che stringlengths 9 469 | ru stringlengths 1 384 |
|---|---|
ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг – сан дахар ду, ткъа Іожалла – суна пайда хилар ду. | Ибо для меня жизнь — Христос, и смерть — приобретение. |
Нагахь сан дахар кхидІа а кху дуьненахь дахлахь, сан къахьегаро беркате стом лур бу. Иштта суна-м ца хаьа, айса муьлханиг харжа деза. | Если же жизнь во плоти [доставляет] плод моему делу, то не знаю, что избрать. |
Шинна а агІор Іожалло а, дахаро а, къуьйлуш ву со. Аса сатуьйсу, вала а велла, Дала леррина Къобалвинчуьнца со хиларе, хІунда аьлча иза дуккха а гІолехь хир дара. | Влечёт меня то и другое: имею желание разрешиться и быть со Христом, потому что это несравненно лучше; |
Ткъа со кху дуьненахь вехаш Іар шуна пайдехь ду. | а оставаться во плоти нужнее для вас. |
Оцу тІехь сан шеко а яц, суна иза хаа а хаьа: со вуьсур а ву, шуьца вехар а ву, тешарехь кхиамаш а, даккхийдер а шун хилийтархьама. | И я верно знаю, что останусь и пребуду со всеми вами для вашего успеха и радости в вере, |
ТІаккха со шу долчу юхавеача, сох дозалла дан бахьана совдер ду шун, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца шу доьзна а долуш. | дабы похвала ваша во Христе Иисусе умножилась через меня, при моём вторичном к вам пришествии. |
Иза иштта хилча, суна, шу долчу а веана, шу гича, я кхечанхьа а волуш, шух лаьцна иштта хезар ду: уьш цхьаалла а йолуш, берриш а цхьаъ санна, хазачу кхоаца цхьаьнадогІучу тешарна къахьоьгуш бу. | Только живите достойно благовествования Христова, чтобы мне, приду ли я и увижу вас, или не приду, слышать о вас, что вы стоите в одном духе, подвизаясь единодушно за веру Евангельскую, |
Цхьана а хІуманна тІехь мостагІех ма кхера: иза уьш хІаллакьхиларан билгало ю царна, ткъа шуна – кІелхьардовларан билгало ю. Ткъа и кІелхьардовлар Делера хир ду. | и не страшитесь ни в чём противников: это для них есть предзнаменование погибели, а для вас — спасения. И сие от Бога, |
ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа Цунах тешна а ца Іаш, Цуьнан дуьхьа баланаш хьега дезар а делла шуна. | потому что вам дано ради Христа не только веровать в Него, но и страдать за Него |
Шу а, со а хаза кхаъ ларбархьама цхьатерра дикачу тІамехь ду. Шуна ма-гарра, хьалха а ас беш изза тІом бара. Ткъа хІинца, шуна ма-хаззара, со кхидІа а оццу тІамехь лаьтташ ву. | таким же подвигом, какой вы видели во мне и ныне слышите о мне. |
Дала леррина Къобалвинчуьнца хилар бахьана долуш иракарахІуьттур дуй те шу? Цунна шу дезарх синтем хир буй те шуна? Цуьнан Синца мелла а тІекаре дуй те шу? Вовшийн догъэцар а, вовшех къахетар а дуй те шун? | Итак, если [есть] какое утешение во Христе, если [есть] какая отрада любви, если [есть] какое общение духа, если [есть] какое милосердие и сострадательность, |
Делахь хилийтийша сан воккхавер дуьззина, цхьатерра ойланаш а йолуш, цхьа безам а болуш, цхьа барт а болуш, цхьа Іалашо а йолуш. | то дополните мою радость: имейте одни мысли, имейте ту же любовь, будьте единодушны и единомысленны; |
Цхьа а хІума шена пайда леха а, дозалла дан а ца деш, хІораммо а, ша-ша эсала а хуьлуш, вовшийн лакхара ларалаш. | ничего [не делайте] по любопрению или по тщеславию, но по смиренномудрию почитайте один другого высшим себя. |
ХІораммо а, шен-шен бен гІайгІа йина ца Іаш, кхечун а гІайгІа е. | Не о себе [только] каждый заботься, но каждый и о других. |
