che stringlengths 9 469 | ru stringlengths 1 384 |
|---|---|
Нагахь сан Ярушалайме дІавар диканца хилахь, уьш соьца дІабогІур бу. | А если прилично будет и мне отправиться, то они со мной пойдут. |
Македон-махкахула чекхваьлча, со шу долчу вогІур ву, хІунда аьлча сан Македонехула ван ойла ю. | Я приду к вам, когда пройду Македонию; ибо я иду через Македонию. |
Шу долчохь со жимма соцур ву, аса Іа даккха а тарло шуьца. Цул тІаьхьа аса шуьга со новкъа воккхуьйтур ву, мичча ваха дезаш иза делахь а. | У вас же, может быть, поживу, или и перезимую, чтобы вы меня проводили, куда пойду. |
ХІунда аьлча тІехволлушехь шу гина Іа ца лаьа суна. Везачу Эло сайна пурба лахь, шуьца дикка хан яккха лаьа суна. | Ибо я не хочу видеться с вами теперь мимоходом, а надеюсь пробыть у вас несколько времени, если Господь позволит. |
Жуьгтийн «ШавуІот» цІе йолу ялта чудерзоран дезде тІекхаччалц Іийр ву со Эпасехь. | В Ефесе же я пробуду до Пятидесятницы, |
Суна дуьхьалбевлларш дукха белахь а, хаза кхаъ дІакхайкхо кхузахь йоккха а, шуьйра а неІ дІайиллина ю суна. | ибо для меня отверста великая и широкая дверь, и противников много. |
Нагахь шу долчу Тимапи вагІахь, цунна цхьанна а агІор кхерам ца хилийта хьовсалаш, хІунда аьлча цо дийриг а, ас ма-дарра, Везачу Элана лерина гІуллакх ду. | Если же придёт к вам Тимофей, смотрите, чтобы он был у вас безопасен; ибо он делает дело Господне, как и я. |
Цундела цхьа а цунах ца вешаш ма хилалаш. ТІаккха иза гІоза-маьрша новкъа ваккха, со волчу ван цуьнан таро хилийтархьама. Иза кхечу динан вежаршца цхьаьна схьаваре хьоьжуш ву со. | Посему никто не пренебрегай его, но проводите его с миром, чтобы он пришёл ко мне, ибо я жду его с братиями. |
Вайн динан ваша волу Апа-Леса шу долчу кхочийла чІогІа лиира суна. Амма иза кхоччуш къар ца велира, цкъа хІинца шу долчу дІа ца веача. Иза, шен йиш ма-хилли, дІавогІур ву. | А что до брата Аполлоса, я очень просил его, чтобы он с братиями пошёл к вам; но он никак не хотел идти ныне, а придёт, когда ему будет удобно. |
Шу сема хилалаш, шайн тешарехь чІагІлой Іелаш, доьналла долуш а, майрра а латталаш. | Бодрствуйте, стойте в вере, будьте мужественны, тверды. |
Аша массо а хІума безамца деш хила деза. | Всё у вас да будет с любовью. |
Шуна массарна а бевза Сетипанан доьзал. Ахаехь болчу Іийсах тешначарна юкъахь уьш дуьххьарлерачарах буйла а хаьа шуна. Цара шайн дегнаш Делан нехан гІуллакх дарна тІедерзийна. Цундела аса доьху шуьга, динан вежарий, | Прошу вас, братия (вы знаете семейство Стефаново, что оно есть начаток Ахаии и что они посвятили себя на служение святым), |
уьш санна болчу нахана а, цаьрца цхьаьна гІуллакх деш а, къахьоьгуш а мел болчарна а муьтІахь хилалаш. | будьте и вы почтительны к таковым и ко всякому содействующему и трудящемуся. |
Сетипан, Партунат, Ахайк со волчохь хилар суна чІогІа хазахета. Шу суна юххехь ца хиларна, цара, шун метта гІо дора суна. | Я рад прибытию Стефана, Фортуната и Ахаика: они восполнили для меня отсутствие ваше, |
Цара сан а, шун а синош иракарахІиттийра. Уьш санна болчеран ларам белаш. | ибо они мой и ваш дух успокоили. Почитайте таковых. |
Асиа-махкарчу динан тобанаша маршаллаш доуьйту шуьга. Іакхилас а, ПхьаьрскІилата а, церан цІерачу динан тобанехь болчара а мерза маршаллаш доуьйту шуьга, шаьш, шу санна, Везачу Элан долахь хиларна. | Приветствуют вас церкви Асийские; приветствуют вас усердно в Господе Акила и Прискилла с домашнею их церковью. |
