che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
цІушна корта беттар, бозбунчалла леладар, мостагІалла хилар, девнаш дахар, эмгаралла лелор, оьгІазъэхар, дагазаллаш хилар, барт ца хилар, декъадалар,
идолослужение, волшебство, вражда, ссоры, зависть, гнев, распри, разногласия, (соблазны), ереси,
цабезам хилар, малар тІехдаккхар, лар тІера валар, иштта кхидолу а ца оьшу хІуманаш дар. Цунах лаьцна, айса хьалха а ма-аллара, хІинца а боху аса шуьга, и гІуллакхаш деш берш Делан Олалле кхочур бац.
ненависть, убийства, пьянство, бесчинство и тому подобное. Предваряю вас, как и прежде предварял, что поступающие так Царствия Божия не наследуют.
Ткъа Делан Сино кхуллуш дерг хІара ду: безам, хазахетар, деган машар, доккха собар, вовшашца безамехь хилар, дикалла, тешаме хилар,
Плод же духа: любовь, радость, мир, долготерпение, благость, милосердие, вера,
эсала хилар, чуьра ца валар. Ишттачу леларна дуьхьал цхьана а бакъонаша а вониг дойла дац.
кротость, воздержание. На таковых нет закона.
Амма шаьш Дала леррина къобалвинчу Іийсан болчара шайн хьарам лаамаш, шайн боьхачу ойланашца, жІарах дІатоьхна.
Но те, которые Христовы, распяли плоть со страстями и похотями.
Вайн дахар Делан Синца хилча, тІаккха Делан Сино ма-бохху лела вай.
Если мы живём духом, то по духу и поступать должны.
Ца дер вай дозаллаш. Ца хир вай вовшашна оьгІазъоьхуш а, вовшашка хьагІ йолуш а.
Не будем тщеславиться, друг друга раздражать, друг другу завидовать.
Динан вежарий! Нагахь шух цхьаъ ларамаза къино лаьцнехь, аша, Делан Сино лелош долчара, шайн эсалчу амалца нисве иштаниг, амма, хьовсалаш, шаьш къиношка ца зейта.
Братия! если и впадёт человек в какое согрешение, вы, духовные, исправляйте такового в духе кротости, наблюдая каждый за собою, чтобы не быть искушённым.
Дала леррина Къобалвинчо тІедиллинарг кхочушдархьама, дахаран мохь базбелча, вовшашна гІо де.
Носите бремена друг друга, и таким образом исполните закон Христов.
Нагахь цхьаннан, ша баккъалла а волчул, ша-шех лакхара ойла елахь, цо ша-шен Іехаво.
Ибо кто почитает себя чем-нибудь, будучи ничто, тот обольщает сам себя.
ХІораммо а дечу гІуллакхашца ша-шен зе, тІаккха цуьнан дозалла дан а йиш хир ю, ша кхечаьрца а ца вустуш.
Каждый да испытывает своё дело, и тогда будет иметь похвалу только в себе, а не в другом,
ХІора адамна а Дала шен-шен дахаран мохь белла.
ибо каждый понесёт своё бремя.
Ткъа Делан дош тІеоьцуш волчо шен долуш дерг кховдаде и дош хьоьхуш волчуьнга.
Наставляемый словом, делись всяким добром с наставляющим.
Шу Іеха ма лолаш! Дела-м Іехалур вац, хІунда аьлча адамо ша дІадийнарг хьокхур а ду.
Не обманывайтесь: Бог поругаем не бывает. Что посеет человек, то и пожнёт:
Шен хьарам лаам кхочушбеш, къилахь долу хІу тосучо хІаллакьхиларан ялта хьокхур ду. Ткъа Делан Синан лаам кхочушбеш хІу тосучо, Делан Сино луш долчу, хедар доцучу дахаран ялта хьокхур ду.
сеющий в плоть свою от плоти пожнёт тление, а сеющий в дух от духа пожнёт жизнь вечную.
