che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
Цул тІаьхьа дейтта шо даьлча, со юха а Бар-Наабаца, сайца Тита а вуьгуш, Ярушалайме вахара.
Потом, через четырнадцать лет, опять ходил я в Иерусалим с Варнавою, взяв с собою и Тита.
Со вахара, Дала, цига со ваха веза аьлла, сайна схьадиллина дела. ТІаккха айса кхечу къаьмнашна юкъахь кхайкхош болу хаза кхаъ цигахь болчу динан вежаршна а бовзийтира аса. Амма аса иза, массо а халкъана юкъахь доцуш, шун керла векалш болчуха лелачарна юкъахь дІабовзийтира, айса хьалха дина а, хІинца до а гІуллакх эрна...
Ходил же по откровению, и предложил там, и особо знаменитейшим, благовествование, проповедуемое мною язычникам, не напрасно ли я подвизаюсь или подвизался.
Ур-атталла соьца волу Тита а, грекахо воллушехь, сунтван ца дийзира.
Но они и Тита, бывшего со мною, хотя и Еллина, не принуждали обрезаться,
Ткъа сунтварах лаьцна дийца дийзира тхан. ХІунда аьлча цхьаболу харцвежарий къайлаха тхуна юкъабаьхкинера, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца хиларна тхан йолчу паргІатоне а хьаьвсина, юха а тхох леш дархьама.
а вкравшимся лжебратиям, скрытно приходившим подсмотреть за нашею свободою, которую мы имеем во Христе Иисусе, чтобы поработить нас,
Оха цара бохург ца дира, хазачу кхоан тІехь долу бакъдерг шуьца хилийтархьама.
мы ни на час не уступили и не покорились, дабы истина благовествования сохранилась у вас.
Ярушалаймера тешаш болчу наха лоруш болчара а (уьш хьалха муьлш хиллехь а, суна-м бен а дац, хІунда аьлча Далла хьалха массо а адам цхьаъ а ду) сан хьехамна хІумма а тІе ца туьйхира.
И в знаменитых чем-либо, какими бы ни были они когда-либо, для меня нет ничего особенного: Бог не взирает на лице человека. И знаменитые не возложили на меня ничего более.
Цара мелхо а чІагІдира, хаза кхаъ кхечу къаьмнашна кхайкхор суна тІедиллина хилар, иза жуьгташна хьехар Кипина тІедилларе терра.
Напротив того, увидев, что мне вверено благовестие для необрезанных, как Петру для обрезанных—
ХІунда аьлча Кипех жуьгтийн халкъана векал Винчо, сох а вина кхечу къаьмнашна векал.
ибо Содействовавший Петру в апостольстве у обрезанных содействовал и мне у язычников,—
Дала и Шен дика суна а деллий хиъча, Іийсах тешаш болчу наха шайн гІортораш лоруш болчу Якъуба а, Кипас а, Яхьъяс а соьга а, Бар-Наабе а доттагІаллин куьг кховдийра. Цара барт бира, уьш жуьгташна хаза кхаъ кхайкхош баха беза, ткъа тхо иза кхечу къаьмнашна кхайкхош даха деза аьлла.
и, узнав о благодати, данной мне, Иаков и Кифа и Иоанн, почитаемые столпами, подали мне и Варнаве руку общения, чтобы нам [идти] к язычникам, а им к обрезанным,
Деккъа цхьа дехар дира цара: мисканаш дагахь латтабар. Изза дан со а чІогІа гІертара.
только чтобы мы помнили нищих, что и старался я исполнять в точности.
Ткъа Кипа Антиох-гІала веанчу хенахь, иза суна юьхь-дуьхьал волуш, со дуьхьалвелира цунна, и бехке волу дела.
Когда же Пётр пришёл в Антиохию, то я лично противостал ему, потому что он подвергался нареканию.
