che stringlengths 9 469 | ru stringlengths 1 384 |
|---|---|
ХІунда аьлча тамашийначу маттахь къамел дечо адамашка ца дуьйцу, цо Деле дуьйцу. Цо дуьйцучух цхьа а ца кхета, ткъа иза Делан Синехула къайленаш юьйцуш ву. | Ибо кто говорит на [незнакомом] языке, тот говорит не людям, а Богу; потому что никто не понимает [его], он тайны говорит духом; |
Делера хаамаш бечо адамашка дуьйцу, уьш синца чІагІбархьама а, иракарахІитторхьама а, тебархьама а. | а кто пророчествует, тот говорит людям в назидание, увещание и утешение. |
Тамашийнчу маттахь къамел дийриг шен синца чІагІло, ткъа Делера болу хаамаш бечо динан тоба чІагІйо. | Кто говорит на [незнакомом] языке, тот назидает себя; а кто пророчествует, тот назидает церковь. |
Аша массара а тамашийначу меттанашкахь дуьйцийла лаьа суна. Амма кхин а сов лаьа суна, Делера болу хаам аша бойла, хІунда аьлча Делера болу хаамаш бийриг пайдехь ву оцу меттанашкахь дуьйцуш волчул а. И дуьйцург, цо ша гочдича бен, пайденна хир дац, динан тоба цу дуьйцучуьнца чІагІъяйтархьама. | Желаю, чтобы вы все говорили языками; но лучше, чтобы вы пророчествовали; ибо пророчествующий превосходнее того, кто говорит языками, разве он притом будет и изъяснять, чтобы церковь получила назидание. |
Динан вежарий, нагахь со шу долчу а веана, аса тамашийначу меттанашкахь дийцича, шуна хІун пайда хуьлу, нагахь и дуьйцуш дерг Дала довзийтина хІума а дацахь, я Дала белла кхетам иза бацахь, я Цуьнгара болу хаам иза бацахь, я хьехам бацахь? | Теперь, если я приду к вам, братия, и стану говорить на [незнакомых] языках, то какую принесу вам пользу, когда не изъяснюсь вам или откровением, или познанием, или пророчеством, или учением? |
Ойла ехьа, са доццушехь, чуьра аз долучу хІуманийн. Масала, дечиг-пондаро я шедаго тайп-тайпана аьзнаш долуьйтуш ца хилча, локху мукъам муха къасталур бу те? | И бездушные [вещи], издающие звук, свирель или гусли, если не производят раздельных тонов, как распознать то, что играют на свирели или на гуслях? |
Нагахь санна турби чуьра долу аз къаьсташ ца хилча, хьан бийр бу тІамана бан беза кечам? | И если труба будет издавать неопределённый звук, кто станет готовиться к сражению? |
Иштта аша а, тамашийна мотт а буьйцуш, кхетаме хаам ца бича, муха кхетор ву шаьш дуьйцучух? Аша дуьйцург, мохе дуьйцуш санна, эрна хир ду. | Так если и вы языком произносите невразумительные слова, то как узнают, что вы говорите? Вы будете говорить на ветер. |
Мел дукха ду-кх дуьнен чохь тайп-тайпана меттанаш, царах цхьа а бац шен маьІна доцуш. | Сколько, например, различных слов в мире, и ни одного из них нет без значения. |
Цундела суна оцу меттан маьІна ца хиъча, кхечу къомах волуш санна хир ву со и буьйцуш волчунна, ткъа и мотт буьйцург кхечу къомах верг санна хир ву суна. | Но если я не разумею значения слов, то я для говорящего чужестранец, и говорящий для меня чужестранец. |
Иштта шу а, Делан Са шайгахула гучудаккха шаьш гІерта дела, динан тобанна чІагІонна Цо луш долчу похІманийн дикалла совъяккха хьовсалаш. | Так и вы, ревнуя о [дарах] духовных, старайтесь обогатиться [ими] к назиданию церкви. |
Цундела тамашийначу меттанашкахь дуьйцуш волчо, ша дуьйцург гочдан хаар деха Деле. | А потому, говорящий на [незнакомом] языке, молись о даре истолкования. |