Шайн дегнаш чохь Дала леррина къобалвина Іийса санна хилалаш. | Ибо в вас должны быть те же чувствования, какие и во Христе Иисусе: |
Делан вастехь Ша велахь а, Цунна ца хетара, Ша Делах тера хиларх Ша пайда эца беза аьлла. | Он, будучи образом Божиим, не почитал хищением быть равным Богу; |
Мелхо а, Шен возалла дІа а тесна, лен васт тІе а эцна, адамах тар а велла, тІехьаьжна а адам хилла Иза. | но уничижил Себя Самого, приняв образ раба, сделавшись подобным человекам и по виду став как человек; |
Іожаллина тІекхаччалц Далла муьтІахь а хилла, Ша лахара вира Цо. ЖІара тІехь Ша валлалц, муьтІахь висира Иза. | смирил Себя, быв послушным даже до смерти, и смерти крестной. |
Цундела Дала Иза вазвира, уггар а лакхарчу даржехь Иза дІа а хІоттийна, | Посему и Бог превознес Его и дал Ему имя выше всякого имени, |
стигалшкахь а, лаьттахь а, эхартахь а берш Іийсан цІе лоруш, гора а хІиттина, суждане бахийтархьама а, | дабы пред именем Иисуса преклонилось всякое колено небесных, земных и преисподних, |
Да волчу Делан сийлаллина Цо леррина къобалвина Іийса Веза Эла хиларх лаьцна хІора адаман матте тоьшалла дайтархьама а. | и всякий язык исповедал, что Господь Иисус Христос в славу Бога Отца. |
Иштта, сан хьоменаш, гуттара а со юххехь волуш шаьш муьтІахь ма-хиллара, со юххехь воцуш а чІогІачу кхерарца а, дегІе зуз дарца а кхидІа къахьегалаш, шайн кІелхьардовлар кхочушхилийтархьама. | Итак, возлюбленные мои, как вы всегда были послушны, не только в присутствии моём, но гораздо более ныне во время отсутствия моего, со страхом и трепетом совершайте своё спасение, |
ХІунда аьлча Шен дикачу Іалашонца шуна чохь лаамаш хилар а, гІуллакхаш дар а Хуьлуьйтург Дела ву. | потому что Бог производит в вас и хотение и действие по [Своему] благоволению. |
Дерриг а шаьш дийриг, яппарш а ца еш, къийса а ца луш, делаш, | Всё делайте без ропота и сомнения, |
Далла хьалха бехк буьллийла доцуш, цІена шаьш хилийтархьама. Аьрхачу а, телхинчу а тайпанна юкъахь шайца цхьа а вониг доцуш, Делан бераш санна дахалаш. Царна юкъахь стигалан серлонаш санна лела деза шу, | чтобы вам быть неукоризненными и чистыми, чадами Божиими непорочными среди строптивого и развращённого рода, в котором вы сияете, как светила в мире, |
дахар луш болу кхаъ царна дІа а кховдош, Дала леррина Къобалвинарг вогІучу дийнахь шух дозалла дан сан йиш хилийтархьама, хІунда аьлча тІаккха гур ду сан къовсадалар а, къахьегар а эрна ца хилар. | содержа слово жизни, к похвале моей в день Христов, что я не тщетно подвизался и не тщетно трудился. |
Со вен там бу. Ткъа сан валар чагІаран сагІанах тардала мега. Нагахь иза шун тешамечу гІуллакхдаран сагІина тІе Іанахь а, со воккхавеш ву – шуьца массаьрца а воккхавийр ву со. | Но если я и соделываюсь жертвою за жертву и служение веры вашей, то радуюсь и сорадуюсь всем вам. |
Оцу хІуманна а соьца цхьаьна даккхийде шу а. | О сём самом и вы радуйтесь и сорадуйтесь мне. |
Веза Эла волчу Іийсаца воьзна хиларна, дегайовхо ю сан шу долчу кестта Тимапи ваийта, шуьгара хьал-де а хиъна, сайн дог иракарахІотторхьама. | Надеюсь же в Господе Иисусе вскоре послать к вам Тимофея, дабы и я, узнав о ваших обстоятельствах, утешился духом. |
Цуьнга кхочуш а, цо санна доггах шун гІайгІа бийр болуш а сан цхьа а вац. | Ибо я не имею никого равно усердного, кто бы столь искренно заботился о вас, |
Массара а, Дала леррина къобалвинчу Іийсана луург а ца лоьхуш, шайна пайдехьа дерг лоьху. | потому что все ищут своего, а не того, что [угодно] Иисусу Христу. |
