буьххьехь лаьтташ йолу гІала къайлаяккха йиш яц.
Вы — свет мира. Не может укрыться город, стоящий на верху горы.
Иштта латийна йолчу стогарна тІехула кхаба ца хІоттайо – иза лаккхахь дІахІоттабо, цуьнга чохь мел волчунна а серло ялийта.
И, зажегши свечу, не ставят её под сосудом, но на подсвечнике, и светит всем в доме.
Нахана шуьгара серло гойла, шун дика гІуллакхаш гайтархьама а, адамашка Далла хастам байтархьама а».
Так да светит свет ваш пред людьми, чтобы они видели ваши добрые дела и прославляли Отца вашего Небесного.
«Ма мотталаш, Со товрат тІера хьехамаш я пайхамарша яздинарш дІадаха веана. Со и хьехамаш дІабаха веана вац, ткъа уьш кхочушбан веана ву.
Не думайте, что Я пришёл нарушить закон или пророков: не нарушить пришёл Я, но исполнить.
Аса чІагІо йо шуна: стигаллий, латтий дозуш а долуш, товрат-хьехамашна юккъера цхьа элп я цхьа сиз а дІадоккхур дац, цу тІехь аьлларг кхочушхиллалц.
Ибо истинно говорю вам: доколе не прейдет небо и земля, ни одна иота или ни одна черта не прейдет из закона, пока не исполнится всё.
Товрат-хьехам тІера кІеззиг долу хІума а талха а дина, нахе а изза де бохуш верг Стигалийн Олаллехь лаххара мах болуш хир ву. Ткъа шена тІедиллина долу парз кхочуш а деш, иза нахе дІа а кховдош хилча, иза лакхара лорур ву.
Итак, кто нарушит одну из заповедей сих малейших и научит так людей, тот малейшим наречется в Царстве Небесном; а кто сотворит и научит, тот великим наречется в Царстве Небесном.
Аса боху шуьга: нагахь санна шун Делан лаамехь хилар парушхойн а, Іелам нехан а чул лакхара ца хилахь, Стигалийн Олалла тІелаца а, Далла уллохь хила а шун йиш хир яц».
Ибо, говорю вам, если праведность ваша не превзойдёт праведности книжников и фарисеев, то вы не войдёте в Царство Небесное.
«Шуна ма-хаъара, вайн дайшка аьлла хилла: „Адам ма де. ХІора стаг вийна волу зуламхо кхелахочо жоьпе озор ву“.
Вы слышали, что сказано древним: не убивай, кто же убьёт, подлежит суду.
Ткъа Аса боху шуьга: шена уллорачунна оьгІазвахана волу хІора стаг кхелахочо жоьпе озор ву. Стага шен вешина а „Іовдал!“ аьллехь, цунна коьртачу кхеташоно таІзар дийр ду. Шена уллохь волчуьнга: „Яьсса хІума!“ – аьлла, вистхилларг, жоьжахатин цІера хьалха а хІоттийна, жоьпе озор ву.
А Я говорю вам, что всякий, гневающийся на брата своего напрасно, подлежит суду; кто же скажет брату своему: «рака», подлежит синедриону; а кто скажет: «безумный», подлежит геенне огненной.
Цундела хьуо Далла сагІа даккха воьдучу хенахь цхьаъ хьайна реза воцуш хилар хьайна дага дагІахь,
Итак, если ты принесёшь дар твой к жертвеннику и там вспомнишь, что брат твой имеет что-нибудь против тебя,