che stringlengths 9 469 | ru stringlengths 1 384 |
|---|---|
Шуьга дехарш а дора, шу иракара а хІиттадора, шуна синтем а бора оха, Шен Олалле а, сийлалле а кхайкхинчу Далла хьалха шу хьакъ долуш дахийтархьама. | мы просили и убеждали и умоляли поступать достойно Бога, призвавшего вас в Своё Царство и славу. |
Кхин а цхьа бахьана ду, оха гуттара а Далла хастамаш баран. Аша тхоьгара Делан дош тІеийцира, адамийн дош санна а доцуш, амма Делан дош санна (иза иштта дан а ма ду). Делах тешначу шуна чохь хІара дош болх беш а ду. | Посему и мы непрестанно благодарим Бога, что, приняв от нас слышанное слово Божие, вы приняли не [как] слово человеческое, но [как] слово Божие,— каково оно есть по истине,— которое и действует в вас, верующих. |
Динан вежарий, шу ЯхІуд-махкарчу динан тобанех тарделла. Цу тобанийн нах Делах тешаш а, Дала леррина къобалвинчу Іийсан долахь болуш а белахь а, цара шайн махкахошкахьара баланаш хьегна. Царах терра аша а изза баланаш лайна шайн цхьанатайпанах болчу нехан карах. | Ибо вы, братия, сделались подражателями церквам Божиим во Христе Иисусе, находящимся в Иудее, потому что и вы то же претерпели от своих единоплеменников, что и те от Иудеев, |
Веза Эла волу Дала леррина къобалвина Іийса а, пайхамарш а яхІудхоша байинера. Тхо а дІалаьхкинера цара. Делан лаамехь бац уьш, массо а адамна мостагІий хилла царах. | которые убили и Господа Иисуса и Его пророков, и нас изгнали, и Богу не угождают, и всем человекам противятся, |
Цара новкъарло йо тхуна, Делан кхелах кІелхьардовлар муха хила деза кхечу къаьмнех болчу нахе тхоьга ца дийцийтархьама. И дарца цара гуттара а шаьш летийначу къинойн барам тІехбоккху, амма Делан оьгІазло эххар а тІекхаьчна царна. | которые препятствуют нам говорить язычникам, чтобы спаслись, и через это всегда наполняют меру грехов своих; но приближается на них гнев до конца. |
Тхо, динан вежарий, дегнашца вовшах даьхна а доцуш, ткъа вай юьхь-дуьхьал ца хиларна йоццучу ханна вовшахдаьхна дара, цундела кхин а боккхачу деган лаамца шу ган гІертара тхо. | Мы же, братия, быв разлучены с вами на короткое время лицем, а не сердцем, тем с большим желанием старались увидеть лице ваше. |
Цундела тхуна шу долчу дахка лаьара. ПахІал волу со цкъа а, шозза а гІоьртира шу долчу ван, амма иблисо тхуна массарна а новкъарло йора. | И потому мы, я Павел, и раз и два хотели прийти к вам, но воспрепятствовал нам сатана. |
Ткъа мила ву хІинца тхуна дегайовхо луш верг, я тхуна хазахоьтуьйтуш верг, я тхан сийлаллин таж? Шу-м дац те уьш, тхан Веза Эла волчу Іийсана хьалха, Иза кху дуьнен чу юхавогІуш, хиндерш? | Ибо кто наша надежда, или радость, или венец похвалы? Не и вы ли пред Господом нашим Иисусом Христом в пришествие Его? |
Шу ду тхан сийлалла а, хазахетар а. | Ибо вы — слава наша и радость. |
Цундела шу ца гуш кхин са а ца тохаделла, тхаьш Атина-гІалахь севцира тхо. | И потому, не терпя более, мы восхотели остаться в Афинах одни, |
Ткъа шу долчу тхайн динан ваша Тимапи вахийтира оха. Иза Делан гІуллакх а деш, тхоьца Дала леррина Къобалвинчух лаьцна хаза кхаъ кхайкхош къахьоьгуш ву. | и послали Тимофея, брата нашего и служителя Божия и сотрудника нашего в благовествовании Христовом, чтобы утвердить вас и утешить в вере вашей, |