Ткъа Тимапи, зийначул тІаьхьа, иза тешаме хилар шуна хууш ду. КІанта шен деца ма-дарра, цо соьца гІуллакх дина хазачу кхоан дуьхьа. | А его верность вам известна, потому что он, как сын отцу, служил мне в благовествовании. |
Сайх хиндерг ма-къаьсттина, иза шу долчу дІахьажо дагахь ву со. | Итак я надеюсь послать его тотчас же, как скоро узнаю, что будет со мною. |
Везачу Элах тешам бу сан: со а кестта шу долчу дІавогІур ву. | Я уверен в Господе, что и сам скоро приду к вам. |
Сан динан ваша Эпар-Падати шу долчу дІавахийтар нийса хета суна. Хазачу кхоан дуьхьа соьца цхьаьна къа а хьоьгуш, дика тІемало санна вара иза. Аша иза сан халонашкахь соьца гІуллакх дан ваийтина ма вара. | Впрочем я почёл нужным послать к вам Епафродита, брата и сотрудника и сподвижника моего, а вашего посланника и служителя в нужде моей, |
Шен цамгарх лаьцна шуна хезна дела, шу массо а ган лууш, воьхна хьийзаш вара иза. | потому что он сильно желал видеть всех вас и тяжко скорбел о том, что до вас дошёл слух о его болезни. |
Иза дІакхалха там болуш вара. Дала къинхетам бира цунах. Ткъа цунах бина а ца Іаш, сох а бина къинхетам, сан сингаттамашна тІе и сингаттам тІе ца кхоьтуьйтуш. | Ибо он был болен при смерти; но Бог помиловал его, и не его только, но и меня, чтобы не прибавилась мне печаль к печали. |
Цундела суна кхин а чІогІа лаьа иза шу долчу дІахьажо: иза юха а ган а гина, шуна хазахетар хилийта а, сайн сингаттамаш лахбалийта а. | Посему я скорее послал его, чтобы вы, увидев его снова, возрадовались, и я был менее печален. |
Везачу Элаца шаьш хиларна даггара долчу хазахетарца тІеэцалаш иза, и санначеран сий а делаш. | Примите же его в Господе со всякою радостью, и таких имейте в уважении, |
ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинчун гІуллакх бахьанехь вала гергга вара иза. Шу суна гІуллакх дан йиш йоцуш хиларна, цо, шен дахар а ца кхоош, шун метта, суна гІо дора. | ибо он за дело Христово был близок к смерти, подвергая опасности жизнь, дабы восполнить недостаток ваших услуг мне. |
Ткъа хІинца, сан динан вежарий, даккхийде шаьш Везачу Элаца долуш. Хьалха яздинарг шуьга кхин а цкъа яздан суна хала дац, ткъа шуна иза закъалтана хир ду. | Впрочем, братия мои, радуйтесь о Господе. Писать вам о том же для меня не тягостно, а для вас назидательно. |
Ларлолаш зуламаш дечарах! Уьш жІаьлех тера бу, цара шайн бехке меттиг хадорца шаьш сакхт до! | Берегитесь псов, берегитесь злых делателей, берегитесь обрезания, |
ХІунда аьлча вай билггал сунтдинарш ду. Вай Делан Синехула Далла гІуллакх деш а ду, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца доьзна хиларх дозалла деш а ду, адамийн дилханах тешна Іаш а дац. | потому что обрезание — мы, служащие Богу духом и хвалящиеся Христом Иисусом, и не на плоть надеющиеся, |
Сан а ма яра, сайн дилханах а тешна, Іен йиш. Нагахь санна кхин цхьа стаг, шен адаман дилханах а тешна, Іен дагахь велахь, сан цуьнан йолчул а сов бакъо хилар билггал бакъду. | хотя я могу надеяться и на плоть. Если кто другой думает надеяться на плоть, то более я, |
ХІунда аьлча дуьнен чу ваьллачу борхІалгІачу дийнахь со сунтвина а ву, Исраилан халкъах схьаваьлла а ву, Бен-Яманан тайпанах а ву, Іебархойх схьаваьлла Іебархо а ву. Товрат-хьехамаш кхочушбеш парушхо а вара со. | обрезанный в восьмой день, из рода Израилева, колена Вениаминова, Еврей от Евреев, по учению фарисей, |
