che stringlengths 9 469 | ru stringlengths 1 384 |
|---|---|
Охьавеанарг а, Шеца массо а хІума дузархьама, массо а стигалел Лакхаваьлларг а Цхьаъ ву. | Нисшедший, Он же есть и восшедший превыше всех небес, дабы наполнить всё. |
Цо Ша дІахІиттийнера цхьаберш векалш бина, шолгІанаш пайхамарш бина, вуьш хаза кхаъ кхайкхорхой бина, кхинаш, Іуьно жа санна, динан тоба Іалашйийраш а, динан хьехамчаш а бина. | И Он поставил одних Апостолами, других пророками, иных Евангелистами, иных пастырями и учителями, |
Делан долахь берш кечбан дина дара иза, цаьрга Далла гІуллакх дайта а, Дала леррина Къобалвинчун дегІ дІахІотто а. | к совершению святых, на дело служения, для созидания Тела Христова, |
Тешарехь а, Делан КІант вовзарехь а вай массо а цхьаалла йолуш хиллалц дина дара иза, Дала леррина Къобалвинчун кхачамечу дарже хьаьжжина, вай дуьззина хиллалц. | доколе все придём в единство веры и познания Сына Божия, в мужа совершенного, в меру полного возраста Христова; |
Цу хенахь, бераш санна, кхин хир дац вай, хинкема санна а, кхин хир дац вай. Жима хинкема тулгІенаша а, мохо а лелоре терра, вай а ду харц хьехамаша атта Іехош. Оцу харц хьехамаша тайп-тайпана мекарлонаш а йой, шайн мел долчу хІилланца вай тиладолуьйту. | дабы мы не были более младенцами, колеблющимися и увлекающимися всяким ветром учения, по лукавству человеков, по хитрому искусству обольщения, |
Амма вай, билггал бакъдерг даггара болчу безамца а дуьйцуш, массо а хІуманна тІехь динан коьрте кхоччуш хьалакхуьур ду. И корта – Дала леррина Къобалвинарг ву. | но истинною любовью все возращали в Того, Который есть Христос, |
Цуьнан дегІ хилла лаьтташ йолу ерриге а динан тоба а Цунах хьалакхуьу. Цуьнан олаллехь йолу массо а тайпана дегІан меженаш хьорзамашца вовшах а тосу, цхьаьна а латтайо. ХІора межено, шен-шен похІме хьаьжжина, болх а беш, дерриг а дегІ безамца хьала а кхиадой, дІахІоттадо. | из Которого всё тело, составляемое и совокупляемое посредством всяких взаимно скрепляющих связей, при действии в свою меру каждого члена, получает приращение для созидания самого себя в любви. |
Цундела, Везачу Элан цІарах боху ас шуьга: варелаш, пайденна йоцу ойланаш а еш, хІинца чул тІаьхьа кхечу къаьмнех болу нах санна ма Іелаш. | Посему я говорю и заклинаю Господом, чтобы вы более не поступали, как поступают прочие народы, по суетности ума своего, |
Церан кхетам боданехь а бу, Делаца долчу дахарна херабевлла а бу уьш, хІунда аьлча церан хьекъал а дац, церан дегнаш хІуъа а бен ца хеташ а ду. | будучи помрачены в разуме, отчуждены от жизни Божией, по причине их невежества и ожесточения сердца их. |
Дерриг эхь а дайина, шайн догІмийн боьхачу лаамашна тІаьхьа а бевлла, шаьш лелош долу тайп-тайпана маьттаза хІуманаш ца Іебаш кхочушдо цара. | Они, дойдя до бесчувствия, предались распутству так, что делают всякую нечистоту с ненасытимостью. |
Амма Дала леррина Къобалвинарг иштта ца вевзинера шуна. | Но вы не так познали Христа; |
Дала леррина Къобалвинчух лаьцна шуна хезнера. Цуьнца доьзна шу хиларе терра, Іийсах лаьцна долу билггал бакъдолчуьнца догІуш ма-хиллара шу Іамийнера. | потому что вы слышали о Нём и в Нём научились,— так как истина во Иисусе,— |
