che stringlengths 9 469 | ru stringlengths 1 384 |
|---|---|
Шуна тІедеана долу зер массо а адамна тІехІуттуш дерг бен дац. Ткъа Дела тешаме ву, аша ловр доцург лур дац Цо шуна. Амма шу зуьйш долчу хенахь, тІехІотта онда бух лур бу Цо шуна, иза лан шун ницкъ хилийтархьама. | Вас постигло искушение не иное, как человеческое; и верен Бог, Который не попустит вам быть искушаемыми сверх сил, но при искушении даст и облегчение, так чтобы вы могли перенести. |
Иштта, сан хьоменаш, цІушна Іамалъярх ларлолаш! | Итак, возлюбленные мои, убегайте идолослужения. |
Аса кхетам болчаьрга санна боху шуьга. Шаьш а ойла ел аша, аса бохург нийса ду я дац. | Я говорю [вам] как рассудительным; сами рассудите о том, что говорю. |
Шеца Далла хастамаш а беш, Везачу Элан пхьуьйренехь лелош болу кад бац ткъа Дала леррина Къобалвинчун цІийца вайн дакъалацар дийриг? Вай дохош долу бепиг а дац ткъа Дала леррина Къобалвинчун дегІаца вайн дакъалацар дийриг? | Чаша благословения, которую благословляем, не есть ли приобщение Крови Христовой? Хлеб, который преломляем, не есть ли приобщение Тела Христова? |
Бепиг цхьаъ долу дела, дуккха а долу вай а цхьа дегІ санна ду. Вай массо а цхьана баьпках дакъалоцуш ма ду. | Один хлеб, и мы многие одно тело; ибо все причащаемся от одного хлеба. |
Хьовсал Исраилан халкъе – царах сагІина еана хІума юуш берш а ца хуьлу ткъа берриге а цу сагІа доккхучу кхерчана тІейиллинчу сагІина еанчу хІуманан декъашхой? | Посмотрите на Израиля по плоти: те, которые едят жертвы, не участники ли жертвенника? |
ТІаккха аса бохург хІун ду? Дуй те иза цІу цхьа хІума ю бохург? Я цІунна сагІина еанарг а юй те цхьа хІума ю аьлла хІума? | Что же я говорю? То ли, что идол есть что-нибудь, или идоложертвенное значит что-нибудь? |
Дац! Амма дин доцучара сагІина яхьа хІума, Далла а ца яхьаш, жинашна яхьа. Ткъа суна ца лаьа, аша жинашца дакъа а лоцуш, шу цаьрца тайна хила. | [Нет], но что язычники, принося жертвы, приносят бесам, а не Богу. Но я не хочу, чтобы вы были в общении с бесами. |
Аша молийла ма дац шинна а кедара: цкъа Везачу Элан кеда чуьра, тІаккха жинийн кеда чуьра. Доийла ма дац аша цхьаьний Везачу Элан пхьор а, жинийн пхьор а. | Не можете пить чашу Господню и чашу бесовскую; не можете быть участниками в трапезе Господней и в трапезе бесовской. |
Вай даьхьар дуй те Везачу Элан вайга эмгаралла хилийта? Цул а ницкъ болуш ду ткъа вай? | Неужели мы [решимся] раздражать Господа? Разве мы сильнее Его? |
«Дерриг а дан бакъо ю вайн» – олуш ду. Иза бакъ хила там бу, амма массо а хІума дац вайна пайдехь. «Дерриг а дан бакъо ю вайн». ХІаъ, ю, амма оцу дерригено а синца чІагІ ца во. | Всё мне позволительно, но не всё полезно; всё мне позволительно, но не всё назидает. |
Цхьаммо а ма лахалаш шайна пайдехь дерг, амма хІораммо а кхиболчарна пайдехь дерг лахалаш. | Никто не ищи своего, но каждый [пользы] другого. |
Шайн эхь-бехке хьаьвссина, цхьа а хаттар ца деш, базарахь духкуш долу муьлхха а жижиг даа мегар ду аша. | Всё, что продаётся на торгу, ешьте без всякого исследования, для [спокойствия] совести; |
Делан Йозанашкахь яздина ма ду: «Латта а, цу тІехь мел дерг а Везачу Элан ду». | ибо Господня земля, и что наполняет её. |