Сайгахь болчу ницкъе хьаьжжина, Іийсах тешначийн тобанна дуьхьалваьллера. Товрат-хьехамаш кхочушбаро луш долчу бакъвар э хьаьжжина, ала цхьа а хІума доцуш вара со. | по ревности — гонитель Церкви Божией, по правде законной — непорочный. |
Делахь а суна пайденна ду аьлла хеттарг Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа эрна хилла лору аса. | Но что для меня было преимуществом, то ради Христа я почёл тщетою. |
Цул сов, кхидолу массо а хІума эрна хета суна, хІунда аьлча дерригенал а деза ду сан Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Іийса вовзар. Цуьнан дуьхьа со массо а хІуманах ваьлла. Кхидолу массо а хІума кхелли хета суна, Дала леррина Къобалвинчуьнца уьйр йолуш со хилийтархьама а, | Да и всё почитаю тщетою ради превосходства познания Христа Иисуса, Господа моего: для Него я от всего отказался, и всё почитаю за сор, чтобы приобрести Христа |
Цуьнца цхьаьна хилархьама а. Ас-айса, товрат-хьехамаш кхочушбарца а доцуш, ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешарца Далла хьалха бакъвина ву со. Иштта Дала Ша со бакъвира, Іийсах тешарна. | и найтись в Нём не со своею праведностью, которая от закона, но с тою, которая через веру во Христа, с праведностью от Бога по вере; |
Дала леррина Къобалвинарг кІоргге вовза лаьа суна, Иза веллачуьра денвеш хилла болу ницкъ а бевзаш, Цуьнан баланашкахь дакъа а лоцуш. Цуьнан Іожаллехь Цунах тар а луш, Иза вовза а лаьа суна, | чтобы познать Его, и силу воскресения Его, и участие в страданиях Его, сообразуясь смерти Его, |
Иза санна, веллачуьра денваларе са а туьйсу аса. | чтобы достигнуть воскресения мёртвых. |
Аса ца боху, оцу массо а хІумане со кхаьчна ваьлла, я со кхачам боллуш кхиъна. Мелхо а, Дала леррина къобалвинчу Іийсас со дола ваьккхинчу Іалашоне кхача гІерташ ву со. | [Говорю так] не потому, чтобы я уже достиг, или усовершился; но стремлюсь, не достигну ли я, как достиг меня Христос Иисус. |
Динан вежарий! Оцу Іалашоне со кхаьчна ваьлла аьлла ца хета суна. Делахь а цхьа хІума кхочушдо ас: сайна тІехьа дерг диц а деш, хьалха долчунна тІекхача гІерташ ву со. | Братия, я не почитаю себя достигшим; а только, забывая заднее и простираясь вперёд, |
Иштта, сан Іалашо ю, къовсамехь санна, Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула со стигала тІекхайкхинчу Дала суна лун долчу совгІатна хьалха тІекхача. | стремлюсь к цели, к почести вышнего звания Божия во Христе Иисусе. |
Іийсах тешаре хьаьжжина, вайна юкъара хьалакхиънарш массо а иштта ойланаш йолуш хила беза. Нагахь санна цхьадолчунна тІехь шун кхин тайпана ойланаш елахь а, иза а Дала шуна дІадоьллур ду. | Итак, кто из нас совершён, так должен мыслить; если же вы о чём иначе мыслите, то и это Бог вам откроет. |
Вуьшта, хІинца ваьшна девзина долчуьнца кхидІа а даха деза вай. | Впрочем, до чего мы достигли, так и должны мыслить и по тому правилу жить. |
Динан вежарий! Кхиберш санна, сох масал оьцуш хилийша. Оха шуна гайтинчу масалца бехачаьрга хьовсалаш. | Подражайте, братия, мне и смотрите на тех, которые поступают по образу, какой имеете в нас. |
ХІунда аьлча дукхахберш Дала леррина Къобалвинчун жІаран мостагІий санна лелаш бу. Аса сих-сиха дуьйцура шуьга царах лаьцна, ткъа хІинца-м, бІаьрхиш а Іенош, дуьйцу аса. | Ибо многие, о которых я часто говорил вам, а теперь даже со слезами говорю, поступают как враги креста Христова. |
Церан кхоллам – хІаллакьхилар ду. Церан дела – гайна там бар ду. Эхьечу гІуллакхех дозалла до цара. Цара, кху дуьненан хІуманийн бен, ойла ца йо. | Их конец — погибель, их бог — чрево, и слава их — в сраме, они мыслят о земном. |