Дика дан кІад ма лолаш. Нагахь вай дика дан мало ца яхь, тІейогІур ю и хан, ваьш динчу гІуллакхийн кхиамаш вайна карош.
Делая добро, да не унываем, ибо в своё время пожнём, если не ослабеем.
Вайн дан таро йолччуьра, дер вай вежаршна дика, къаьсттина вешан динан вежаршна.
Итак, доколе есть время, будем делать добро всем, а наипаче своим по вере.
Гой шуна мел даккхийчу элпашца яздо ас шуьга сайн куьйгаца?!
Видите, как много написал я вам своею рукою.
Шу сунтдан тІетеІош берш шайх тамаш байта лууш бу. Царна ца лаьа Дала леррина Къобалвинарг жІарах дІатохар бахьана долуш шаьш хьийзадайта.
Желающие хвалиться по плоти принуждают вас обрезываться только для того, чтобы не быть гонимыми за крест Христов,
Ткъа и сунтбинарш шаьш а бац шайн дахарехь товрат-хьехамаш кхочушбеш бехаш. Ткъа царна лаьа шу сунтдан, тІаккха и бахьана долуш дозаллаш дархьама.
ибо и сами обрезывающиеся не соблюдают закона, но хотят, чтобы вы обрезывались, дабы похвалиться в вашей плоти.
Суна-м ца лаьа цхьана а хІуманна тІехь дозалла дан, вайн Везачу Элан, Дала леррина къобалвинчу Іийсан, жІарах дІатохаран тІехь бен! И жІара бахьана долуш хІара дуьне суна дІадаьллера, ткъа со а кху дуьненна дІаваьллера.
А я не желаю хвалиться, разве только крестом Господа нашего Иисуса Христа, которым для меня мир распят, и я для мира.
Я сунтвар а, я сунт ца вар а хІумма а доцу хІума ду, хьох юхакхоьллинарг хилар воцург!
Ибо во Христе Иисусе ничего не значит ни обрезание, ни необрезание, а новая тварь.
И дешнаш кхочушдеш долчу массарна а, Делан долчу Исраилан халкъана а Делан къинхетам а, машар а хуьлийла.
Тем, которые поступают по сему правилу, мир им и милость, и Израилю Божию.
ТІаьххьара а: цхьаммо а бала ма бойла суна, хІунда аьлча Іийсан чевнаш аса сайн дегІаца лелош ю.
Впрочем никто не отягощай меня, ибо я ношу язвы Господа Иисуса на теле моём.
Вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Іийсас, дина маьхза долу дика хуьлийла шун синошца, сан вежарий. Амин.
Благодать Господа нашего Иисуса Христа со духом вашим, братия. Аминь.
Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал волчу ПахІала яздо, Дала леррина къобалвинчу Іийсана тешаме а болуш, Эпасехь бехачу Делан нахе.
Павел, волею Божиею Апостол Иисуса Христа, находящимся в Ефесе святым и верным во Христе Иисусе:
Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, синпаргІато а хуьлда шуна.
благодать вам и мир от Бога Отца нашего и Господа Иисуса Христа.
Декъала хуьлда вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан Дела а, Да а. Цо Іийсаца декъалдина вай стигалшкахь массо а тайпана синан декъалдаршца.
Благословен Бог и Отец Господа нашего Иисуса Христа, благословивший нас во Христе всяким духовным благословением в небесах,
Дуьне а кхоллале, вай Іийсагахула къастийна дара Цо, Шена хьалха вай цІена а, деза а хилийтархьама. Шена вай деза дела,
так как Он избрал нас в Нём прежде создания мира, чтобы мы были святы и непорочны пред Ним в любви,
хаьржина Дала, Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула вайх Шен бераш дархьама. Иштта яра Цуьнан Іалашо, иштта бара Цуьнан лаам.
предопределив усыновить нас Себе чрез Иисуса Христа, по благоволению воли Своей,
Цунна везаш волчу Цуьнан КІантехула Цо вайна деллачу сийлахьчу диканна вай хастамаш бойла Цунна.
