che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
Дала леррина Къобалвинчо нах хих чекхбаха вахийтина вацара со, ткъа хаза кхаъ кхайкхо вахийтинера. Ткъа адамашна хьалха хьекъалечу дешнашца кхайкхо ца беза аса иза, Дала леррина Къобалвинчун жІарах дІатохар эрна ца хилийтархьама.
Ибо Христос послал меня не крестить, а благовествовать, не в премудрости слова, чтобы не упразднить креста Христова.
ХІаллакьхуьлуш болчарна Іийса жІарах дІатохарх лаьцна болу хаам сонта бу. Ткъа кІелхьардохуш долчу тхуна – иза Делан ницкъ бу.
Ибо слово о кресте для погибающих юродство есть, а для нас, спасаемых,— сила Божия.
Делан Йозанашкахь аьлла ду: «Аса хІаллакдийр ду хьекъалчийн хьекъалалла, кхетам болчийн кхетам а талхор бу аса».
Ибо написано: погублю мудрость мудрецов, и разум разумных отвергну.
Ткъа мичахь ву кху заманара хьекъал дерг, Іилманча, хьекъале къийсамаш бийриг? Ткъа кху дуьненахь бехачийн хьекъалаллах ца йина Дала сонталла?
Где мудрец? где книжник? где совопросник века сего? Не обратил ли Бог мудрость мира сего в безумие?
Шен хьекъалаллица Дала билгалдаьккхира дуьнен чуьра нахана церан хьекъалца Ша цавовзийтар. Мелхо а, Далла тамехь дара, оцу наха «сонта» бу бохучу, оха бечу хьехамашца Іийсах тешнарш кІелхьарбахар.
Ибо когда мир [своею] мудростью не познал Бога в премудрости Божией, то благоугодно было Богу юродством проповеди спасти верующих.
Жуьгташа а доьху тамашийна билгалонаш гайтар, грекахоша а лоьху хьекъалалла,
Ибо и Иудеи требуют чудес, и Еллины ищут мудрости;
ткъа оха дІакхайкхабо кхаъ хІара бу: Дала леррина Къобалвинарг жІарах дІатоьхна хилла. И кхаъ жуьгташна Іесалла ю аьлла хета, кхечу къаьмнех болчарна иза «сонталла» ю аьлла хета,
а мы проповедуем Христа распятого, для Иудеев соблазн, а для Еллинов безумие,
ткъа Дала тІекхайкхинчарна, уьш шаьш жуьгтех я грекахойх белахь а, цу кхоан маьІна ду, Дала леррина Къобалвинарг Делан ницкъ а, Делан хьекъалалла а хилар.
для самих же призванных, Иудеев и Еллинов, Христа, Божию силу и Божию премудрость;
ХІунда аьлча Делан «сонталла» адамийн хьекъалаллал а тоьлуш ю. Ткъа Делан «эгІазалла» адамийн нуьцкъалаллал а ницкъ болуш ю.
потому что немудрое Божие премудрее человеков, и немощное Божие сильнее человеков.
Динан вежарий, дагаяийтийша Дала шу Шена тІекхайкхина хан. Адамийн хьесапехь дукха бацара шуна юкъахь хьекъалалла долуш берш. Дукха бацара шуна юкъахь нуьцкъалнаш а, дукха бацара хьалдолчийн тайпанех берш а.
Посмотрите, братия, кто вы, призванные: не много [из вас] мудрых по плоти, не много сильных, не много благородных;
Амма Дала кху дуьненахь сонта хеташ долу хІуманаш къастийна хьекъалалла долчийн сий дайа, ткъа кху дуьненахь эгІаза хеташ долу хІуманаш къастийна ницкъболчеран сий дайа.
но Бог избрал немудрое мира, чтобы посрамить мудрых, и немощное мира избрал Бог, чтобы посрамить сильное;
Кху дуьненахь кІезиг хета хІуманаш а, сийсаза хета хІуманаш а къастийна Дала. Дуьненна уьш хІумма а доцу хІума хетташехь, Дала уьш къастийна, цаьргахула дуьненна ладам болу хІуманаш хІумма а доцург хилийтархьама.