Иштта, хьалхалерчу ширачу адаман лелар дита. Стаг Іехош болчу лаамаша талхош ду и шира адам. | отложить прежний образ жизни ветхого человека, истлевающего в обольстительных похотях, |
Шайн са а, хьекъал а карладаккхийта. | а обновиться духом ума вашего |
Билггал нийса а долуш, цІена а долуш, Делах тера кхоьллина долу керла адам а хилий, дІахІитта. | и облечься в нового человека, созданного по Богу, в праведности и святости истины. |
Вай вовшийн меженаш йолу дела, харцдерг дІа а таттий, вовшашка бакъдерг дийца. | Посему, отвергнув ложь, говорите истину каждый ближнему своему, потому что мы члены друг другу. |
Шаьш дарделлачу хенахь къинош ма летаде. Малх дІа ма бузийта, шаьш дарделлачохь а дуьсуш. | Гневаясь, не согрешайте: солнце да не зайдёт во гневе вашем; |
Ма йита иблисана цхьа а меттиг. | и не давайте места диаволу. |
ХІума лечкъош хиллачо кхин ма лечкъае. Мелхо а, шен куьйгашца диканиг а деш, къахьега деза цо. ТІаккха мискачунна кховдо хІума а хир ю цуьнан. | Кто крал, вперёд не кради, а лучше трудись, делая своими руками полезное, чтобы было из чего уделять нуждающемуся. |
Шайн багара цхьа а оьзда доцу дош ма далийта. Ткъа олу дош диканиг хилийта, оьшшучу хенахь кхиберш иракара а хІиттош, ладугІуш болчарна тамехь а долуш. | Никакое гнилое слово да не исходит из уст ваших, а только доброе для назидания в вере, дабы оно доставляло благодать слушающим. |
Делан Дезачу Синна хала ма хетийта. Дала шуна тІе тоьхна мухІар ма ду Иза, паргІатдахаран денна тІекхаччалц. | И не оскорбляйте Святаго Духа Божия, Которым вы запечатлены в день искупления. |
Шух доллучу массо а вонца цхьаьна шайна тІера муьлхха а кхоьлина хилар а, дералла а, оьгІазло а, мохь хьекхар а, вониг алар а дІадаккха. | Всякое раздражение и ярость, и гнев, и крик, и злоречие со всякою злобою да будут удалены от вас; |
Амма вовшашца дика а, къинхетаме а хила. Дала шуна Ша леррина Къобалвинчуьнгахула гечдаре терра, шу а вовшашна къинтІера довла. | но будьте друг ко другу добры, сострадательны, прощайте друг друга, как и Бог во Христе простил вас. |
Иштта, Далла дезна долу бераш шу хиларна, Делах тера хилалаш. | Итак, подражайте Богу, как чада возлюбленные, |
Даггара болчу безамца лелалаш, вай деза а делла, вайн дуьхьа Шен са хаза хьожа йогІучу сагІина а, Далла тамехь долчу гІурбанна а дІаделла волу Дала леррина Къобалвинарг санна. | и живите в любви, как и Христос возлюбил нас и предал Себя за нас в приношение и жертву Богу, в благоухание приятное. |
Нахаца лелар а, боьха лаамаш а, бІаьрмециг хилар а – и хІуманаш, шу Делан долахь долу дела, ур-атталла цІе йоккхуш а ма хуьлийла шуна юкъахь. | А блуд и всякая нечистота и любостяжание не должны даже именоваться у вас, как прилично святым. |
Иштта маьттаза къамелаш а, эрна хабарш а, эргІада дийцар а ма хилийта. Мелхо а, Далла баркалла алар гІоле ду шуна. | Также сквернословие и пустословие и смехотворство не приличны [вам], а, напротив, благодарение; |