Массо а динан вежарша а маршаллаш доуьйту шуьга. Доггах вовшашка маршалла хатта. | Приветствуют вас все братия. Приветствуйте друг друга святым целованием. |
Аса, ПахІала, сайн куьйган йозанца дІадоуьйту шуьга и маршаллаш. | Моё, Павлово, приветствие собственноручно. |
Нагахь Веза Эла ца везаш цхьаъ велахь, неІалт хуьлийла цунна. Марана-тхьа. Волахь, вайн Веза Эла! | Кто не любит Господа Иисуса Христа, анафема, маран-афа. |
Веза Эла волчу Іийсан дика хуьлийла шуьца. | Благодать Господа нашего Иисуса Христа с вами, |
Сан безам а хуьлийла шуьца массаьрца а, Дала леррина Къобалвинчу Іийсан долахь вай долу дела. | и любовь моя со всеми вами во Христе Иисусе. Аминь. |
Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал волчу ПахІала а, вайн динан вашас Тимапис а, Делан долахь йолчу, Іийсах тешачеран Коринтерачу тобане а, берриге Ахай-махкахула Іаш болчу массо а Делан долахь болчаьрга а яздо хІара кехат. | Павел, волею Божиею Апостол Иисуса Христа, и Тимофей брат, церкви Божией, находящейся в Коринфе, со всеми святыми по всей Ахаии: |
Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, синпаргІато а хуьлийла шуна. | благодать вам и мир от Бога Отца нашего и Господа Иисуса Христа. |
Декъала хуьлда вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан Да волу Дела. Иза къинхетаман Да а ву, массо а тайпанчу синтеман Дела а ву. | Благословен Бог и Отец Господа нашего Иисуса Христа, Отец милосердия и Бог всякого утешения, |
Цо вайн муьлххачу а гІайгІанехь вайна синтем ло, Цо вайна беллачу оцу синтемца муьлххачу а гІайгІанехь болчу кхечарна а вайгахула синтем хилийтархьама. | утешающий нас во всякой скорби нашей, чтобы и мы могли утешать находящихся во всякой скорби тем утешением, которым Бог утешает нас самих! |
Дала леррина Къобалвинчуьнца вай боькъуш болу Цуьнан лазамаш алсамбийларе терра, Цо вайна луш болу синтем а алсамбуьйлу. | Ибо по мере, как умножаются в нас страдания Христовы, умножается Христом и утешение наше. |
Оха баланаш хьоьгуш хилча – иза шун синтеман а, кІелхьардовларан а дуьхьа ду. Тхо догъоьцуш хилча – иза шун синтеман дуьхьа ду, хІунда аьлча оцу синтемо шуна чохь доьналла кхуьуьйту, оха хьоьгуш болу баланаш шуьга а хьегийтархьама. | Скорбим ли мы, [скорбим] для вашего утешения и спасения, которое совершается перенесением тех же страданий, какие и мы терпим. |
Тхо чІогІа тешна ду шух, хІунда аьлча тхуна хаьа, нагахь оха хьоьгу баланаш шуьца бекъалуш хилча, тхан деган синтем а бекъало шуьца. | И надежда наша о вас тверда. Утешаемся ли, [утешаемся] для вашего утешения и спасения, зная, что вы участвуете как в страданиях наших, так и в утешении. |
Динан вежарий, оха Асиа-махкахь хьегна баланаш шуна ца бовзуьйтуш Іан ца лаьа тхуна. Тхаьш дийна дуьсур дац моттал холчу хІиттийнера тхо. Уьш лан тхан ницкъ ца кхаччал, сов баккхий бара и баланаш. | Ибо мы не хотим оставить вас, братия, в неведении о скорби нашей, бывшей с нами в Асии, потому что мы отягчены были чрезмерно и сверх силы, так что не надеялись остаться в живых. |
Тхайн дагахь-м тхаьшна даларан кхел йина моьттуш дара тхо. Иза хиллера, тхо тхайх тешна а доцуш, амма белларш а юхаденбеш волчу Делах тешна хилийтархьама. | Но сами в себе имели приговор к смерти, для того, чтобы надеяться не на самих себя, но на Бога, воскрешающего мёртвых, |
