che stringlengths 9 469 | ru stringlengths 1 384 |
|---|---|
Цхьаммо ала тарло: «Яа хІума а – ген дуьхьа ю, ткъа ге а – яа хІуманна ду. Эххар а Дала иза а, важа а хІаллакдийр ду». Делахь а вайн дегІ вай сийсаздаха кхоьллина дац, иза Везачу Элан дуьхьа ду. Ткъа Везачу Эло вайн догІмаш Іалашдийр ду. | Пища для чрева, и чрево для пищи; но Бог уничтожит и то и другое. Тело же не для блуда, но для Господа, и Господь для тела. |
Веллачуьра Веза Эла денвина а ца Іаш, Дала Шен ницкъаца вай а дендийр ду деллачуьра. | Бог воскресил Господа, воскресит и нас силою Своею. |
Ткъа шуна ца хаьа, вайн догІмаш Дала леррина Къобалвинчун дегІан меженаш юйла? ТІаккха, Цуьнан меженаш схьа а яьхна, уьш сийсазйохур юй те ас? ХІан-хІа, иштаниг хуьлийла а дац! | Разве не знаете, что тела ваши суть члены Христовы? Итак отниму ли члены у Христа, чтобы сделать [их] членами блудницы? Да не будет! |
Я шуна ца хаьа те, шаьш нахаца леллачу зудчух дІакхетча, шайн цуьнца цхьа дегІ хуьлийла. ХІунда аьлча аьлла ма ду: «ТІаккха цу шиннах цхьа дегІ хир ду». | Или не знаете, что совокупляющийся с блудницею становится одно тело [с нею]? ибо сказано: два будут одна плоть. |
Ткъа Делах дІауьйш волчун Цуьнца цхьаьна долу цхьа са а хуьлу. | А соединяющийся с Господом есть один дух с Господом. |
Ларлолаш сийсаздовларх! Адамо латош долу муьлхха а кхидолу къа дегІах лета къа дац. Ткъа сийсаза лелачо шен дегІана къилахь долу хІума до. | Бегайте блуда; всякий грех, какой делает человек, есть вне тела, а блудник грешит против собственного тела. |
Я шуна ца хаьа те, шайн догІмаш шуна чохь долчу а, Дала делла долчу а Делан Синан цІа дуйла? Шу шайн долахь ма дац! | Не знаете ли, что тела ваши суть храм живущего в вас Святаго Духа, Которого имеете вы от Бога, и вы не свои? |
ХІунда аьлча, беза мах а белла, эцна ду шу. Цундела шайн догІмашца Делан сий делаш! | Ибо вы куплены [дорогою] ценою. Посему прославляйте Бога и в телах ваших и в душах ваших, которые суть Божии. |
Аша соьга яздинчух лаьцна аьлча, аша боху: «Стагана зудчух ца хьакхавелча гІолехь ду». | А о чём вы писали ко мне, то хорошо человеку не касаться женщины. |
Амма сийсазваьлла ца лелархьама, хІора стеган а шен долахь зуда хила еза. ХІора зудчун а шен майра хила веза. | Но, [во избежание] блуда, каждый имей свою жену, и каждая имей своего мужа. |
Майрачо шен зудчун дегІан лаам кхочушбан беза. Иштта зудчо а кхочушбан беза майрачун дегІан лаам. | Муж оказывай жене должное благорасположение; подобно и жена мужу. |
Зудчун дегІ цуьнан шен долахь дац, иза майрачун долахь ду. Цу тайппана майрачун дегІ а цуьнан шен долахь дац, иза цуьнан зудчун долахь ду. | Жена не властна над своим телом, но муж; равно и муж не властен над своим телом, но жена. |
Вовшашца бинчу бартаца шаьш доІа дан лоруш билгалъяьккхинчу ханна бен, вовшех ма къахка. Цул тІаьхьа юха а цхьаьна хила, шун собар цахиларехула иблисе шаьш ца зейтархьама. | Не уклоняйтесь друг от друга, разве по согласию, на время, для упражнения в посте и молитве, а [потом] опять будьте вместе, чтобы не искушал вас сатана невоздержанием вашим. |