и незнатное мира и уничижённое и ничего не значащее избрал Бог, чтобы упразднить значащее,—
Цундела Далла хьалха цхьаьнгге а дозалла ца дало.
для того, чтобы никакая плоть не хвалилась пред Богом.
Иза бахьана долуш ду шу Дала леррина къобалвинчу Іийсаца хилар! Цуьнгара хилла вайна Делера долу хьекъалалла. Цуьнгахула вай Далла хьалха бакъ а до, Дала вай даз а до, паргІат а доху.
От Него и вы во Христе Иисусе, Который сделался для нас премудростью от Бога, праведностью и освящением и искуплением,
Цундела ма яздина Делан Йозанаш тІехь: «Ша дозалла дечо – Везачу Элах дозалла де».
чтобы [было], как написано: хвалящийся хвались Господом.
Динан вежарий! Шу долчу веанчу хенахь, Делан къайленах лаьцна сайн хьекъалца а, Іилманчин къамелашца а дийца ца веанера со,
И когда я приходил к вам, братия, приходил возвещать вам свидетельство Божие не в превосходстве слова или мудрости,
хІунда аьлча со шуьца волчу ханна суна кхин цхьа хІума а шуна довзийта ца лиънера, Дала леррина къобалвинчу Іийсах а, Цуьнан жІара тІехь валарх а лаьцнарг доцург.
ибо я рассудил быть у вас незнающим ничего, кроме Иисуса Христа, и притом распятого,
Сайн дегІан эгІазаллица а, кхерамца а, чІогІа вегаварца а Іийра со шу долчохь.
и был я у вас в немощи и в страхе и в великом трепете.
Айса аьлла долу дешнаш а, бина болу хьехам а ца бинера аса адаман хьекъалаллин говзачу дешнашца шу тешорхьама, амма Делан Синан ницкъах долчу тоьшаллашца бинера.
И слово моё и проповедь моя не в убедительных словах человеческой мудрости, но в явлении духа и силы,
И хьехам ас бинера, шун Іийсах долу тешар адамийн хьекъалаллица доьзна а доцуш, амма Делан ницкъаца доьзна хилийтархьама.
чтобы вера ваша [утверждалась] не на мудрости человеческой, но на силе Божией.
Тешарна тІехь кхоччуш кхиъна болчу нахана юкъахь хьекъалаллах лаьцна хьехам бо оха. Амма оха кху дуьненан хьекъалаллах дерг а хьоьхуш дац, я шайн олалла чекхдала герга болчу, кху дуьненахь олалла деш болчеран хьекъалаллах а хьоьхуш дац.
Мудрость же мы проповедуем между совершенными, но мудрость не века сего и не властей века сего преходящих,
Ткъа оха дуьйцуш долу хьекъалалла – Делан къайлаха долу хьекъалалла ду. Иза Дала хІара дуьне кхоллале дуьйна а вайн сийлаллина хьажийна хилла.
но проповедуем премудрость Божию, тайную, сокровенную, которую предназначил Бог прежде веков к славе нашей,
И хьекъалалла кху дуьненахь олалла деш хилла болчех цхьанна а девзина дацара, хІунда аьлча шайна иза девзина хиллехьара, цара вайн сийлаллин Веза Эла жІарах дІатухур вацара.
которой никто из властей века сего не познал; ибо если бы познали, то не распяли бы Господа славы.
Амма Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Дала Ша везначарна кечдинарг бІаьргана а ца гина, лергана а ца хезна, адамна дага а ца деана».
Но, как написано: не видел того глаз, не слышало ухо, и не приходило то на сердце человеку, что приготовил Бог любящим Его.
Ткъа вайна Дала Шен Синца дІадиллина иза, хІунда аьлча Делан Сино дерриг а толлу, ур-атталла Делан кІоргенаш а.
А нам Бог открыл [это] Духом Своим; ибо Дух всё проницает, и глубины Божии.