Аша хьоьгучу халонашкахь шун цхьаннен а ойла ца карчийтархьама, шу динехь чІагІдалийта а, Делах тешаран гІуллакхна тІехь шун дегнаш иракарахІитто а вахийтина оха иза. Шуна шайна хаьа, иштта халонаш вай лан езийла. | чтобы никто не поколебался в скорбях сих: ибо вы сами знаете, что так нам суждено. |
Тхаьш шуьца долчу хенахь, вай баланаш хьоьгург хиларх лаьцна оха хьалххе дІахаийтинера шуьга. Шуна ма-хаъара, и дерриг а шуьца хила а хилира. | Ибо мы и тогда, как были у вас, предсказывали вам, что будем страдать, как и случилось, и вы знаете. |
Цундела, шун Іийсах тешаран гІуллакх муха ду хаа лууш, шун ойла иблисо карчорна кхоьруш, вай хьегна къа эрна хиларна сагатдеш, аса шу долчу Тимапи вахийтинера. | Посему и я, не терпя более, послал узнать о вере вашей, чтобы как не искусил вас искуситель и не сделался тщетным труд наш. |
Ткъа хІинца Тимапи шу долчуьра схьавеана. Шун тешарх а, безамах а, шуна тхо даим а диканца дагахь латтарх а, тхуна шу санна, шуна а тхо ган лаарх а лаьцна дика хабар деана цо тхоьга. | Теперь же, когда пришёл к нам от вас Тимофей и принёс нам добрую весть о вере и любви вашей, и что вы всегда имеете добрую память о нас, желая нас видеть, как и мы вас, |
Ткъа мел баланехь а, халонашкахь а тхаьш делахь а, Везачу Элах шу тешар бахьана долуш, динан вежарий, шух синтем хилла тхуна. | то мы, при всей скорби и нужде нашей, утешились вами, братия, ради вашей веры; |
Шу Везачу Элаца чІагІделла долу дела, тхо хІинца ирсе деха. | ибо теперь мы живы, когда вы стоите в Господе. |
Шуна тІера Далла тоъал баркаллаш муха эр дара те оха? Шу бахьана долуш Далла хьалха даккхийдеш ма ду тхо. | Какую благодарность можем мы воздать Богу за вас, за всю радость, которою радуемся о вас пред Богом нашим, |
Шун юьхь гархьама а, шун тешар кхочушхилийтархьама а, дийнаххьий, буьйсанний доггах доІанаш дийр ду оха. | ночь и день всеусердно молясь о том, чтобы видеть лице ваше и дополнить, чего недоставало вере вашей? |
Вайн Да волчу Дала Ша а, Вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсас а некъ боккхийла тхуна шу долчу дахка. | Сам же Бог и Отец наш и Господь наш Иисус Христос да управит путь наш к вам. |
Ткъа тхуна шу дезаре терра, вовшашка а, массо а адамашка а болчу безамах Везачу Эло шун дегнаш дузийла. | А вас Господь да исполнит и преисполнит любовью друг к другу и ко всем, какою мы исполнены к вам, |
Цо шун дегнаш безамах дузуьйтур ду, шу чІагІдархьама. ТІаккха вайн Да волчу Далла хьалха шуна бехк буьллийла а доцуш, деза а долуш хир ду шу, вайн Веза Эла волу Іийса, массо а Шен долахь болчаьрца кху дуьнен чу схьавогІучу хенахь. Амин. | чтобы утвердить сердца ваши непорочными во святыне пред Богом и Отцем нашим в пришествие Господа нашего Иисуса Христа со всеми святыми Его. Аминь. |
Ткъа хІинца, динан вежарий, Веза Эла волчу Іийсан дуьхьа, оха доккхачу дехарца доьху шуьга шаьш Далла хазахетарг дарна тІехь оха шайга дийцинчул а, кхин а сов кхиамаш аш бахар. | За сим, братия, просим и умоляем вас Христом Иисусом, чтобы вы, приняв от нас, как должно вам поступать и угождать Богу, более в том преуспевали, |
Веза Эла волчу Іийсагара шайна оха хІун весеташ делла, шуна хаьа. | ибо вы знаете, какие мы дали вам заповеди от Господа Иисуса. |
Боьха лаамаш кхочушбарх шайн догІмаш лардан деза аша, хІунда аьлча Делан лаам бу, Шен дуьхьа даз а дина, шу дІакъасто. | Ибо воля Божия есть освящение ваше, чтобы вы воздерживались от блуда; |