Иза аса шуна тІе ца дуьллу, амма иза иштта хилча магош долу хІума ду аьлла боху аса. | Впрочем это сказано мною как позволение, а не как повеление. |
Суна-м массо а адам со санна хила лаьара, делахь а хІоранна а Дала шен-шен похІма делла: цхьанна – цхьаъ, вукхунна – важа. | Ибо желаю, чтобы все люди были, как и я; но каждый имеет своё дарование от Бога, один так, другой иначе. |
Ткъа зударий белла бисинчаьрга а, бисина Іаш болчу зударшка а аса боху: «Царна со санна Іер гІолехь ду». | Безбрачным же и вдовам говорю: хорошо им оставаться, как я. |
Амма шаьш иштта ца Іалахь, цара зуда яло еза. ДегІан лаамашка ша хьийза а войтуш вехачул, зуда ялаяр гІолехь ду. | Но если не [могут] воздержаться, пусть вступают в брак; ибо лучше вступить в брак, нежели разжигаться. |
Зударий балийначарна а, маре баханчарна а аса тІедуьллу (ткъа иза соьгара сайгара дац, амма Везачу Элера ду), зуда шен майрачух дІа ма къаста аьлла. | А вступившим в брак не я повелеваю, а Господь: жене не разводиться с мужем,— |
Ша дІакъастахь, я кхин маре ма де, я шен майрачуьнца барт а бина, цуьнга юхагІо. Ткъа майрачо а шен зуда ма йита. | если же разведётся, то должна оставаться безбрачною, или примириться с мужем своим,— и мужу не оставлять жены [своей]. |
Ткъа кхидолчу адамашка аса боху (иза Везачу Элера а доцуш, сайгара ду), нагахь динан вешин Іийсах тешар доцу зуда елахь, иза цуьнца яха реза а елахь, цу зудчух дІакъаста ца веза и стаг. | Прочим же я говорю, а не Господь: если какой брат имеет жену неверующую, и она согласна жить с ним, то он не должен оставлять её; |
Иштта, Іийсах тешаш йолчу зудчун тешар доцу майра велахь, амма иза цуьнца ваха реза велахь, шен майрачух дІакъаста ца еза и зуда. | и жена, которая имеет мужа неверующего, и он согласен жить с нею, не должна оставлять его. |
ХІунда аьлча тешар доцу майра тешар долчу зудчуьнгахула вазво. Ткъа тешар доцу зуда а язйо тешар долчу цуьнан майрачуьнгахула. Иза иштта ца хилча, церан бераш Далла хьалха цІена хир дацара, ткъа хІинца уьш Дала даздина ду. | Ибо неверующий муж освящается женою верующею, и жена неверующая освящается мужем верующим. Иначе дети ваши были бы нечисты, а теперь святы. |
Нагахь Іийсах тешар доцург шен зудчух дІакъаста лууш велахь, я иштта тешар доцу зуда майрачух дІакъаста лууш елахь, уьш дІакъастийта. ХІунда аьлча я динан ваша а, я динан йиша а оцу гІуллакхна дихкина дац. Везачу Эло вай вовшашца бертахь дахаре ма кхайкхина. | Если же неверующий [хочет] развестись, пусть разводится; брат или сестра в таких [случаях] не связаны; к миру призвал нас Господь. |
Хьанна хаьа, зудчо шен майра кІелхьарваккха а ма тарло. Я стага а шен зуда кІелхьаръяккха мега. | Почему ты знаешь, жена, не спасёшь ли мужа? Или ты, муж, почему знаешь, не спасёшь ли жены? |
ХІорра а стаг шена Дала билгалдаьккхинчу тайпана ваха веза, ша Везачу Эло тІекхайкхинчу дахарехь виса веза. Изза тІедуьллу аса массо а динан тобанашна а. | Только каждый поступай так, как Бог ему определил, и каждый, как Господь призвал. Так я повелеваю по всем церквам. |
