che stringlengths 9 469 | ru stringlengths 1 384 |
|---|---|
Амма шуна ма моттийла, со кехаташца шу кхеро гІерта аьлла. | Впрочем, да не покажется, что я устрашаю вас [только] посланиями. |
ХІунда аьлча со цавезачара олу: «Цуьнан кехаташ маьІна долуш, ницкъ болуш ду, ткъа иза ша дуьхьал волуш эгІаза ву, цо до къамел дегаза а ду». | Так как [некто] говорит: в посланиях он строг и силён, а в личном присутствии слаб, и речь [его] незначительна,— |
И бохуш волчунна хаа деза, тхо шуна юкъахь доцчу хенахь тхайн кехаташ тІехь оха яздеш дерг а, тхо шуна юкъахь долуш оха ден дерг а цхьаъ дуйла. | такой пусть знает, что, каковы мы на словах в посланиях заочно, таковы и на деле лично. |
Тхуна ца лаьа шаьш лакхара хеташ болчу цхьаболчаьрца дустадала а, царах тардала а. Цара, шаьш вовшашца а дустуш, дуьхь-дуьхьал а хІуьттуш, шайн сонталла гойту. | Ибо мы не смеем сопоставлять или сравнивать себя с теми, которые сами себя выставляют: они измеряют себя самими собою и сравнивают себя с собою неразумно. |
Дала тхуна билгалдаьккхинчу гІуллакхан дозанашкахь бен дозаллаш дийр дац оха, ткъа билгалдаьккхинчу гІуллакхан дозанашна юкъахь шу ма ду. | А мы не без меры хвалиться будем, но по мере удела, какой назначил нам Бог в такую меру, чтобы достигнуть и до вас. |
Тхайна билгалдаьккхинчу дозанел тІех ца девлира тхо, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ шуьга дІа а кхайкхош, шу долчу тхаьш кхаьчча. | Ибо мы не напрягаем себя, как не достигшие до вас, потому что достигли и до вас благовествованием Христовым. |
Дала тхайна деллачу дозанал тІех а девлла, тхаьш дина доцучу гІуллакхех дозаллаш деш дац тхо. Мелхо а, оха сатуьйсу, шун тешар чІагІ а луш, Дала тхаьшна тІедиллинчул тІех а ца довлуш, кхин а дуккха а гІуллакхаш шуна юкъахь дан. | Мы не без меры хвалимся, не чужими трудами, но надеемся, с возрастанием веры вашей, с избытком увеличить в вас удел наш, |
ТІаккха шу долчохь кхайкхийна ца Іаш, шуна генахь болчу кхечу мехкашкахь а кхайкхо йиш хир ю тхан хаза кхаъ. Цу тайпана, кхечу цхьаннан дозанашкахь динчу гІуллакхех дозалла дийр дац оха. | так чтобы и далее вас проповедывать Евангелие, а не хвалиться готовым в чужом уделе. |
Йозанашкахь ма-аьлла: «Ша дозалла дан лууш волчо – Везачу Элах дозалла дойла». | Хвалящийся хвались о Господе. |
ХІунда аьлча ша-шех дозалла деш верг къобал ца во, амма Везачу Эло дозалла деш верг къобалво. | Ибо не тот достоин, кто сам себя хвалит, но кого хвалит Господь. |
Со жимма сонта хиларна, сатохахьара аша суна. Билггал сатохийша суна! | О, если бы вы несколько были снисходительны к моему неразумию! Но вы и снисходите ко мне. |
Дикачу агІор йолу эмгаралла ю сан шуьца, иза Делера а ю. Ас шуна захало дийцира цхьана стагаца, иза Дала леррина Къобалвинарг ву. Цунна хьалха, цІена йоІстаг санна, шу дІахІитто лаьа суна. | Ибо я ревную о вас ревностью Божиею; потому что я обручил вас единому мужу, чтобы представить Христу чистою девою. |
Амма со кхоьру, шен хІилланца лаьхьано Іехийна йолу Хьава санна, Дала леррина Къобалвинчунна догцІена а, даггара а тешаме хиларх мухха а шун хьекъалш ледийр дуй те аьлла. | Но боюсь, чтобы, как змий хитростью своею прельстил Еву, так и ваши умы не повредились, [уклонившись] от простоты во Христе. |