Адамех хьанна хаьа, кхечу адамна чохь дерг, цу адамна чохь долчу шен синна бен? Иштта Делан ойланаш а ца евза цхьанна а, Делан Шен Синна бен.
Ибо кто из человеков знает, что в человеке, кроме духа человеческого, живущего в нём? Так и Божьего никто не знает, кроме Духа Божия.
Вай тІеэцнарг кху дуьненахь болчийн кхетамехь долу са дац, ткъа Делера схьадолу Са ду, Дала Шегара делларг вайна довзийтархьама.
Но мы приняли не духа мира сего, а Духа от Бога, дабы знать дарованное нам от Бога,
Оцу дерригенах а лаьцна, вайн адамийн хьекъало луш долчу дешнашца а доцуш, Делан Сино хьоьхучу дешнашца дуьйцу. Синца доьзначу хІуманех Синах буьзна берш кхетабо вай.
что и возвещаем не от человеческой мудрости изученными словами, но изученными от Духа Святаго, соображая духовное с духовным.
Шен сих бен дуьзна доцучу адамо Делан Сино луш долу хІуманаш тІе ца оьцу, шена уьш сонта хета дела. Иза царах кхетийла а дац, Делан Синан гІоьнца бен уьш къаста ца ло дела.
Душевный человек не принимает того, что от Духа Божия, потому что он почитает это безумием; и не может разуметь, потому что о сём [надобно] судить духовно.
Делан Синца волчунна массо а хІуманан мах хадо хаьа. Ткъа цу стеган мах хадо цхьана а адаман йиш яц.
Но духовный судит о всём, а о нём судить никто не может.
ХІунда аьлча Делан Йозанашкахь яздина ма ду: «Везачу Элан хьекъал довза мила кхаьчна? Цуьнга хьехам бан йиш йолуш мила хир ву?» Ткъа вайн Дала леррина Къобалвинчун хьекъал ду.
Ибо кто познал ум Господень, чтобы [мог] судить его? А мы имеем ум Христов.
Динан вежарий, аса къамел дечу хенахь, сан йиш яцара Делан Синах буьзна болчаьрца санна шуьца къамел дан. Аса кху дуьненара болчаьрца санна а, Дала леррина Къобалвинчуьнца йолчу шун уьйре хьаьжжина, кегий берашца санна а къамел дира шуьца.
И я не мог говорить с вами, братия, как с духовными, но как с плотскими, как с младенцами во Христе.
Іовша хала йолу яа хІума а ца луш, шура малайора аса шуна, хІунда аьлча цкъачунна онда юург яа ца лора шуьга. Шуьга-м хІинца а яалур яц иза,
Я питал вас молоком, а не [твёрдою] пищею, ибо вы были ещё не в силах, да и теперь не в силах,
шу хІинца а шайн синан лаамашца дехаш долу дела. Нагахь шуна юкъахь вовшашка хьагІ а хилча, шун вовшашца къийсарш а хилча, тІаккха шу а ца хуьлу кху дуьненах болчарах? Аша а ца леладо кху дуьненарчу адамаша леллорг?
потому что вы ещё плотские. Ибо если между вами зависть, споры и разногласия, то не плотские ли вы? и не по человеческому ли [обычаю] поступаете?
Нагахь шух цхьаммо «Со ПахІална тІаьхьахІиттинчарах ву», ткъа вукхо ша «Апа-Лесинчарах ву» бохуш хилча, тІаккха шу а ца хуьлу кху дуьненах болчарах?
Ибо когда один говорит: «я Павлов», а другой: «я Аполлосов», то не плотские ли вы?
Ткъа мила ву Апа-Леса? Я мила ву ПахІал? Тхайгахула шу тешаре далийна долу ялхой бен дац тхо. Везачу Эло тхаьшна хІоранна тІедиллина доллучул гІуллакх кхочушдина оха.
Кто Павел? кто Аполлос? Они только служители, через которых вы уверовали, и притом поскольку каждому дал Господь.
Аса хІу тесира, Апа-Лесас цунна хи туьйхира, амма и хІу хьалакхиийнарг Дела ву.