Нагахь Дала керлачу дахаре тІекхайкхале хьо сунтвина хиллехь – и билгало дІаяккха ма гІерта. Ткъа нагахь хьо цу хенахь сунтвина ца хиллехь – сунтвайта ца оьшу. | Призван ли кто обрезанным, не скрывайся; призван ли кто необрезанным, не обрезывайся. |
Сунтвина хилар а, сунтваза хилар а – хІумма а доцург ду. Ткъа цул а коьртаниг ду Делан парзаш кхочушдар. | Обрезание ничто и необрезание ничто, но [всё] в соблюдении заповедей Божиих. |
ХІорра а, Дала керлачу дахаре тІекхайкхале, ша хиллачу хьолехь виса веза. | Каждый оставайся в том звании, в котором призван. |
Нагахь цу хенахь хьо лай хиллехь, хІумма а дац, цунах оза ма ло. Амма паргІатвала хьайн аьтто белахь, паргІатвала а хьажа. | Рабом ли ты призван, не смущайся; но если и можешь сделаться свободным, то лучшим воспользуйся. |
ХІунда аьлча Везачу Эло керлачу дахаре тІекхайкхинчул тІаьхьа лай Везачу Элана хьалха паргІат ву. Ткъа тІекхайкхале паргІат хилларг – хІинца Дала леррина Къобалвинчун лай ву. | Ибо раб, призванный в Господе, есть свободный Господа; равно и призванный свободным есть раб Христов. |
Шайх адамийн леш ма хилийталаш, хІунда аьлча шух беза мах белла. | Вы куплены [дорогою] ценою; не делайтесь рабами человеков. |
Динан вежарий! Далла хьалха хІорра а Везачу Эло керлачу дахаре тІекхайкхале ша хиллачу хьолехь виса. | В каком [звании] кто призван, братия, в том каждый и оставайся пред Богом. |
Ткъа зуда ялоза я маре бахаза болчаьрга, Везачу Эло тІедиллина ду аьлла, тІетоха хІумма а дац сан. Амма Везачу Эло сох къинхетам барна, тешаме хила таро йолчу аса сайна хетарг боху. | Относительно девства я не имею повеления Господня, а даю совет, как получивший от Господа милость быть [Ему] верным. |
Суна схьахетарехь, адаман хІинца хуьлуш болу массо а баланашка хьаьжча, цунна ша хІинццалц хиллачу хьолехь висар гІолехь ду. | По настоящей нужде за лучшее признаю, что хорошо человеку оставаться так. |
Айхьа зудчуьнга захало дийцинехь, цунах дІакъаста ма гІерта. Ткъа айхьа зудчуьнга захало ца дийцинехь, хьайна зуда ма леха. | Соединён ли ты с женой? не ищи развода. Остался ли без жены? не ищи жены. |
Делахь а ахьа зуда ялаяхь а – иза къилахь дац. ЙоІ маре яхар а къилахь дац. Амма цара кху дахарехь чІогІа баланаш хьоьгур бу. Ткъа суна цу баланех шу лардан лаьара. | Впрочем, если и женишься, не согрешишь; и если девица выйдет замуж, не согрешит. Но таковые будут иметь скорби по плоти; а мне вас жаль. |
Динан вежарий! Аса хІара боху шуьга: хан кІезиг йисна, цундела хІинца дуьйна зударий балийнарш а, шайн зударий боцуш санна хила беза. | Я вам сказываю, братия: время уже коротко, так что имеющие жён должны быть, как не имеющие; |
Шух боьлхуш берш а ца боьлхуш санна хила беза. Хазахетар хилларш а хаза ца хетча санна хила беза. ХІума оьцурш а и эцнарг шайн долахь доцуш санна хила беза. | и плачущие, как не плачущие; и радующиеся, как не радующиеся; и покупающие, как не приобретающие; |
Кху дуьненах дика схьаоьцурш, шу а иза совдерг доцуш санна, даха ца деза, хІунда аьлча тахана долуш долу дуьне дІадолуш ду. | и пользующиеся миром сим, как не пользующиеся; ибо проходит образ мира сего. |
Суна-м шун цхьана а хІуманна тІехь гІайгІа ца хила лаьа. Зуда ялоза верг, Везачу Элан лаам кхочушбан лууш, Цунна дечу гІуллакхна гІайгІанехь ву. | А я хочу, чтобы вы были без забот. Неженатый заботится о Господнем, как угодить Господу; |