ХІунда аьлча аша самукъадаларца тІеоьцу оха шуна хьехнарг а воцуш, кхин Іийса шайна хьоьхуш верг. Иштта, тхоьгара схьаэцначу Синах а, хазачу кхоах а тера доццушехь, кхин тайпана долу са а, хаза кхаъ а атта тІеоьцу аша! | Ибо если бы кто, придя, начал проповедывать другого Иисуса, которого мы не проповедывали, или если бы вы получили иного Духа, которого не получили, или иное благовестие, которого не принимали,— то вы были бы очень снисходительны [к тому]. |
ХІунда аьлча оцу шун «лакхарчу векалел» со цхьана а хІуманна тІехь а оьшуш ца хета суна. | Но я думаю, что у меня ни в чём нет недостатка против высших Апостолов: |
Кхоччуш хаза къамелаш ца дан там бу аса, амма кхетам тІехь цатоам бац сан. Цунах-м оха массо а хІуманна тІехь шу тешийна. | хотя я и невежда в слове, но не в познании. Впрочем мы во всём совершенно известны вам. |
Хаза кхаъ айса шуна дІакхачош, шуьгара мах а ца боккхуш, шу лакхадахархьама, со лахара а хоьтуьйтуш лелаш хилча, къа латийна хуьлий те аса? | Согрешил ли я тем, что унижал себя, чтобы возвысить вас, потому что безмездно проповедывал вам Евангелие Божие? |
Шуна гІуллакх дархьама, кхечу динан тобанашкара лечкъош верг санна хуьлура со, цаьргара ахча схьа а оьцуш. | Другим церквам я причинял издержки, получая [от них] содержание для служения вам; и, будучи у вас, хотя терпел недостаток, никому не докучал, |
Шу долчохь тхо долуш, цхьацца хІуманна тІехь тхаьшна эшам хуьллушехь, шуна цхьанна а бала ца бора оха тхайх. ХІунда аьлча суна оьшуш дерг Македонера баьхкинчу динан вежарша кхочушдора. Массо а хІуманна тІехь шуна сайх бала ца бан гІиртира со, хІинца чул тІаьхьа гІертар а ву. | ибо недостаток мой восполнили братия, пришедшие из Македонии; да и во всём я старался и постараюсь не быть вам в тягость. |
Дала леррина Къобалвинчун бакъдерг билггал сайна чохь хиларца аса чІагІо йо, Аса дозалла дар Ахай-махкахь цхьаммо а соьгара дІадоккхур дац аьлла. | По истине Христовой во мне [скажу], что похвала сия не отнимется у меня в странах Ахаии. |
ХІун бахьана ду те цуьнан? Дуй те иза, суна шу ца деза бохург? Далла хаьа, суна шу мел деза! | Почему же [так поступаю]? Потому ли, что не люблю вас? Богу известно! Но как поступаю, так и буду поступать, |
Амма хІинццалц леллачу тайпана кхидІа а лелар ву со, оцу вукху «векалийн», шаьш тхох тера векалш ду аьлла, дозалла дан йиш ца хилийта. | чтобы не дать повода ищущим повода, дабы они, чем хвалятся, в том оказались [такими же], как и мы. |
ХІунда аьлча уьш харцвекалш а, мекара гІуллакхдийраш а бу. Цара шаьш Дала леррина Къобалвинчун векалш ду моттуьйту. | Ибо таковые лжеапостолы, лукавые делатели, принимают вид Апостолов Христовых. |
Иза инзарвала хІума дац, хІунда аьлча иблисо ша а моттуьйту ша серлонан малик ду. | И неудивительно: потому что сам сатана принимает вид Ангела света, |
Цундела доккха хІума а дац, нагахь цуьнан гІуллакх деш тІаьхьахІиттинчара шаьш Делан лаамна гІуллакхаш до моттийтича а. Амма церан чаккхе церан гІуллакхашка хьаьжжина хир ю. | а потому не великое дело, если и служители его принимают вид служителей правды; но конец их будет по делам их. |
