che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
И духар ваьшна тІедухийтинчул тІаьхьа, вай дерзина карор ма дац!
только бы нам и одетым не оказаться нагими.
Лаьттара четарш санна долчу хІокху догІмашна чохь а долуш, баланаша ницкъ барна синош доху вай. ХІунда аьлча вайна ца лаьа тІеюьйхина хІума йоцуш ваьш хуьлийла, амма стигалшкара долу керла духар ваьшна тІедухийтина хила лаьа вайна, дахаре лен дерг дІакхаллийтархьама.
Ибо мы, находясь в этой хижине, воздыхаем под бременем, потому что не хотим совлечься, но облечься, чтобы смертное поглощено было жизнью.
Оццу гІуллакхна кхоьллина ду вай Дала. Цо Шен Са делла вайна закъалтана.
На сие самоё и создал нас Бог и дал нам залог Духа.
Цундела тхо массо а ханна тешам болуш ду, цІенош санна долчу оцу догІмашна чохь а долуш, Везачу Элана уллохь долчу тхайн керлачу цІеношна генахь хилар тхаьшна хуъушехь.
Итак мы всегда благодушествуем; и как знаем, что, водворяясь в теле, мы устранены от Господа,—
ХІунда аьлча тхо, гуш долчуьнца а доцуш, тхешан тешарца дехаш ду.
ибо мы ходим верою, а не видением,—
Иштта, доьналла а долуш, лаьттарчу дегІана чуьра а кхелхина, Везачу Элана уллохь Іаш хилар гІолехь ма хета тхуна.
то мы благодушествуем и желаем лучше выйти из тела и водвориться у Господа.
Цундела тхуна, догІмашна чохь долуш я царна чуьра кхелхина долуш, Везачу Элана тамехь дерг хилийта лаьа.
И потому ревностно стараемся, водворяясь ли, выходя ли, быть Ему угодными;
ХІунда аьлча вай дерриш а Дала леррина Къобалвинчун кхелана хьалха дІахІитта дезаш ду. Вайх хІораммо а ваьш кху дегІа чохь дехачу хенахь динчуьнга хьаьжжина, дика я вон и делахь, доггІург схьаоьцур ду.
ибо всем нам должно явиться пред судилище Христово, чтобы каждому получить [соответственно тому], что он делал, живя в теле, доброе или худое.
Везачу Элах кхерар хІун ду тхайна хаьа дела, адамаш кхето гІерта тхо. Далла тхох лаьцна дерриг а хаьа. Тхох лаьцна долу дерриг а шуна а хууш хиларе сатуьйсуш ву со.
Итак, зная страх Господень, мы вразумляем людей, Богу же мы открыты; надеюсь, что открыты и вашим совестям.
Оха юха а хестош дац тхаьш шуна хьалха. Ткъа оха тхайх дозалла дан таро ло шуна. Иза оха ло, даг чохь долчух дозаллаш ца деш, ткъа тІехула долчу хІуманех дозаллаш деш болчаьрга дуьхьал ала шун хІума хилийтархьама.
Не снова представляем себя вам, но даём вам повод хвалиться нами, дабы имели вы [что сказать] тем, которые хвалятся лицем, а не сердцем.
Тхо хьекъалх девлча, иза Делан дуьхьа ду. Ткъа тхо хьекъале даьхкича, иза шун дуьхьа ду.
Если мы выходим из себя, то для Бога; если же скромны, то для вас.
ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинчун безамо лелош ду тхо. Нагахь Цхьаъ массеран а дуьхьа велла хилча, тІаккха, массо а адам делла аьлла, жамІ ма дина оха.
Ибо любовь Христова объемлет нас, рассуждающих так: если один умер за всех, то все умерли.
Иза массеран а дуьхьа велла, дехаш долу адамаш хІинца шайн дуьхьа а доцуш, амма, вала а велла, веллачуьра денвина волчун дуьхьа дахийтархьама.
А Христос за всех умер, чтобы живущие уже не для себя жили, но для умершего за них и воскресшего.
Цундела хІинца дуьйна цхьа а адам кху дуьнен чуьра болчара санна ца лору оха. Нагахь Дала леррина Къобалвинарг оха кху дуьнен чуьра болчара санна лерина хиллехь а, хІинца оха иштта кхин ца лору Иза.