Ткъа зуда ерг дуьненан гІуллакхийн гІайгІанехь ву. Иза шен зудчун лаамаш кхочушбан гІерта. | а женатый заботится о мирском, как угодить жене. Есть разность между замужнею и девицею: |
Цу тайпана цуьнан гІайгІанаш екъало. Маре яхаза ерг, Везачу Элан лаам кхочушбан гІерташ, Цунна гІайгІанехь хуьлу, шен дегІаца а, шен синца а Цунна тешаме хила лууш. Ткъа марехь йолу зуда кху дуьненан гІуллакхийн гІайгІанехь хуьлу, шен майрачун лаамаш муха кхочушбийр бара те бохуш. | незамужняя заботится о Господнем, как угодить Господу, чтобы быть святою и телом и духом; а замужняя заботится о мирском, как угодить мужу. |
Аса и дерриг а шуна пайденна дуьйцу, шуна иза дехкархьама а доцуш. Мелхо а, суна лаьа, шун лелар оьзда хила а, Везачу Элана тешаме хила а, кхечу хІуманна тІе ойла ца йохуьйтуш. | Говорю это для вашей же пользы, не с тем, чтобы наложить на вас узы, но чтобы вы благочинно и непрестанно [служили] Господу без развлечения. |
Нагахь ша захало дийцина йоІ цІахь йитар бегІийла ца хетахь, цуьнца хиларан лаам цуьнан сов боккха белахь, и захало хила мегар ду. Цу стаге и йоІстаг ялаяйта, иза къилахь дац. | Если же кто почитает неприличным для своей девицы то, чтобы она, будучи в зрелом возрасте, оставалась так, тот пусть делает, как хочет: не согрешит; пусть [таковые] выходят замуж. |
Амма нагахь цу стага ша захало дийцина йоІ ца яло шен дагахь кхин хийцалур боцучу тайпана сацам а бинехь, нагахь цхьаммо а и гІуллакх цунна тІедиллина а дацахь, нагахь цу тІехь цуьнан лаам а белахь, и сацам даггара а белахь, цо дийриг дика гІуллакх ду. | Но кто непоколебимо твёрд в сердце своём и, не будучи стесняем нуждою, но будучи властен в своей воле, решился в сердце своём соблюдать свою деву, тот хорошо поступает. |
Ша захало дийцина йоІ ялош волчо дийриг а дика хІума ду, ткъа иза ялош воцчо дийриг кхин а гІолехь ду. | Посему выдающий замуж свою девицу поступает хорошо; а не выдающий поступает лучше. |
Марехь йолу зуда, шен майра дийна мел ву, бакъонашца йихкина ю. Нагахь майра веллехь, шена луъучуьнга маре яха магош ду цунна, амма и стаг Везачу Элан долахь хила веза. | Жена связана законом, доколе жив муж её; если же муж её умрёт, свободна выйти, за кого хочет, только в Господе. |
Кхин а дика ду, иза маре а ца йоьдуш Іийча. Иштта ю сан цунах йолу ойла, ткъа сайна чохь долчу Делан Сино со цунна тІе валаво аьлла хета суна. | Но она блаженнее, если останется так, по моему совету; а думаю, и я имею Духа Божия. |
ЦІушна сагІина еана йолчу яа хІуманах лаьцна аша соьга яздинчух ала лаьара суна. Хууш ду-кх, олуш ма-ду: «Вайн массеран а кхетам бу». Амма кхетам хиларо адам курадоккху, ткъа безамо иза синца чІагІдо. | О идоложертвенных [яствах] мы знаем, потому что мы все имеем знание; но знание надмевает, а любовь назидает. |
Нагахь цхьанна шена цхьа хІума девза моттахь а, цунна хІинца а довза ма-деззара хІумма а ца девза. | Кто думает, что он знает что-нибудь, тот ничего ещё не знает так, как должно знать. |
Ткъа цхьанна Дела везаш велахь, иза Далла вевзина. | Но кто любит Бога, тому дано знание от Него. |