Я насадил, Аполлос поливал, но возрастил Бог;
Цундела и хІу дІадийнарг а, цунна хи тоьхнарг а цхьа а воцург ву. Ткъа Дела ладаме ву, хІунда аьлча Иза – и хІу хьалакхиош Верг ву.
посему и насаждающий и поливающий есть ничто, а [всё] Бог возращающий.
ХІу дІадуьйш волчун а, цунна хи тухуш волчун а цхьатерра Іалашо ю. ХІоранна а, динчу гІуллакхе хьаьжжина, цунна доггІург дІалур ду.
Насаждающий же и поливающий суть одно; но каждый получит свою награду по своему труду.
Тхойшиъ цхьаьна Далла гІуллакх дийриг ву, ткъа шу Делан аре а, Цуьнан гІишло а ю.
Ибо мы соработники у Бога, [а] вы Божия нива, Божие строение.
Говзачу гІишлоярхочо санна, аса бух боьттира, Дала сайна деллачу похІме хьаьжжина. Ткъа кхечо цу бух тІехь гІишло йо. Амма хІорра а ша и гІишло муха еш ю хьажа веза.
Я, по данной мне от Бога благодати, как мудрый строитель, положил основание, а другой строит на [нём]; но каждый смотри, как строит.
ХІунда аьлча цхьаннан а йиш яц, ша хІинцале болуш болу, Дала леррина къобалвина Іийса волу бух боцург, кхин бух билла.
Ибо никто не может положить другого основания, кроме положенного, которое есть Иисус Христос.
Оцу бух тІехь деших, я детих, я дезачу тІулгех, я дечигах, я алах, я чех цхьаъ гІишло еш хила тарло.
Строит ли кто на этом основании из золота, серебра, драгоценных камней, дерева, сена, соломы,—
Царах хІораннан а гІуллакх къематдийнахь гучудер ду, хІунда аьлча цу дийнан цІеро и гІуллакх, зен а зуьйш, серла а доккхур ду, цуьнан мах а гойтур бу.
каждого дело обнаружится; ибо день покажет, потому что в огне открывается, и огонь испытает дело каждого, каково оно есть.
Нагахь санна цхьаммо дина долу гІуллакхаш, цІеро талха а ца деш, шен меттахь латтахь, цунна совгІат хир ду.
У кого дело, которое он строил, устоит, тот получит награду.
Ткъа нагахь цхьаммо динарг цІергахь дагахь, цунна эшам хир бу. Иза ша-м кІелхьарвер ву, амма цІерах чекхволуш санна вер ву.
А у кого дело сгорит, тот потерпит урон; впрочем сам спасётся, но так, как бы из огня.
Шуна ца хаьа ткъа, шух хІорра а Делан цІа хилар а, Делан Са шуна чохь дехаш хилар а?
Разве не знаете, что вы храм Божий, и Дух Божий живёт в вас?
Нагахь цхьаммо Делан цІа хІаллакдахь, Дала иза хІаллаквийр ву, хІунда аьлча Делан цІа Цуьнан долахь бен дац. Ткъа и Делан цІа шу шаьш ду.
Если кто разорит храм Божий, того покарает Бог: ибо храм Божий свят; а этот [храм] — вы.
Шу Іеха ма лолаш. Шух цхьанна ша, кху дуьненан хьекъалалле хьаьжжина, хьекъалалла долуш ву моттахь, тІаккха иза «сонта» хила веза, ша билггал хьекъале хилархьама.
Никто не обольщай самого себя. Если кто из вас думает быть мудрым в веке сём, тот будь безумным, чтобы быть мудрым.
ХІунда аьлча кху дуьненан хьекъалалла Далла хьалха «сонталла» ю. Делан Йозанаш тІехь яздина ду: «Хьекъалалла дерш Дала церан шайн хІилланца схьалоцу».
Ибо мудрость мира сего есть безумие пред Богом, как написано: уловляет мудрых в лукавстве их.