Потому отныне мы никого не знаем по плоти; если же и знали Христа по плоти, то ныне уже не знаем.
Иштта, Дала леррина Къобалвинчуьнца верг – юхакхоьллинарг ву. Шира дахар дІадаьлла, хІинца керланиг хилла дІахІоьттина!
Итак, кто во Христе, [тот] новая тварь; древнее прошло, теперь всё новое.
Ткъа и массо а хІума Делера схьа ду. Дала Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вай Шеца тайтира. Цо тхуна тІе диллина адамаш Шеца таран гІуллакх.
Все же от Бога, Иисусом Христом примирившего нас с Собою и давшего нам служение примирения,
Адамаша летийна къинош царна дуьхьал ца лоруш, Ша леррина Къобалвинчуьнгахула дуьне Шеца тойтуш вара Дела. Дала тхуна тІедиллина адамаш Шеца тойтуш болу и кхаъ дІакхайкхор.
потому что Бог во Христе примирил с Собою мир, не вменяя [людям] преступлений их, и дал нам слово примирения.
Тхо Дала леррина Къобалвинчун цІарах дахкийтинарш ду, ткъа Дала Ша тхоьгахула шуьга хаам беш санна хуьлу. Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа доьху оха шуьга: «Делаца шаьш тайтийша!»
Итак мы — посланники от имени Христова, и как бы Сам Бог увещевает через нас; от имени Христова просим: примиритесь с Богом.
Шена тІехь цхьа а къа доцуш Верг Дала вайн дуьхьа къинош летийнарг санна вира, Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вайх Шена хьалха бакъдинарш хилийтархьама.
Ибо не знавшего греха Он сделал для нас [жертвою за] грех, чтобы мы в Нём сделались праведными пред Богом.
Делаца цхьаьна къахьоьгуш долчу оха чІогІа дехар до шуьга, Делера шаьш тІеэцна долу дика эрна ма хилийтийша.
Мы же, как споспешники, умоляем вас, чтобы благодать Божия не тщетно была принята вами.
ХІунда аьлча Дала аьлла: «Халкъе Со резахиларца хьоьжучу заманчохь Суна хьан аз хезира, кІелхьардоккхучу дийнахь Аса гІо дира хьуна». Ткъа хІинца тІееана Дела вайга резахиларца хьоьжу и зама, хІинца ду и кІелхьардовларан де.
Ибо сказано: во время благоприятное Я услышал тебя и в день спасения помог тебе. Вот, теперь время благоприятное, вот, теперь день спасения.
Цхьана а хІуманна тІехь цхьанна а вас хилийта бахьана ца хуьлуьйту оха, тхаьш деш долу гІуллакх емал ца дайтархьама.
Мы никому ни в чём не полагаем претыкания, чтобы не было порицаемо служение,
Мелхо а, массо а агІор Далла гІуллакх дийраш санна тхаьш хилар гойту оха: баланаш а, халонаш а, бохамаш а доьналлица тхаьш ловш.
но во всём являем себя, как служители Божии, в великом терпении, в бедствиях, в нуждах, в тесных обстоятельствах,
Иза оха гойту тхайна еттачу хенахь, тхо набахти чохь дохкуш, карзахбевллачу наха тхо лелхийна лелош, тхаьш къахьоьгуш, буьйсанна наб яйна лелаш, мацалла ловш.
под ударами, в темницах, в изгнаниях, в трудах, в бдениях, в постах,
Иштта, тхайн цІеначу дахарца, кхетамца, собарца, эсала хиларца, Делан Синца, шалхонаш йоцучу цІеначу безамца,
в чистоте, в благоразумии, в великодушии, в благости, в Духе Святом, в нелицемерной любви,
билггал бакъдерг кхайкхорца, Делан ницкъаца гойту оха иза. Бакъваран герз тхан аьтту а, аьрру а куьйгашкахь ду.
в слове истины, в силе Божией, с оружием правды в правой и левой руке,
Тхан ларам а бо, тхо сийсаза а доху. Тхуна лен а лоь, тхо хеста а до. Тхох харцлуьйш дерш до, амма тхо бакъонца лела.