Дала оцу даларан боккхачу кхерамах кІелхьардехира тхо, Цо кІелхьардохур а ду. ХІинца чул тІаьхьа а Цо кІелхьардохур ду аьлла, тешна а ду тхо. | Который и избавил нас от столь [близкой] смерти, и избавляет, и на Которого надеемся, что и ещё избавит, |
Тхуна тІера доІанаш а деш, цу гІуллакха тІехь аша гІо до тхуна. Иштта, дукхахболчу наха деш долчу доІанашка Дала ладогІарна, Цо тхо декъалдийр ду. Ткъа цундела дуккха а долчу халкъо Далла хастамаш бийр бу. | при содействии и вашей молитвы за нас, дабы за дарованное нам, по ходатайству многих, многие возблагодарили за нас. |
Оха дозалла а до, тхан дегнаша тоьшалла а до, дуьнен тІехь тхо лелар а, шуьца йолу юкъаметтиг а Далла хьалха догцІена а, хІумма а къайла ца доккхуш а хилла аьлла. Ткъа иза адаман хьекъалца а доцуш, Делера долчу диканца дара. | Ибо похвала наша сия есть свидетельство совести нашей, что мы в простоте и богоугодной искренности, не по плотской мудрости, но по благодати Божией, жили в мире, особенно же у вас. |
Цундела и кехат дешча, шу кхетар доцу хІума ца яздо оха. | И мы пишем вам не иное, как то, что вы читаете или разумеете, и что, как надеюсь, до конца уразумеете, |
Сан дегайовхо ю, цхьадолчух-м шу хІинцале а кхетта хиларе терра, шу тхох кхоччуш кхетарг хиларх, вайн Веза Эла волчу Іийсан дийнахь оха шух дозалла дийриг хиларе терра, аша а тхох дозалла дийриг хиларх. | так как вы отчасти и уразумели уже, что мы будем вашею похвалою, равно и вы нашею, в день Господа нашего Иисуса Христа. |
Ишттачу тешарца со дагахь вара уггар хьалха шу долчу ван, шун шолгІа а декъалалла хилийтархьама. | И в этой уверенности я намеревался придти к вам ранее, чтобы вы вторично получили благодать, |
Со Македоне воьдучу хенахь шу долчухула а ваьлла, тІаккха, юхавоьрзуш, юха а шу долчу ван ойла яра сан, шуьга со ЯхІуд-махка новкъа а воккхуьйтуш. | и через вас пройти в Македонию, из Македонии же опять придти к вам; а вы проводили бы меня в Иудею. |
И Іалашо сайна хьалха хІоттош, аса ойла а ца еш-м ца дина те иза? Я аса, кху дуьненарчара санна, сайгара олу ткъа цкъа «хІаъ», тІаккха «хІан-хІа»? | Имея такое намерение, легкомысленно ли я поступил? Или, что я предпринимаю, по плоти предпринимаю, так что у меня то «да, да», то «нет, нет»? |
Дела тешаме хиларх чІагІо а еш, боху аса, оха шуьга бохург дацара цхьана метта цкъа «хІаъ», тІаккха «хІан-хІа». | Верен Бог, что слово наше к вам не было то «да», то «нет». |
ХІунда аьлча шуна юкъахь Цунах лаьцна оха – аса а, Салис а, Тимапис а – хьехамаш бина волу Делан КІант, Дала леррина къобалвина Іийса, ма вацара цхьана хенахь цкъа «хІаъ», тІаккха «хІан-хІан» олуш. Цуьнгахула Делан «хІаъ» хилла дІахІоьттира. | Ибо Сын Божий, Иисус Христос, проповеданный у вас нами, мною и Силуаном и Тимофеем, не был «да» и «нет»; но в Нём было «да»,— |
ХІунда аьлча Дала мел дина ваІданашна дуьхьал Дала леррина Къобалвинчуьнгахула «хІаъ» ду. Цундела Делан сийлаллина Дала леррина Къобалвинчуьнгахула вай «Амин» олу. | ибо все обетования Божии в Нём «да» и в Нём «аминь»,— в славу Божию, через нас. |
Шуьца цхьаьна тхо Ша леррина Къобалвинчух тешаш чІагІдина лоттуьйтуш Верг – Дела ву. Цо вай къобал а дина, | Утверждающий же нас с вами во Христе и помазавший нас [есть] Бог, |
Шен мухІар тІетохарца вай къаста а дина, Ша лур ду аьлла динчу закъалтана Шен Са делла Цо вайн дегнаш чу. | Который и запечатлел нас и дал залог Духа в сердца наши. |