ХІунда аьлча хІара хаалаш: цхьа а нахаца леларг, я боьха лаамаш берг, я бІаьрмециг верг (иза цІушна Іамал йийриг ву) Дала леррина Къобалвинчун а, Делан а пачхьалкхехь хиндолчу абаде дахаран декъахь хир вац. | ибо знайте, что никакой блудник, или нечистый, или любостяжатель, который есть идолослужитель, не имеет наследия в Царстве Христа и Бога. |
Эрна хабарш дуьйцучаьрга цхьаьнгге а шаьш ле ма дайталаш, хІунда аьлча уьш бахьана долуш тІейогІу муьтІахь ца хуьлучу нахана Делан оьгІазло. | Никто да не обольщает вас пустыми словами, ибо за это приходит гнев Божий на сынов противления; |
Ма хилалаш ишттачу адамашца бертахь. | итак, не будьте сообщниками их. |
Цхьана хенахь шу бода санна дара, ткъа хІинца шу, Везачу Элаца долу дела, серло ю. Цундела, серлонан бераш санна, лелалаш. | Вы были некогда тьма, а теперь — свет в Господе: поступайте, как чада света, |
ХІунда аьлча дикалла а, бакъахьара лелар а, билггал бакъдерг а серлоно кхиадо. | потому что плод Духа состоит во всякой благости, праведности и истине. |
Везачу Элана тамехь дерг хІун ду те бохуш, зуьйш хилалаш. | Испытывайте, что благоугодно Богу, |
Стом ца лучу боданечу гІуллакхашна юкъа ма гІерталаш, мелхо а, уьш гучудахалаш. | и не участвуйте в бесплодных делах тьмы, но и обличайте. |
ХІунда аьлча цара къайлаха лелош дерш дийца а эхь долуш ду. | Ибо о том, что они делают тайно, стыдно и говорить. |
Ткъа нагахь и дерриг а серлонга даккхахь, церан бакъйолу амалш гучуевр ю. | Всё же обнаруживаемое делается явным от света, ибо всё, делающееся явным, свет есть. |
Гучудолуш долу дерриге а серло хуьлу. Цундела аьлла ма ду: «ХьалагІатта, вижина Іуьллург, беллачарна юкъара денло, тІаккха Дала леррина Къобалвинчо хьо $серлавоккхур ву». | Посему сказано: «встань, спящий, и воскресни из мёртвых, и осветит тебя Христос». |
Варелаш, леррина хьовсалаш шаьш муха лела. Хьекъалалла доцурш санна а доцуш, хьекъалалла долуш дерш санна хилалаш. | Итак, смотрите, поступайте осторожно, не как неразумные, но как мудрые, |
Мел хуьлучу таронах пайда эца, хІара зама мекара йолу дела. | дорожа временем, потому что дни лукавы. |
Цундела кхетам боцуш ма хилалаш. Везачу Элан лаам муха бу хаа гІерталаш. | Итак, не будьте нерассудительны, но познавайте, что есть воля Божия. |
Сийсаза лелар долуьйту чагІар тІех дукха ма мийлалаш, амма Делан Синах дуьззина хилалаш. | И не упивайтесь вином, от которого бывает распутство; но исполняйтесь Духом, |
Назманашна а, эшаршна а, динан иллешна а тІера эцна долчу дешнашца вовшашка дистхила. Везачу Элана лерина назманаш а ала, эшарш а лекха, шайн дегнаш чохь Цунна хастамаш а беш. | назидая самих себя псалмами и славословиями и песнопениями духовными, поя и воспевая в сердцах ваших Господу, |
Даим а, массо а хІуманна а Да волчу Далла баркаллаш баха, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина Къобалвинчу Іийсан цІарах. | благодаря всегда за всё Бога и Отца, во имя Господа нашего Иисуса Христа, |
Дала леррина Къобалвинарг шаьш ларарна, вовшашна муьтІахь хилалаш. | повинуясь друг другу в страхе Божием. |
Зударий, шайн майранашна, Везачу Элана санна, муьтІахь хилалаш. | Жёны, повинуйтесь своим мужьям, как Господу, |