ХІунда аьлча, Якъуб волчуьра цхьаболу нах схьабахкале, Кипас яа хІума йоура кхечу къомах сунтбаза болчу нахаца цхьаьна. Ткъа Якъуб волчуьра и сунтбина болу нах баьхкича, царах ийзалуш, иза юьстахвуьйлура.
Ибо, до прибытия некоторых от Иакова, ел вместе с язычниками; а когда те пришли, стал таиться и устраняться, опасаясь обрезанных.
Цуьнца цхьаьна кхиболу жуьгтий а буьйлабелира моттаргІанаш ян. Цундела ур-атталла Бар-Нааба а дІакхийтира моттаргІанаш лелочарех.
Вместе с ним лицемерили и прочие Иудеи, так что даже Варнава был увлечён их лицемерием.
Амма, уьш хазачу кхоан тІера бакъдолчуьнца нийсса лелаш ца хилар сайна гича, массарна хьалха аса Кипе элира: «Нагахь хьо, жуьгти воллушехь, жуьгтий санна а ца лелаш, кхечу къаьмнех берш санна лелча, ахьа муха гІертор бу уьш жуьгтийн Іадаташ тІе?
Но когда я увидел, что они не прямо поступают по истине Евангельской, то сказал Петру при всех: если ты, будучи Иудеем, живёшь по-язычески, а не по-иудейски, то для чего язычников принуждаешь жить по-иудейски?
Вайшиъ дуьнен чуволуш дуьйна а жуьгти ву. Шайна тІехь къинош долчу къаьмнашна юкъа ца вогІу вайшиъ.
Мы по природе Иудеи, а не из язычников грешники;
Амма вайна хууш ду, Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешаро бен цхьа а адам Далла хьалха бакъ ца дойла. Товрат-хьехамаш кхочушбарца цхьа а Далла хьалха бакъвийр вац. Иштта вайшиъ Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешнера, товрат-хьехамаш тІера гІуллакхаш кхочушдарца а доцуш, амма ваьш Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешар...
однако же, узнав, что человек оправдывается не делами закона, а только верою в Иисуса Христа, и мы уверовали во Христа Иисуса, чтобы оправдаться верою во Христа, а не делами закона; ибо делами закона не оправдается никакая плоть.
Нагахь, Дала леррина Къобалвинчуьнца хиларна, Далла хьалха ваьш бакъдар лоьххушехь вайшиъ а къинош летораш санна лелча, Дала леррина Къобалвинарг вуй те вайга къилахь долу гІуллакхаш дойтуш верг? Дера вац!
Если же, ища оправдания во Христе, мы и сами оказались грешниками, то неужели Христос есть служитель греха? Никак.
ХІунда аьлча, цкъа хІаллакдинарг юха меттахІоттош хилча, аса товрат-хьехамашна дуьхьал а ваьлла, со зуламхо хилар гойту.
Ибо если я снова созидаю, что разрушил, то сам себя делаю преступником.
Товрат-хьехамаша со хІаллаквина, цундела со оцу хьехамашна гергахь велла ву, Делан дуьхьа вāхархьама. Со а, Дала леррина Къобалвинчуьнца жІарах дІатоьхча санна, велла.
Законом я умер для закона, чтобы жить для Бога. Я сораспялся Христу,
Бакъдерг аьлча хІинца вехаш верг со вац, ткъа Дала леррина Къобалвинарг соьгахула вехаш ву. Со дилха долуш вехаш хиларан бахьана ду, со веза а везна, Ша сан дуьхьа дІавелла волчу Делан КІантах тешаш со вехаш хилар.
и уже не я живу, но живёт во мне Христос. А что ныне живу во плоти, то живу верою в Сына Божия, возлюбившего меня и предавшего Себя за меня.
Сайна Дала маьхза делла дика дІа ца тотту ас. ХІунда аьлча бакъвар товрат-хьехамо кхочушдеш делахьара, Дала леррина Къобалвинарг валар эрна хир дара!»
Не отвергаю благодати Божией; а если законом оправдание, то Христос напрасно умер.