Аса юха а боху: цхьанна а со сонта ву ма мотталаш. Ткъа шайна со иштта хеташ велахь а, со сонтаниг санна тІеэцийша, сан жимма а сайх дозалла дан йиш хилийта. | Ещё скажу: не почти кто-нибудь меня неразумным; а если не так, то примите меня, хотя как неразумного, чтобы и мне сколько-нибудь похвалиться. |
Айса дуьйцург Везачу Элаца волуш санна ца дуьйцу аса, ткъа шен къамелах тешна Іаш волчу сонтачо санна дуьйцу. | Что скажу, то скажу не в Господе, но как бы в неразумии при такой отважности на похвалу. |
Кху дуьнен чуьра болчара санна, дукхахболчара дозалла деш хилча, аса а дийр ду дозалла. | Как многие хвалятся по плоти, то и я буду хвалиться. |
ХІунда аьлча аша, кхетам болуш долчу адамаша, дог дарца садетта оцу сонтачарна. | Ибо вы, люди разумные, охотно терпите неразумных: |
Аша са ма туху, шайх леш дича а, шайна бала бича а, шайга харж яйтича а, шайна кураллаш йича а, шайн юьхь тІе йиттича а. | вы терпите, когда кто вас порабощает, когда кто объедает, когда кто обирает, когда кто превозносится, когда кто бьёт вас в лицо. |
Сайн эхьана эр ду аса, цу тайпана долу гІуллакхаш лело тхан ницкъ ца кхочура. Нагахь цхьана хІуманна тІехь цхьаъ дозалла дан ваьхьаш велахь – аса сонтачо санна боху – со а ваьхьар ву дозалла дан. | К стыду говорю, что [на это] у нас недоставало сил. А если кто смеет [хвалиться] чем-либо, то (скажу по неразумию) смею и я. |
Уьш Іебархой буй? Со а ву. Уьш исраилхой буй? Со а ву. Уьш ИбрахІиман хІух буй? Со а ву. | Они Евреи? и я. Израильтяне? и я. Семя Авраамово? и я. |
Уьш Дала леррина Къобалвинчунна гІуллакх дийраш буй? Аса хьераваьллачо санна дуьйцу, амма со царал а сов Дала леррина Къобалвинчунна гІуллакх дийриг ву. Цара чул а дукха къахьоьгура аса. Царал а дукха набахти чохь воллура. Царна чул а дукха шодмаш еттара суна. Уьш хуьлучул а дукхазза а Іожаллин кхерамехь хуьлура со. | Христовы служители? (в безумии говорю:) я больше. Я гораздо более [был] в трудах, безмерно в ранах, более в темницах и многократно при смерти. |
ЯхІудхоша пхоьазза шед йиттина суна, хІоразза а ткъе ткъайоьсназза а тухуш. | От Иудеев пять раз дано мне было по сорока [ударов] без одного; |
Кхузза гІожмаш йиттина суна. Цкъа тІе тІулгаш кхиссина суна. Со тІехь а волуш, хІордкема кхузза дуьйхира, аса цхьа дей-буьйсий хІорда чохь а даьккхира. | три раза меня били палками, однажды камнями побивали, три раза я терпел кораблекрушение, ночь и день пробыл во глубине [морской]; |
Мосуьйттазза араваьлла леларг хилла а лелла со. ТІедевллачу хишкахьара кхерамаш а хилла суна. Талорхошкахьара кхерамаш а хилла суна. Сайн тайпанах болчу нахехьара а кхерамаш хилла. Кхечу къаьмнашкарчу нахехьара кхерамаш беана. ГІалахь а, яьссачу аренгахь а, хІорда тІехь а кхерам болуш лелла со. Динан харцвежаршкахьара ... | много раз [был] в путешествиях, в опасностях на реках, в опасностях от разбойников, в опасностях от единоплеменников, в опасностях от язычников, в опасностях в городе, в опасностях в пустыне, в опасностях на море, в опасностях между лжебратиями, |
Иштта къахьоьгуш а, болх беш а хилла со. Дукхазза а наб йоцуш а, меца волуш а, хьогах волуш а, кхача боцуш а, шело ловш а, тІеюха бедар йоцуш а хан яьккхина аса. | в труде и в изнурении, часто в бдении, в голоде и жажде, часто в посте, на стуже и в наготе. |