в похвалу славы благодати Своей, которою Он облагодатствовал нас в Возлюбленном,
Іийсас, Шен цІий Іанорца мах а белла, вай паргІат а даьхна, вайн къиношна геч а дина. Ткъа иза Дала вайна шортта деллачу дикане хьаьжжина ду.
в Котором мы имеем искупление Кровию Его, прощение грехов, по богатству благодати Его,
И дика тІех дукха делла вайна Дала мел хуьлучу хьекъалаллица а, кхетамца а.
каковую Он в преизбытке даровал нам во всякой премудрости и разумении,
Шен къайлаха йолу Іалашо йовзийтира вайна Дала, ткъа и Іалашо хьалххе дуьйна билгалъяьккхина а ю, Цо леррина Къобалвинчуьнца йоьзна а ю.
открыв нам тайну Своей воли по Своему благоволению, которое Он прежде положил в Нём,
Ткъа Делан Іалашо иштта ю: хенаш кхочуш хиллачу хенахь Цо стигалахь а, лаьтта тІехь а мел дерг цхьаьнатухур ду, Ша леррина Къобалвинарг коьртехь а волуш.
в устроении полноты времён, дабы всё небесное и земное соединить под главою Христом.
Ша леррина Къобалвинчуьнгахула Дала вай Шен долахь хилийта хаьржира. Массо а хІума Шен лаамца а, сацамца а кхочушдеш Волчо, Шен Іалашоне хьаьжжина, билгалдаьккхинера иза иштта.
В Нём мы и сделались наследниками, быв предназначены [к тому] по определению Совершающего всё по изволению воли Своей,
Дала леррина къобалвинчу Іийсага хьалха дуьйна сатуьйсуш долчу вайга Делан сийлалла даздайта дина дара иза.
дабы послужить к похвале славы Его нам, которые ранее уповали на Христа.
Шаьш кІелхьардовларх лаьцна болу билггал бакъболу хаза кхаъ шайна хезча, шу а Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьнатуьйхира. Цунах шу тешна дела, Дала шуна тІе Шен мухІар туьйхира, Ша лур ду аьлла долу Шен Деза Са даларца.
В Нём и вы, услышав слово истины, благовествование вашего спасения, и уверовав в Него, запечатлены обетованным Святым Духом,
Шен долахь берш кхоччуш паргІатбаххалц, Делан Са Дала вайна лур долчунна закъалтана делла ду. Дала иза Шен сийлалла вайга хастадайтархьама дина.
Который есть залог наследия нашего, для искупления удела [Его], в похвалу славы Его.
И дерриге а бахьана долуш, Веза Эла волчу Іийсах шун долчу тешарх а, Делан долахь болчу массаьрга а шун болчу безамах а лаьцна сайна хезначхьана,
Посему и я, услышав о вашей вере во Христа Иисуса и о любви ко всем святым,
сайн доІанашкахь, шу дага а лоьцуш, саццаза шуна тІера Далла баркаллаш боху аса.
непрестанно благодарю за вас [Бога], вспоминая о вас в молитвах моих,
Вайн Веза Эла волчу а, Ша леррина къобалвинчу а Іийсан Дала, сийлаллин Дас, Шех дерг кІоргге хаийта шуна хьекъалаллин а, довзийтаран а Са лойла.
чтобы Бог Господа нашего Иисуса Христа, Отец славы, дал вам Духа премудрости и откровения к познанию Его,
Шун дегнашна тІера пардо дІадоккхийла Цо, шу тІекхайкхина долу сатийсар а, Шен нахана лур ду аьлла долчун хьал муха ду а, Шех тешаш долчу вайна чохь лела барам боцу боккха ницкъ бохург хІун ду а шуна хаийтархьама.