Ва сонта галатахой! Хьан тилийна те шу? Аса хаза кхаъ хьоьхучу хенахь Дала леррина Къобалвинарг жІарах дІатохаран сурт ма-хІуттура шун бІаьргашна дуьхьал!
О, несмысленные Галаты! кто прельстил вас не покоряться истине, [вас], у которых перед глазами предначертан был Иисус Христос, [как] [бы] у вас распятый?
Цхьа хІума хаа лаьа суна шуьгара: товрат-хьехамашна тІера гІуллакхаш кхочушдарна делла те шуна Делан Са, я хаза кхаъ а хезна, шу цунах тешарна делла те Иза?
Сие только хочу знать от вас: через дела ли закона вы получили Духа, или через наставление в вере?
Оццул сонта ду те шу, шаьш Делан Синца долийна дахар адаман шен ницкъах тешна чекхдаккхал?
Так ли вы несмысленны, что, начав духом, теперь оканчиваете плотью?
Аша мел хьегна баланаш эрна хилла те? Со тешна ву и дерриг а эрна хилла ца хиларх!
Столь многое потерпели вы неужели без пользы? О, если бы только без пользы!
Шен Са а, шуна юкъахь дина Іаламаташ а, аша товрат-хьехамашна тІера гІуллакхаш кхочушдарна луш ду шуна Дала, Цуьнгара болу хаза кхаъ а хезна, шу цунах тешарна а доцуш?!
Подающий вам Духа и совершающий между вами чудеса через дела ли закона [сие производит], или через наставление в вере?
Делан Йозанаш тІехь ИбрахІимах лаьцна аьлла ма ду: «Иза тийшира Делах, цундела Дала иза Шена хьалха бакъвина лерира».
Так Авраам поверил Богу, и это вменилось ему в праведность.
Иштта хаалаш, билггала ИбрахІиман тІаьхьенах берш Делах тешарш бу.
Познайте же, что верующие суть сыны Авраама.
Делан Йозанаша, хиндерг а дуьйцуш, кхечу къаьмнийн халкъаш а церан тешарехула Дала бакъдийриг хиларх лаьцна хаам бинера ИбрахІиме: «Дуьнен чуьра массо а халкъаш а Дала хьоьгахула декъалдийр ду», – аьлла.
И Писание, провидя, что Бог верою оправдает язычников, предвозвестило Аврааму: в тебе благословятся все народы.
Цундела тешаш берш Делах тешаш хиллачу ИбрахІимца а декъала хуьлу.
Итак верующие благословляются с верным Авраамом,
Ткъа товрат-хьехамашна тІера бакъахьара гІуллакхаш кхочушдарца шаьш Далла хьалха бакъхила луурш неІалтана кІел бу. ХІунда аьлча яздина ду: «Товрат-хьехамашна тІехь яздина долу дерриге а даим а кхочушдеш воцучу хІоранна а тІехь неІалт ду», – аьлла.
а все, утверждающиеся на делах закона, находятся под клятвою. Ибо написано: проклят всяк, кто не исполняет постоянно всего, что написано в книге закона.
Ткъа товрат-хьехамашна тІера гІуллакхаш кхочушдарца Далла хьалха цхьа а бакъвийр воцийла вайна хууш ду, хІунда аьлча: «Делан лаамехь верг Цунах тешарца вехар ву».
А что законом никто не оправдывается пред Богом, это ясно, потому что праведный верою жив будет.
Муса-пайхамаран товрат тІехь долчу бакъахьарачу гІуллакхийн цхьа а уьйр яц тешарца, цу тІехь аьлла ду: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву».
А закон не по вере; но кто исполняет его, тот жив будет им.
Мах а белла, Дала леррина Къобалвинчо кІелхьардаьхна вай и товрат-хьехамаш кхочуш ца барна хуьлучу неІалтах, и неІалт Шена тІе а лаьцна. ХІунда аьлча Делан Йозанаш тІехь яздина ду: «Диттах ирхъоьллинчу хІоранна а тІехь неІалт ду», – аьлла.