Кхузахь хьахийна хІуманаш доцург, ерриге а динан тобанийн баланийн Іаткъам кхочу суна. | Кроме посторонних [приключений], у меня ежедневно стечение [людей], забота о всех церквах. |
Мила ву гІело хьоьгуш, аса а шеца гІело хьоьгуш воцург? Мила ву галвалийтина, со кийрахь шех вогуш а воцуш? | Кто изнемогает, с кем бы и я не изнемогал? Кто соблазняется, за кого бы я не воспламенялся? |
Айса дозалла дан дезахь, сайн гІорасиза хиларх дозалла дийр ду аса. | Если должно мне хвалиться, то буду хвалиться немощью моею. |
Гуттара а декъала волу Веза Эла волчу Іийсан Да волчу вайн Далла хаьа, со харц луьйш воцийла. | Бог и Отец Господа нашего Иисуса Христа, благословенный во веки, знает, что я не лгу. |
Со Дамасакхехь волчу хенахь, ХІарти-паччахьан мехкадас Дамасакх-гІалин Іуналла дора, со схьалаца дагахь. Ткъа со корехула тускар чохь пенаца охьаваийтира. Иштта кІелхьарвелира со цуьнан карара. | В Дамаске областной правитель царя Ареты стерёг город Дамаск, чтобы схватить меня; и я в корзине был спущен из окна по стене и избежал его рук. |
КхидІа дозалла дан деза сан, цунах бала цхьа а тайпана пайда бацахь а. Везачу Эло сайна хьалха хІиттийначу суьртех а, дІадиллинчу хІуманех а лаьцна дуьйцур ду аса. | Не полезно хвалиться мне, ибо я приду к видениям и откровениям Господним. |
Суна Дала леррина Къобалвинчуьнца волу цхьа стаг вевза. Дейтта шо хьалха, (дегІаца я синца ваьккхина ца хаьа суна, иза Далла бен хуур дац) и стаг кхоалгІачу стигала хьалаваьккхина хилла. | Знаю человека во Христе, который назад тому четырнадцать лет (в теле ли — не знаю, вне ли тела — не знаю: Бог знает) восхищён был до третьего неба. |
И стаг, (дегІаца я синца делахь а, суна иза ца хаьа, цхьана Далла бен) | И знаю о таком человеке ([только] не знаю — в теле, или вне тела: Бог знает), |
ялсамане кхачийна. Цигахь цхьаьнгге а алалур доцу дешнаш хезна цунна. И дешнаш цхьаммо а ала мегар дац. | что он был восхищён в рай и слышал неизречённые слова, которых человеку нельзя пересказать. |
Ишттачу стагах дозалла дойла ю сан. Ткъа сайх дозалла дойла яц сан, сайн гІорасизаллех доцург. | Таким [человеком] могу хвалиться; собою же не похвалюсь, разве только немощами моими. |
Нагахь сайна дозалла дан лиъча а, со сонта хир вац, аса бакъдерг дуьйцу дела. Амма айса сайх дозаллаш дарх юхауьйзу аса со, шух цхьанна соьгара гиначул а, соьгара хезначул а совдерг ца хетадалийтархьама. | Впрочем, если захочу хвалиться, не буду неразумен, потому что скажу истину; но я удерживаюсь, чтобы кто не подумал о мне более, нежели сколько во мне видит или слышит от меня. |
Делера долу даккхий дІаделладаларш бахьана долуш со кура ца валийта, сан дегІах цхьа кІохцал дахийтинера: со хьийзорхьама, иблисан геланча ваийтинера! | И чтобы я не превозносился чрезвычайностью откровений, дано мне жало в плоть, ангел сатаны, удручать меня, чтобы я не превозносился. |
Везачу Эле кхузза дехнера аса, и кІохцал сох дІакъастаде аьлла. | Трижды молил я Господа о том, чтобы удалил его от меня. |
Ткъа Везачу Эло соьга элира: «Тоьар ду хьуна Соьгара долу дика, хІунда аьлча Сан ницкъ хьан гІорасизаллехула кхоччуш гучубоккху». Суна чохь Дала леррина Къобалвинчун ницкъ хилийтархьама, сайн гІорасизаллех долу дозаллаш совдохур ду аса. | Но [Господь] сказал мне: «довольно для тебя благодати Моей, ибо сила Моя совершается в немощи». И потому я гораздо охотнее буду хвалиться своими немощами, чтобы обитала во мне сила Христова. |
Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа иза хиларна, со реза ву сайн гІорасизаллина а, со дола хетарна а, халонашна а, суна тІаьхьабовларна а, цатемашна а, хІунда аьлча со гІорасиза волччу хенахь сан ницкъ а хуьлу. | Посему я благодушествую в немощах, в обидах, в нуждах, в гонениях, в притеснениях за Христа, ибо, когда я немощен, тогда силён. |
Сайх сонтаниг вира аса, амма иза аша дайтира соьга. Сох дозаллаш аша дан дезара, хІунда аьлча со хІумма а воцург велахь а, оцу шун «лакхарчу векалел» со цхьана а хІуманна тІехь а оьшуш вац. | Я дошёл до неразумия, хвалясь; вы меня [к сему] принудили. Вам бы надлежало хвалить меня, ибо у меня ни в чём нет недостатка против высших Апостолов, хотя я и ничто. |
Шуна юкъахь а хуьлуш, мел долчу собарца со векал хиларан тоьшалла дора ас: аса тамашийна гІуллакхаш а, инзаре хІуманаш а, нуьцкъала гІуллакхаш а дора. | Признаки Апостола оказались перед вами всяким терпением, знамениями, чудесами и силами. |
Шуна сайх бала ца бар доцург, кхечу динан тобанашца чул шуьца хІун вон хилира со? Оцу бехкана къинтІерадовлалаш суна. | Ибо чего у вас недостаёт перед прочими церквами, разве только того, что сам я не был вам в тягость? Простите мне такую вину. |
ХІинца кхозлагІа а шу долчу ван кийча ву со. Аса бала бийр бац шуна сайх. Шуьгара хІумма а ца доьху аса, ткъа шу лоьху. Бераш дац шайн дена-нанна бахам бан дезаш, амма дас-нанас шайн берашна бан беза иза. | Вот, в третий раз я готов идти к вам, и не буду отягощать вас, ибо я ищу не вашего, а вас. Не дети должны собирать имение для родителей, но родители для детей. |
Лаа а лууш, сайн мел болу бахам а, ур-атталла со-со а дІалур вара ас шун дуьхьа. Шуьга болу сан безам сов а болуш, соьга болу шун безам лагІлур буй те? | Я охотно буду издерживать [своё] и истощать себя за души ваши, несмотря на то, что, чрезвычайно любя вас, я менее любим вами. |
Шу реза хир ду аьлла хета суна, шуьгара хІума сайна схьа ца эцна ас. Амма цхьаболчара боху, аса иза сайн мекарлонашца а, хІилланашца а шуьгара схьаяьккхина. | Положим, [что] сам я не обременял вас, но, будучи хитр, лукавством брал с вас. |
ТІаккха шу долчу веанчу цхьанненгахула а сайна пайда ийцирий те аса шуьгара яьккхинчух? | Но пользовался ли я [чем] от вас через кого-нибудь из тех, кого посылал к вам? |
Аса Тите шу долчу вахар дийхира, цуьнца цхьаьна динан вежарех цхьаъ вохуьйтуш. Шуьгара хІумма а схьаийцирий цо? Дийриг цхьана синехула деш дацара оха, цхьана новкъахула лелаш дацара тхо? | Я упросил Тита и послал с ним одного из братьев: Тит воспользовался ли чем от вас? Не в одном ли духе мы действовали? Не одним ли путём ходили? |
Тхо шайна хьалха бехказадуьйлу-м ца моьтту те шуна хІинца а? ХІан-хІа! Дала леррина Къобалвинчуьнца а долуш, оха Далла хьалха боху шуьга. Ткъа и дерриге а, хьоменаш, шу синца чІагІдархьама деш ду. | Не думаете ли ещё, что мы [только] оправдываемся перед вами? Мы говорим пред Богом, во Христе, и всё это, возлюбленные, к вашему назиданию. |