Кхин а яздина ду: «Везачу Элана хаьа, хьекъалалла долчеран ойланаш эрна юйла».
И ещё: Господь знает умствования мудрецов, что они суетны.
Цундела цхьаммо а ша цхьана адаман долахь хиларх дозалла дан ца деза, хІунда аьлча массо а хІума шун долахь ду,
Итак никто не хвались человеками, ибо всё ваше:
хІуъа а иза делахь а: я ПахІал, я Апа-Леса, я Кипа, я хІара дуьне, я дахар, я валар, я хІинца долуш дерг, я хиндерг. И дерриг а шун долахь ду.
Павел ли, или Аполлос, или Кифа, или мир, или жизнь, или смерть, или настоящее, или будущее,— всё ваше;
Шу Дала леррина Къобалвинчун долахь ду, ткъа Иза – Делан ву.
вы же — Христовы, а Христос — Божий.
Иштта, Дала, тхох теша а тешна, Шен къайле йолу, билггал бакъдерш караделла болу Дала леррина Къобалвинчун гІуллакх дийраш санна тІеэца деза тхо хІораммо а.
Итак каждый должен разуметь нас, как служителей Христовых и домостроителей таин Божиих.
Ткъа, шех теша а тешна, и гІуллакх каракхаьчнарг муьлхха а тешаме хилла каро веза.
От домостроителей же требуется, чтобы каждый оказался верным.
Сан кІезиг бала бу я аша, я кхечу адамаша суна кхел ярца. Аса-м айса а ца йо сайна кхел.
Для меня очень мало значит, как судите обо мне вы или [как] [судят] другие люди; я и сам не сужу о себе.
Сан дог цІена делахь а, и бахьанехь со бехказа ца волу. Веза Эла Ша хир ма ву сан Кхелахо.
Ибо [хотя] я ничего не знаю за собою, но тем не оправдываюсь; судия же мне Господь.
Цундела хенал хьалха, Веза Эла схьаваллалц, цхьанна а кхел ма елаш. Цо серладоккхур ду боданехь къайладаьлларг, деган Іалашонаш а гучуйохур ю. ТІаккха Дала хІоранна а хастам дІалур бу.
Посему не судите никак прежде времени, пока не придёт Господь, Который и осветит скрытое во мраке и обнаружит сердечные намерения, и тогда каждому будет похвала от Бога.
Динан вежарий! Шуна диканиг хилийтархьама, оцу массо а хІуманна тІехь аса со а, Апа-Леса а валийра масална, оцу масалшца шу кхеторхьама «Яздинчунна тІера довла мегар дац» бохучух а, вовшашна юкъахь цхьаммо вукхунна хьалха дозаллаш дан ца дезарх а.
Это, братия, приложил я к себе и Аполлосу ради вас, чтобы вы научились от нас не мудрствовать сверх того, что написано, и не превозносились один перед другим.
Хьан боху хьо кхечарал гІоле ву? Хьан хІун ду, хьайна делларг доцург? Ткъа хьайна и дерриг а делла хилча, хІунда йо ахьа кураллаш, иза хьайна делла долу совгІат доцуш санна?
Ибо кто отличает тебя? Что ты имеешь, чего бы не получил? А если получил, что хвалишься, как будто не получил?
ХІинца-м шайна оьшург долуш ду моьтту шуна шайн. ХІинца-м шаьш хьал долуш а хета шуна. Тхо ца хиллехь а, шайх паччахьаш хилла моьтту шуна. Суна-м лаьара, хІинцале а шу билггал паччахьаш хилла хилар, тІаккха тхан а шуьца цхьаьна паччахьалла дойла хир дара!
Вы уже пресытились, вы уже обогатились, вы стали царствовать без нас. О, если бы вы [и в самом деле] царствовали, чтобы и нам с вами царствовать!
Векалш долу тхо, Дала уггаре а лараме йоцучу метте дІахІиттийна аьлла хета суна. Массарна а хьалха хІаллакьхиларна кхел йинарш санна ду тхо. Кху дерриге а дуьненна хьалха тхох кхардам хилла – маликашна а, адамашна а хьалха.