ХІунда аьлча майра зудчун корта бу, Дала леррина Къобалвинарг Шен дегІ долчу динан ерриге а тобанан корта хиларе терра. И тоба КІелхьарйоккхург ма ву Иза. | потому что муж есть жены, как и Христос Церкви, и Он же Спаситель тела. |
Дала леррина Къобалвинчунна динан ерриге а тоба муьтІахь хиларе терра, иштта зударий а массо а хІуманна тІехь шайн майранашна муьтІахь хила беза. | Но как Церковь повинуется Христу, так и жёны своим мужьям во всём. |
Майранаш, шайн зударий безалаш, динан ерриге а тоба Дала леррина Къобалвинчунна езаре терра. Цуьнан дуьхьа Шен са а дІаделла Цо. | Мужья, любите своих жён, как и Христос возлюбил Церковь и предал Себя за неё, |
Цо иза дина, Делан дашехула динан ерриге а тоба, хи чохь цІан а йина, иза язъярхьама а, | чтобы освятить её, очистив банею водною посредством слова; |
динан ерриге а тоба цхьа а томмагІа, я цхьа а сакхт доцуш, я кхин тайпана долу хІума а доцуш, амма цІена а, бехказа а йолуш, Шена хьалха сийлаллехь дІахІотторхьама. | чтобы представить её Себе славною Церковью, не имеющею пятна, или порока, или чего-либо подобного, но дабы она была свята и непорочна. |
Иштта, майранаш, шайн догІмаш ма-деззара, шайн зударий безаш хилалаш. Шен зуда езачунна билггал ша-шена веза. | Так должны мужья любить своих жён, как свои тела: любящий свою жену любит самого себя. |
ХІунда аьлча цкъа а цхьа а хилла вац шен дегІ ца дезаш. Мелхо а, шен дегІ цо кхаба а кхобу, Іалаш а до, Дала леррина Къобалвинчо массо а тешаш болчеран тоба санна. | Ибо никто никогда не имел ненависти к своей плоти, но питает и греет её, как и Господь Церковь, |
Вай Цуьнан дегІан меженаш ма ю. | потому что мы члены тела Его, от плоти Его и от костей Его. |
«Цундела стаг, шен дай-наний а дитина, шен зудчух кхетар ву. ТІаккха цу шиннах цхьа дегІ хир ду», – Делан Йозанаша ма-бохху. | Посему оставит человек отца своего и мать и прилепится к жене своей, и будут двое одна плоть. |
Цхьа доккха бакъдерг хьулдина ду цу дешнаш чохь. Аса боху, уьш Дала леррина Къобалвинчуьнца а, динан ерриге а тобанца а доьзна ду. | Тайна сия велика; я говорю по отношению ко Христу и к Церкви. |
Амма и дешнаш шуьга а ду: шух хІоранна а шен зуда, ша-шена ма-веззара, езаш хила еза, ткъа зудчо шен майра лара веза. | Так каждый из вас да любит свою жену, как самого себя; а жена да боится своего мужа. |
Бераш, шу Везачу Элаца хиларна, шайн дай-наношна муьтІахь хилалаш, хІунда аьлча иза нийса ду. | Дети, повинуйтесь своим родителям в Господе, ибо сего [требует] справедливость. |
«Шайн да а, нана а лара» – чІагІо тІетоьхна йолчу весетех хьалхарниг ду иза: | Почитай отца твоего и мать, это первая заповедь с обетованием: |
«хьайна дика хилийтархьама а, хьо лаьтта тІехь дукха вахийтархьама а». | да будет тебе благо, и будешь долголетен на земле. |
Ткъа аша, дай, шайн бераш оьгІаз ма эхийта. Мелхо а, хьалакхиабе уьш, Везачу Элан лаамехь а болуш, царна хьехамаш а беш, уьш Іама а беш. | И вы, отцы, не раздражайте детей ваших, но воспитывайте их в учении и наставлении Господнем. |
Леш, адамаш долчу олахошна кхерамца а, ларамца а цІеначу дагца муьтІахь хила, Дала леррина Къобалвинчунна муьтІахь шаьш ма-хиллара. | Рабы, повинуйтесь господам своим по плоти со страхом и трепетом, в простоте сердца вашего, как Христу, |