Нагахь Делах тешаш воцучу накъосто дуьйла а аьлла, шу и волчу дахча, цо шайга яа аьлларг, шайн эхь-бехке хьаьвссина, цхьа а хаттар ца деш яа. | Если кто из неверных позовёт вас, и вы захотите пойти, то всё, предлагаемое вам, ешьте без всякого исследования, для [спокойствия] совести. |
Амма цхьаммо и юуш ерг цІушна сагІина еанчух ю алахь, тІаккха шайга и аьллачун дуьхьа а, деган паргІатонан дуьхьа а и юург ма яа. | Но если кто скажет вам: это идоложертвенное,— то не ешьте ради того, кто объявил вам, и ради совести. Ибо Господня земля, и что наполняет её. |
Шун деган паргІатонах а доцуш, ткъа вукхун паргІатонах лаьцна боху аса иза. Ткъа сан паргІато хІун бахьанехь емалйина хила еза кхечун даго? | Совесть же разумею не свою, а другого: ибо для чего моей свободе быть судимой чужою совестью? |
Нагахь аса, Далла баркалла а бохуш, и юург тІеоьцуш хилча, аса баркалла баьхнарг бахьана долуш со емал хьан вийр вара? | Если я с благодарением принимаю [пищу], то для чего порицать меня за то, за что я благодарю? |
Иштта шаьш юуш я молуш делахь а, я кхидолу муьлхха а гІуллакх деш делахь а, Делан сийлаллин дуьхьа де. | Итак, едите ли, пьёте ли, или иное что делаете, всё делайте в славу Божию. |
Дуьхьало ма елаш жуьгташна а, грекахошна а, Делан долахь йолчу ерриге а Іийсах тешаш болчеран тобанна а, | Не подавайте соблазна ни Иудеям, ни Еллинам, ни церкви Божией, |
амма, аса массарна а, массо а хІуманна тІехь царна луъург даре терра, лелалаш шу а. Сайна пайдехь дерг а ца лоьхуш, дукхахболчарна пайдехь дерг до аса, уьш а кІелхьарбовлийтархьама. | так, как и я угождаю всем во всём, ища не своей пользы, но [пользы] многих, чтобы они спаслись. |
Сох тера хила гІерталаш, со а Дала леррина Къобалвинчух тера хила ма-гІерттара. | Будьте подражателями мне, как я Христу. |
Аса хастадо шу, даим а со шуна дагаварна а, аса шайна ма-даллара, аша ламасташ лардарна а. | Хвалю вас, братия, что вы всё моё помните и держите предания так, как я передал вам. |
Амма суна шуьга дІахаийта лаьа, хІора боьршачу стагана коьртехь верг Дала леррина Къобалвинарг хилар. Зудчунна коьртехь – майра ву. Ткъа Дала леррина Къобалвинчун коьртехь верг Дела ву. | Хочу также, чтобы вы знали, что всякому мужу Христос, жене глава — муж, а Христу глава — Бог. |
ДоІа дечу я Делера болу хаам бовзуьйтучу хенахь боьршачу стага коьрта тІе хІума тиллинехь, цо шен коьртана юьхьІаьржо тІейоуьйту. | Всякий муж, молящийся или пророчествующий с покрытою головою, постыжает свою голову. |
Ткъа муьлххачу а, шен коьрта тІехь хІума а йоцуш, доІа деш я Делера болу хаам бовзуьйтуш йолчу зудчо шен коьртана юьхьІаьржо тІейоуьйту. Иза корта баьшна йолчу зудчух тарло. | И всякая жена, молящаяся или пророчествующая с открытою головою, постыжает свою голову, ибо [это] то же, как если бы она была обритая. |
Нагахь зудчунна шен коьрта тІе хІума тилла ца лаахь, цо шен корта баша а мегар ду. Амма нагахь зудчунна шен корта баьшна я лергина хилча эхь хетахь, цо шен коьрта тІе хІума тилла еза. | Ибо если жена не хочет покрываться, то пусть и стрижётся; а если жене стыдно быть остриженной или обритой, пусть покрывается. |