Шух хІоранна а хаа деза, цІена а, шен сий лардеш а, Далла гергахь боьхачу лаамех шен дегІ цІена латто хІун дан деза. | чтобы каждый из вас умел соблюдать свой сосуд в святости и чести, |
Кхечу къаьмнех болу, Дела ца вевза нах санна, нахаца леларан боьхачу лаамех дуьзна хила ца деза шу. | а не в страсти похотения, как и язычники, не знающие Бога; |
Цхьана а хІуманна тІехь шайн вешина хьарам долу гІуллакхаш лелош ямартло ма е, шайна са йолу агІо лоьхуш ма хила, хІунда аьлча иштта лелачарна массарна а Везачу Эло таІзар до. Шуьга иза дІахьедеш баккъалла а боху оха, хьалха тхаьш ма-дийццара. | чтобы вы ни в чём не поступали с братом своим противозаконно и корыстолюбиво: потому что Господь — мститель за всё это, как и прежде мы говорили вам и свидетельствовали. |
Дала вай боьхачу лаамийн долахь а доцуш, амма Шена хьалха цІена лелийтархьама хаьржина. | Ибо призвал нас Бог не к нечистоте, но к святости. |
Иштта дуьхьалваьлла леларг адамна дуьхьал ца волу, ткъа вайна Шен Деза Са лучу Далла дуьхьал волу. | Итак непокорный непокорен не человеку, но Богу, Который и дал нам Духа Своего Святаго. |
Шуна вовшийн деза Дала Ша Іамийна, шуьга цунах лаьцна оха цхьа а хІума дийца оьшуш дац. | О братолюбии же нет нужды писать к вам; ибо вы сами научены Богом любить друг друга, |
ХІунда аьлча массо а Македон-махкара динан вежарий шуна баккъалла беза. Динан вежарий, шун вовшийн дезаш хилар кхин а чІагІдар тІедуьллу оха шуна. | ибо вы так и поступаете со всеми братиями по всей Македонии. Умоляем же вас, братия, более преуспевать |
Шу чІогІа гІерта деза тийна даха. Шайн гІуллакхаш а бен ма де. Оха шуьга хьалха весеташ ма-дарра, шайн куьйгашца хьанал рицкъа даккха. | и усердно стараться о том, чтобы жить тихо, делать своё [дело] и работать своими собственными руками, как мы заповедывали вам; |
Нагахь санна шу иштта лелахь, Делах ца тешачу нахе а шаьш лоруьйтур ду аша, дахарехь оьшучунна тІехь а цхьаннан а гІо оьшуш а хир дац шу. | чтобы вы поступали благоприлично перед внешними и ни в чём не нуждались. |
Динан вежарий, кхин болу дог диллинарш санна, шу гІайгІанехь ца хилийтархьама, беллачарех хуьлург шуна ца довзуьйтуш Іа ца лаьа суна. | Не хочу же оставить вас, братия, в неведении об умерших, дабы вы не скорбели, как прочие, не имеющие надежды. |
Вай Іийса, вала а велла, денвелла хиларх теша дела, Іийсах тешаш белла болу нах а Дала Цуьнца стигалшка хьалабохург хиларх а теша. | Ибо, если мы веруем, что Иисус умер и воскрес, то и умерших в Иисусе Бог приведёт с Ним. |
Везачу Элан дашца боху хІара оха шуьга, Веза Эла кху дуьнен чу схьаваллалц, дехаш дисина долу вай, беллачарел хьалха девр дац. | Ибо сие говорим вам словом Господним, что мы живущие, оставшиеся до пришествия Господня, не предупредим умерших, |
ХІунда аьлча Веза Эла коьртачу маликан озаца а, Делан турба лакхарца а, Ша стигалара охьавуссур ву, ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш а болуш белларш хьалха денлур бу. | потому что Сам Господь при возвещении, при гласе Архангела и трубе Божией, сойдёт с неба, и мёртвые во Христе воскреснут прежде; |