Христос искупил нас от клятвы закона, сделавшись за нас клятвою — ибо написано: проклят всяк, висящий на древе,—
И дерриг а кхочушхилла, Дала ИбрахІиме лур ду аьлла долу декъалалла, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула кхечу къаьмнашна а далийтархьама а, вайн Шех тешар бахьана долуш, вайна чІагІо еш, Ша лур ду аьлла Делан Са вайна далархьама а.
дабы благословение Авраамово через Христа Иисуса распространилось на язычников, чтобы нам получить обещанного Духа верою.
Динан вежарий, йижарий, аса вайн дахарехь долу цхьа масала далор ду шуна. Ур-атталла адамаша шайна юкъахь чІагІбина болчу бартана цхьаммо а йиш яц хІумма а цунна я тІетоха, я иза бохо а.
Братия! говорю по [рассуждению] человеческому: даже человеком утверждённого завещания никто не отменяет и не прибавляет [к нему].
Ткъа Дала, чІагІо еш, элира Ша ИбрахІимна а, цуьнан тІаьхьенах волчунна а лун дерг. Дацара и аьлла: «тІаьхьенах болчарна» бохург дуккханех лаьцна долуш санна, амма цхьаннах лаьцна долуш санна аьллера, «хьан тІаьхьенах волчунна» аьлла. Иза ву Дала леррина Къобалвинарг.
Но Аврааму даны были обетования и семени его. Не сказано: и потомкам, как бы о многих, но как об одном: и семени твоему, которое есть Христос.
Ас бохург хІара ду: диъ бІе ткъе итт шо даьлча а, Дала беллачу товрат-хьехамаша Дала Ша кхул хьалха бина болу барт бохо йиш яц. Цундела Ша лур ду аьлла йина чІагІо дІа а ца яьккхира Дала.
Я говорю то, что завета о Христе, прежде Богом утверждённого, закон, явившийся спустя четыреста тридцать лет, не отменяет так, чтобы обетование потеряло силу.
Нагахь Дала Ша лур ду аьлларг товрат-хьехамаш кхочушбарна луш делахьара, иза Ша чІагІо ярна луш хир дацара. Ткъа ИбрахІимна Дала Ша лур ду аьлларг, Шен дикалле хьаьжжина, чІагІо ярна делла.
Ибо если по закону наследство, то уже не по обетованию; но Аврааму Бог даровал [оное] по обетованию.
ТІаккха стенна оьшу те товрат-хьехамаш? Уьш тІетоьхна бара адамашна шаьш летош долу къинош гайтархьама. Иза хир дара ИбрахІиман тІаьхьенах верг ваийтталц. Ткъа цу тІаьхьенах волчунна Дала чІагІо йинера, Ша декъалалла лур ду аьлла. Товрат-хьехамаш адамашна юкъа маликашкахула баийтина юкъарло лелошволчун гІоьнца.
Для чего же закон? Он дан после по причине преступлений, до времени пришествия семени, к которому [относится] обетование, и преподан через Ангелов, рукою посредника.
Ша цхьаъ волчунна юкъарло лелошверг ца оьшу. Ткъа Дела цхьаъ ву!
Но посредник при одном не бывает, а Бог один.
ТІаккха товрат-хьехамаша Дала йинчу чІагІонашна дуьхьало йой те? Йойла а дац! ХІунда аьлча, нагахь адамашна деллачу товрато Дела волчохь хедар доцу дахар луш делахьара, къинойх бехказадовлар товрат-хьехамаш ма-бохху кхочушбарца доьзна хир дара.
Итак закон противен обетованиям Божиим? Никак! Ибо если бы дан был закон, могущий животворить, то подлинно праведность была бы от закона;
Амма Делан Йозанаша боху массо адамаш къинойн олаллехь ду. Делан Йозанийн Іалашо яра Дала чІагІо еш лур ду аьлларг Іийсах тешачарна дала, церан тешар бахьана долуш.