Цхьана агІор боьршачу стага шен коьрта тІе хІума тилла ца еза, ша Делан васт а, Цуьнан сийлалла а йолу дела. Вукху агІор зуда шен майрачун сийлалла ю. | Итак муж не должен покрывать голову, потому что он есть образ и слава Божия; а жена есть слава мужа. |
ХІунда аьлча стаг зудчух вина вац, ткъа зуда ю стагах йина. | Ибо не муж от жены, но жена от мужа; |
Стаг зудчун дуьхьа кхоьллина вац, амма зуда ю стеган дуьхьа кхоьллина. | и не муж создан для жены, но жена для мужа. |
Цундела зудчун коьрта тІе тиллина хІума хила еза, шена тІехь долу олалла билгалдаккха а, маликашна хьалха а. | Посему жена и должна иметь на голове своей [знак] власти [над] [нею], для Ангелов. |
Делахь а, Везачу Элаца долчу вайн дахаре хьаьжжина, зуда а стаг воцуш хиларх хІумма а дац, ткъа стаг а зуда йоцуш хиларх хІумма а дац. | Впрочем ни муж без жены, ни жена без мужа, в Господе. |
ХІунда аьлча зуда стагах йина ма-хиллара, стаг а ву зудчо вина. Ткъа и дерриг а – Делера ду. | Ибо как жена от мужа, так и муж через жену; все же — от Бога. |
ТІаккха шаьш а ойла ел аша: оьзда хир дуй те, зудчо Деле доІа дечу хенахь, цуьнан коьрта тІе тиллина хІума ца хилча? | Рассудите сами, прилично ли жене молиться Богу с непокрытою [головою]? |
Дуьненан Іаламо ша а ца хьоьху вайна, боьршачу стага шен месаш яхъялийтича, иза цунна шена юьхьІаьржонна дуйла? | Не сама ли природа учит вас, что если муж растит волосы, то это бесчестье для него, |
Ткъа зудчо еха месаш лелийча – цунна сийлахь ду, хІунда аьлча еха месаш елла ю цунна, коьрта тІе тиллина хІума санна. | но если жена растит волосы, для неё это честь, так как волосы даны ей вместо покрывала? |
Цхьаболчарна-м цунах лаьцна соьца къовса а луург хир дара, амма, аса аьлларг доцург, кхин тайпана ламасташ дац я тхан а, я Делан долахь йолчу массо а Іийсах тешначийн тобанийн а. | А если бы кто захотел спорить, то мы не имеем такого обычая, ни церкви Божии. |
Аса кхин а цхьа хІума тІедуьллу шуна. ХІинца хаста а ца до ас шу, хІунда аьлча шун гуламаша, диканиг дахьачун метта, вониг дахьа. | Но, предлагая сие, не хвалю [вас], что вы собираетесь не на лучшее, а на худшее. |
Цкъа хьалха аса сайна хезначух лаьцна эр ду. Шу цхьаьна гулделлачу хенахь шуна юкъахь декъадаларш хуьлу боху. Цунах со цхьажимма теша а теша. | Ибо, во-первых, слышу, что, когда вы собираетесь в церковь, между вами бывают разделения, чему отчасти и верю. |
(Цу тайпана долу декъадаларш хила а деза шун, шайна юкъара билггал тешаш берш гучубахархьама.) | Ибо надлежит быть и разномыслиям между вами, дабы открылись между вами искусные. |
Шаьш цхьаьна гуллучу хенахь, билггал Везачу Элан пхьор даа гулделча санна ца гулло шу. | Далее, вы собираетесь, [так, что это] не значит вкушать вечерю Господню; |
ХІунда аьлча шу шаьш еана йолу яа хІума яа сихло. ТІаккха цхьаберш меца буьсу, ткъа вуьш чагІаро бахабо. | ибо всякий поспешает прежде [других] есть свою пищу, [так] [что] иной бывает голоден, а иной упивается. |
Юург яа а, мерг мала а шайн цІенош дац те шун? Я Делан долахь йолчу массо а Іийсах тешначийн тобанах шу дешаш дац те? Я мисканаш дегаза хета те шуна? ХІун ала деза те аса шуьга? Хастор дуй те ас шу и бахьанехь? Аса и гІуллакхаш бахьанехь хастор дац шу. | Разве у вас нет домов на то, чтобы есть и пить? Или пренебрегаете церковь Божию и унижаете неимущих? Что сказать вам? похвалить ли вас за это? Не похвалю. |