Цу тайпана цІушна сагІина еанчу юучу хІуманах лаьцна хууш ду-кх, кху дуьненахь цІу хІумма а воцург вуйла а, иштта, цхьа Дела воцург, кхин Дела воцийла а. | Итак об употреблении в пищу идоложертвенного мы знаем, что идол в мире ничто, и что нет иного Бога, кроме Единого. |
Лаьттахь я стигалахь бехаш «деланаш» хуьлу олу. И «деланаш» а, «беза элий» а дукха белахь а, | Ибо хотя и есть так называемые боги, или на небе, или на земле, так как есть много богов и господ много,— |
вайна иштта ду: Дела цхьаъ бен вац вайн, Иза Да ву вайн, массо а хІума Цуьнгара хилла а ду, вай Цуьнан дуьхьа дехаш а ду. Иштта Веза Эла а цхьаъ бен вац вайн. Иза Дала леррина къобалвина Іийса ву, Цуьнгахула массо хІума хилла а ду, вай Цуьнгахула дехаш а ду. | но у нас один Бог Отец, из Которого все, и мы для Него, и один Господь Иисус Христос, Которым все, и мы Им. |
Делахь а цу бакъдолчух берриш а ца кхета. ЦІушна Іамал яран Іадат цхьаболчарна хІинца а чулацам болуш хета. ЦІушна сагІина еана йолу юург а юуш, цара иза деланашна къобалйина йолуш санна лору, цундела церан кІеда дегнаш Далла хьалха бехло. | Но не у всех [такое] знание: некоторые и доныне с совестью, [признающею] идолов, едят [идоложертвенное] как жертвы идольские, и совесть их, будучи немощна, оскверняется. |
Юучу хІумано вай Далла улло ца даладо. Юург цаяарца вай хІумма а ца дойу, ткъа иза йиъча а, вайна гІоле а ца хуьлу. | Пища не приближает нас к Богу: ибо, едим ли мы, ничего не приобретаем; не едим ли, ничего не теряем. |
Делахь а шу ларлолаш, тешарехь чІагІделла доцурш, шаьш паргІато лелочу хІуманна тІехь, Іеха а делла, къинош летадарх. | Берегитесь однако же, чтобы эта свобода ваша не послужила соблазном для немощных. |
ХІунда аьлча нагахь оцу кІеда дог долчунна, хьайн оццул «кхетам» боллушехь, ахьа а цІушна Іамал ечу цІа чохь юург юуш гича, тІаккха, ша а яа мегар ду аьлла, хетар дуй те цунна и цІушна сагІина еана йолу юург? | Ибо если кто-нибудь увидит, что ты, имея знание, сидишь за столом в капище, то совесть его, как немощного, не расположит ли и его есть идоложертвенное? |
ТІаккха хьан «кхетам» бахьана долуш, шен дуьхьа Дала леррина Къобалвинарг велла волу, и кІеда дог долуш волу хьан динан ваша хІаллакьхир ву. | И от знания твоего погибнет немощный брат, за которого умер Христос. |
Шайн динан вежаршна дуьхьал цу тайпана долу къа латадарца, церан кІедачу дегнашна чов а еш, аша Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал къа латадо. | А согрешая таким образом против братьев и уязвляя немощную совесть их, вы согрешаете против Христа. |
Цундела айса оцу юучуьнца сайн динан веше къа латадойтуш делахь, аса цкъа а дуур дац иштта долу жижиг, сайн веше къа ца латадайта. | И потому, если пища соблазняет брата моего, не буду есть мяса вовек, чтобы не соблазнить брата моего. |
Со паргІат вац ткъа? Со векал а вац ткъа? Суна гина вацара вайн Веза Эла волу Іийса? Шу дац ткъа Везачу Эло соьгахула къахьегарца Цунна тІе далийнарш? | Не Апостол ли я? Не свободен ли я? Не видел ли я Иисуса Христа, Господа нашего? Не моё ли дело вы в Господе? |