и просветил очи сердца вашего, дабы вы познали, в чём состоит надежда призвания Его, и какое богатство славного наследия Его для святых,
И боккха ницкъ
и как безмерно величие могущества Его в нас, верующих по действию державной силы Его,
Ша леррина Къобалвинчунна чохь лелийтира Дала. Иза, веллачуьра ден а вина, стигалшкахь Шена аьтту агІор охьахаийра Цо.
которою Он воздействовал во Христе, воскресив Его из мёртвых и посадив одесную Себя на небесах,
Цо Иза охьахаийна, стигаларчу массо а хьаькамел а, куьйгалхойл а, ницкъел а, олахойл а лакхара а вина, муьлхха а кху заманчохь йоккхуш йолчу цІарал лакхара вина ца Іаш, массо а хин йолчу заманашкахь йоккхур йолчу цІарал лакхара а вина.
превыше всякого Начальства, и Власти, и Силы, и Господства, и всякого имени, именуемого не только в сём веке, но и в будущем,
Шадерг Цуьнан когашка а диллина, Иза Дала динан ерриге а тобанна веллера, массо а хІуманна тІехь коьртаниг хилийта.
и всё покорил под ноги Его, и поставил Его выше всего, главою Церкви,
Іийсах тешачийн ерриге а тоба – Дала леррина Къобалвинчун дегІ ду. И тоба Цунах кхоччуш юзуш ю. Ткъа Дала леррина Къобалвинчо массо а хІума массанхьа а Шеца дузадо.
которая есть Тело Его, полнота Наполняющего всё во всём.
Ткъа шу хІетахь делла дара, шайн зуламаш а, къинош а бахьана долуш.
И вас, мёртвых по преступлениям и грехам вашим,
Цхьана хенахь, и къинош тІехь а долуш, кху дуьненан вочу некъашна тІедевлла а, хІаваан ницкъийн элана тІаьхьахІиттина а лелаш ма дара шу. Цу эло хІинца а муьтІахь боцучу нехан дегнаш чохь болх бо.
в которых вы некогда жили, по обычаю мира сего, по [воле] князя, господствующего в воздухе, духа, действующего ныне в сынах противления,
Цхьана хенахь вай массо а Іийра оцу нахана юкъахь, вешан хьайна болчу лаамех а дуьзна. Вешан догІмийн а, ойланийн а хьарам болу лаамаш кхочушбора вай. Кхиболу нах санна, вайн амалшка хьаьжжина, Делан оьгІазло тІеян дезаш дерш дара вай.
между которыми и мы все жили некогда по нашим плотским похотям, исполняя желания плоти и помыслов, и были по природе чадами гнева, как и прочие,
Амма инзаре боккха къинхетам болуш волчу Дала, боккхачу безамца вай Шена дезарна,
Бог, богатый милостью, по Своей великой любви, которою возлюбил нас,
къинош а летийна, делла хилла долу вай, Ша леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна дендина. Делан доккхачу диканца кІелхьардаьхна ду шу.
и нас, мёртвых по преступлениям, оживотворил со Христом,— благодатью вы спасены,—
Вай Цуьнца, ден а дина, стигалшкахь охьаховшийна Дала, Ша леррина къобалвинчу Іийсаца вай доьзна хиларехула.
и воскресил с Ним, и посадил на небесах во Христе Иисусе,
Цо иза дина, тІейогІун йолчу заманашна Шен диканан башха долу хьал гайтархьама. Ткъа Шен доккха дика Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула вайга болчу безамехь гойтуш ду.
дабы явить в грядущих веках преизобильное богатство благодати Своей в благости к нам во Христе Иисусе.
Іийсах тешна дела, Делан доккхачу диканца кІелхьардаьхна шу. Ткъа иза шуьгара дац. Иза Делан совгІат ду.
Ибо благодатью вы спасены через веру, и сие не от вас, Божий дар:
Аша дика гІуллакхаш дина хиларна делла дац иза, цундела шух цхьаммо а дозалла ма де.
не от дел, чтобы никто не хвалился.