в чести и бесчестии, при порицаниях и похвалах: нас почитают обманщиками, но мы верны;
Тхо гІарадевлла доцуш лору, амма тхо массарна а девза. Тхо делла лору, ткъа тхо лан а ца ле. Тхуна луьра таІзар до, ткъа тхо дайа а ца дойу.
мы неизвестны, но нас узнают; нас почитают умершими, но вот, мы живы; нас наказывают, но мы не умираем;
Тхуна халахетарш до, ткъа тхо гуттара а самукъане ду. Тхо къен ду, амма дуккха а болчарна хьал ло оха. Тхан хІумма а яц, амма массо а хІуманан дай ду тхо.
нас огорчают, а мы всегда радуемся; мы нищи, но многих обогащаем; мы ничего не имеем, но всем обладаем.
Коринтхой! Оха цІеначу дегнашца къамел до шуьца. Тхан дегнаш дІаделладелла ду шуна.
Уста наши отверсты к вам, Коринфяне, сердце наше расширено.
Тхо шух дІа ца къехка, ткъа шу шайн дегнашкахь тхох дІакъехка.
Вам не тесно в нас; но в сердцах ваших тесно.
Аса сайн берашка санна боху шуьга: «Шайн дегнаш дІа а деллий, тхо шайца ма-хиллара, хилийша шу а тхоьца».
В равное возмездие,— говорю, как детям,— распространитесь и вы.
Іийсах тешар доцучаьрца цхьана дукъа кІел ма лелийша. ХІун юкъаметтиг ю те бакъдолчунна а, харцдолчунна а юкъахь? ХІун уьйр ю те серлонна а, боданна а юкъахь?
Не преклоняйтесь под чужое ярмо с неверными, ибо какое общение праведности с беззаконием? Что общего у света с тьмою?
ХІун барт бу те Дала леррина Къобалвинчунна а, иблисана а юкъахь? ХІун цхьаалла ю те тешаш волчунна а, тешаш воцчунна а юкъахь?
Какое согласие между Христом и Велиаром? Или какое соучастие верного с неверным?
ХІун цхьаьнадогІург ду те Делан цІенна а, цІушна а юкъахь? Тхо дийна волчу Делан цІа ма ду! Дала Ша ма-аьлла: «Царна юкъахь вехар ву Со, уьш болчохь лелар ву Со. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду».
Какая совместность храма Божия с идолами? Ибо вы храм Бога живаго, как сказал Бог: вселюсь в них и буду ходить [в них]; и буду их Богом, и они будут Моим народом.
Цундела Везачу Эло боху: «Царна юкъара дІа а довлий, царах дІакъасталаш. Суна хьалха боьха долчу хІуманах ма хьакхалойша, тІаккха Аса тІеоьцур ду шу».
И потому выйдите из среды их и отделитесь, говорит Господь, и не прикасайтесь к нечистому; и Я прииму вас.
«Со шун Да хир ву, ткъа шу Сан кІентий а, йоІарий а хир ду, – боху массо а ницкъийн Везачу Дала».
И буду вам Отцем, и вы будете Моими сынами и дщерями, говорит Господь Вседержитель.
Сан хьоме доттагІий! Дала вайна и ерриге а чІагІонаш йина дела, вешан догІмаш а, синош а бехдеш мел долчух цІанде вай. Деле болчу ларамах дуьзна а долуш, чекхдовллалц ваьш Цунна дІало вай.
Итак, возлюбленные, имея такие обетования, очистим себя от всякой скверны плоти и духа, совершая святыню в страхе Божием.
Тхо шайн дегнаш чу тардалийтийша! Оха цхьанна а вониг ца дина, цхьа а дакъаза ца ваьккхина, цхьаьнггара а тхайна пайдехь дерг а ца лехна.
Вместите нас. Мы никого не обидели, никому не повредили, ни от кого не искали корысти.
Шух бехк баккхархьама ца боху аса иза. Аса хьалха а аьллера, шуьца цхьаьна даллал а, дехаш хиллал а шу тхан дегнаш чохь ду.
Не в осуждение говорю; ибо я прежде сказал, что вы в сердцах наших, так чтобы вместе и умереть и жить.