Цул тІаьхьа вай, далаза диснарш, царах дІа а кхетта, Везачу Элана дуьхьал мархашка хьаладохур ду. ТІаккха вай даим Везачу Элаца цхьаьна хир ду. | потом мы, оставшиеся в живых, вместе с ними восхищены будем на облаках в сретение Господу на воздухе, и так всегда с Господом будем. |
Иштта, хІокху дешнех вовшашна синтем а беш Іе. | Итак утешайте друг друга сими словами. |
Динан вежарий, хин йолчу хенах а, заманах а лаьцна оха шуьга хІумма а яздан оьшуш дац. | О временах же и сроках нет нужды писать к вам, братия, |
Шуна шайна а билггала хаьа, буьйсанна цІеххьана вогІу къу санна, иштта дагахь доццучу хенахь тІекхочур ду Везачу Элан де. | ибо сами вы достоверно знаете, что день Господень так придёт, как тать ночью. |
«ХІинца машар бу, цхьа а кхерам а бац» – адамаша боххучу хенахь, берах йолчу зудчунна цІеххьана тІедогІу лазарш санна, цІеххьана тІедогІур ду церан хІаллакьхилар а. Уьш кІелхьара а бевр бац. | Ибо, когда будут говорить: «мир и безопасность», тогда внезапно постигнет их пагуба, подобно как мука родами [постигает] имеющую во чреве, и не избегнут. |
Ткъа шу, динан вежарий, боданехь дац, и де, къу санна, шуна тІекхача. | Но вы, братия, не во тьме, чтобы день застал вас, как тать. |
Шу массо а серлонан кІентий а, дийнан кІентий а ду. Вай буьйсанан я боданан кІентий дац. | Ибо все вы — сыны света и сыны дня: мы — не [сыны] ночи, ни тьмы. |
Цундела вай дийшина Іан ца деза, боданехь болу кхиберш санна, амма сема а, кхетамехь а хила деза. | Итак, не будем спать, как и прочие, но будем бодрствовать и трезвиться. |
ХІунда аьлча бийшина болчара буьйсанна наб йо, маларх там хилларш а буьйсанна беха. | Ибо спящие спят ночью, и упивающиеся упиваются ночью. |
Ткъа вай серлонан кІентий долу дела, Делах тешарх а, вовшийн дезарх а гІагІ а дина, Дала леррина Къобалвинчо вай кІелхьардахаре сатуьйсуш хиларх гІем а йина, кхетамехь хила деза. | Мы же, будучи [сынами] дня, да трезвимся, облекшись в броню веры и любви и в шлем надежды спасения, |
Вай Дала оьгІазлонна а доцуш, ткъа вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула вайна кІелхьардовлар далархьама хаьржина ду. | потому что Бог определил нас не на гнев, но к получению спасения через Господа нашего Иисуса Христа, |
Іийса вайн дуьхьа велла, вай Шеца дахийтархьама, Иза схьавогІучу хенахь вай дийна я делла делахь а. | умершего за нас, чтобы мы, бодрствуем ли, или спим, жили вместе с Ним. |
Цундела, хІинццалц санна, вовшийн дог а эца, вовшашна чІагІдала гІо а де. | Посему увещавайте друг друга и назидайте один другого, как вы и делаете. |
Динан вежарий, доьху шуьга, Везачу Элан гІуллакх дан шуна куьйгалла а деш, хьехамаш а беш, шуна юкъахь къахьоьгуш берш ларар. | Просим же вас, братия, уважать трудящихся у вас, и предстоятелей ваших в Господе, и вразумляющих вас, |
Церан болх бахьана долуш уьш тІехдика а, безамца а ларар доьху шуьга. Вовшашца бертахь Іелаш. | и почитать их преимущественно с любовью за дело их; будьте в мире между собою. |
Кхин а чІогІа доьху шуьга, динан вежарий, малончаш кхетабелаш, тийна-эсалчеран дог эцалаш, гІийлачарна гІо делаш, доккха собар долуш хилалаш массаьрца а. | Умоляем также вас, братия, вразумляйте бесчинных, утешайте малодушных, поддерживайте слабых, будьте долготерпеливы ко всем. |
Хьовсалаш, цхьаьнгге а цхьанна а вонна дуьхьал вон ма дайталаш, амма гуттара а вовшашна а, массарна а диканиг дан гІорталаш. | Смотрите, чтобы кто кому не воздавал злом за зло; но всегда ищите добра и друг другу и всем. |