Царна муьтІахь хила, мотт хьоькхучу адамаша санна, моттаргІанаш а ца еш, ткъа Дала леррина Къобалвинчун леша санна, даггара Делан лаам кхочуш а беш. | не с видимою только услужливостью, как человекоугодники, но как рабы Христовы, исполняя волю Божию от души, |
Хазахетарца, Везачу Элана деш санна, гІуллакх делаш, адамашна деш санна а доцуш. | служа с усердием, как Господу, а не как человекам, |
Лай я маьршаниг велахь а, нагахь цо диканиг дахь, цунна изза Везачу Элера юхакхочур дуйла хууш, делаш шаьш дийриг. | зная, что каждый получит от Господа по мере добра, которое он сделал, раб ли, или свободный. |
Шу а, олахой, шайн лешца иштта лелалаш. Царна кхерамаш ма тийсалаш. Хаалаш, царна тІехь а, шайна тІехь а цхьа Олахо вуйла стигалшкахь, ткъа Цо цхьанна а озабезам ца бо. | И вы, господа, поступайте с ними так же, умеряя строгость, зная, что и над вами самими и над ними есть на небесах Господь, у Которого нет лицеприятия. |
Ткъа тІаьххьара а бохург хІара ду: чІагІло Везачу Элаца а, Цуьнан боккхачу ницкъаца а. | Наконец, братия мои, укрепляйтесь Господом и могуществом силы Его. |
Иблисо деш долчу вонашна дуьхьалхІитта шайн ницкъ хилийтархьама, Делан дерриге а герзаца кечлой хила. | Облекитесь во всеоружие Божие, чтобы вам можно было стать против козней диавольских, |
ХІунда аьлча вай адаман дилхана а, цІийна а дуьхьал беш бац тІом, амма стигалшкахь болчу хьаькамашна а, олалла дечарна а, кху боданечу дуьненан куьйгалхошна а, харцжинашна а дуьхьал беш бу. | потому что наша брань не против крови и плоти, но против начальств, против властей, против мироправителей тьмы века сего, против духов злобы поднебесной. |
Цундела Делан дерриге а герз схьаэца, вон тІедеанчу дийнахь дуьхьало ян шайн таро хилийтархьама а, массо а хІума кхочушдича, кхидІа а латтархьама а. | Для сего приимите всеоружие Божие, дабы вы могли противостать в день злый и, всё преодолев, устоять. |
Цундела иштта дІахІитталаш: шайн гІодаюкъ билггал бакъдолчуьнца дІа а ехкий, нийсонан гІагІ шайна тІе а духий, | Итак станьте, препоясав чресла ваши истиною и облекшись в броню праведности, |
машарах лаьцна болу хаза кхаъ кхайкхо кийча хиларан мачаш шайн кога а юхий. | и обув ноги в готовность благовествовать мир; |
Цу массо а хІуманна тІе тешаран турс схьаэца – цІе яьлла догуш долу иблисан пхерчий дІадайа таро хир ю шун. | а паче всего возьмите щит веры, которым возможете угасить все раскалённые стрелы лукавого; |
КІелхьардовларан гІем а схьаэца. Делан Синан тур а схьаэца – иза Делан дош ду. | и шлем спасения возьмите, и меч духовный, который есть Слово Божие. |
Муьлххачу а хенахь Делан Синан гІоьнца доІанаш делаш, массо а тайпана доІа а, дехар а деш. Иза иштта дархьама, сема а хилалаш, цхьана а тайпана юха ца довлуш, Делан долахь болчарна массарна а тІера кхидІа доІанаш а делаш. | Всякою молитвою и прошением молитесь во всякое время духом, и старайтесь о сём самом со всяким постоянством и молением о всех святых |
Суна а дехалаш Деле, аса сайн бага мел йоьллучу хенахь хазачу кхоан къайле майрра йовзийта дешнаш суна далар доьхуш. | и о мне, дабы мне дано было слово — устами моими открыто с дерзновением возвещать тайну благовествования, |