Сан шуьца майра дийца йиш ю. Мел дозалла до аса шух. Тхаьш оццул баланехь доллушехь, аша динчу иракарахІитторах вуьзна а ву со, сан хазахетар тІех а даьлла.
Я много надеюсь на вас, много хвалюсь вами; я исполнен утешением, преизобилую радостью, при всей скорби нашей.
Тхо Македоне даьхкинчу хенахь, цхьана а тайпана синтем бацара тхан. Массо а агІор ницкъ хиллера тхуна, арахула тІебеана цатемаш а, тхешан чохь болу кхерамаш а бахьана долуш.
Ибо, когда пришли мы в Македонию, плоть наша не имела никакого покоя, но мы были стеснены отовсюду: отвне — нападения, внутри — страхи.
Амма Шена муьтІахь болчарна синтем луш волчу Дала, Тита схьа а кхачийна, тхан синош паргІатдехира.
Но Бог, утешающий смиренных, утешил нас прибытием Тита,
И синтем хилар, Тита схьакхачарна хилла а ца Іаш, аша цуьнан догъэцарна а дара. Цо дийцира, шу тхо ган лууш хиларх а, шайгара мел даьллачунна шу дохкодовларх а, со ларван шу кийча хиларх а лаьцна. Цундела со кхин а чІогІа дог айаделла вара.
и не только прибытием его, но и утешением, которым он утешался о вас, пересказывая нам о вашем усердии, о вашем плаче, о вашей ревности по мне, так что я ещё более обрадовался.
Сайн кехатца айса шуна халахетийтарна со дохковаьлла хиллехь а, хІинца айса и яздарна дохко ца волу со, цу кехато шуна халахетар кІеззиг йолчу ханна бен ца дина дела.
Посему, если я опечалил вас посланием, не жалею, хотя и пожалел было; ибо вижу, что послание то опечалило вас, впрочем на время.
Сан хІинца долу хазахетар шуна айса халахетар дина аьлла дац, амма оцу халахетарехула, метта а даьхкина, Далла тІедерзар шун хиларна ду. Шун халахетар Делан лаамехь хилла дара, цундела тхох цхьана а тайпана зулам ца даьлла шуна.
Теперь я радуюсь не потому, что вы опечалились, но что вы опечалились к покаянию; ибо опечалились ради Бога, так что нисколько не понесли от нас вреда.
Делан дуьхьа хиллачу гІайгІано кІелхьарвалар хуьлуьйтуш долу Далла тІеверзар до – и хиларна, стаг дохко ца волу. Ткъа дуьненан гІайгІано Іожалла тІейоуьйту.
Ибо печаль ради Бога производит неизменное покаяние ко спасению, а печаль мирская производит смерть.
Хьовсийша, Делан дуьхьа шуна хиллачу халахетаро шу мел доггах дІагІоьртуьйту. Иза дина а ца Іаш, шу бехке цахилар шуна дІахаийта лаар дойту цо. Ткъа, цул сов, мел эргІаддевлла а, аша мел орца доху а, со ган шун мел боккха лаам бу а, мел чІогІа шу тІедирзина а, царна таІзар хиларна шу мел кийча ду а хаийтина цо. Массо а...
Ибо то самое, что вы опечалились ради Бога, смотрите, какое произвело в вас усердие, какие извинения, какое негодование [на виновного], какой страх, какое желание, какую ревность, какое взыскание! По всему вы показали себя чистыми в этом деле.
Айса иштта яздинехь а, вониг далийтинчун я шена вониг хиллачун дуьхьа ца яздинера аса шуьга, амма Далла хьалха аша тхан мел гІайгІа бо шуна дІаделладалийтархьама яздинера.
Итак, если я писал к вам, то не ради оскорбителя и не ради оскорблённого, но чтобы вам открылось попечение наше о вас пред Богом.
Цундела тхуна синтем хилира. Тхуна, синтем хилла а ца Іаш, кхин а доккха хазахетар хилира Титин хазахетар бахьана долуш, аша массара а цуьнан са иракарахІотторна.
Посему мы утешились утешением вашим; а ещё более обрадованы мы радостью Тита, что вы все успокоили дух его.