Кхоьру со, шу долчу веача, сайна луур доцучу тайпана шу хилла карорна. Иштта со кхоьру, со хила луур доцучу кепехь шуна со караварх. Кхоьру со, шуна юкъахь ишттаниг карадарна: девнаш дийлар, хьагІ хилар, дералла, шена пайда лехар, мотт беттар, харцдерг кхоллар, кураллаш хилар, низам цахилар. | Ибо я опасаюсь, чтобы мне, по пришествии моём, не найти вас такими, какими не желаю, также чтобы и вам не найти меня таким, каким не желаете: чтобы [не найти у вас] раздоров, зависти, гнева, ссор, клевет, ябед, гордости, беспорядков, |
Со кхоьру, шу долчу юхавеача, сан Дала шуна хьалха со лахара хетийтарх. Хьалха къинош а летийна, ткъа хІинца а сийсаза леларх а, хьарамлонаш лелаярх а, меттаза леларх а дІа ца бирзина болчу дукхахболчарна тІехь сайн велха дезарх кхоьру со. | чтобы опять, когда приду, не уничижил меня у вас Бог мой и [чтобы] не оплакивать мне многих, которые согрешили прежде и не покаялись в нечистоте, блудодеянии и непотребстве, какое делали. |
Со кхозлагІа а вогІу шу долчу. Делан Йозанаша боху: «ХІорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула бен чІагІдийр дац». | В третий уже раз иду к вам. При устах двух или трёх свидетелей будет твёрдо всякое слово. |
Со шозлагІа веанчу хенахь, аса дІахьедар динера къинош летош болчаьрга а, кхиболчу массаьрга а, ткъа хІинца, со шу долчу дІавале, ас кхин цкъа а дІахоуьйту цаьрга: со юха дІавеача, цхьаннах а къинхетам бийр бац аса. | Я предварял и предваряю, как бы находясь [у вас] во второй раз, и теперь, отсутствуя, пишу прежде согрешившим и всем прочим, что, когда опять приду, не пощажу. |
Соьгахула бохуш верг Дала леррина Къобалвинарг хиларан тоьшалла лоьху те аша? Шуьца ларош волу Иза гІорасиза вац. Мелхо а, Цо Шен ницкъ шуна юкъахь гойту. | Вы ищете доказательства на то, Христос ли говорит во мне: Он не бессилен для вас, но силён в вас. |
ХІунда аьлча Иза гІорасизниг санна жІарах дІатоьхнехь а, амма Делан ницкъаца дийна ву. Иштта тхо а ду, Цуьнца долуш гІорасиза делахь а, амма шун дуьхьа тхо Делан ницкъаца дехар ду Цуьнца цхьаьна. | Ибо, хотя Он и распят в немощи, но жив силою Божиею; и мы также, [хотя] немощны в Нём, но будем живы с Ним силою Божиею в вас. |
Баккъалла а тешарехула шаьш дехаш дуй те аьлла, шаьш-шайн зелаш. Шаьш-шайн талла. Я шуна ца хаьа те, Дала леррина Къобалвина Іийса шуьца вуйла? Я зерах чекх ца девлла те шу? | Испытывайте самих себя, в вере ли вы; самих себя исследывайте. Или вы не знаете самих себя, что Иисус Христос в вас? Разве только вы не то, чем должны быть. |
Зерах чекх ца довлалуш тхо ца диснийла шуна хуур ду аьлла, со тешна ву. | О нас же, надеюсь, узнаете, что мы то, чем быть должны. |
Оха Деле доІанаш до, шуьга цхьана а тайпана зулам ца дайтар доьхуш. Иза оха ца доьху, тхаьш зерах чекхдевлла хилар гайтархьама, амма тхо зерах чекх ца девлла шуна моьттушехь, шуьга дика дайтархьама доьху. | Молим Бога, чтобы вы не делали никакого зла, не для того, чтобы нам показаться, чем должны быть; но чтобы вы делали добро, хотя бы мы казались и не тем, чем должны быть. |
ХІунда аьлча билггал бакъдолчунна дуьхьалдовла ницкъ бац тхан, амма цунна гІоле хІума дан ницкъ болуш ду. | Ибо мы не сильны против истины, но сильны за истину. |
Тхо гІорасиза долчу хенахь, шу ницкъ болуш хиларна даккхийдеш ду тхо. Оха Деле доІанаш до, шун кхоччуш кхиар хилар доьхуш. | Мы радуемся, когда мы немощны, а вы сильны; о сём-то и молимся, о вашем совершенстве. |