Далла хьалха сайн дахарх чІагІо йо ас, со хІинццалц Коринте цаваран бахьана шу кхоош хилар ду аьлла. | Бога призываю во свидетели на душу мою, что, щадя вас, я доселе не приходил в Коринф, |
Иза дац шун тешарна тІехь олалла до бохург. Амма шун даккхийдер хилийта шуьца цхьаьна гІуллакх деш ду тхо, хІунда аьлча шайн тешар тІехь чІагІо йолуш ду шу. | не потому, будто мы берём власть над верою вашею; но мы споспешествуем радости вашей: ибо верою вы тверды. |
Аса сайн дагахь сацам бира, со шу долчу вогІуш, юха а шун дог дохош ца ван. | Итак я рассудил сам в себе не приходить к вам опять с огорчением. |
ХІунда аьлча аса юха а шун дог дохийча, хьан дийр дара суна хазахетар, аса халахетийтина долчу шу доцучара? | Ибо если я огорчаю вас, то кто обрадует меня, как не тот, кто огорчён мною? |
Оцу дерригенах а лаьцна аса яздира шуьга, со веанчу хенахь шуьгара хазахетар лоьхучу сайна халахетар ца хилийта. Со шух массарах тешна ву, сан хазахетар шуна а массарна хазахетар ду аьлла. | Это самое и писал я вам, дабы, придя, не иметь огорчения от тех, о которых мне надлежало радоваться: ибо я во всех вас уверен, что моя радость есть [радость] и для всех вас. |
Аса боккхачу дегалазамца, дегаІаткъамца, дуккха а долу сайн бІаьрхишца яздинера шуьга и кехат. Иза шун дог лазорхьама яздина дацара. Шуьга болу сайн тІех боккха безам шуна бовзийта яздинера аса иза. | От великой скорби и стеснённого сердца я писал вам со многими слезами, не для того, чтобы огорчить вас, но чтобы вы познали любовь, какую я в избытке имею к вам. |
Нагахь цхьаммо дог дохийнехь а, цо сан дог ца дохийна, амма цхьана декъана шун массеран а дохийна, тІех луьра ца олуш дитича. | Если же кто огорчил, то не меня огорчил, но частью,— чтобы не сказать много,— и всех вас. |
Дукхахболчара дина таІзар тоьар ду иштта волчунна. | Для такого довольно сего наказания от многих, |
Цундела шуна гІолехь ду, хІинца цунна къинтІера а девлла, цуьнан догъэцча, иза йоккхачу гІайгІане ца вахийта. | так что вам лучше уже простить его и утешить, дабы он не был поглощён чрезмерною печалью. |
Аса доьху шуьга цундела, цуьнга шайн безам хилийтар. | И потому прошу вас оказать ему любовь. |
Иза аса яздинера, шу зийначул тІаьхьа, шу массо а хІуманна тІехь соьга ладугІуш дуй те хьажархьама. | Ибо я для того и писал, чтобы узнать на опыте, во всём ли вы послушны. |
Шу къинтІера девллачунна со а ваьлла, хІунда аьлча со хІуманна къинтІера вала везаш хилча а, аса иза шуна диканна дина Дала леррина Къобалвинчунна хьалха, | А кого вы в чём прощаете, того и я; ибо и я, если в чём простил кого, простил для вас от лица Христова, |
иблисе цхьана а тайпанчу мекарлонца шуна тІехь толам ца баккхийтархьама. Вайна-м цуьнан лаамаш бевзаш ма бу. | чтобы не сделал нам ущерба сатана, ибо нам не безызвестны его умыслы. |
Дала леррина Къобалвинчух болу хаза кхаъ дІакхайкхо Троя-гІала со веанчу хенахь, Везачу Эло суна цигахь къахьега неІ дІайиллира. | Придя в Троаду для благовествования о Христе, хотя мне и отверста была дверь Господом, |
Амма со синтем байна вара, хІунда аьлча цигахь суна сайн динан ваша волу Тита ца карийра. И бахьанехь, церан Іодика а йина, со Македоне вахара. | я не имел покоя духу моему, потому что не нашёл [там] брата моего Тита; но, простившись с ними, я пошёл в Македонию. |