ХІунда аьлча аса тамашийначу маттахь доІа деш хилча, Делан Сино сан синехула доІа до, амма сан хьекъална иза пайденна дац. | Ибо когда я молюсь на [незнакомом] языке, то хотя дух мой и молится, но ум мой остаётся без плода. |
ТІаккха аса хІун дан деза? Аса сайн синца доІа дийр ду, амма сайн хьекъалца а дийр ду ас иза. Сайн синца а, иштта сайн хьекъалца а эр ду аса Далла иллеш. | Что же делать? Стану молиться духом, стану молиться и умом; буду петь духом, буду петь и умом. |
ХІунда аьлча, ахьа Далла баркалла Цуьнан Синехула олуш хилча, ахьа дуьйцург шена хІун ду ца хиъча, хІокху гуламехь волчу хийрачу стага муха эр ду ахь аьллачу баркаллина: «Амин»? | Ибо если ты будешь благословлять духом, то стоящий на месте простолюдина как скажет: «аминь» при твоём благодарении? Ибо он не понимает, что ты говоришь. |
Ахьа Далла олу баркалла тоъал дика хила а там бу, амма гуламехь волчу кхечунна цунах синца чІагІвалар ца хуьлу. | Ты хорошо благодаришь, но другой не назидается. |
Тамашийнчу меттанашкахь аша массара а дуьйцучул сов айса дийцарна, аса хастам бо Далла. | Благодарю Бога моего: я более всех вас говорю языками; |
Амма суна гІолехь хета, динан тоба гулъеллачу хенахь, сайн хьекъалца пхи дош алар кхечарна хьехам бархьама, тамашийначу маттахь итт эзар дош олучул. | но в церкви хочу лучше пять слов сказать умом моим, чтобы и других наставить, нежели тьму слов на [незнакомом] языке. |
Динан вежарий! Берийн санна, ойла йолуш ма хилийша! Вониг дарна тІехь хилийша бераш санна, амма шайн ойланца даккхий хилийша! | Братия! не будьте дети умом: на злое будьте младенцы, а по уму будьте совершеннолетни. |
Товрат-хьехамаш тІехь яздина ду: «Кхин меттанаш дуьйцуш болчаьргахула а, хийрачу махкахойн баганехула а къамел дийр ду Аса цу халкъаца – боху Везачу Эло, – амма тІаккха а ладугІур дац-кх цара Соьга». | В законе написано: иными языками и иными устами буду говорить народу сему; но и тогда не послушают Меня, говорит Господь. |
Иштта, тамашийначу меттанашкахь дийцар – билгало ю, амма и билгало, Іийсах тешаш болчарна а йоцуш, тешаш боцучарна ю. Ткъа Делера болу хаамаш хилар а цхьа билгало ю, амма и билгало, тешар доцучарна а доцуш, тешаш болчарна ю. | Итак языки суть знамение не для верующих, а для неверующих; пророчество же не для неверующих, а для верующих. |
Нагахь берриг а динан гулам цхьаьна а кхетта, аша массара а тамашийначу меттанашкахь къамел дечу хенахь, шу долчу хийра нах я Іийсах цатешарш чубаьхкича, шу хьерадевлла аьлла хетар-м дац те царна? | Если вся церковь сойдётся вместе, и все станут говорить [незнакомыми] языками, и войдут к вам незнающие или неверующие, то не скажут ли, что вы беснуетесь? |
Нагахь массара а Делера болу хаамаш бечу хенахь, шу долчу Іийсах цатешарг я хийра стаг чувеача, цунна хезначу дерригено а цунна къинош гучу а дохур ду, кхел а йийр ю. | Но когда все пророчествуют, и войдёт кто неверующий или незнающий, то он всеми обличается, всеми судится. |
Оцу чувеанчу стеган деган къайленаш массарна гучуевр ю. ТІаккха цо, гора а хІоьттина, Далла Іибадат а деш, эр ду: «Шуна юкъахь билггал Дела ву!» | И таким образом тайны сердца его обнаруживаются, и он падёт ниц, поклонится Богу и скажет: истинно с вами Бог. |