ХІунда аьлча аса Везачу Элера Шеггара схьаэцна айса шуна делларг. Шена ямартло йинчу буса Веза Эла волчу Іийсас, бепиг схьа а эцна, | Ибо я от [Самого] Господа принял то, что и вам передал, что Господь Иисус в ту ночь, в которую предан был, взял хлеб |
Далла хастам а бина, иза декъа а декъна, элира: «ХІара Сан дегІ ду, шун дуьхьа дІалун долу. Иштта делаш, Со дагалацархьама». | и, возблагодарив, преломил и сказал: приимите, ядите, сие есть Тело Моё, за вас ломимое; сие творите в Моё воспоминание. |
Уьш пхьор диъна бевлча, Цо, чагІаран кад схьа а эцна, элира: «Сан цІийца бинчу керлачу бертан кад бу хІара. Шаьш иза мосазза молу, Со дагалацархьама, иштта делаш». | Также и чашу после вечери, и сказал: сия чаша есть новый завет в Моей Крови; сие творите, когда только будете пить, в Моё воспоминание. |
ХІунда аьлча шаьш хІара бепиг мосазза доу а, хІара кад мосазза молу а, Веза Эла схьаваллалц, Цуьнан валар кхайкхадо аша. | Ибо всякий раз, когда вы едите хлеб сей и пьёте чашу сию, смерть Господню возвещаете, доколе Он придёт. |
Цундела нагахь цхьаммо хІара бепиг даар а, Везачу Элан кад малар а лело хьакъ ма-дарра ца леладахь, иза Везачу Элан дегІана а, Цуьнан цІийна а дуьхьал къа латорна бехке хир ву. | Посему, кто будет есть хлеб сей или пить чашу Господню недостойно, виновен будет против Тела и Крови Господней. |
Стага ша-шен зен веза, ткъа цул тІаьхьа цо и бепиг а доийла, и кад а молийла. | Да испытывает же себя человек, и таким образом пусть ест от хлеба сего и пьёт из чаши сей. |
ХІунда аьлча нагахь санна цхьаммо, Дала леррина Къобалвинчун дегІ а ца лоруш, юуш а, молуш а елахь, иза шена кхелана юуш а, молуш а ву. | Ибо, кто ест и пьёт недостойно, тот ест и пьёт осуждение себе, не рассуждая о Теле Господнем. |
Цундела шух дукхахдерш гІораза а, цомгуш а хуьлу, цхьаберш бала а ле. | Оттого многие из вас немощны и больны и немало умирает. |
Нагахь вай ваьш зуьйш делахьара, Везачу Эло йийр яцара вайна кхел. | Ибо если бы мы судили сами себя, то не были бы судимы. |
Ткъа вайна тІехь Цо кхел еш хилча, вай нисдеш долу таІзар хуьлу вайна, дуьненах кхечаьрца цхьаьна вайна кхел йина ца хилийтархьама. | Будучи же судимы, наказываемся от Господа, чтобы не быть осуждёнными с миром. |
Иштта, сан динан вежарий, шаьш Везачу Элан пхьор даа гулделча, вовшашка ладогІалаш, и даа сих а ца луш. | Посему, братия мои, собираясь на вечерю, друг друга ждите. |
Нагахь санна шух цхьаъ меца велахь, шайн цІахь яа юург, гуламехь иза шуна кхелъярна ца хилийтархьама. Ткъа дисна гІуллакхаш со дІавеанчу хенахь нисдийр ду аса. | А если кто голоден, пусть ест дома, чтобы собираться вам не на осуждение. Прочее устрою, когда приду. |
Ткъа хІинца, динан вежарий, Делан Сино луш долчарах лаьцна эр ду ас. Суна ца лаьа, царах лаьцна дерг шуна ца хууш дуьсийла. | Не хочу оставить вас, братия, в неведении и о [дарах] духовных. |
Шуна хаьа, шу Делах ца тешаш хиллачу хенахь, мотт ца хуучу цІуша, шайгахьа а дерзош, тилийна лелийнийла. | Знаете, что когда вы были язычниками, то ходили к безгласным идолам, так, как бы вели вас. |