Цу тайпана аша юьхьІаьржачу ца хІоттий со, дозаллица шух лаьцна аса цуьнга дийцинчунна тІехь. Мелхо а, массо а хІуманах билггал бакъдерг оха шуьга дийцаре терра, Титина хьалха аса шух дина дозалла бакъ хили.
Итак я не остался в стыде, если чем-либо о вас похвалился перед ним, но как вам мы говорили все истину, так и перед Титом похвала наша оказалась истинною;
Шун массеран а муьтІахь хилар а, кхерамца а, дегадарца а аша ша тІеэцар а дагадеача, кхин а чІогІа шух дог дІаийна хуьлу цуьнан.
и сердце его весьма расположено к вам, при воспоминании о послушании всех вас, как вы приняли его со страхом и трепетом.
Со чІогІа воккхавеш ву, массо а хІуманна тІехь а шуна тІетовжа сайн йиш хиларна!
Итак радуюсь, что во всём могу положиться на вас.
Ткъа хІинца, динан вежарий, оха дІахоуьйту шуьга Македон-махкарчу динан тобанашна Дала деллачу диканах лаьцна.
Уведомляем вас, братия, о благодати Божией, данной церквам Македонским,
Шаьш баккхий баланаш хьоьгуш боллушехь, цу тобанийн доккха хазахетар а, йоккха къоьлла а хьалдолчу комаьршалле делира.
ибо они среди великого испытания скорбями преизобилуют радостью; и глубокая нищета их преизбыточествует в богатстве их радушия.
Со теш ву цара доггах, шайн дала йиш йолччул а, сов а деллачунна. Шайн лаамца
Ибо они доброхотны по силам и сверх сил — я свидетель:
цара чІогІа дийхира тхоьга, шайна там хилийтархьама, Ярушалаймехь болчу Делан нахана дан леринчу дикачу гІуллакхехь шайга а дакъалацийтахьара бохуш.
они весьма убедительно просили нас принять дар и участие [их] в служении святым;
Тхуна хила ма-лаъара хилла а ца Іаш, уьш хьалха Везачу Элана тІе а боьрзура, тІаккха Делан лаамца шаьш тхуна къобал а бора.
и не только то, чего мы надеялись, но они отдали самих себя, во-первых, Господу, [потом] и нам по воле Божией;
Цундела оха Тите чІогІа дийхира, ша долийна долу и дика гІуллакх доладаре терра, чекхдаккха а шуна гІо де аьлла.
поэтому мы просили Тита, чтобы он, как начал, так и окончил у вас и это доброе дело.
Ткъа шун кхиамаш алсамбуьйлу тешарехь а, дашехь а, кхетамехь а, даггара хиларехь а, шайн тхоьга болчу безамехь а. Массо а оцу гІуллакхашца шу тІехдуьйлуш хиларе терра, шаьш дечу оцу дикачу гІуллакхна тІехь а тІехдовлуш хуьлийла шу.
А как вы изобилуете всем: верою и словом, и познанием, и всяким усердием, и любовью вашею к нам,— так изобилуйте и сею добродетелью.
Иза шуна тІедуьллуш ца боху аса, амма, кхиболчеран даггара хилар а гойтуш, шун безам билггал доггах буйла зуьйш ву со.
Говорю это не в виде повеления, но усердием других испытываю искренность и вашей любви.
ХІунда аьлча вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дика девза шуна. Ша хьал долуш воллушехь, шун дуьхьа къий а велла, Шен къоьлла бахьана долуш шу хьал долуш хилийтархьама, дина Цо иза.
Ибо вы знаете благодать Господа нашего Иисуса Христа, что Он, будучи богат, обнищал ради вас, дабы вы обогатились Его нищетою.
Цу тІехь шуна пайденна долу цхьа хьехар до аса, хІунда аьлча стохка и дика гІуллакх долийна а ца Іаш, и доло лаам а хилла шун.
Я даю на это совет: ибо это полезно вам, которые не только начали делать сие, но и желали того ещё с прошедшего года.