Сан динан вежарий! ЖамІ а деш, суна ала луург хІара ду. Шу цхьаьна гуламе гулделча, шун хІораннан а хуьлу я назма, я хьехам, я Дала довзийтина хІума, я тамашийначу маттахь болу хаам, я шух цхьаммо цу хааман маьІна дуьйцу. Аша мел дийриг а шун динан тобанан чІагІонна хуьлийла. | Итак что же, братия? Когда вы сходитесь, и у каждого из вас есть псалом, есть поучение, есть язык, есть откровение, есть истолкование,— всё сие да будет к назиданию. |
Нагахь шух цхьаъ тамашийначу маттахь дийца воллуш велахь, тІаккха аша шиммо, я уггар дукха кхааммо роггІана дийца, ткъа кхечу цхьаммо аьлларг гочде. | Если кто говорит на [незнакомом] языке, [говорите] двое, или много трое, и то порознь, а один изъясняй. |
Нагахь санна гочдийриг шайна юкъахь вацахь, тамашийначу маттахь дуьйцуш верг динан тобанан гуламехь вист ма хилийта, цуьнга шена а, Далла а бен ма дийцийта. | Если же не будет истолкователя, то молчи в церкви, а говори себе и Богу. |
Пайхамарех шиммо я кхааммо Делера болу хаам бан беза, ткъа вукхара цара бохург талла деза. | И пророки пусть говорят двое или трое, а прочие пусть рассуждают. |
Нагахь шух хиъна Іаш волчу цхьанна Дала хІума довзуьйтуш делахь, хІинцца дуьйцуш хилларг, вист а ца хуьлуш, саца. | Если же другому из сидящих будет откровение, то первый молчи. |
ХІунда аьлча массеран а йиш ю Делера болу хаам рогІехь ала. Цу тайпана массо а Іемар а бу, уьш иракарахІиттор а бу. | Ибо все один за другим можете пророчествовать, чтобы всем поучаться и всем получать утешение. |
Пайхамаршна чуьра синош цу пайхамаршна муьтІахь хуьлу. | И духи пророческие послушны пророкам, |
ХІунда аьлча Дела низам цахиларан Дела вац, Иза синтеман Дела ву. Иштта хуьлу Делан долахь болчеран ерриге а динан тобанашкахь. | потому что Бог не есть [Бог] неустройства, но мира. Так [бывает] во всех церквах у святых. |
Зударий гуламашкахь тийна хила беза. Царна бистхила ца магадо. Товрат-хьехамаш тІехь ма-аллара, уьш муьтІахь хила беза. | Жёны ваши в церквах да молчат, ибо не позволено им говорить, а быть в подчинении, как и закон говорит. |
Нагахь санна шайна цхьа хІума хаа лаахь, цара цІахь шайн майранашка хатта деза цунах лаьцна, хІунда аьлча эхье ду зуда динан тобанийн гуламашкахь йистхилар. | Если же они хотят чему научиться, пусть спрашивают [о том] дома у мужей своих; ибо неприлично жене говорить в церкви. |
Делан дош шуьгара схьадаьлла ткъа? Я шуна бен ца довзийтина иза? | Разве от вас вышло слово Божие? Или до вас одних достигло? |
Ша пайхамар ву бохучунна я Делан Сино луш дерг шен долчунна хаа деза, аса шайга яздеш дерш Везачу Элан весеташ дуйла. | Если кто почитает себя пророком или духовным, тот да разумеет, что я пишу вам, ибо это заповеди Господни. |
Нагахь цхьаммо иза тІе ца эцахь, иза ша а тІеэцна хир вац. | А кто не разумеет, пусть не разумеет. |
Иштта, динан вежарий, Делера болу хаамаш бар дезаш хилалаш! Тамашийнчу меттанашкахь дийцар а ма дехка. | Итак, братия, ревнуйте о том, чтобы пророчествовать, но не запрещайте говорить и языками; |
Дерриге а оьзда а, низам долуш а леладе. | только всё должно быть благопристойно и чинно. |
ХІинца, динан вежарий, айса хьехна болу хаза кхаъ шуна дагабаийта лаьа суна. Шу, иза тІе а эцна, цу тІехь дІахІиттира. | Напоминаю вам, братия, Евангелие, которое я благовествовал вам, которое вы и приняли, в котором и утвердились, |
Цу хазачу кхоэхула шу а кІелхьардохуш ду, нагахь аса кхайкхийна кхаъ ма-бохху аша ларбахь. Иза кхечу тайпана хилча, шу цунах эрна тешнера. | которым и спасаетесь, если преподанное удерживаете так, как я благовествовал вам, если только не тщетно уверовали. |