но Писание всех заключило под грехом, дабы обетование верующим дано было по вере в Иисуса Христа.
Ткъа и тешаран зама тІекхачале, вай оцу товрат-хьехамийн олаллехь дара, Далла хила лиъна долу и тешар довзийтталц.
А до пришествия веры мы заключены были под стражею закона, до того [времени], как надлежало открыться вере.
Иштта Дала леррина Къобалвинарг схьаваллалц, вайна тІе хІоттийна волу тІехьожург санна, дара товрат, тІаккха Цунах тешар бахьана долуш Далла хьалха вай бакъдархьама.
Итак закон был для нас детоводителем ко Христу, дабы нам оправдаться верою;
Ткъа хІинца, и тешар деана дІахІоьттинчу хенахь дуьйна, вай товрат-хьехамийн олаллехь дац кхин.
по пришествии же веры, мы уже не под [руководством] детоводителя.
Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешарца шу массо а Делан кІентий ду.
Ибо все вы сыны Божии по вере во Христа Иисуса;
ХІинца Дала леррина Къобалвинчун дола а довлуш, шаьш хих чекхдахийтина дела, Іийсан бедарш тІеюьйхича санна, Цуьнан васт схьаэцна аша.
все вы, во Христа крестившиеся, во Христа облеклись.
Бац шуна юкъахь я жуьгтий а, я кхечу къомах долу адамаш а, я лай а вац, я паргІатниг а вац, я божарий а, я зударий а дац шу – шу массо а Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна цхьаъ ду.
Нет уже Иудея, ни язычника; нет раба, ни свободного; нет мужеского пола, ни женского: ибо все вы одно во Христе Иисусе.
Нагахь шу Дала леррина Къобалвинчун делахь, тІаккха шу ИбрахІиман тІаьхьенах ду. Цундела шуна а кхочур ду, Дала, чІагІо еш, лур ду аьлларг.
Если же вы Христовы, то вы семя Авраамово и по обетованию наследники.
Амма аса боху шуьга: тІаьхьенах дакъа кхочун долу кІант пхийттара валале йолчу хенахь, ша массо а хьолан да воллушехь, цхьана а хІуманна тІехь лех къаста ца ло.
Ещё скажу: наследник, доколе в детстве, ничем не отличается от раба, хотя и господин всего:
Цу берана тІехь олалла а деш, цуьнан дола а деш, тІехьожуш хІоттийна ялхо хуьлу, цуьнан дас билгалъяьккхина хан тІекхаччалц.
он подчинён попечителям и домоправителям до срока, отцом [назначенного].
Иштта вай а дара, ваьш бераш долчу хенахь, кху дуьненах долчу парзийн а, Іадатийн а долахь.
Так и мы, доколе были в детстве, были порабощены вещественным началам мира;
Ша билгалъяьккхина зама тІекхаьчча, Дала ваийтира зудчо дуьнен тІе ваьккхина волу Шен КІант. Иза а вара товрат-хьехамийн долахь,
но когда пришла полнота времени, Бог послал Сына Своего (Единородного), Который родился от жены, подчинился закону,
цу хьехамийн долахь берш паргІат а баьхна, вайх а Делан бераш дархьама.
чтобы искупить подзаконных, дабы нам получить усыновление.
Ткъа хІинца шу Делан бераш хилар гойтуш, Дала Шен КІентан Са даийтина шун дегнаш чу, массо а Іийсах тешаш болчеран санна. Цу Сино Деле кхойкху: «Дада, Сан Да!» – бохуш.
А как вы — сыны, то Бог послал в сердца ваши Духа Сына Своего, вопиющего: «Авва, Отче!»
Цундела хьо хІинца, лай а воцуш, Делан кІант ву. Ткъа хьох, кІант хилча, хьо Делехула Цуьнан тІаьхьенах а ву.
Посему ты уже не раб, но сын; а если сын, то и наследник Божий через Иисуса Христа.
ХІетахь, Дела шайна ца вевза дела, шу баккъалла а деланаш боцучеран долахь дара.