Вай Дала кхоьллина тайпа ду. Ша леррина къобалвинчу Іийсаца вай доьзна хиларна, Дала вай кхоьллина, хьалххе дуьйна Ша вайна кечдина долу дика гІуллакхаш вайга кхочушдайтархьама.
Ибо мы — Его творение, созданы во Христе Иисусе на добрые дела, которые Бог предназначил нам исполнять.
Цундела дагахь латтаде: кхечу къаьмнех схьадевлла долу шу цхьана хенахь Делан нахана юкъа ца догІура. Шух «сунтбаза нах» олура «сунтбинарш» цІе йолчу наха, ткъа уьш сунтбар адамийн куьйгашца дина ма дара.
Итак помните, что вы, некогда язычники по плоти, которых называли необрезанными так называемые обрезанные плотским [обрезанием], совершаемым руками,
Цу хенахь Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна дацара шу. Делан долахь долчу Исраилан халкъах дІакъастийна дара шу. Делаца бинчу бертан а, цу чу йогІучу чІагІонийн а декъахь а дацара шу. КІелхьардовларе догдохийла дацара шун. Дуьнен чохь шу Іеса адамаш дара.
что вы были в то время без Христа, отчуждены от общества Израильского, чужды заветов обетования, не имели надежды и были безбожники в мире.
Шаьш Дала леррина къобалвинчу Іийсаца доьзна хилар бахьана долуш, цхьана хенахь генара хилла долу шу хІинца Цуьнан цІийца гергара хилла.
А теперь во Христе Иисусе вы, бывшие некогда далёко, стали близки Кровию Христовою.
Іийса вайна юкъахь Бартбийриг ву, шина халкъах цхьаъ а дина. Боькъуш болу пен санна долу мостагІалла вайна юкъара дІадаьккхина Цо,
Ибо Он есть мир наш, соделавший из обоих одно и разрушивший стоявшую посреди преграду,
Шен дегІ сагІина дІадаларца. Цу тайпана, товрат тІехь долу тІедехкинарш а, парзаш а кхочушдар эрна дира Цо, шина халкъах Шеца доьзна долу цхьа керла халкъ кхоллархьама, царна юкъахь барт а беш.
упразднив вражду Плотию Своею, а закон заповедей учением, дабы из двух создать в Себе Самом одного нового человека, устрояя мир,
ЖІарах дІатохар бахьана долуш, цхьана дегІа чохь и ши халкъ Делаца тайтира Иза, ткъа церан мостагІалла дІадаьккхира Цо.
и в одном теле примирить обоих с Богом посредством креста, убив вражду на нём.
Ван а веана, шуна, генарчарна а, уллорачарна а, бартах болу хаза кхаъ кхайкхийра Іийсас,
И, придя, благовествовал мир вам, дальним и близким,
хІунда аьлча вайн шина а халкъан цхьаъ долчу Делан Синца Іийсагахула Дена тІекхочийла долу дела.
потому что через Него и те и другие имеем доступ к Отцу, в одном Духе.
И бохург ду, шу хІинца вовшашна хийра а дац, тІедаьхкинарш а дац, ткъа Делан нехан махкахой а ду, Делан доьзалхой а ду.
Итак вы уже не чужие и не пришельцы, но сограждане святым и свои Богу,
Векалийн а, пайхамарийн а бух тІехь хьалахІиттийна ду шу. Ткъа Дала леррина къобалвина волу Іийса Ша са болу коьрта тІулг бу.
быв утверждены на основании Апостолов и пророков, имея Самого Иисуса Христа краеугольным [камнем],
Иза бахьана долуш, и ерриге а гІишло тайна цхьаьнатухуш ю, Везачу Элана лерина долу Деза цІа цунах хьала а хІоттош.
на котором всё здание, слагаясь стройно, возрастает в святый храм в Господе,
Иза бахьана долуш, шу а дІахІиттош ду, Дела Шен Синехула Іаш волу меттиг хилийтархьама.