Цундела аса шуьга боху, Делан Синехула ша бохуш волчу цхьаьнгге а алалур дац: «НеІалт хуьлийла Іийсана». Иштта Делан Синехула олучуьнга бен, цхьаьнгге а алалур дац: «Іийса – Веза Эла ву». | Потому сказываю вам, что никто, говорящий Духом Божиим, не произнесёт анафемы на Иисуса, и никто не может назвать Иисуса Господом, как только Духом Святым. |
ПохІманаш тайп-тайпана ду, ткъа уьш лург – цхьа Са ду. | Дары различны, но Дух один и тот же; |
ГІуллакхаш тайп-тайпана ду, ткъа уьш дойтург – цхьа Веза Эла ву. | и служения различны, а Господь один и тот же; |
Ницкъаш тайп-тайпана бу, ткъа дерриг а массарна а чохь дийриг – цхьа Дела ву. | и действия различны, а Бог один и тот же, производящий всё во всех. |
Амма Делан Са гучудаккхар хІоранна а луш ду, массарна а диканна хилийта. | Но каждому даётся проявление Духа на пользу. |
Цхьанна хьекъал долу дош ло Делан Синехула, ткъа оццу Синехула вукхунна кхетаман дош ло. | Одному даётся Духом слово мудрости, другому слово знания, тем же Духом; |
Кхечунна оццу Синехула тешар ло. Ткъа кхин а цхьанна цу Сино адамаш тодан похІма ло. | иному вера, тем же Духом; иному дары исцелений, тем же Духом; |
Вукхунна тамашийна гІуллакхаш дан ницкъ ло. Кхечунна Делера болу хаамаш бан похІма ло. Цхьаволчунна Делан Сино делларг жинаша деллачух къасто похІма ло. Цхьаболчарна Делан Синера долу тайп-тайпана тамашийна меттанаш ло. Кхечу цхьанна оцу меттанаша бохург гочдар ло. | иному чудотворения, иному пророчество, иному различение духов, иному разные языки, иному истолкование языков. |
Ткъа и дерриг а оццу цхьана Делан Сино деш ду. Шена дала деза аьлла хеттачунна, схьа а хоржий, ло Цо уьш. | Всё же сие производит один и тот же Дух, разделяя каждому особо, как Ему угодно. |
Адаман дегІ масех меженах лаьтташехь, иза цхьа дегІ хиларе терра, иштта Дала леррина Къобалвинарг цхьаъ хуьлу, Цуьнан дегІ масех меженах лаьтташехь. | Ибо, как тело одно, но имеет многие члены, и все члены одного тела, хотя их и много, составляют одно тело,— так и Христос. |
ХІунда аьлча вайх хІора а цхьана Делан Синах вуьзна вара, вайх массарах а цхьа дегІ хилийтархьама. Вай жуьгтий я кхечу къаьмнех делахь а, леш я паргІат адамаш делахь а, вайга хІоранга а цхьана Синах малийтина дара. | Ибо все мы одним Духом крестились в одно тело, Иудеи или Еллины, рабы или свободные, и все напоены одним Духом. |
Адамийн дегІ, цхьана меженах хилла а ца Іаш, дуккха а йолчу меженех вовшахтоьхна ду. | Тело же не из одного члена, но из многих. |
Нагахь кого: «Со-м бац дегІах, со куьг доцу дела», – алахь а, хІетте а оцу дегІан меже ца хилча ма ца болу иза. | Если нога скажет: я не принадлежу к телу, потому что я не рука, то неужели она потому не принадлежит к телу? |
Ткъа лерго: «Со бІаьрг боцу дела, со-м дац оцу дегІах», – аьлча а, оцу дегІан меже ца хилча долий иза? | И если ухо скажет: я не принадлежу к телу, потому что я не глаз, то неужели оно потому не принадлежит к телу? |
Нагахь дерриг а дегІ беккъа бІаьргех дина делахьара, муха хир дара цуьнан хазар? Ткъа дегІ деккъа лергех дина делахьара, муха йогІур яра хьожа? | Если всё тело глаз, то где слух? Если всё слух, то где обоняние? |