Но тогда, не знав Бога, вы служили [богам], которые в существе не боги.
Ткъа хІинца, шайна Дела вевзича, цул сов Далла шу а девзича, юха а цхьа а ницкъ боцучу, ледарчу парзашна а, Іадаташна а тІе а дирзина, юха а церан леш хила лаьа те шуна?
Ныне же, познав Бога, или, лучше, получив познание от Бога, для чего возвращаетесь опять к немощным и бедным вещественным началам и хотите ещё снова поработить себя им?
Цхьацца денош а, беттанаш а, заманаш а, шераш а лардо аша!
Наблюдаете дни, месяцы, времена и годы.
Кхоьру со, аса шуьца мел хьегна къа эрна хиларна.
Боюсь за вас, не напрасно ли я трудился у вас.
Хилийша, вежарий, со санна! ХІунда аьлча со а ма хилира, шу санна. Аша хьалха-м цкъа а цхьа а вониг ма ца дира суна.
Прошу вас, братия, будьте, как я, потому что и я, как вы. Вы ничем не обидели меня:
Шуна хаьа, со дуьххьара шуна хаза кхаъ кхайкхош веана волуш, со сайн дегІаца цамгар йолуш варий.
знаете, что, [хотя] я в немощи плоти благовествовал вам в первый раз,
Сох дог дала меттиг яьлла йоллушехь, шу ца даьшна дІа ца дирзира сох, амма аша со, Делан малик я Дала леррина къобалвина Іийса волуш санна, тІеийцира.
но вы не презрели искушения моего во плоти моей и не возгнушались [им], а приняли меня, как Ангела Божия, как Христа Иисуса.
Ткъа хІинца стенга дахана шун хазахетар? Со тешна ву, хІетахь, шайн йиш хиллехь, шайн бІаьргаш схьа а даьхна, уьш суна дала а шу кийча хилла хиларх.
Как вы были блаженны! Свидетельствую о вас, что, если бы возможно было, вы исторгли бы очи свои и отдали мне.
Ткъа хІинца, аса шуьга бакъдерг дийцича, сох шун мостагІа хилла?
Итак, неужели я сделался врагом вашим, говоря вам истину?
Суна хаьа и шаьш хаза кхаъ бахьа болчухā леларш шуна верасалла дан гІертий. Уьш шу шайгахьа даха лууш бу. Амма цара шу дикане далор дац. Царна, шу тхох дІа а къастийна, шун озабезам шайгахьа хила лаьа.
Ревнуют по вас нечисто, а хотят вас отлучить, чтобы вы ревновали по них.
Гуттар а озабезамехь хилар дика ду, со шуьца волччу хенахь бен хилла а ца Іаш.
Хорошо ревновать в добром всегда, а не в моём только присутствии у вас.
Сан бераш! Бер дуьненна чу долуш ненан хуьлу лазарш санна, сан юха а хуьлу-кх и лазам шу бахьанехь. Иза иштта хир а ду, Дала леррина Къобалвинчун вастехь шу хиллалц.
Дети мои, для которых я снова в муках рождения, доколе не изобразится в вас Христос!
Лаьар-кха суна, хІинца шу долччохь а волуш, кхечу озаца шуьца дийца, хІунда аьлча со инзар а вуьйлу шух, со кхеташ а вац-кх шух.
Хотел бы я теперь быть у вас и изменить голос мой, потому что я в недоумении о вас.
Алийша соьга, товрат-хьехамийн долахь хила лууш дерш, аша ла ца дугІу те цу тІехь долчуьнга?
Скажите мне вы, желающие быть под законом: разве вы не слушаете закона?
Цу тІехь яздина ма-ду, ИбрахІиман ши кІант хилла аьлла. Цхьаъ гІарбаш йолчу ХІажара винарг ву, важа паргІат йолчу ИбрахІиман зудчо винарг ву.
Ибо написано: Авраам имел двух сынов, одного от рабы, а другого от свободной.