Со шу долчу вале, яздо аса шуьга, шу долчу веача, Везачу Эло сайна хІаллакдан а доцуш, синца чІагІдарна деллачу олаллица со шуьца тІех буьрса ца хилийтархьама. | Для того я и пишу сие в отсутствии, чтобы в присутствии не употребить строгости по власти, данной мне Господом к созиданию, а не к разорению. |
Чекхволуш, динан вежарий, маршалла ло ас шуьга! Кхоччуш хила гІерталаш, сан кхайкхамашка ладогІалаш, шайн ойланашца цхьаалла йолуш хилалаш, машарца Іелаш. ТІаккха безаман а, машаран а волу Дела шуьца хир ву. | Впрочем, братия, радуйтесь, усовершайтесь, утешайтесь, будьте единомысленны, мирны,— и Бог любви и мира будет с вами. |
Доггах вовшашка маршаллаш хатта. Делан долахь болчу массара а маршаллаш доуьйту шуьга. | Приветствуйте друг друга лобзанием святым. Приветствуют вас все святые. |
Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дика а, Делан безам а, Делан Синан тІекаре а хуьлийла шуьца массаьрца а. | Благодать Господа нашего Иисуса Христа, и любовь Бога Отца, и общение Святаго Духа со всеми вами. Аминь. |
ХІара кехат яздо шуьга аса, векал волчу ПахІала. Цхьанна а тобано я цхьанна а адамехула къобалвина вац со. Векал а вина, со дІахьажийнарш бу Дала къобалвина волу Іийса а, Иза веллачуьра денвина волу вайн Да волу Дела а. | Павел Апостол, [избранный] не человеками и не через человека, но Иисусом Христом и Богом Отцем, воскресившим Его из мёртвых, |
Аса а, соьца болчу массо а динан вежарша а маршалла доуьйту шуьга, Галата-махкарчу Іийсах тешначу нехан тобанашка. | и все находящиеся со мною братия — церквам Галатийским: |
Вайн Да волчу Делера а, вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, машар а хуьлда шуна. | благодать вам и мир от Бога Отца и Господа нашего Иисуса Христа, |
Вайн къинош бахьана долуш Ша дІавелла Цо, вайн Да волчу Делан лаамца кху зуламечу заманах вай кІелхьардахархьама. | Который отдал Себя Самого за грехи наши, чтобы избавить нас от настоящего лукавого века, по воле Бога и Отца нашего; |
Сийлалла хуьлийла Цуьнан массо а заманахь. Амин. | Ему слава во веки веков. Аминь. |
Со цецвуьйлу шух! Дала леррина Къобалвинчун маьхза долу дика бахьана долуш Дала шу Шена тІе ма озийна! Ткъа шу, иштта сиха Цуьнгахьара дІа а дирзина, кхечу хьехамна тІаьхьахІитта дохку. | Удивляюсь, что вы от призвавшего вас благодатью Христовою так скоро переходите к иному благовествованию, |
Ткъа иза-м кхин тайпа хаза кхаъ бац, амма цхьаболу нах бу шун дегнаш чу шеко а тосуш, шуна Дала леррина Къобалвинчо беана хаза кхаъ харцахьабаккха лууш. | которое [впрочем] не иное, а только есть люди, смущающие вас и желающие превратить благовествование Христово. |
Ткъа оха шуна беанчу хазачу кхоана метта я оха а, я стигаларчу малико а кхин кхаъ бахьахь, Делан неІалт хуьлийла царна. | Но если бы даже мы или Ангел с неба стал благовествовать вам не то, что мы благовествовали вам, да будет анафема. |
Айса хьалха ма-аллара, хІинца юха а боху ас: нагахь аша тІеэцна болчу кхоана дуьхьал цхьаммо кхин кхаъ беанехь, Делан неІалт хуьлийла цунна тІехь. | Как прежде мы сказали, [так] и теперь ещё говорю: кто благовествует вам не то, что вы приняли, да будет анафема. |