Амма Дала дегІан массо а меже Шена хила еза аьлла хеттачу меттехь дІанисйина. | Но Бог расположил члены, каждый в [составе] тела, как Ему было угодно. |
Нагахь дегІ еккъа цхьана меженах дина делахьара, тІаккха дегІ муха хир дара? | А если бы все были один член, то где [было бы] тело? |
Ма-дарра аьлча, дегІан меженаш дуккха а ю, ткъа дегІ – цхьаъ ду. | Но теперь членов много, а тело одно. |
БІаьрган а олийла дац куьйге: «Хьо суна ца оьшу». Я коьрто а когашка олийла дац: «Суна шу ца оьшу». | Не может глаз сказать руке: ты мне не надобна; или также голова ногам: вы мне не нужны. |
Мелхо а, адамна эгІаза хеташ йолу дегІан меженаш уггаре а оьшуш хуьлу. | Напротив, члены тела, которые кажутся слабейшими, гораздо нужнее, |
Оцу кІезиг хеташ йолчу дегІан меженийн вай чІогІа ларам бо. Вешан бехке йолу меттигаш вай, эхь-бехк а хетий, дІахьулйо. | и которые нам кажутся менее благородными в теле, о тех более прилагаем попечения; |
Ткъа важа йолу меженаш дІахьулъян а ца оьшу. Амма Дала шатайпа вовшахтесна дегІан меженаш, сий дан оьшучу меженийн алссам сий а деш. | и неблагообразные наши более благовидно покрываются, а благообразные наши не имеют [в том] нужды. Но Бог соразмерил тело, внушив о менее совершенном большее попечение, |
Иза ду, дегІана чохь къастамаш ца байтархьама. Мелхо а, дегІан меженаша вовшийн цхьатерра гІайгІа бан беза. | дабы не было разделения в теле, а все члены одинаково заботились друг о друге. |
Нагахь дегІан цхьана декъан лазам хилча, дерриг а дегІан а лазам хуьлу. Нагахь дегІан меженех цхьана меженна хастам бахь, вукхеран а цуьнца цхьаьна самукъадолу. | Посему, страдает ли один член, страдают с ним все члены; славится ли один член, с ним радуются все члены. |
Цу тайппана, шу Дала леррина Къобалвинчун дегІ ду, ткъа шух хІора а цу дегІан меже ю. | И вы — тело Христово, а порознь — члены. |
Динан тобанашкахь Дала цхьаберш векалш, вуьш пайхамарш, кхозлагІнаш динан хьехамчаш бина дІахІиттийна. Цул сов, цхьаболчарна тамашийна гІуллакхаш дан ницкъ белла, вукхарна адамаш тодан похІма делла. Иштта уллорачарна гІо дан похІма а, урхаллин похІма а, тамашийна мотт бийцаран похІма а делла Цо. | И иных Бог поставил в Церкви, во-первых, Апостолами, во-вторых, пророками, в-третьих, учителями; далее, [иным дал] силы [чудодейственные], также дары исцелений, вспоможения, управления, разные языки. |
Массо а буй те векалш? Берриш а буй те пайхамарш? Массо а хуьлий те хьехархой? Я массарах а хуьлий те тамашийна гІуллакхаш дийраш? | Все ли Апостолы? Все ли пророки? Все ли учители? Все ли чудотворцы? |
Массеран ду ткъа адамаш тодаран похІма? Массара а дуьйций те Делан Синерачу тамашийначу меттанашкахь? Массеран дуй ткъа и меттанаш гочдаран похІма а? | Все ли имеют дары исцелений? Все ли говорят языками? Все ли истолкователи? |
Оцу похІманел а сов долчу похІманашна тІекхийда шу. Ткъа аса оцу дерригенал а лакхара болу некъ гойтур бу шуна. | Ревнуйте о дарах больших, и я покажу вам путь ещё превосходнейший. |
Нагахь санна аса адамийн я маликийн меттанашкахь къамел деш делахь а, амма сан безам бацахь, со зевне зурма я бекаш болу горгали санна хуьлу. | Если я говорю языками человеческими и ангельскими, а любви не имею, то я — медь звенящая или кимвал звучащий. |