Шаьш дан долийна гІуллакх хІинццехь кхочушде. Цу тайпана шун хІетахьлерчу доггах хиллачу лаамах тарлур ду шайн долчу хьолах цу гІуллакхна аша дакъа дІадалар.
Совершите же теперь самоё дело, дабы, чего усердно желали, то и исполнено было по достатку.
Нагахь цхьаъ шен хІума дІадала доггах лаам болуш велахь, Дала иза, цуьнан дала йолчу тароне хьаьжжина, тІеоьцур ду, дала таро йоцург ца хьехош.
Ибо если есть усердие, то оно принимается смотря по тому, кто что имеет, а не по тому, чего не имеет.
Шуна хало еш, ткъа кхечеран аьтто хилийта деш дац иза, амма массарна а цхьабосса хилийтархьама деш ду.
Не [требуется], чтобы другим [было] облегчение, а вам тяжесть, но чтобы была равномерность.
ХІинца шун совдаьллачо церан кхачамбацар меттахІоттор ду. Ткъа тІаьхьо церан совдаьлларг шун эшам болчун метта хир ду. Цу тайпана шуна массарна а иза цхьабосса хир ду.
Ныне ваш избыток в [восполнение] их недостатка; а после их избыток в [восполнение] вашего недостатка, чтобы была равномерность,
Делан Йозанаш тІехь яздина ма-хиллара: «Дукха гулдиначун совнаха а ца хуьлура, ткъа кІезиг гулдиначунна тІеоьшуш а ца хуьлура».
как написано: кто собрал много, не имел лишнего; и кто мало, не имел недостатка.
Тхуна санна, Титин даг чу а шуна гІо дан лаам тесна волчу Далла баркалла боху оха.
Благодарение Богу, вложившему в сердце Титово такое усердие к вам.
Тхан дехар тІеэцна а ца Іаш, Тита, шен а боккха лаам хиларна, шен деган лаамца дІавогІу шу долчу.
Ибо, хотя и я просил его, впрочем он, будучи очень усерден, пошёл к вам добровольно.
Хаза кхаъ дІакхайкхор бахьанехь, массо а динан тобанашкахь хестош волу кхин а цхьа динан ваша дІавоуьйту оха цуьнца.
С ним послали мы также брата, во всех церквах похваляемого за благовествование,
Цул сов, и дика гІуллакх дарна тІехь тхуна улловаккха хаьржина ву иза динан тобанашна юкъара. Тхаьш гІо дан кийча хилар гойтуш, Везачу Элан сийлаллина кхочушдо оха и гІуллакх.
и притом избранного от церквей сопутствовать нам для сего благотворения, которому мы служим во славу Самого Господа и [в] [соответствие] вашему усердию,
ХІара гулдина доккха хьал бахьанехь, цхьаннан а тхаьшна тІехтохам ца хилийта ларлуш ду тхо.
остерегаясь, чтобы нам не подвергнуться от кого нареканию при таком обилии приношений, вверяемых нашему служению;
ХІунда аьлча Везачу Элана хьалха хилла а ца Іаш, адамашна хьалха а оьзда дерг дан дагахь ма ду тхо.
ибо мы стараемся о добром не только пред Господом, но и пред людьми.
Тхайна юкъара кхоолгІа динан ваша а воуьйту оха цаьрца цхьаьна. Дукхазза а массо а тайпана гІуллакхашна тІехь зийча, иза чІогІа кийча хилар зеделира тхуна. Иза хІинца кхин а чІогІа лууш ву шу долчу ван, ша шух кІорггера теша дела.
Мы послали с ними и брата нашего, которого усердие много раз испытали во многом и который ныне ещё усерднее по великой уверенности в вас.
Титех лаьцна аьлча – иза сан юххера стаг ву, шуна гІуллакх дарехь соьца цхьаьна къахьоьгуш волу. Ткъа кхечу тхан динан вежарех аьлча – уьш Дала леррина Къобалвинчунна сийлалла яхьаш болу динан тобанашна юкъара къобалбинарш бу.
Что касается до Тита, это — мой товарищ и сотрудник у вас; а что до братьев наших, это — посланники церквей, слава Христова.
Цундела динан тобанашна хьалха тоьшаллаш дейша шайн безамах лаьцна, оха хьакъ долуш шайх дозалла дар а гойтуш.