ХІунда аьлча аса тІеэцна болу а, шуна дІабелла болу а уггар коьрта хьехам иштта бу: Делан Йозанаша ма-аллара, Дала леррина Къобалвинарг вайн къиношна тІера велла. | Ибо я первоначально преподал вам, что и [сам] принял, [то] [есть], что Христос умер за грехи наши, по Писанию, |
Иза дІа а воьллира, ткъа кхозлагІчу дийнахь, Делан Йозанаш тІехь яздина ма-хиллара, ден а вира. | и что Он погребён был, и что воскрес в третий день, по Писанию, |
Цул тІаьхьа Иза, Кипина а, тІаккха шийтта векална а хьалха веана, дІахІоьттира. | и что явился Кифе, потом двенадцати; |
Цул тІаьхьа Иза цхьана хеннахь пхеа бІеннал сов болчу динан вежаршна хьалха дІахІоьттира. Царах дукхахберш хІинца а дийна бу, ткъа цхьаберш дІа а кхелхина. | потом явился более нежели пятистам братий в одно время, из которых большая часть доныне в живых, а некоторые и почили; |
ТІаккха Иза, Якъубана хьалха а веана, дІахІоьттира. Цул тІаьхьа, массо а векалшна хьалха а веана, дІахІоьттира Иза. | потом явился Иакову, также всем Апостолам; |
Уггар а тІаьхьа, хеназа дуьнен чу даьлла бер санна волчу суна хьалха а веана, дІахІоьттира Иза. | а после всех явился и мне, как некоему извергу. |
Ткъа векалех уггаре а кІезигниг волу со-м векал ву ала хьакъ долуш а вац, хІунда аьлча Делан долахь йолу, ерриге а Іийсах тешначийн тоба хІаллакьян тІаьхьаваьлла леллера со. | Ибо я наименьший из Апостолов, и недостоин называться Апостолом, потому что гнал церковь Божию. |
Амма Делан дика бахьанехь хІинца со волуш верг хилла сох. Ткъа суна лерина Цуьнан дика а эрна ца хилла. Аса цара массара а хьегначул сов къахьегна. (Бакъду, иза аса ца динера, соьца долчу Делан дикано динера.) | Но благодатию Божиею есмь то, что есмь; и благодать Его во мне не была тщетна, но я более всех их потрудился: не я, впрочем, а благодать Божия, которая со мною. |
Иштта, иза я со велахь а, я важа векалш белахь а, оха массара а шуна хьоьхург цхьаъ ду, ткъа шу цунах теша а тешна. | Итак я ли, они ли, мы так проповедуем, и вы так уверовали. |
Нагахь оха, Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра денвина бохуш, хьехамаш беш хилча, шух цхьаболчара муха олу веллачуьра денвалар ца хуьлу? | Если же о Христе проповедуется, что Он воскрес из мёртвых, то как некоторые из вас говорят, что нет воскресения мёртвых? |
Веллачуьра денвалар хуьлуш ца хилча, Дала леррина Къобалвинарг а ма ца хуьлу веллачуьра денвина? | Если нет воскресения мёртвых, то и Христос не воскрес; |
Дала леррина Къобалвинарг денвина ца хилча, тхан хьехамаш а эрна хуьлу, шун тешар а хуьлу эрна. | а если Христос не воскрес, то и проповедь наша тщетна, тщетна и вера ваша. |
Цул сов, оха Делах лаьцна харцтоьшаллаш деш хилар гучудер дара. ХІунда аьлча оха Делах лаьцна тоьшалла дира, Ша леррина Къобалвинарг Цо веллачуьра денвина аьлла. Амма нагахь санна белларш денбийр бацахьара, Цо Иза веллачуьра денван ца тарлора. | Притом мы оказались бы и лжесвидетелями о Боге, потому что свидетельствовали бы о Боге, что Он воскресил Христа, Которого Он не воскрешал, если, [то есть], мёртвые не воскресают; |
Нагахь белларш денбеш ца хилча, тІаккха Дала леррина Къобалвинарг а денвина ца хуьлу. | ибо если мёртвые не воскресают, то и Христос не воскрес. |
Ткъа нагахь Дала леррина Къобалвинарг денвина вацахьара, шун тешар а эрна хир дара, шу а шайн къиношлахь хир дара. | А если Христос не воскрес, то вера ваша тщетна: вы ещё во грехах ваших. |