Гуттара а самукъане а хилалаш, | Всегда радуйтесь. |
даим а доІанаш деш а хилалаш, | Непрестанно молитесь. |
массо а хІуманна Далла хастам а белаш, хІунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Іийсан долахь долчу шух лаьцна Делан иштта лаам болу дела. | За всё благодарите: ибо такова о вас воля Божия во Христе Иисусе. |
Йовш йолу цІе санна, Делан Са дІа ма дайталаш. | Духа не угашайте. |
Делера болу хаамаш аьшнаш ма белаш. | Пророчества не уничижайте. |
Массо а хІума зен а зуьйш, диканиг схьалацалаш. | Всё испытывайте, хорошего держитесь. |
Муьлххачу а зуламах ларлолаш. | Удерживайтесь от всякого рода зла. |
Вайн синна паргІато луш волчу Дала Ша цІан а дина, массо а агІор Ша санна дойла вай. Цо шун са а, дог а, дегІ а Веза Эла волу Дала леррина къобалвина Іийса вогІучу хенахь дуьззина къинойх цІена латтадойла. | Сам же Бог мира да освятит вас во всей полноте, и ваш дух и душа и тело во всей целости да сохранится без порока в пришествие Господа нашего Иисуса Христа. |
ТІекхойкхург тешаме ву. Цо кхочушдийр ду хІара. | Верен Призывающий вас, Который и сотворит [сие]. |
Динан вежарий! ДоІанаш делаш тхуна тІера. | Братия! молитесь о нас. |
Массо а динан вежаршка доггах маршалла ло. | Приветствуйте всех братьев лобзанием святым. |
Везачу Элах дуй баарца доьху хІара кехат массо а динан вежаршна дешар. | Заклинаю вас Господом прочитать сие послание всем святым братиям. |
Вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Іийсас, маьхза деш долу дика шуьца хуьлда. | Благодать Господа нашего Иисуса Христа с вами. Аминь. |
ПахІала а, Салис а, Тимапис а хІара кехат яздо Тассалник-гІалара вайн Да волчу Делах а, Веза Эла волчу Іийсах а тешначийн тобане. | Павел и Силуан и Тимофей-Фессалоникской церкви в Боге Отце нашем и Господе Иисусе Христе: |
Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, синпаргІато а хуьлда шуна. | благодать вам и мир от Бога Отца нашего и Господа Иисуса Христа. |
Динан вежарий! Вай Далла баркалла ала деза, Іийсах тешарехь шу чІагІлуш долу дела. Иза баккъалла а иштта ду, хІунда аьлча шуна массарна а юкъахь хІораннан а вовшашка болу безам кхин а алсамбуьйлуш бу. | Всегда по справедливости мы должны благодарить Бога за вас, братия, потому что возрастает вера ваша, и умножается любовь каждого друг ко другу между всеми вами, |
Иштта, оха тхаьш а Делан динан тобанийн гуламашкахь дозалла до собаре хиларца а, тешарца а аша массо а баланаш а, халонаш а ловш хиларх. | так что мы сами хвалимся вами в церквах Божиих, терпением вашим и верою во всех гонениях и скорбях, переносимых вами |
Цу дерригено а гойту Делан кхел нийса хилар. Делан олалла бахьана долуш аша хІинца баланаш ловш болу дела, шу хьакъ долуш хетар ду Цуьнан олалле кхача. | в доказательство того, что будет праведный суд Божий, чтобы вам удостоиться Царствия Божия, для которого и страдаете. |
Дела нийсо еш хиларна, шу сийсаздаьхначаьрга а баланаш хьоьгуьйтур бу Цо, | Ибо праведно пред Богом — оскорбляющим вас воздать скорбью, |
ткъа баланаш ловш долчу шуна тхоьца цхьаьна синтем хир бу. Иза хир ду Веза Эла волу Іийса Шен нуьцкъалчу маликашца а, йогучу цІарца а стигалшкара гучуволучу хенахь. | а вам, оскорбляемым, отрадою вместе с нами, в явление Господа Иисуса с неба, с Ангелами силы Его, |