Итак перед лицем церквей дайте им доказательство любви вашей и того, что мы [справедливо] хвалимся вами.
Бакъдерг аьлча, аса-м шуьга яздан а ца оьшу Делан нахана гІо дан дезарх лаьцна.
Для меня впрочем излишне писать вам о вспоможении святым,
Шун доггах хилар а гуш, шух дозалла до аса македонхошна хьалха: «Стохка дуьйна а Ахаера динан тобанаш доггах хІума яларан гІуллакхна кийча ю» – бохуш. Шун доггах хиларо царах дукхахберш иракарахІиттабора.
ибо я знаю усердие ваше и хвалюсь вами перед Македонянами, что Ахаия приготовлена ещё с прошедшего года; и ревность ваша поощрила многих.
Ткъа шу долчу аса динан вежарий бохуьйту, оха шух дина дозалла эрна а ца хуьлуьйтуш, амма, аса ма-аллара, шу кийча хилийтархьама.
Братьев же послал я для того, чтобы похвала моя о вас не оказалась тщетною в сём случае, но чтобы вы, как я говорил, были приготовлены,
Соьца шу долчу македонхой бахкар а нисделла, ткъа шу кийча ца хилар царна дІахиънехьара, шу хІиттина а ца Іаш, шух тешна Іаш долу тхо а юьхьІаьржачу хІуьттур ма дара!
[и] чтобы, когда придут со мною Македоняне и найдут вас неготовыми, не остались в стыде мы,— не говорю «вы»,— похвалившись с такою уверенностью.
Цундела оцу динан вежаршка дехар дан деза аьлла хийтира суна, уьш сол хьалха шу долчу дІа а баьхкина, аша хьалххехь ваІда а деш, лур ду аьлла совгІат цаьрга кечдайтархьама. Цу тайпана и совгІат, ницкъаца даьккхина а доцуш, ткъа шун-шайн лаамца делларг санна кийча хир ду.
Посему я почёл за нужное упросить братьев, чтобы они наперёд пошли к вам и предварительно озаботились, дабы возвещённое уже благословение ваше было готово, как благословение, а не как побор.
Цу тІе аса боху: кІезиг дІадуьйчо – кІезиг ялта схьагулдийр ду, ткъа комаьршаллица дІадуьйчо – алссам ялта схьагулдийр ду.
При сём скажу: кто сеет скупо, тот скупо и пожнёт; а кто сеет щедро, тот щедро и пожнёт.
ХІораммо а шен даго боххучул ло, дохко а ца волуш, дала деза аьлла а ца луш. ХІунда аьлча самукъане а волуш луш верг Далла веза.
Каждый [уделяй] по расположению сердца, не с огорчением и не с принуждением; ибо доброхотно дающего любит Бог.
Делан ницкъ бу шуна мел деш долу дика алсамдалийта. Цу тайпана, массо а хІуманна тІехь а, гуттара а шуна мел оьшург хир ду шун, ткъа цунах алссам дуьсур ду шуна муьлхха а дика гІуллакх дан.
Бог же силён обогатить вас всякою благодатью, чтобы вы, всегда и во всём имея всякое довольство, были богаты на всякое доброе дело,
Делан Йозанаш тІехь яздина ма-хиллара: «Тоам боллуш дІало цо мискачу нахана, ур-атталла абаденналц а лаьтта цуьнан нийсо».
как написано: расточил, раздал нищим; правда его пребывает в век.
ДІадуьйш волчунна хІу а, юуш волчунна юург а Кхочуьйтучо шуна а хІу кхочуьйтур ду, иза алсам а доккхур ду, ткъа шун нийсонца леларехула Цо шортта ялта лур ду.
Дающий же семя сеющему и хлеб в пищу подаст обилие посеянному вами и умножит плоды правды вашей,
Иштта муьлххачу а хенахь комаьрша хІума дІакховдо алссам хьал а лур ду шуна Цо. ТІаккха дуккхаммо а, аша комаьршаллица дІакховдийнарг тхоьгахула дІа а эцна, Далла баркаллаш бохур ду.
так чтобы вы всем богаты были на всякую щедрость, которая через нас производит благодарение Богу.