ГІарбаш йолчо винарг массо бераш ма-хиллара вина ву. Ткъа ша паргІат йолчо винарг Дала чІагІо еш аьллачуьнца вина ву.
Но который от рабы, тот рождён по плоти; а который от свободной, тот по обетованию.
Иза шен кхин маьІна долуш дустар ду. И ши зуда Дала бина ши барт санна хуьлу. Цхьаъ Синай олучу лам тІехь бина барт бу. Цу бартаца леш беш хиларна, иза лай вина йолу ХІажар санна хуьлу.
В этом есть иносказание. Это два завета: один от горы Синайской, рождающий в рабство, который есть Агарь,
Ткъа Іаьрби-махкахь болу Синай-лам «ХІажарца» боьзна бу. Иза хІинца а лаьттахь йолуш йолу Ярушалайм санна лору. ХІунда аьлча Ярушалайм а, Цуьнан бераш санна лоруш болу бахархой а лоллехь бу.
ибо Агарь означает гору Синай в Аравии и соответствует нынешнему Иерусалиму, потому что он с детьми своими в рабстве;
Ткъа вайн нана санна лоруш йолу стигалшкара Ярушалайм паргІат ю.
а вышний Иерусалим свободен: он — матерь всем нам.
Яздина ма-ду: «Хазахета хьайна, бер ца хуьлуш ерг, цкъа а бер хилла а йоцург! Хазахетарца йоккхае, бер хуьлуш лазарша ца хьийзийнарг, хІунда аьлча йитинчун бераш сов ду, майра волуш йолчун чул».
Ибо написано: возвеселись, неплодная, нерождающая; воскликни и возгласи, не мучившаяся родами; потому что у оставленной гораздо более детей, нежели у имеющей мужа.
Ткъа шу, динан вежарий, Исхьакх а санна, Делан чІагІонца хилла бераш ду.
Мы, братия, дети обетования по Исааку.
ХІетахь стеган лаамца дуьнен чу ваьллачо Делан Са бахьана долуш ваьлларг эккхош хилла. Иза хІинца а ду иштта.
Но, как тогда рождённый по плоти гнал [рождённого] по духу, так и ныне.
Ткъа хІун боху Делан Йозанаша? «Эккхае и гІарбаш а, цуьнан кІант а, хІунда аьлча гІарбашо винчу кІанта паргІат йолчо винчу кІантаца тІаьхьадисинарг доькъур дац».
Что же говорит Писание? Изгони рабу и сына её, ибо сын рабы не будет наследником вместе с сыном свободной.
Цундела, динан вежарий, вай гІарбашан бераш а доцуш, паргІат йолчун бераш ду.
Итак, братия, мы дети не рабы, но свободной.
Дала леррина Къобалвинчо вай паргІатонехь дахийтархьама елира вайна паргІато. Цундела чІагІлой Іе шайн паргІатонехь, шаьш цхьаьнгге а юха а лолла ца лацийта.
Итак стойте в свободе, которую даровал нам Христос, и не подвергайтесь опять игу рабства.
Аса, ПахІала, боху шуьга: нагахь аша шаьш сунтдайтахь а, Дала леррина Къобалвинчуьнгахьара цхьа а пайда хир бац шуна.
Вот, я, Павел, говорю вам: если вы обрезываетесь, не будет вам никакой пользы от Христа.
Аса кхин а цхьа тоьшалла до хІора ша сунтвойтуш волчуьнга, цо товрат-хьехамаш тІера дерриге а гІуллакхаш кхочушдан деза аьлла.
Ещё свидетельствую всякому человеку обрезывающемуся, что он должен исполнить весь закон.
И хьехамаш кхочушбарца Далла хьалха бакъдар ду моьттуш долу шу, Дала леррина Къобалвинчух дІа а къаьстина, Дала луш долчу диканах девлла.