на котором и вы устрояетесь в жилище Божие Духом.
Цундела кхечу къаьмнех болчу нехан дуьхьа Дала леррина къобалвинчун тутмакх волчу аса, ПахІала, доІа до.
Для сего-то я, Павел, [сделался] узником Иисуса Христа за вас язычников.
Сан шеко яц, Дала Шен доккхачу диканца шун дуьхьа суна тІедиллинчу гІуллакхах лаьцна шуна хезна хиларх.
Как вы слышали о домостроительстве благодати Божией, данной мне для вас,
И къайле суна Делера болчу хаамца йовзийтинера, лакхахь цунах лаьцна аса доцца яздина ма-хиллара.
потому что мне через откровение возвещена тайна (о чём я и выше писал кратко),
Цундела, дІаяздинарг шаьш доьшуш, шу кхета мега, Дала леррина къобалвинчух йоьзна йолчу цу къайленах сан кхетам муха бу.
то вы, читая, можете усмотреть моё разумение тайны Христовой,
Хьалхалерчу адамийн тІаьхьенашна и къайле йовзийтина яцара. Амма хІинца Дала базбинчу векалшна а, пайхамаршна а Делан Синца иза йовзийтира.
которая не была возвещена прежним поколениям сынов человеческих, как ныне открыта святым Апостолам Его и пророкам Духом Святым,
Ткъа и къайле иштта ю: хаза кхаъ бахьана долуш, жуьгташца цхьаьна кхечу къаьмнех долчу адамашна а кхочур ду Дала лун дерг, уьш а бу цхьаъ долчу дегІан декъехь, Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула Дала йинчу чІагІонийн декъахой а бу уьш.
чтобы и язычникам быть сонаследниками, составляющими одно тело, и сопричастниками обетования Его во Христе Иисусе посредством благовествования,
Дала суна дина дика бахьана долуш, хазачу кхоан гІуллакхдархо хилла сох. И Делан совгІат суна делла Цуьнан ницкъаца.
которого служителем сделался я по дару благодати Божией, данной мне действием силы Его.
Суна, Делан долахь болчарна юкъахь уггар а лахара волчунна, деллера Делан доккха совгІат: кхечу къаьмнийн нахана Дала леррина Къобалвинчун кІорггера довзийла доцучу хьолах лаьцна болу хаза кхаъ дІакхайкхор а,
Мне, наименьшему из всех святых, дана благодать сия — благовествовать язычникам неисследимое богатство Христово
Дала и къайле кхочуш муха йо адамашна довзийтар а. Массо а хІума кхоьллина волчу Дала абаденера дуьйна хьулйина яра и къайле.
и открыть всем, в чём состоит домостроительство тайны, сокрывавшейся от вечности в Боге, создавшем всё Иисусом Христом,
И динера, динан ерриге а тобанехула стигаларчу хьаькамашна а, куьйгалхошна а массо а тайпанара долу Делан хьекъалалла хІинца дІадовзийтархьама.
дабы ныне соделалась известною через Церковь начальствам и властям на небесах многоразличная премудрость Божия,
Абаденехь дуьйна билгалдаьккхина ма-хиллара, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула иза кхочушдина Дала.
по предвечному определению, которое Он исполнил во Христе Иисусе, Господе нашем,
Іийсах тешарехула майрра а, доьналла долуш а Далла тІекхочийла ду вайн.
в Котором мы имеем дерзновение и надёжный доступ через веру в Него.
Иштта ас Деле доьху, шун дуьхьа айса баланаш хьоьгуш хиларна, сан дог ца эшор. И баланаш – шун сийлалла ду.
Посему прошу вас не унывать при моих ради вас скорбях, которые суть ваша слава.
Цундела со сайн голашна тІе хІутту стигаларчу Дена хьалха.
Для сего преклоняю колени мои пред Отцем Господа нашего Иисуса Христа,
Цуьнгара стигалшкахь а, лаьтта тІехь а болу массо а доьзалша шайн-шайн амал схьаоьцу.