Ибо я думаю, что нам, последним посланникам, Бог судил быть как бы приговорёнными к смерти, потому что мы сделались позорищем для мира, для Ангелов и человеков.
Тхо сонтанаш санна хилла Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа, ткъа шаьш Цуьнца оццул хьекъале ду моьтту шуна! Тхо гІорасиза, ткъа шу ницкъ болуш хета. Шун сий до, ткъа тхо сийсаздоху.
Мы безумны Христа ради, а вы мудры во Христе; мы немощны, а вы крепки; вы в славе, а мы в бесчестии.
Оха-м тахханалц а лов мацалла а, хьогалла а, тІехь хІума цахилар а, тхайна еттар а, даха хІусам цахилар а.
Даже доныне терпим голод и жажду, и наготу и побои, и скитаемся,
Оха тхешан куьйгашца къахьоьгу. Тхох лаьцна наха вониг дийцича, оха декъалбо уьш. Тхаьш лелхийча, иза а лов оха.
и трудимся, работая своими руками. Злословят нас, мы благословляем; гонят нас, мы терпим;
Наха тхо сийсаздаьхча а, оха царах лаьцна диканиг доьху. Тхо, кху дуьненна сов а девлла, нехаш санна ду. Тахана а ченан мехах хета тхо массарна а.
хулят нас, мы молим; мы как сор для мира, [как] прах, всеми [попираемый] доныне.
Шу сийсаздахархьама ца дуьйцу ас хІара, амма сайна дезаш долчу берашна санна хьоьху ас шуна.
Не к постыжению вашему пишу сие, но вразумляю вас, как возлюбленных детей моих.
ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинчуьнца долчу дахарехь шун итт эзар верас велахь а, шу цу дахаре даьхна болу дай дукха бац шун. Ткъа хаза кхаъ шуьга кхайкхорехула Дала леррина Къобалвинчуьнца шун да хилла сох.
Ибо, хотя у вас тысячи наставников во Христе, но не много отцов; я родил вас во Христе Иисусе благовествованием.
Цундела ас доьху шуьга: сох масал а эций, хилийша сох тера.
Посему умоляю вас: подражайте мне, как я Христу.
И дерриге а бахьанехь ваийтинера аса шу долчу Тимапи. Везачу Элах долчу тешаре хьаьжжина, сан хьоме а, тешаме а кІант ву иза. Цо дагадоуьйтур ду шуна Дала леррина къобалвинчу Іийсаца долу со лела некъаш муха ду а, аса цу некъах лаьцна массанхьа а, хІорра динан тобанехь а муха хьоьху а.
Для сего я послал к вам Тимофея, моего возлюбленного и верного в Господе сына, который напомнит вам о путях моих во Христе, как я учу везде во всякой церкви.
Со шу долчу вогІур вац моттарна, шуна юкъара цхьаболчарна даг чу куралла тесна.
Как я не иду к вам, то некоторые [у вас] возгордились;
Амма Везачу Элан лаам белахь, со кестта вогІур ву шу долчу. ТІаккха аса, курабевллачеран хазачу дешнашка а ца хьоьжуш, церан ницкъ зуьйр бу.
но я скоро приду к вам, если угодно будет Господу, и испытаю не слова возгордившихся, а силу,
ХІунда аьлча Делан Олалла хазачу дешнех доьзна дац, амма ницкъах доьзна ду.
ибо Царство Божие не в слове, а в силе.
Шуна хІун лаьа? Со гІожаца я безамца а, эсалчу амалца а вогІийла лаьий шаьш долчу?
Чего вы хотите? с жезлом придти к вам, или с любовью и духом кротости?
Шуна юкъахь, билггал бакъ а долуш, нахаца лелар юкъадаьлла хилар хезна тхуна. Ур-атталла дин доцучу нахана юкъахь а иштаниг ца хуьлучу тайпана хІума ду иза. Шуна юкъара волу цхьа хьенех шен дестечуьнца лелаш ву боху.