Амма Далла баркаллаш бохийла вай! Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вайна тІехь толам а баьккхина, муьлххачу хенахь а вай толаман тобанехь лоьлуьйту Цо. Дала леррина Къобалвинарг вовзаран хаза хьожа вайгахула массанхьа а дІасаяржайо Цо. | Но благодарение Богу, Который всегда даёт нам торжествовать во Христе и благоухание познания о Себе распространяет нами во всяком месте. |
КІелхьарбовларан некъа тІе бевллачарна а, хІаллакьхиларан новкъахь болчарна а юкъахь Дала леррина Къобалвинчо Далла доккху хаза хьожа йогІу сагІа санна ду вай. | Ибо мы Христово благоухание Богу в спасаемых и в погибающих: |
ХІаллакьхиларан новкъахь болчарна иза Іожаллин хьожа ю, уьш валаре а буьгуш. Ткъа кІелхьарбовларан новкъахь болчарна иза хаза хьожа ю, уьш дахаре а буьгуш. Хьаьнга далур дара и дерриге а? | для одних запах смертоносный на смерть, а для других запах живительный на жизнь. И кто способен к сему? |
Делан дош талхадечу дукхахболчаьрца тхо нисдан йиш яц. Мелхо а, оха и дош доггах а, Делан цІарах а, Цунна хьалха а кхайкхадо, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна а долуш. | Ибо мы не повреждаем слова Божия, как многие, но проповедуем искренно, как от Бога, пред Богом, во Христе. |
Тхо юха а тхаьш хесто дуьйладала деза те? Цхьаболчу нахана юкъахь ма-хиллара, вайна юкъахь а лела деза те шуьга дІа я шуьгара схьа долу хестадаран кехаташ? | Неужели нам снова знакомиться с вами? Неужели нужны для нас, как для некоторых, одобрительные письма к вам или от вас? |
Шу шаьш ду тхан дегнаш чохь дІаяздина долу тхан хестадаран кехат. Иза массо а адамна девзаш а ду, массара доьшуш а ду. | Вы — наше письмо, написанное в сердцах наших, узнаваемое и читаемое всеми человеками; |
Аша гойту Дала леррина Къобалвинчун кехат шаьш хилар, оха динчу гІуллакхан жамІ долу. И кехат шекъанца доцуш, ткъа дийна долчу Делан Синца яздина ду. ТІулга тІехь яздина доцуш, ткъа адамийн дегнаш чохь яздина ду иза. | вы показываете собою, что вы — письмо Христово, через служение наше написанное не чернилами, но Духом Бога живаго, не на скрижалях каменных, но на плотяных скрижалях сердца. |
Оцу тайпана болу Делах тешам бу тхан Дала леррина Къобалвинчуьнгахула. | Такую уверенность мы имеем в Боге через Христа, |
Цхьа хІума дан похІма тхайгара ду-м дера ца моьттура тхуна, ткъа тхан и похІма Делера ду. | не потому, чтобы мы сами способны были помыслить что от себя, как бы от себя, но способность наша от Бога. |
Цо Ша делла тхуна похІма керлачу а, йозанца боьзна а боцуш, ткъа синца боьзна болчу а бартана гІуллакх дан. ХІунда аьлча йозанца яздинчо адам доь, ткъа Делан Сино адам дендо. | Он дал нам способность быть служителями Нового Завета, не буквы, но духа, потому что буква убивает, а дух животворит. |
Шайца валар дахьаш долу, дешнашца тІулга тІехь яздина дерг хилла дІахІоьттича, Делан сийлалла гучудаьккхира. Исраилхой ур-атталла Муса-пайхамаран сийлаллин нур лепачу юьхь тІе ца хьажалора, и нур лагІлуш хиллехь а. Иза а иштта сийлалла долуш хилча, | Если же служение смертоносным буквам, начертанное на камнях, было так славно, что сыны Израилевы не могли смотреть на лице Моисеево по причине славы лица его преходящей,— |
цул дуккха а сов сийлалла долуш хир дац ткъа Делан Сино дийриг?! | то не гораздо ли более должно быть славно служение духа? |
Кхелъярца чекхдолуш дерг а оццул сийлалла долуш хилча, мел тІех сийлалла долуш ду Далла хьалха адам бакъдарца чекхдоккхург. | Ибо если служение осуждения славно, то тем паче изобилует славою служение оправдания. |