ТІаккха, Дала леррина Къобалвинчуьнца а болуш, белларш а ма хуьлу хІаллак? | Поэтому и умершие во Христе погибли. |
Нагахь Дала леррина Къобалвинчух долу вайн тешар вай кху дуьнен чохь дехаш долччу ханна бен дацахьара, массо а адамал уггаре а декъаза адамаш хир дара вай. | И если мы в этой только жизни надеемся на Христа, то мы несчастнее всех человеков. |
Делахь а, беллачарна юкъара болу дуьххьарлера стом санна, Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра ден ма вина. | Но Христос воскрес из мёртвых, первенец из умерших. |
Валар адамехула деана долу дела, веллачуьра денвалар а хуьлу адамехула. | Ибо, как смерть через человека, [так] через человека и воскресение мёртвых. |
Дерриг а адам, Адамца доьзна хиларна, лийриг хиларе терра, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна хиларна дерриг а адам дендийр ду. | Как в Адаме все умирают, так во Христе все оживут, |
Амма хІораннан а шен-шен рагІ хир ю. Дала леррина Къобалвинарг денбинчарах дуьххьарлераниг ву. ТІаккха Иза схьавеача, Цуьнан долахь берш а денбийр бу. | каждый в своём порядке: первенец Христос, потом Христовы, в пришествие Его. |
Цул тІаьхьа, Дала леррина Къобалвинчо стигалара массо а куьйгалхой а, ницкъаш а, олахой а хІаллак а бина, Да волчу Деле паччахьалла дІаделча, дуьненан чаккхе хир ю. | А затем конец, когда Он предаст Царство Богу и Отцу, когда упразднит всякое начальство и всякую власть и силу. |
ХІунда аьлча Цо паччахьалла дан дезар ду, Дала леррина Къобалвинчун массо а мостагІий Дала Цуьнан когашка охьабахккалц. | Ибо Ему надлежит царствовать, доколе низложит всех врагов под ноги Свои. |
Ткъа валар уггаре а тІаьххьара мостагІа санна хІаллакдийр ду. | Последний же враг истребится — смерть, |
ХІунда аьлча, Делан Йозанаша ма-бохху, «Цо массо а хІума Цуьнан когашка охьадиллина». Ткъа вай-м кхета «массо а хІума» Цуьнан когашка охьадиллина бохург, Дела воцург, массо а хІума дуйла. | потому что всё покорил под ноги Его. Когда же сказано, что [Ему] всё покорено, то ясно, что кроме Того, Который покорил Ему всё. |
Массо а хІума Дала леррина Къобалвинчун дола дІаделча, КІанта Ша а дІалур ву Делан дола, Шен кара дерриг а делла волу Дела массанхьа а массо а хІуманна тІехь Олахо хилийтархьама. | Когда же всё покорит Ему, тогда и Сам Сын покорится Покорившему всё Ему, да будет Бог всё во всём. |
Иштта, белларш денлуш ца хилча, беллачеран дуьхьа шаьш хих чекхдохуьйтучара дийриг хІун ду? Нагахь белларш баккъалла а денбийрг ца хилча, беллачеран дуьхьа шаьш хих стенна чекхбохуьйту цара? | Иначе, что делают крестящиеся для мёртвых? Если мёртвые совсем не воскресают, то для чего и крестятся для мёртвых? |
Вай а хІора сахьтехь ваьш кхерамечу хьола хІунда хІуьттуьйту? | Для чего и мы ежечасно подвергаемся бедствиям? |
Ва динан вежарий! Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца шу хиларна, сайн долчу дозаллица чІагІо йо ас, со хІора дийнахь леш ву аьлла. | Я каждый день умираю: свидетельствуюсь в том похвалою вашею, братия, которую я имею во Христе Иисусе, Господе нашем. |
Нагахь Эпасехь со адамийн сатийсарца бен «акхаройх» таса ца велча, суна хІун пайда хир бара? Нагахь беллачийн денбар хуьлуш ца хилча, тІаккха: «Юушший, молушший Іей вай, кхана вай лийр долу дела!» | По [рассуждению] человеческому, когда я боролся со зверями в Ефесе, какая мне польза, если мёртвые не воскресают? Станем есть и пить, ибо завтра умрём! |