Есть верный слух, что у вас [появилось] блудодеяние, и притом такое блудодеяние, какого не слышно даже у язычников, что некто [вместо] [жены] имеет жену отца своего.
Ткъа шу дозалла деш ду! Цул а гІолехь дара шуна, гІайгІанах дуьзна хилар а, цу тайпана лелаш верг шайна юкъара дІаваьккхина хилар а.
И вы возгордились, вместо того, чтобы лучше плакать, дабы изъят был из среды вас сделавший такое дело.
Со дегІаца шу долчохь вацахь а, сайн синца шу долчохь волу дела, аса шуьца волуш санна кхел йина цу тайпана сийсаза лелаш волчунна.
А я, отсутствуя телом, но присутствуя [у вас] духом, уже решил, как бы находясь у вас: сделавшего такое дело,
Веза Эла волчу Іийсан дуьхьа шу цхьаьна гулделлачу хенахь, сан са а хир ду шуьца, тІаккха вайн Веза Эла волчу Іийсан олаллица
в собрании вашем во имя Господа нашего Иисуса Христа, обще с моим духом, силою Господа нашего Иисуса Христа,
цу тайпана верг иблисан кара дІало, цуьнан синан лаамаш хІаллак а байтина, Везачу Элан дийнахь цуьнан са кІелхьардалийтархьама.
предать сатане во измождение плоти, чтобы дух был спасён в день Господа нашего Иисуса Христа.
Аша дозалла дан хІумма а дац. Шуна хууш дац ткъа: «КІеззиг болчу муьстачу бедо берриг а бод совсабо»?
Нечем вам хвалиться. Разве не знаете, что малая закваска квасит всё тесто?
Шаьш а керла бод санна хилархьама, ширбелла болу муьста бод дІабаккха. ХІунда аьлча шу Іийсах тешаш долу дела, совсоза дина бепиг санна ду. Ткъа Дала леррина Къобалвинарг Пасахьан Іахар санна сагІина дІавелла.
Итак очистите старую закваску, чтобы быть вам новым тестом, так как вы бесквасны, ибо Пасха наша, Христос, заклан за нас.
Цундела вай вешан Пасахьан дезде даздан деза мекарлонца а, зуламца а доьзна долчу, ширбеллачу муьстачу бедаца а доцуш, ткъа догцІена хиларца а, билггал долчу бакъдолчуьнца а доьзна долчу совсоза динчу баьпкаца.
Посему станем праздновать не со старою закваскою, не с закваскою порока и лукавства, но с опресноками чистоты и истины.
Аса сайн кехата тІехь, сийсаза лелачаьрца тІекаре ма хила аьлла, яздинера шуьга.
Я писал вам в послании — не сообщаться с блудниками;
Дера суна-м ца лиънера ала, кху дуьненахь сийсаза лелаш мел болчаьрца а, сутаралла мел йолчаьрца а, хьарамло мел лелош болчаьрца а, цІушна Іамал еш болчаьрца а тІекаре ма е. ТІаккха-м хІара дуьне дита дезар дара аша.
впрочем не вообще с блудниками мира сего, или лихоимцами, или хищниками, или идолослужителями, ибо иначе надлежало бы вам выйти из мира [сего].
Ткъа аса шуьга яздинарг хІара дара: ша шун динан ваша ву а бохуш, амма я сийсаза лелаш, я сутара волуш, я цІушна Іамал еш, я мотт бетташ, я вехна лелаш, я хьарамло лелош иза велахь, шун цуьнца тІекаре хила ца еза бохург. Ишттачу стагаца ур-атталла пхьор а ма даа.
Но я писал вам не сообщаться с тем, кто, называясь братом, остаётся блудником, или лихоимцем, или идолослужителем, или злоречивым, или пьяницею, или хищником; с таким даже и не есть вместе.
ХІунда аьлча сан хІун гІуллакх ду динан тобанан юкъа ца богІу нах бехке бан? Царна Дала Ша йийр ю кхел.
Ибо что мне судить и внешних? Не внутренних ли вы судите?