ХІунда аьлча оцу хенахь сийлалла долуш хилларг хІинца долчул сов долчу сийлалло кхоьлина хуьлуьйту. | То прославленное даже не оказывается славным с сей стороны, по причине преимущественной славы [последующего]. |
Нагахь дІадер дерг а сийлалла долуш хилча, тІаккха хІара цкъа а дІадер доцург кхин а сийлалла долуш ду. | Ибо, если преходящее славно, тем более славно пребывающее. |
Тхайн иштта сатийсар долу дела, майрра къамел дан йиш ю тхан. | Имея такую надежду, мы действуем с великим дерзновением, |
Исраилан халкъ довр долчу сийлаллин нуьре ца хьежийтархьама, шен юьхь-дуьхьал пардо уллуш хилла волу Муса-пайхамар санна ма дац вай. | а не так, как Моисей, [который] полагал покрывало на лице своё, чтобы сыны Израилевы не взирали на конец преходящего. |
Амма церан хьекъал артдина дара. Делаца бинчу ширачу бартах лаьцна долу тептарш шаьш доьшучу хенахь, и санна долу пардо церан кхетамна дуьхьалара дІадаккхаза дуьсу. Ткъа нагахь санна стаг Дала леррина Къобалвинчуьнца воьзна бен вацахь, и пардо дІадоккху. | Но умы их ослеплены: ибо то же самое покрывало доныне остаётся неснятым при чтении Ветхого Завета, потому что оно снимается Христом. |
Таханлерчу дийнахь а Муса-пайхамаран Товрат-хьехамаш адамаша боьшуш церан дегнаш тІехь пардо хуьлу. | Доныне, когда они читают Моисея, покрывало лежит на сердце их; |
Йозанашкахь яздина ма ду: «Иза Везачу Элехьа мосазза воьрзу, и пардо дІадоккхура». | но когда обращаются к Господу, тогда это покрывало снимается. |
Веза Эла – Са ду. Ткъа Везачу Элан Са долчохь – паргІато а ю. | Господь есть Дух; а где Дух Господень, там свобода. |
Ткъа вай массара а дуьхьал пардо доцучу яххьашца, куьзгано санна, Везачу Элан сийлалла дІагойту. Массо а хенахь вайн сийлалла сов а йоккхуш, вай Цуьнан васте хуьйцуьйтуш ду Делан Са долчу Везачу Эло. | Мы же все открытым лицем, как в зеркале, взирая на славу Господню, преображаемся в тот же образ от славы в славу, как от Господня Духа. |
Делан къинхетамца оцу тайпана долу гІуллакх дан тхайн йиш хиларна, тхо дог доьхна дац. | Посему, имея по милости [Божией] такое служение, мы не унываем; |
Мелхо а, оха дитина массо а къайлаха а, эхье а долу гІуллакхаш. Нах Іеха а ца бо, Делан дош харцахьа а ца доккху оха. Ткъа тхаьш билггал бакъдерг адамашна дІаделларна, Далла хьалха хІора адаман эхь-бехкана оха дІагойту тхаьш муьлш ду. | но, отвергнув скрытные постыдные [дела], не прибегая к хитрости и не искажая слова Божия, а открывая истину, представляем себя совести всякого человека пред Богом. |
Нагахь оха кхайкхош болчу хазачу кхоана дуьхьал цхьанна пардо хІуттуш делахь, иза валаран некъа тІехь болчарна ду иштта. | Если же и закрыто благовествование наше, то закрыто для погибающих, |
Бакъволчу Делах ца тешачеран хьекъал бІарздина кху дуьненан харцдала, Делан вастехь волчу Дала леррина Къобалвинчун сийлаллех лаьцна болчу хазачу кхоан серло царна ца гайтархьама. | для неверующих, у которых бог века сего ослепил умы, чтобы для них не воссиял свет благовествования о славе Христа, Который есть образ Бога невидимого. |
Оха беш болу хьехамаш тхайх лаьцна бац, амма Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсах бу. Ткъа тхо Іийсан дуьхьа шун ялхой ду. | Ибо мы не себя проповедуем, но Христа Иисуса, Господа; а мы — рабы ваши для Иисуса, |
ХІунда аьлча: «Боданера серло схьакхетал!» – аьлла волчу Дала тхан дегнаш серладаьхна, Ша леррина къобалвинчу Іийсан юьхь тІехь лепаш йолчу Делан сийлаллех болчу кхетаман серло вайн хилийтархьама. | потому что Бог, повелевший из тьмы воссиять свету, озарил наши сердца, дабы просветить [нас] познанием славы Божией в лице Иисуса Христа. |