Оцу хенахь шайна Дела вовза ца лиинчарна а, вайн Веза Эла волчу Іийсах болу хаза кхаъ тІе ца эцначарна а дІадоькхур ду Цо. | в пламенеющем огне совершающего отмщение не познавшим Бога и не покоряющимся благовествованию Господа нашего Иисуса Христа, |
ТаІзар а дина, уьш гуттаренна а хІаллакбина хир бу. Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а дІабаьхна хир бу уьш. | которые подвергнутся наказанию, вечной погибели, от лица Господа и от славы могущества Его, |
И таІзар дийр ду Шен долахь болчу нахера сийлалла тІеэца а, массо а Шех тешначаьрга Шен сий дайта а Іийса схьавеанчу оцу сийлахьчу дийнахь. Ткъа шу а царна юкъахь хир ду, оха шуна деллачу тоьшаллех шу тешна дела. | когда Он приидет прославиться во святых Своих и явиться дивным в день оный во всех веровавших, так как вы поверили нашему свидетельству. |
Цундела шуна тІера оха даим доІанаш до, Ша кхайкхинчу дахарна вайн Дала шу хьакъ долуш хилийтар доьхуш. Муьлхха а дикачу ойланца шуна дан лууш дерг а, Делах тешарца аша деш долу муьлхха а гІуллакх а Деле Шен ницкъаца кхочушдар доьху оха. | Для сего и молимся всегда за вас, чтобы Бог наш соделал вас достойными звания и совершил всякое благоволение благости и дело веры в силе, |
Цу тайпана вайн Веза Эла волчу Іийсан цІе шуьгахула а, ткъа шу Цуьнгахула а гІарадевр ду. Вайн Дела а, Веза Эла а волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан долчу диканца хир ду иза. | да прославится имя Господа нашего Иисуса Христа в вас, и вы в Нём, по благодати Бога нашего и Господа Иисуса Христа. |
Динан вежарий! Оха доьху шуьга вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвина Іийса кху дуьнен тІе схьаварах а, вай Цуьнца цхьаьнакхетийтарх а лаьцна: | Молим вас, братия, о пришествии Господа нашего Иисуса Христа и нашем собрании к Нему, |
шайн ойла сиха ма карчийталаш, атта синтем ма байалаш, Веза Эла вогІу де тІекхаьчна бохуш, цхьаммо хаам бар бахьана долуш. Цхьаммо ала мега, и хаам Делан Сино бина, я оха бина, я кехат тІехь дІаязбина бу аьлла. | не спешить колебаться умом и смущаться ни от духа, ни от слова, ни от послания, как бы нами посланного, будто уже наступает день Христов. |
Цхьаьнгге а цхьана а кепара шаьш ле ма дайталаш, хІунда аьлча адам, Іеса а даьлла, Далла дуьхьал эргІаддаьлча а, хІаллакьхиларна лерина волу а, зуламех кхачам хиллал вуьзна волу а цхьа стаг гучуваьлчий бен, и де тІедогІур доцу дела. | Да не обольстит вас никто никак: [ибо день тот не] [придёт], доколе не придёт прежде отступление и не откроется человек греха, сын погибели, |
«Дела» аьлла, цІе йоккхучу а, адамаша Іибадат дечу а массо а хІуманна дуьхьалвер ву и стаг, царал ша лакха а воккхуш. Делан цІа чохь, ша дела ву бохуш, охьахуур ву иза. | противящийся и превозносящийся выше всего, называемого Богом или святынею, так что в храме Божием сядет он, как Бог, выдавая себя за Бога. |
Дага ца догІу шуна, шу долчохь со волуш, аса шайга и дийцар? | Не помните ли, что я, ещё находясь у вас, говорил вам это? |
Ткъа хІинца шуна хаьа, иза сецош дерг хІун ду. И бахьана долуш шен хеннахь бен иза гучувоккхур вац. | И ныне вы знаете, что не допускает открыться ему в своё время. |