Цу хазачу кхоан дуьхьа набахтехь волу Іийсан векал ву со. Деле дехалаш, айса дийца ма-деззара, хаза кхаъ соьга майрра дІакхайкхабайта алий. | для которого я исполняю посольство в узах, дабы я смело проповедывал, как мне должно. |
Ткъа сох лаьцна а, сан гІуллакхех лаьцна а – шадерг а вайн хьомечу вашас, Везачу Элана леринчу къахьегарехь тешамечу гІуллакхдархочо ТихІака дІадуьйцур ду шуна. | А дабы и вы знали о моих обстоятельствах и делах, обо всём известит вас Тихик, возлюбленный брат и верный в Господе служитель, |
Шу долчу, тхан гІуллакхех лаьцна шуна дІахаийта а, шун дегнаш тедархьама а, аса леррина вохуьйтуш ву иза. | которого я и послал к вам для того самого, чтобы вы узнали о нас и чтобы он утешил сердца ваши. |
СинпаргІато а, тешарца болу даггара безам а хуьлийла динан вежаршна Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а. | Мир братиям и любовь с верою от Бога Отца и Господа Иисуса Христа. |
Делан дика хуьлийла хедар боцучу безамца вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвина Іийса везачаьрца массаьрца а. | Благодать со всеми, неизменно любящими Господа нашего Иисуса Христа. Аминь. |
Дала леррина къобалвинчу Іийсан ялхоша, ПахІала а, Тимапис а, яздо Пилап-гІалахь Іаш болчу а, Дала леррина Къобалвинчуьнца боьзна болчу а Делан долахь болчаьрга массаьрга – шайца цхьаьна динан тобанан гІайгІабийраш а, динан куьйгалхойн гІоьнчаш а болчаьрга. | Павел и Тимофей, рабы Иисуса Христа, всем святым во Христе Иисусе, находящимся в Филиппах, с епископами и диаконами: |
Делан доккха дика а, синпаргІато а хуьлда шуна вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а. | благодать вам и мир от Бога Отца нашего и Господа Иисуса Христа. |
Шу дага мосазза догІу, аса хастамаш бо сайн Деле. | Благодарю Бога моего при всяком воспоминании о вас, |
Шуна массарна тІера айса мел до доІа даим хазахетарца до аса, | всегда во всякой молитве моей за всех вас принося с радостью молитву мою, |
шайна хезначу дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна кху дийне кхаччалц, хаза кхаъ дІасабаржор тІехь аша дакъалоцу дела. | за ваше участие в благовествовании от первого дня даже доныне, |
Со теша, шуна чохь и дика гІуллакх дан Долийначо, Дала леррина къобалвина Іийса вогІун волу де тІекхаччалц, иза кхочушдийр дуйла. | будучи уверен в том, что начавший в вас доброе дело будет совершать его даже до дня Иисуса Христа, |
Шу сан даг чохь долу дела, шух массарах иштта ойла яр нийса ду. Дала суна делла долчу дикачу гІуллакхехь аша массара а дакъа ма лоцу – со набахтехь волчу хенахь а, аса хаза кхаъ ларбечу а, чІагІбечу а хенахь а. | как и должно мне помышлять о всех вас, потому что я имею вас в сердце в узах моих, при защищении и утверждении благовествования, вас всех, как соучастников моих в благодати. |
Дела сан Теш ву, Дала леррина къобалвинчу Іийсан безамца шуьца массаьрца а цхьаьна хила лууш со хьаьгна хиларан. | Бог — свидетель, что я люблю всех вас любовью Иисуса Христа; |
Аса доьху Деле шун даггара болу безам хІума довзарца а, кхетамалла хиларца а кхин а алсамбаккхар, | и молюсь о том, чтобы любовь ваша ещё более и более возрастала в познании и всяком чувстве, |