Ткъа и хазна оха тхешан кхийра кхабанаш чохь лелайо. Иза ду тІех боккха болу ницкъ, тхоьгара а боцуш, Делера хилар хаийтархьама. | Но сокровище сие мы носим в глиняных сосудах, чтобы преизбыточная сила была [приписываема] Богу, а не нам. |
Тхуна массо а агІор кест-кеста ницкъ бо, амма тхо кхоччуш хьаьшна дІа ца даьхна. Наггахь холчу хІиттадо тхо, амма оха дог ца дуьллу. | Мы отовсюду притесняемы, но не стеснены; мы в отчаянных обстоятельствах, но не отчаиваемся; |
Тхо лелхадо, амма дитина дац тхо. Тхо охьадохку, амма тхо хІаллак ца хуьлу. | мы гонимы, но не оставлены; низлагаемы, но не погибаем. |
Іийсан валар гуттара а тхешан догІмашца леладо оха, Цуьнан дахар тхайн догІмашкахула гучудаккхархьама. | Всегда носим в теле мертвость Господа Иисуса, чтобы и жизнь Иисусова открылась в теле нашем. |
ХІунда аьлча дийна долуш Іийсан дуьхьа хІора денна а Іожаллин кхерамехь хуьлу тхо, тхайн лийр долчу догІмашкахула Цуьнан дахар гучудаккхархьама. | Ибо мы живые непрестанно предаёмся на смерть ради Иисуса, чтобы и жизнь Иисусова открылась в смертной плоти нашей, |
Цу тайпана Іожалла шен Іалашо тхуна тІехь кхочушъян гІерта, дахар шуна кхачийтархьама. | так что смерть действует в нас, а жизнь в вас. |
Йозанаш тІехь яздина ду: «Со тешаш хиларна, со вистхилира». Тхешан тешаран дух цу дешнашца цхьаьнадогІуш долу дела, тхо а, теша а тешаш, дистхуьлу, | Но, имея тот же дух веры, как написано: я веровал и потому говорил, и мы веруем, потому и говорим, |
тхаьшна хаьа дела, Веза Эла волу Іийса веллачуьра Денвинчо тхо а Цуьнца дендийр дуйла, шуьца цхьаьна тхо Шена хьалха дІа а хІиттош. | зная, что Воскресивший Господа Иисуса воскресит через Иисуса и нас и поставит перед [Собою] с вами. |
Оха и дерриг а шун дуьхьа деш ду. Ткъа иза а деш, Делан дика дуккха а адамашна дІакхочу, Делан сийлаллина Далла боху баркаллаш алсам а довлуьйтуш. | Ибо всё для вас, дабы обилие благодати тем большую во многих произвело благодарность во славу Божию. |
Цундела тхан дегнаш ца духу. Вайн догІмаш тишлуш делахь а, вайна чуьра са де дийне мел дели а карладуьйлу. | Посему мы не унываем; но если внешний наш человек и тлеет, то внутренний со дня на день обновляется. |
Йоццачу ханна тхан хуьлучу баланаша, цкъа а йовр йоцу сийлалла яхьар ю тхуна. И сийлалла барам боцуш совъюьйлу оцу баланел. | Ибо кратковременное лёгкое страдание наше производит в безмерном преизбытке вечную славу, |
Тхо гуш долчуьнга ца хьоьжу, амма гуш доцучуьнга хьоьжу. ХІунда аьлча гуш дерг цхьана заманна бен дац, ткъа гуш доцург гуттара а хир ду. | когда мы смотрим не на видимое, но на невидимое: ибо видимое временно, а невидимое вечно. |
Иштта, вайна хаьа, кху лаьттахь вайн четар санна долу хІара догІмаш хІаллакьхилча, Дала луш долу стигалшкара цІа вайн хилар. Иза куьйга дина а доцуш, гуттара а хин долу цІа ду. | Ибо знаем, что, когда земной наш дом, эта хижина, разрушится, мы имеем от Бога жилище на небесах, дом нерукотворенный, вечный. |
Вешан хІинца долчу догІмашкахь вай сатийсарца синош доху, стигалшкара долу вайн керла цІа, бедар санна, ваьшна тІедухар лууш. | Оттого мы и воздыхаем, желая облечься в небесное наше жилище; |
Subsets and Splits
No community queries yet
The top public SQL queries from the community will appear here once available.