Кхечарна со векал вацахь а, шуна ма ву со векал. ХІунда аьлча со векал хиларан тоьшалла ду – шу Везачу Элаца хилар. | Если для других я не Апостол, то для вас [Апостол]; ибо печать моего апостольства — вы в Господе. |
Сайн мах хадош болчарна дуьхьал даккха хІара ду сан. | Вот моё защищение против осуждающих меня. |
Яа а, мала а бакъо йоцуш-м дац тхо? | Или мы не имеем власти есть и пить? |
Кхиболчу векалша а, Іийсан нанас бинчу кхечу вежарша а, Кипас а санна, динан йижарех цхьацца тхаьшна яла а йина, тхайца цхьаьна уьш бига бакъо яцара тхан а? | Или не имеем власти иметь спутницею сестру жену, как и прочие Апостолы, и братья Господни, и Кифа? |
Я аса а, Бар-Нааба а бен болх бан безаш бацара ткъа? | Или один я и Варнава не имеем власти не работать? |
Муьлххачу тІемалочо, ша эскарехь гІуллакх дечу хенахь, ша-шен гІайгІа бо? Муьлхачу кемсашлелорхочо, кемсаш дІа а йоьгІна, церан стоьмаш ца боу? Муьлхачу Іуьно шен жена юкъарчу жийно елла шура ца молу? | Какой воин служит когда-либо на своём содержании? Кто, насадив виноград, не ест плодов его? Кто, пася стадо, не ест молока от стада? |
Адамаша олучу тайпана хилла Іай те аса бохург? Изза ца боху товрат-хьехамаша а? | По человеческому ли только [рассуждению] я это говорю? Не то же ли говорит и закон? |
ХІунда аьлча Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш тІехь яздина ду: «Оручу стеран бага дІа ма къовла». Стерчийн бала кхаьчна аьллий те Дала иза? | Ибо в Моисеевом законе написано: не заграждай рта у вола молотящего. О волах ли печётся Бог? |
Вайн бала а кхаьчна, ца боху ткъа Дала иза? Дера боху вайна диканна, хІунда аьлча охана деш волчо а, оруш волчо а къахьоьгу, шаьш бинчу белхан дакъа шайна кхачаран дегайовхо йолуш. | Или, конечно, для нас говорится? Так, для нас это написано; ибо, кто пашет, должен пахать с надеждою, и кто молотит, [должен молотить] с надеждою получить ожидаемое. |
Шун синошна оьшуш долу хІу оха тесна хилча, тІех зен дой те оха шуна, тхайн дегІана оьшуш долу ялта шуьгара хьаькхча? | Если мы посеяли в вас духовное, велико ли то, если пожнём у вас телесное? |
Кхечеран а шуна юкъахь иштта бакъонаш хилча, ткъа тхан церан чул а сов яц и бакъонаш? Амма оха, мелхо а, тхайн оцу бакъонашка а ца хьоьжуш, тхайна тІе мел деанарг лов, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ дІакхайкхош, тхайгахьара цхьа а новкъарло ца хилийтархьама. | Если другие имеют у вас власть, не паче ли мы? Однако мы не пользовались сею властью, но всё переносим, дабы не поставить какой преграды благовествованию Христову. |
Шуна хууш дац ткъа, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш берш цига еанчух бехаш хилар? Ткъа сагІа доккхучу кхерчана тІехь гІуллакх деш болчара а цу сагІина деанчух дакъа шайна дІаоьций? | Разве не знаете, что священнодействующие питаются от святилища? что служащие жертвеннику берут долю от жертвенника? |
Иштта хаза кхаъ кхайкхош болчарах лаьцна Везачу Эло тІедиллина, хаза кхаъ кхайкхош кхаьчначух баха беза уьш аьлла. | Так и Господь повелел проповедующим Евангелие жить от благовествования. |