шайна гІоле дерг хІун ду шу кхетийтархьама. Дала леррина Къобалвинарг вогІучу дийнахь шу цІена а, цхьана а тайпана сакхт доцуш а хилийтар а, | чтобы, познавая лучшее, вы были чисты и непреткновенны в день Христов, |
Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Далла хьалха бакъдина хилар бахьана долуш, дикачу гІуллакхех шу дуьззина хилийтар а доьху ас Делан сийлаллина а, хастамана а. | исполнены плодов праведности Иисусом Христом, в славу и похвалу Божию. |
Динан вежарий, шуна дІахаийта лаьа суна, аса хьоьгу халонаш бахьана долуш, хаза кхаъ дІакхайкхорна тІехь кхин а сов аьтто баьлла хилар. | Желаю, братия, чтобы вы знали, что обстоятельства мои послужили к большему успеху благовествования, |
Дала леррина Къобалвинчунна со тІаьхьахІоттар бахьана долуш, со набахти чохь хилар паччахьан цІенна ха деш болчу массарна а, дуккха а болчу кхечарна а дІахиънера. | так что узы мои о Христе сделались известными всей претории и всем прочим, |
ХІинца со набахтехь хилар бахьана долуш, дукхахболчу динан вежарийн Везачу Элаца доьналла хилар чІагІделла. Хьалха хиллачул а йоккхачу майраллица, кхерам а боцуш, Делан дош кхайкхо буьйлабелла уьш. | и большая часть из братьев в Господе, ободрившись узами моими, начали с большею смелостью, безбоязненно проповедывать слово Божие. |
Бакъду, цхьаболчара хьагІ а, эмгаралла а хиларца, ткъа вукхара дагахь диканиг долуш дуьйцу Дала леррина Къобалвинчух лаьцна. | Некоторые, правда, по зависти и любопрению, а другие с добрым расположением проповедуют Христа. |
Цхьаберш, со хаза кхаъ ларбан дІахІоттийна вуйла а хууш, даггарчу безамца лела. | Одни по любопрению проповедуют Христа не чисто, думая увеличить тяжесть уз моих; |
Ткъа вуьш, шайна пайда лоьхуш а, шайн дог цІена цахиларца а, суна кхин а халонаш ян дагахь а лела, шаьш Дала леррина Къобалвинчух лаьцна дуьйцуш. | а другие — из любви, зная, что я поставлен защищать благовествование. |
Ткъа иза коьртаниг ду те? МоттаргІанаш лелаяхь а, я даггара иза деш делахь а, иза мухха делахь а, Дала леррина Къобалвинарг кхайкхаво-кх цара. Иза иштта хилча а, со воккхавеш ву! Кхин а воккха а вийр ву. | Но что до того? Как бы ни проповедали Христа, притворно или искренно, я и тому радуюсь и буду радоваться, |
ХІунда аьлча суна хаьа, и дерриг а шун доІанашца а, Дала леррина къобалвинчу Іийсан Синан гІоьнца а со паргІатвалийта суна диканна дуйла. | ибо знаю, что это послужит мне во спасение по вашей молитве и содействием Духа Иисуса Христа, |
Сайн кІорггера болчу лааме а, сатийсаре а хьаьжжина, со цхьана а хІуманна тІехь юьхьІаьржачу хІуттур вац, амма сайн мел йолчу майраллица вистхуьлуш лелар ву Дала леррина Къобалвинарг, гуттара а санна, хІинца а соьгахула лакхавалийтархьама – со вехар велахь а, я лийр велахь а. | при уверенности и надежде моей, что я ни в чём посрамлён не буду, но при всяком дерзновении, и ныне, как и всегда, возвеличится Христос в теле моём, жизнью ли то, или смертью. |
Subsets and Splits
No community queries yet
The top public SQL queries from the community will appear here once available.