Къайлаха долу зулам хІинцале а къахьоьгуш ду. Амма хІинца а иза сецош волчо кхин дІа а сецор ву, новкъара иза Дала дІаваккхалц. | Ибо тайна беззакония уже в действии, только [не совершится] до тех пор, пока не будет взят от среды удерживающий теперь. |
ТІаккха гучувер ву зуламех вуьзна волу и стаг. Веза Эла волчу Іийсас Шен багарчу Іаьнарца вуьйр ву иза, Шен схьаваран дозаллица иза хІаллак а вийр ву. | И тогда откроется беззаконник, которого Господь Иисус убьёт духом уст Своих и истребит явлением пришествия Своего |
Зуламех вуьзна волу и стаг гучуваьлча, иблисо цуьнгахула лелочу ондачу ницкъаца массо а тамашийна харцйолу билгалонаш а, Іаламаташ а гойтуш лелар ву иза. | того, которого пришествие, по действию сатаны, будет со всякою силою и знамениями и чудесами ложными, |
Шаьш кІелхьардохур долу билггал долу бакъдерг безамца тІе ца эцарна а, иза ца дезарна а хІаллакьхуьлуш берш муьлххачу а харцонца лебеш лелар ву иза. | и со всяким неправедным обольщением погибающих за то, что они не приняли любви истины для своего спасения. |
Цундела Дала чІогІа Іехаболуьйтур бу уьш, билггал бакъдоцучух тоьшуьйтуш. | И за сие пошлёт им Бог действие заблуждения, так что они будут верить лжи, |
ТІаккха билггал бакъдолчух а ца тешна, харцдерг дезначарна Дала кхел йийр ю. | да будут осуждены все, не веровавшие истине, но возлюбившие неправду. |
Везачу Элана безна вежарий! Шу хьалхарнаш ду Делан Сино шу Делан дола дахарца а, билггал бакъдолчух тешарца а Дала кІелхьардаха хаьржинарш. Цундела шуна тІера Деле даим баркаллаш баха деза оха. | Мы же всегда должны благодарить Бога за вас, возлюбленные Господом братия, что Бог от начала, через освящение Духа и веру истине, избрал вас ко спасению, |
Оха кхайкхийна хаза кхаъ бахьана долуш шу Дала хаьржина, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Іийсан сийлаллин декъашхой шу хилийтархьама. | к которому и призвал вас благовествованием нашим, для достижения славы Господа нашего Иисуса Христа. |
Цундела, динан вежарий, чІагІлой Іелаш. Хьалха а оха шуна бина болу а, тхан кехат тІехь язбина болу а хьехамаш лар а беш, даха. | Итак, братия, стойте и держите предания, которым вы научены или словом или посланием нашим. |
Ткъа вай дезначу, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсас а, вайн Да волчу Дала а Шен маьхзачу диканца хаддаза иракарахІиттор а, хиндолчу дикане сатийсар а делла вайна. | Сам же Господь наш Иисус Христос и Бог и Отец наш, возлюбивший нас и давший утешение вечное и надежду благую во благодати, |
Муьлххачу а аша олуш долчунна тІехь а, муьлхха а аша деш долчу дикачу гІуллакхашна тІехь а, иракара а хІиттош, Дала чІагІдойла шу. | да утешит ваши сердца и да утвердит вас во всяком слове и деле благом. |
Динан вежарий! Везачу Элах лаьцна кхаъ, шу долчохь ма-хиллара, сиха дІасабаржийта а, лоруш тІеэцийта а тхуна тІера доІанаш делаш. | Итак молитесь за нас, братия, чтобы слово Господне распространялось и прославлялось, как и у вас, |
Кхин а дехалаш мекара а, вон а нах вайх дІакъастор, хІунда аьлча берриш а ма бац цу кхоах тешаш. | и чтобы нам избавиться от беспорядочных и лукавых людей, ибо не во всех вера. |
Амма тешаме ву Веза Эла. Цо чІагІ а дийр ду шу, мекара волчух лар а дийр ду. | Но верен Господь, Который утвердит вас и сохранит от лукавого. |
Subsets and Splits
No community queries yet
The top public SQL queries from the community will appear here once available.