Нагахь санна Делера болу хаамаш баран похІма сан делахь а, ерриге а къайленаш суна евзаш елахь а, мел болу кхетам сан белахь а, лаьмнаш а меттахдаххал тешар сан делахь а, амма сан безам бацахь, со хІумма а вац. | Если имею [дар] пророчества, и знаю все тайны, и имею всякое познание и всю веру, так что [могу] и горы переставлять, а не имею любви,— то я ничто. |
Нагахь санна аса сайн берриг а бахам дІабекъахь а, ур-атталла сайн дегІ ас дагадайтахь а, амма сан безам бацахь, суна цунах цхьа а пайда ца хуьлу. | И если я раздам всё имение моё и отдам тело моё на сожжение, а любви не имею, нет мне в том никакой пользы. |
Безам собаре а, дика а хуьлу. Безамца хьагІ а ца хуьлу. Безамо дозалла а ца до, иза кура а ца хуьлу. | Любовь долготерпит, милосердствует, любовь не завидует, любовь не превозносится, не гордится, |
Безамо лело ца дезарг ца леладо, шена пайден дерг ца лоьху, атта оьгІаз ца оьху, шена дина вон дагар ца до. | не бесчинствует, не ищет своего, не раздражается, не мыслит зла, |
Безам харцдолчух боккха ца боь, ткъа цунна бакъдерг хазахета. | не радуется неправде, а сорадуется истине; |
Безамо доллу хІума а ловш хуьлу, массо а хенахь цуьнца тешар а хуьлу, гуттара а цуьнца сатийсар а хуьлу, массо а хенахь цуьнца садеттар а хуьлу. | всё покрывает, всему верит, всего надеется, всё переносит. |
Безам цкъа а хедар бац. Делера болчу хаамех аьлча, уьш кхачор бу. Синера долчу меттанех аьлча, уьш совцор ду. Дала беллачу кхетамах аьлча, иза дІабоккхур бу. | Любовь никогда не перестаёт, хотя и пророчества прекратятся, и языки умолкнут, и знание упразднится. |
ХІунда аьлча вайн кхетам кхоччуш болчу барамехь ца хуьлу, ткъа Делера болу хаамаш кхоччуш буьззина ца хуьлу. | Ибо мы отчасти знаем, и отчасти пророчествуем; |
Ткъа кхачамалла йолу хан еача, кхоччуш болчу барамехь цахилларг дІадоккхур ду. | когда же настанет совершенное, тогда то, что отчасти, прекратится. |
Со жима бер долчу хенахь, аса жимачу беро санна дийца а дуьйцура, ойланаш а йора. Жимачу беран санна кхетам а бара сан. Ткъа хІинца со стаг а хилла дІахІоьттича, берийн хІуманаш дитина аса. | Когда я был младенцем, то по-младенчески говорил, по-младенчески мыслил, по-младенчески рассуждал; а как стал мужем, то оставил младенческое. |
Цкъа хІинца-м вайна дерриге а гІийла гойтуш долчу куьзганехула санна го. Ткъа цу хенахь юьхь-дуьхьал гур ду вайна. Цкъа хІинца-м сан кхетам кхоччуш бац, ткъа цу хенахь сан кхоччуш довзар хир ду, со Далла вевзаш ма-хиллара. | Теперь мы видим как бы сквозь [тусклое] стекло, гадательно, тогда же лицем к лицу; теперь знаю я отчасти, а тогда познаю, подобно как я познан. |
Цкъа хІинца долуш дерг хІара кхоъ ду: тешар, сатийсар, безам. Ткъа безам царах уггаре а лакхара бу. | А теперь пребывают сии три: вера, надежда, любовь; но любовь из них больше. |
Шайна чохь безам хилийта гІерта. Делан Сино луш долчунна тІекхийда – уггаре а чІогІа дезаш хилалаш Делера болу хаамаш бар. | Достигайте любви; ревнуйте о [дарах] духовных, особенно же о том, чтобы пророчествовать. |
Subsets and Splits
No community queries yet
The top public SQL queries from the community will appear here once available.