Амма динан тобанна юкъавогІург бехке озо ца веза ткъа аша? Делан Йозанаш тІехь аьлла ма ду: «Телхина леларг шайна юкъара дІаваккха».
Внешних же судит Бог. Итак, извергните развращённого из среды вас.
Нагахь санна динан вешица шайн къовсам хилча, шух мила гІур вара, Делан нах а битина, Делан лаамехь боцучаьрга шайна кхел яйта?
Как смеет кто у вас, имея дело с другим, судиться у нечестивых, а не у святых?
Шуна хууш дац ткъа, Делан наха йийр юйла дуьненна а кхел? Нагахь шуьга дуьненна а кхел йойтур йолуш хилча, шайн кІезиг долчу гІуллакхашна кхел ян говзалла яц те шун?
Разве не знаете, что святые будут судить мир? Если же вами будет судим мир, то неужели вы недостойны судить маловажные [дела]?
Шуна ца хаьа, вай йийр юйла маликашна а кхел? ТІаккха дахаран гІуллакхашна тІехь еш йолу кхел-м муххале а вай йийр ю.
Разве не знаете, что мы будем судить ангелов, не тем ли более [дела] житейские?
Ткъа аша цу гІуллакхашна тІехь а динан тобанна юкъахь цхьа а ларам боцучу арахьарчу нахах шайн кхелахой бо!
А вы, когда имеете житейские тяжбы, поставляете [своими судьями] ничего не значащих в церкви.
Шуна эхь хетийтархьама боху ас хІара: шайн динан вежаршна юкъахь болчу къийсамашна кхел ялур йолуш волу цхьа а хьекъале верг вац те шуна юкъахь?
К стыду вашему говорю: неужели нет между вами ни одного разумного, который мог бы рассудить между братьями своими?
Делахь а вашас шен динан ваша а вуьгу кхел яйта. Иштта тешар доцучаьрга тешаш болчарна тІехь кхел йойту аша!
Но брат с братом судится, и притом перед неверными.
Шуна шайна юкъахь къийсамаш хилар а кІорга эшар ду шуна. Нагахь шайна цхьа харцо йинехь а, Іад хІунда ца Іа шу? Шайна цхьа эшам хиллехь а, Іад хІунда ца Іа шу?
И то уже весьма унизительно для вас, что вы имеете тяжбы между собою. Для чего бы вам лучше не оставаться обиженными? для чего бы вам лучше не терпеть лишения?
Аша-м шаьш а йо кхечарна харцо, царна эшам а бо, уьш шайн динан вежарий боллушехь!
Но вы [сами] обижаете и отнимаете, и притом у братьев.
Я шуна ца хаьа те, харцонаш йийраш Делан Олалле ца кхочийла? Іеха ма лолаш! Сийсаза лелачарах а, цІушна Іамал ечарах а, нахаца лелачарах а, вовшашца хьарам дерг лелочу божарех а,
Или не знаете, что неправедные Царства Божия не наследуют? Не обманывайтесь: ни блудники, ни идолослужители, ни прелюбодеи, ни малакии, ни мужеложники,
къола дечарах а, сутарачарах а, бехна лелачарах а, мотт беттачарах а, хьарамлончех а волу цхьа а Делан Олалле ца кхочу.
ни воры, ни лихоимцы, ни пьяницы, ни злоречивые, ни хищники — Царства Божия не наследуют.
Цу тайппана бара шух цхьаберш а. Амма Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан цІарца а, вайн Делан Синца а шу цІан а дина, даз а дина, бакъ а дина.
И такими были некоторые из вас; но омылись, но освятились, но оправдались именем Господа нашего Иисуса Христа и Духом Бога нашего.
Цхьаммо ала тарло: «Сан хІуъа а дан бакъо ю». Иза бакъ хила там бу, амма дерриг а дац хьуна пайдехь. «Сан хІуъа а дан бакъо ю». ХІаъ, амма цхьана а хІумане сайна тІехь олалла ца дойту аса.
Всё мне позволительно, но не всё полезно; всё мне позволительно, но ничто не должно обладать мною.