от Которого именуется всякое отечество на небесах и на земле,
Ас доІа до, Шен сийлаллин хьоле а хьаьжна, Дала Шен Синца шун чохь болу синкхетам чІагІбар доьхуш.
да даст вам, по богатству славы Своей, крепко утвердиться Духом Его во внутреннем человеке,
Иштта доІа до ас, шу Цунах теша а тешаш, Дала леррина Къобалвинарг шун дегнаш чохь, цІахь санна, вахийтар доьхуш. Ас доІа до, шун безаман орамаш хилар а, безам тІехь шу чІагІделла хилар а доьхуш.
верою вселиться Христу в сердца ваши,
Дала базбинчаьрца массаьрца а цхьаьна шу а кхетийла мел шуьйра а, беха а, лекха а, кІорга а бу Дала леррина Къобалвинчун безам.
чтобы вы, укоренённые и утверждённые в любви, могли постигнуть со всеми святыми, что широта и долгота, и глубина и высота,
Адамийн кхетамал сов болу Дала леррина Къобалвинчун безам бовзийла шуна, Делан йолчу амалх шу а кхоччуш дузийтархьама.
и уразуметь превосходящую разумение любовь Христову, дабы вам исполниться всею полнотою Божиею.
Ткъа Цунна, вайна чохь болх беш болчу ницкъаца вай мел доьхуш долчул а, я вайн дагахь мел долчул а дуккха а алсам далуш Волчунна,
А Тому, Кто действующею в нас силою может сделать несравненно больше всего, чего мы просим, или о чём помышляем,
Цунна хастам бу динан ерриге а тобанера а, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца мел волчуьнгара а массо а тІаьхьенашкахь а, абаденналц а! Амин.
Тому слава в Церкви во Христе Иисусе во все роды, от века до века. Аминь.
Варелаш, аса, Везачу Элан тутмакхо, дехар до шуьга, шаьш тІекхайкхина долчу дахаре хьаьжжина, оьзда лелалаш.
Итак я, узник в Господе, умоляю вас поступать достойно звания, в которое вы призваны,
Вовшашна муьтІахь хиларца а, эсалчу амалца а, доккхачу собарца а массо а хенахь лелалаш. Даггара болчу безамца вовшашна садетталаш.
со всяким смиренномудрием и кротостью и долготерпением, снисходя друг ко другу любовью,
Делан Сино луш йолу цхьаалла ларъян хьовсалаш, вовшашца уьйр хуьлуьйту барт а болуш.
стараясь сохранять единство духа в союзе мира.
Массо а тешачийн цхьа дегІ а, цхьа Делан Са а ду, цхьана сатийсаме шу тІекхайкхина ма-хиллара.
Одно тело и один дух, как вы и призваны к одной надежде вашего звания;
Цхьа Веза Эла а, цхьа тешар а, цхьаъ долу хих чекхдахар а ду.
один Господь, одна вера, одно крещение,
Массеран цхьа Дела а, Да а ву. Иза массарна тІехь а ву, массаьргахула болх беш а ву, массарна чохь волуш а ву.
один Бог и Отец всех, Который над всеми, и через всех, и во всех нас.
Ткъа вайх хІоранна Дала леррина Къобалвинчунна дала лиъначу барамца Делан доккха дика делла дара.
Каждому же из нас дана благодать по мере дара Христова.
Цундела Делан Йозанаша боху: «Лакхенга хьала а ваьлла, Ша йийсар биначарна хьалхахІоьттира Иза. Адамашна Цо совгІаташ делира».
Посему и сказано: восшед на высоту, пленил плен и дал дары человекам.
Ткъа «хьалаваьллера» бохург кхин хІун ду, цкъа хьалха лаьтта тІе охьавеанера Иза бохург дацахь?
А «восшел» что означает, как не то, что Он и нисходил прежде в преисподние места земли?