Амма аса-м цу бакъонех цхьа а сайн дуьхьа аьлла схьа ца эцна. Сайн бала а кхаьчна, и бакъонаш сайна оьшучунна хилийтархьама яздина дац аса хІара дешнаш. Суна валар а гІолехь ду-кх, сан и дозалла дан йиш хилар цхьаммо соьгара дІадоккхучул. | Но я не пользовался ничем таковым. И написал это не для того, чтобы так было для меня. Ибо для меня лучше умереть, нежели чтобы кто уничтожил похвалу мою. |
Айса хаза кхаъ кхайкхош бу аьлла, цхьа а дозалла ца до ас, хІунда аьлча иза сан декхар ду. Ма декъаза хир вара со, аса хаза кхаъ кхайкхош бацахьара! | Ибо если я благовествую, то нечем мне хвалиться, потому что это необходимая [обязанность] моя, и горе мне, если не благовествую! |
Аса, сайн лаам а болуш, и гІуллакх деш делахьара, Делера совгІат хир дара суна. Ткъа сайн лаамехь а доцуш, аса иза деш хилча, тІаккха сайна тІедиллина долу гІуллакх кхочушдо аса. | Ибо если делаю это добровольно, то [буду] иметь награду; а если недобровольно, то [исполняю только] вверенное мне служение. |
Ткъа сан совгІат муьлха ду? Айса хаза кхаъ дІакхайкхабарна дуьхьал хІумма а ца дехар. Цу тайпана, айса хаза кхаъ кхайкхочу гІуллакх тІехь сайна йогІуш йолчу бакъонех цхьа а ца лелийна аса. | За что же мне награда? За то, что, проповедуя Евангелие, благовествую о Христе безмездно, не пользуясь моею властью в благовествовании. |
Массарах а паргІат воллушехь, массарна а хьалха лолла вахана со, царах дукхахберш тІеберзорхьама. | Ибо, будучи свободен от всех, я всем поработил себя, дабы больше приобрести: |
Жуьгтий болчохь со жуьгти санна вехира, уьш Дала леррина Къобалвинчунна тІеберзорхьама. Товрат-хьехамийн бакъонаш ларъеш болчаьрца а бакъонаш ларйийриг санна вехира со, уьш а Цунна тІеберзорхьама, цу бакъонийн лаамехь со воццушехь. | для Иудеев я был как Иудей, чтобы приобрести Иудеев; для подзаконных был как подзаконный, чтобы приобрести подзаконных; |
Товрат-хьехамийн бакъонаш лар ца еш болчаьрца – и бакъонаш лар ца еш верг санна хуьлура со, уьш а Цунна тІеберзорхьама. ХІетте а, Делан бакъонаш лар ца еш-м ца лелара со, Дала леррина Къобалвинчун бакъонашна со муьтІахь волу дела. | для чуждых закона — как чуждый закона,— не будучи чужд закона пред Богом, но подзаконен Христу,— чтобы приобрести чуждых закона; |
Тешарехь чІагІбелла боцучаьрца чІагІвелла воцург санна хуьлура со, уьш тешарехь чІагІбархьама. Массарна а хьалха массо а санна хуьлура со, сайн мел долчу хьуьнаршца, царах цхьаберш баьхна а, кІелхьарбахархьама. | для немощных был как немощный, чтобы приобрести немощных. Для всех я сделался всем, чтобы спасти по крайней мере некоторых. |
И дерриг а хазачу кхоан дуьхьа до аса, со а цунах хиндолчу диканан декъахь хилийтархьама. | Сие же делаю для Евангелия, чтобы быть соучастником его. |
Шуна хууш дац къовсадаларшкахь бовдучу хенахь массо а цхьатерра бовдий, амма совгІат царах цхьанна бен ца лой? Цундела шаьш довда ма-дезза довдалаш, и совгІат шайна кхачийтархьама. | Не знаете ли, что бегущие на ристалище бегут все, но один получает награду? Так бегите, чтобы получить. |
Оцу къовсамашкахь дакъа лоцуш болчара шаьш массо а хІуманна тІехь юхаузу. Уьш иштта лела, телхина дІадер долу толаман таж шайна кхачийтархьама, ткъа вай иштта лела, ваьшна телхар доцу таж кхачийтархьама. | Все подвижники воздерживаются от всего: те для получения венца тленного, а мы — нетленного. |