Ткъа хІинца нахана хьалха диканиг хилар лоьху те ас я Далла хьалха дика хилар лоьху те? Адамашна хьалха диканиг хилар лоьхий те ас? Нагахь аса адамашна хьалха со дика хетар хІинца а лехахьара, Дала леррина Къобалвинчун гІуллакх деш верг хир вацара со. | У людей ли я ныне ищу благоволения, или у Бога? людям ли угождать стараюсь? Если бы я и поныне угождал людям, то не был бы рабом Христовым. |
Аса дІахоуьйту шуьга, динан вежарий, йижарий, ас шуна кхайкхийна хаза кхаъ адамашкара боцийла. | Возвещаю вам, братия, что Евангелие, которое я благовествовал, не есть человеческое, |
ХІунда аьлча аса и хаза кхаъ адамашкара тІеэцна а бацара, амма Дала леррина къобалвинчу Іийсас и кхаъ суна бовзийтина хилар бахьана долуш, ас и кхаъ тІеийцира. | ибо и я принял его и научился не от человека, но через откровение Иисуса Христа. |
Шуна хезна-кх сох лаьцна, хьалха бакъволу жуьгти хилла леллачу хенахь со муха вара. Шуна хаьа, мел къиза тІаьхьаваьллера со Іийсах тешначийн Делан долахь йолчу тобанашна, уьш хІаллак а еш. | Вы слышали о моём прежнем образе жизни в Иудействе, что я жестоко гнал Церковь Божию, и опустошал её, |
Сайн тайпанара болчу жуьгтийн нийсархошна юкъахь, сайн дайша лелийна Іадаташ лардар тІехь хьалхе йоккхуш стаг вара со. | и преуспевал в Иудействе более многих сверстников в роде моём, будучи неумеренным ревнителем отеческих моих преданий. |
Со дуьненна тІе а валале, со къастийначу Дала, Ша суна динчу диканца, | Когда же Бог, избравший меня от утробы матери моей и призвавший благодатью Своею, благоволил |
суна хьалха Шен КІант дІахІоттийра, Цунах лаьцна болу хаза кхаъ, жуьгтий боцучу, кхечу къаьмнех болчарна а кхайкхорхьама. Со ца вахара цхьанна а адамах дагавала а, | открыть во мне Сына Своего, чтобы я благовествовал Его язычникам,— я не стал тогда же советоваться с плотью и кровью, |
я Ярушалайм-гІала а ца вахара со, сол хьалха векалш хилла болчарна тІе. Амма со Іаьрби-махка а вахана, тІаккха Дамасакх-гІала юхавирзира. | и не пошёл в Иерусалим к предшествовавшим мне Апостолам, а пошёл в Аравию, и опять возвратился в Дамаск. |
Цул тІаьхьа, кхо шо даьлча, ШамІа-Кипа вовзархьама Ярушалайм-гІала вахара со. И волчохь аса пхийтта де даьккхира. | Потом, спустя три года, ходил я в Иерусалим видеться с Петром и пробыл у него дней пятнадцать. |
Ткъа кхечу векалех, Везачу Элан ваша Якъуб воцург, цхьа а ца гира суна. | Другого же из Апостолов я не видел [никого], кроме Иакова, брата Господня. |
Ас шуьга яздийриг бакъ хиларх Дела теш ву. | А в том, что пишу вам, пред Богом, не лгу. |
ТІаккха Сири-махка а, Килик-махка а вахара со. | После сего отошёл я в страны Сирии и Киликии. |
Ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш болчу жуьгташна со юьхь тІера ца вевзара. | Церквам Христовым в Иудее лично я не был известен, |
Царна хезнера, наха олуш: «Хьалха вай хІаллакдан тІаьхьаваьлла волу стаг ша бухенца дІадаккха гІиртина долу дин хІинца кхайкхош лелаш ву», – аьлла. | а только слышали они, что гнавший их некогда ныне благовествует веру, которую прежде истреблял,— |
ТІаккха суна тІера цара Далла хастамаш бора. | и прославляли за меня Бога. |
Subsets and Splits
No community queries yet
The top public SQL queries from the community will appear here once available.