Вы, оправдывающие себя законом, остались без Христа, отпали от благодати,
Ткъа тхо сатуьйсуш ду тхешан тешарехула Далла хьалха тхаьш бакъдаре. Тхо цунах тешна а ду, Цуьнан Сино тхайна чохь дийриг бахьана долуш.
а мы духом ожидаем и надеемся праведности от веры.
ХІунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Іийсаца тхо хІинца цхьаъ хиларна, цхьа а маьІна дац я сунтваран а, я сунт ца варан а. Далла хьалха маьІна долу хІума цхьаъ ду: безаман гІуллакхаш хуьлуьйту тешар хилар.
Ибо во Христе Иисусе не имеет силы ни обрезание, ни необрезание, но вера, действующая любовью.
Шу хаза догІуш дара. Ткъа хьан йира те шуна бакъдолчунна тІаьхьахІитта новкъарло?
Вы шли хорошо: кто остановил вас, чтобы вы не покорялись истине?
Шу бакъдолчунна тІера дІадохуш болу кхетам шуьга Шена тІекхойкхучу Делера бац.
Такое убеждение не от Призывающего вас.
«КІеззигчу муьстачу бедо берриг а бод совсабо».
Малая закваска заквашивает всё тесто.
Далла хьалха со тешна ву аша шайн кхетам хуьйцург ца хиларх, ткъа шун дегнаш чу шеко тосуш волчунна кхел хир ю, милла а иза велахь а.
Я уверен о вас в Господе, что вы не будете мыслить иначе; а смущающий вас, кто бы он ни был, понесёт на себе осуждение.
Ткъа, динан вежарий, нагахь аса хІинца а сунтварах лаьцна кхайкхамаш беш белахьара, со хьийзо тІаьхьабевр барий суна? Иза иштта делахьара, сан жІарах лаьцна болчу хьехамаша цхьанна а вас йийр яцара!
За что же гонят меня, братия, если я и теперь проповедую обрезание? Тогда соблазн креста прекратился бы.
Шу гІалатдохуш берш, шаьш сунтбина а ца Іаш, баьІна а хилахьара!
О, если бы удалены были возмущающие вас!
Ткъа шу, динан вежарий, Дала паргІатоне кхайкхина ду. Амма ма битийша меттиг и паргІато зуламна хилийта, шайн хьарам лаамаш кхочушбарца. Дейша гІуллакхаш вовшашка безам болуш.
К свободе призваны вы, братия, только бы свобода ваша не была поводом к [угождению] плоти, но любовью служите друг другу.
ХІунда аьлча товрат-хьехамийн дуьззина долу маьІна хІокху дешнаш чохь ду: «Хьайн уллораниг хьо санна веза».
Ибо весь закон в одном слове заключается: люби ближнего твоего, как самого себя.
Амма, нагахь аша вовшашца къийсамаш а беш, шу вовшийн даа дуьйлалахь, хьовсалаш, баккъалла а шаьш а хІаллак ца хилийта!
Если же друг друга угрызаете и съедаете, берегитесь, чтобы вы не были истреблены друг другом.
Цундела боху ас шуьга, Делан Сино шаьш лела ма-дарра лела, тІаккха шайн хьарам лаамаш кхочушбийр бац аша.
Я говорю: поступайте по духу, и вы не будете исполнять вожделений плоти,
Вайн хьарам лаамашна гуттара а лаьа Делан Синан лаамана дуьхьал дерг дан. Уьш гуттара а вовшашна дуьхьал хуьлу, шуьга шайна луург ца дайтархьама.
ибо плоть желает противного духу, а дух — противного плоти: они друг другу противятся, так что вы не то делаете, что хотели бы.
Ткъа Делан Сино шу лелош делахь, шу товрат-хьехамийн долахь дац.
Если же вы духом водитесь, то вы не под законом.
Вайн хьарам лаамаш вайна бевзаш бу. Уьш бу: нахаца лелар, боьха лаамаш хилар, къилахь долу хІума дар,
Дела плоти известны; они суть: прелюбодеяние, блуд, нечистота, непотребство,