Ма Іехалолаш, вежарий! «Вочу накъосто дика амал талхайо». | Не обманывайтесь: худые сообщества развращают добрые нравы. |
Шаьш хила ма-дезза метта а дуьйлий, къинош леточуьра совца. Ткъа шуна эхь хетийта эр ду ас: шух цхьаболчарна Дела вовза а ца вевза. | Отрезвитесь, как должно, и не грешите; ибо, к стыду вашему скажу, некоторые из вас не знают Бога. |
Цхьаммо хатта тарло: «Белларш муха денбо? Церан дегІ муха хир ду?» – аьлла. | Но скажет кто-нибудь: как воскреснут мёртвые? и в каком теле придут? |
ХІай сонтаниг! Ахьа дІадийна хІу дендийр ма дац, иза цкъа ша делча бен. | Безрассудный! то, что ты сеешь, не оживёт, если не умрёт. |
Ахьа лаьттах хІу дІадоьчу хенахь, ялтин хиндолчу куьцехь дІа ма ца доь ялта. Амма дерзина тІедолу хІу дІадоь ахьа, иза муьлхха делахь а, я кІен, я кхечу ялтин. | И когда ты сеешь, то сеешь не тело будущее, а голое зерно, какое случится, пшеничное или другое какое; |
ТІаккха оцу хІух хиндерг, Шена хеттачу куьцехь, Дала Ша кхуллу. Цо хІора а хІуьнан цуьнан шен бен доцу куц кхуллу. | но Бог даёт ему тело, как хочет, и каждому семени своё тело. |
ХІора шена чохь са долчу хІуманан дегІ тайп-тайпана ду. Адамийн дегІ шатайпана ду. Дийнатийн дегІ кхечу тайпана ду. ЧІерийн а, олхазарийн а церан шайн бен доцу дегІ ду. | Не всякая плоть такая же плоть; но иная плоть у человеков, иная плоть у скотов, иная у рыб, иная у птиц. |
Иштта стигалшкахь а, лаьттахь а шатайпана догІмаш хуьлу. Амма стигалшкарчу догІмийн хазалла шатайпана ю, ткъа лаьттарчу догІмийн хазалла кхечу тайпана ю. | Есть тела небесные и тела земные; но иная слава небесных, иная земных. |
Малхан шен хазалла ю, ткъа беттан, седарчийн хазалла шатайпана ю. Седарчий а шен-шен хазаллица вовшех къастало. | Иная слава солнца, иная слава луны, иная звёзд; и звезда от звезды разнится в славе. |
Иштта белларш а хуьлу, уьш денбелча. Лаьттах дІадийна долу дегІ телхина дІадолу, ткъа дендийр долу дегІ телхар дац. | Так и при воскресении мёртвых: сеется в тлении, восстаёт в нетлении; |
Лаьттах а дохуьйтуш, дІадоьчу хенахь дегІ сийсаза хуьлу, ткъа дендечу хенахь иза хазаллех дуьзна хир ду. ДІадоьчу хенахь дегІ эгІаза хуьлу, ткъа дендечу хенахь иза ницкъ болуш хир ду. | сеется в уничижении, восстаёт в славе; сеется в немощи, восстаёт в силе; |
Кху дуьненахь денделла дегІ дІадуьйш ду, ткъа вукху дуьненна лерина долу дегІ дендийр ду. Нагахь кху дуьненна лерина долу дегІ хилча, вукху дуьненна долу дегІ а хуьлу. | сеется тело душевное, восстаёт тело духовное. Есть тело душевное, есть тело и духовное. |
Делан Йозанаш тІехь аьлла ма ду: «Дуьххьарлера адам хилла волу Адам, чу са а дуьллуш, денвелира». Ткъа тІаьххьара волу Адам адамаш дендо са ду. | Так и написано: первый человек Адам стал душею живущею; а последний Адам есть дух животворящий. |
Кху дуьнен чу дуьххьара деанарг дендийриг дац. Мелхо а, кху дуьненахь денделларг цкъа хьалха деана ду, ткъа цул тІаьхьа дендийриг деара. | Но не духовное прежде, а душевное, потом духовное. |
Дуьххьарлера адам, поппарх дина а долуш, кху дуьненара ду. ШолгІа адам стигалшкара ду. | Первый человек — из земли, перстный; второй человек — Господь с неба. |