ХІунда аьлча аша кхочушдечу хІокху гІуллакхо, Делан нахана оьшург хилийтина а ца Іаш, Далла олу баркаллаш дуккха а тІехдовлуьйтур ду.
Ибо дело служения сего не только восполняет скудость святых, но и производит во многих обильные благодарения Богу;
Оцу шун гІуллакхо шух до тоьшалла бахьана долуш, Далла хастамаш бийр бу, нахана хьалха шу тешна болчу Дала леррина Къобалвинчун хазачу кхоана шу муьтІахь хиларна а, шайн долахь дерг цаьрца а, кхиболчу массаьрца а комаьршаллица доькъуш шу хиларна а.
ибо, видя опыт сего служения, они прославляют Бога за покорность исповедуемому вами Евангелию Христову и за искреннее общение с ними и со всеми,
Шайн дегнашкахь шу дага а дохкуьйтуш, шуна тІера доІанаш дийр ду цара, Дала шуна дина инзаре доккха дика бахьана долуш.
молясь за вас, по расположению к вам, за преизбыточествующую в вас благодать Божию.
Далла баркалла олийла вай, Цуьнан дийцалур а доцу совгІат бахьанехь!
Благодарение Богу за неизречённый дар Его!
Шуна дуьхьал волчу хенахь эсала волуш, ткъа дуьхьал воцучу хенахь майра волчу аса, ПахІала, Дала леррина Къобалвинчуьнгара долчу эсалаллица а, Цуьнгара болчу къинхетамца а кхетадо шу.
Я же, Павел, который лично между вами скромен, а заочно против вас отважен, убеждаю вас кротостью и снисхождением Христовым.
Аса дехар до шуьга, шу долчу веанчу хенахь, тІех майралла гайта ма дезийталаш сан. Цхьаболчу, тхо кху дуьнен чуьра берш санна лелаш ду бохучарна, и сайн тІех йолу майралла гайта ваьхьар ву со.
Прошу, чтобы мне по пришествии моём не прибегать к той твёрдой смелости, которую думаю употребить против некоторых, помышляющих о нас, что мы поступаем по плоти.
ХІунда аьлча оха, массо а адам санна, кху дуьнен чохь тхаьш доллушехь, цара санна, тІемаш ца бо.
Ибо мы, ходя во плоти, не по плоти воинствуем.
Тхайн тІемашкахь оха леладо герзаш кху дуьнен чуьра герзаш дац. Мелхо а, Дала цу герзашна Шен ницкъ белла, цаьргахула тхоьга гІепаш хІаллакьяйтархьама. Мекара ойланаш а,
Оружия воинствования нашего не плотские, но сильные Богом на разрушение твердынь: [ими] ниспровергаем замыслы
Дела вовзарна дуьхьал лакхайоккху муьлхха а куралла а йохайо оха цаьрца. Муьлххачу а ойланашна цаьрца йийсар до оха, уьш Дала леррина Къобалвинчунна муьтІахь ярхьама.
и всякое превозношение, восстающее против познания Божия, и пленяем всякое помышление в послушание Христу,
Дала леррина Къобалвинчунна шун муьтІахь хилар ма-бохху кхочушхилла даьлча, тхо кийча ду, цунна дуьхьал долчу муьлххачу хІуманна а таІзар дан.
и готовы наказать всякое непослушание, когда ваше послушание исполнится.
Ткъа гІуллакх билггал муха ду, шу-шаьш хьовсал! Ша Дала леррина Къобалвинчуьнца ву аьлла тешна волчунна хаа деза, тхо а шаьш санна, Цуьнца дуйла.
На личность ли смотрите? Кто уверен в себе, что он Христов, тот сам по себе суди, что, как он Христов, так и мы Христовы.
Нагахь аса, шун гІуллакх дохорна а доцуш, ткъа иза тодархьама, Везачу Эло тхайна деллачу олаллех долу дозаллаш кхин а совдаьхна хилча а, тІаккха а юьхьІаьржачу хІуттур вацара со.
Ибо если бы я и более стал хвалиться нашею властью, которую Господь дал нам к созиданию, а не к расстройству вашему, то не остался бы в стыде.