Цундела со, шена хьалха цхьа Іалашо хІоттийна воцург санна, вада а ца воду, хІаваана куьг детташ верг санна, лата а ца лета. | И потому я бегу не так, как на неверное, бьюсь не так, чтобы только бить воздух; |
Мелхо а, аса, сайн дегІ кхоа а ца деш, цунна тІехь олалла до, кхечарна хаза кхаъ а кхайкхийна, со юьстахваьлла ца висархьама. | но усмиряю и порабощаю тело моё, дабы, проповедуя другим, самому не остаться недостойным. |
Динан вежарий! Вайн берриг а дай мархийн бІогІамо ларбина хилар а, хІорда бухарчу лаьтта тІехула чекхбевлла хилар а шуна дагадаийта лаьа суна. | Не хочу оставить вас, братия, в неведении, что отцы наши все были под облаком, и все прошли сквозь море; |
Уьш берриш а, мархах а, хІордах а чекх а бевлла, Мусаца цхьаьнакхетийтина. | и все крестились в Моисея в облаке и в море; |
Цара массара а цхьатерра болу синан кхача а биъна. | и все ели одну и ту же духовную пищу; |
Иштта цара массара а цхьатерра синна оьшуш долу малар а мелла, хІунда аьлча цара шайца лелош болчу тамашийначу тІулгах схьадолу хи молура. Ткъа и ТІулг бара – Дала леррина Къобалвинарг. | и все пили одно и то же духовное питие: ибо пили из духовного последующего камня; камень же был Христос. |
Амма царах дукхахболчарна Дела реза ца хилла, церан декъий яьссачу аренгахула дІасадаржийна хилла. | Но не о многих из них благоволил Бог, ибо они поражены были в пустыне. |
И дерриг вайна масална хилла дара, вайн а, церан санна, вониг дан лаам ца хилийта. | А это были образы для нас, чтобы мы не были похотливы на злое, как они были похотливы. |
Вайн дайх цхьаберш санна, цІушна Іамал еш ма хилалаш. Делан Йозанаш тІехь царах лаьцна яздина ду: «Адамаш яа а, мала а охьахевшира, тІаккха шайн самукъадаккха хьалагІевттира уьш». | Не будьте также идолопоклонниками, как некоторые из них, о которых написано: народ сел есть и пить, и встал играть. |
Царах цхьаболчара лелийнарг а лелийна, сийсаза ма довла вай! Оцу цхьана дийнахь царах ткъе кхо эзар стаг хІаллакьхилира. | Не станем блудодействовать, как некоторые из них блудодействовали, и в один день погибло их двадцать три тысячи. |
Дела зе а гІоьртина, лаьхьарчаша байина болу царах цхьаберш санна, вай а ма гІерта Дала леррина Къобалвинарг зе. | Не станем искушать Христа, как некоторые из них искушали и погибли от змей. |
Инкарлонаш йинчу царах цхьаболчарах ма тарлолаш – уьш мулкалмото хІаллак ма бина. | Не ропщите, как некоторые из них роптали и погибли от истребителя. |
Царна хилларг дерриг а вукхарна масал дало хиллера. Заманийн чаккхе тІекхаьчначу хенахь Іен долчу вайга, дІахьедар а деш, иштаниг ца дайтархьама яздина ду иза. | Всё это происходило с ними, [как] образы; а описано в наставление нам, достигшим последних веков. |
Цундела ша когаш тІе ондда дІахІоьттина ву моьттуш верг охьавожарх ларвала веза. | Посему, кто думает, что он стоит, берегись, чтобы не упасть. |
Subsets and Splits
No community queries yet
The top public SQL queries from the community will appear here once available.