Кху дуьненара массо а адам лаьттарчу поппарх дина адам санна ду. Амма стигалшна билгалдаьккхина массо а адам Стигалшкарниг санна ду. | Каков перстный, таковы и перстные; и каков небесный, таковы и небесные. |
Лаьттарчу поппарх вина волчун вастехь вай ма-хиллара, стигалшкарчун вастехь а хир ду вай. | И как мы носили образ перстного, будем носить и образ небесного. |
Динан вежарий! Аса хІара эр ду шуьга: шайна чохь дилха а, цІий а долуш долу вайн догІмаш Делан Олалле кхача йиш яц. Ткъа иштта телхина дІадолург телхар доцучуьнга кхача йиш яц. | Но то скажу [вам], братия, что плоть и кровь не могут наследовать Царствия Божия, и тление не наследует нетления. |
ЛадогІалаш, къайлаха долу цхьа бакъдерг довзуьйту ас шуна: вай дерриш а лийр дац, амма вай дерриш а хуьйцур ду. | Говорю вам тайну: не все мы умрём, но все изменимся |
Иза хир ду цІеххьана, бІаьрган негІар а тохале, турбано тІаьххьара зурма лекхча. Турбано зурма ма-леккхи, белларш телхар боцучу тайпана ден а бийр бу, ткъа вай хуьйцур а ду. | вдруг, во мгновение ока, при последней трубе; ибо вострубит, и мёртвые воскреснут нетленными, а мы изменимся. |
ХІара телхар долу дегІ телхар доцучу тайпана хила дезар ду. Ткъа лен долу дегІ, цкъа а лийр доцуш хилла, дІахІотта дезар ду. | Ибо тленному сему надлежит облечься в нетление, и смертному сему облечься в бессмертие. |
ТІаккха хІара телхар долу дегІ телхар доцучу тайпана а хилча, ткъа хІара лен долу дегІ цкъа а лийр доцуш дІа а хІоьттича, кхочушхир ду Делан Йозанаш тІехь яздинарг: «Іожалла дІа а кхаьллина, толам баьккхина». | Когда же тленное сие облечётся в нетление и смертное сие облечётся в бессмертие, тогда сбудется слово написанное: поглощена смерть победою. |
«Іожалла, мичахь бу хьан толам? Мичахь ю, Іожалла, хьан ю?» | Смерть! где твоё жало? ад! где твоя победа? |
Іожаллин ю къино ло. Ткъа къинан ницкъ товрат-хьехамашкахь бу. | Жало же смерти — грех; а сила греха — закон. |
Хастам бу Дала леррина къобалвинчу вайн Веза Эла волчу Іийсагахула вайна толам лучу Далла! | Благодарение Богу, даровавшему нам победу Господом нашим Иисусом Христом! |
Сан хьоме динан вежарий! ЧІагІлой а хилалаш, меттах ца довлуш а латталаш. Шаьш Везачу Элана лерина деш долчу гІуллакхех дуьззина хилалаш, хІунда аьлча шуна хаьа, шаьш Везачу Элаца доьзна долу дела, аша мел деш долу гІуллакх эрна довр доцийла. | Итак, братия мои возлюбленные, будьте тверды, непоколебимы, всегда преуспевайте в деле Господнем, зная, что труд ваш не тщетен пред Господом. |
Делан нахана аша дала деза ахча гулдеш долу гІуллакх, галатахойн динан тобанашна аса ма-хьеххара, леладе. | При сборе же для святых поступайте так, как я установил в церквах Галатийских. |
ХІора кІиранан дуьххьарлерчу дийнахь шух хІораммо а, шайна карадеанчу ахчане хьаьжжина, цунах цхьадолу дакъа Іалашде, со дІавеанчу хенахь ахча гулдар оьшуш ца хилийтархьама. | В первый день недели каждый из вас пусть отлагает у себя и сберегает, сколько позволит ему состояние, чтобы не делать сборов, когда я приду. |
Со дІавеанчул тІаьхьа, аша къобал мел винарг аса Ярушалаймехь йолчу тобанан куьйгалхошна деша леринчу айса яздинчу кехаташца цхьаьна цига дІахьажор ву, и гулдинарг цаьрга дІадалийтархьама. | Когда же приду, то, которых вы изберёте, тех отправлю с письмами, для доставления вашего подаяния в Иерусалим. |
Subsets and Splits
No community queries yet
The top public SQL queries from the community will appear here once available.