Ткъа вай стигалан дахархой ду. Вай КІелхьардохург, Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Іийса, оцу стигалшкара схьаваре хьоьжуш а ду вай. | Наше же жительство — на небесах, откуда мы ожидаем и Спасителя, Господа нашего Иисуса Христа, |
Вайн сий доцу догІмаш хуьйцур ду Цо, Шен сийлахьчу дегІах а тардина. И дийр ду Цо массо а хІума а Шен карадерзо йиш йолчу Шен ницкъаца. | Который уничижённое тело наше преобразит так, что оно будет сообразно славному телу Его, силою, [которою] Он действует и покоряет Себе всё. |
Аса доггах сатуьйсу, сан хьоме вежарий! Шу ду сан ирс а, сан толаман таж а. Иштта, хьоменаш, аса хІинцца ма-дийццара, чІогІа латталаш Везачу Элаца доьзна долчу шайн дахарехь. | Итак, братия мои возлюбленные и вожделенные, радость и венец мой, стойте так в Господе, возлюбленные. |
Аса доьху хьоьга, Авуди, иштта хьоьга а доьху ас, Синтахи, вовшашца бертахь хилийша. Шуьшиъ цхьатерра Везачу Элан долахь ма ву! | Умоляю Еводию, умоляю Синтихию мыслить то же о Господе. |
Иштта хьоьга а, сан тешаме волу СезагІ, гІо дар доьху аса оцу зударшна. Хаза кхаъ баржош, аса бинчу балха тІехь Кала-Ментица а, кхиболчу сан накъосташца а дакъалаьцнера цара. Церан цІераш дахаран тептар тІе дІаязйина ю. | Ей, прошу и тебя, искренний сотрудник, помогай им, подвизавшимся в благовествовании вместе со мною и с Климентом и с прочими сотрудниками моими, которых имена — в книге жизни. |
Везачу Элаца а долуш, даим а даккхийде. Юха а боху аса: даккхийде! | Радуйтесь всегда в Господе; и ещё говорю: радуйтесь. |
Массо а адамашна йовзийла шун эсалалла. Веза Эла гергга ву. | Кротость ваша да будет известна всем человекам. Господь близко. |
Цхьана а хІуманан гІайгІа ма е, амма мел дечу доІанашкахь а, дехаршкахь а, баркалла а кхайкхош, шайна оьшург Деле дІахаийта. | Не заботьтесь ни о чём, но всегда в молитве и прошении с благодарением открывайте свои желания пред Богом, |
ТІаккха, шун муьлххачу а кхетамал лакхара а йолуш, Делера схьайогІучу синпаргІатоно шун дегнаш а, шун хьекъалш а лардийр ду, шу Дала леррина къобалвинчу Іийсаца доьзна долу дела. | и мир Божий, который превыше всякого ума, соблюдёт сердца ваши и помышления ваши во Христе Иисусе. |
Ткъа хІинца, динан вежарий, дика мел дерг а, хастаме дерг а дагахь латтаде. Билггал бакъдолчух, оьзда долчух, нийса долчух, цІена долчух, тамехь долчух, дозалла дан хьакъ долчух ойланаш е. | Наконец, братия мои, что только истинно, что честно, что справедливо, что чисто, что любезно, что достославно, что только добродетель и похвала, о том помышляйте. |
Соьгара шайна Іеминарг, дІаэцнарг, хезнарг, гинарг кхочушделаш. ТІаккха синпаргІатонан хьоста долу Дела шуьца хир ву. | Чему вы научились, что приняли и слышали и видели во мне, то исполняйте,— и Бог мира будет с вами. |
Везачу Элаца воьзна а волуш, дикка хазахетар хилла ву со, шун юха а сан гІайгІа бан аьтто баьлла дела. Бакъду, шу-м хІинццалц а дара сан гІайгІа беш, амма шун аьтто ца болура иза суна хаийта. | Я весьма возрадовался в Господе, что вы уже вновь начали заботиться о мне; вы и прежде заботились, но вам не благоприятствовали обстоятельства. |
Сайна цхьа хІума оьшу дела, ца боху аса иза. ХІунда аьлча сайна хІуъа а тІедеача а, со Іемина ву сайн долчух тоам а беш Іен. | Говорю это не потому, что нуждаюсь, ибо я научился быть довольным тем, что у меня есть. |
Суна къоьлла а евзина, хьал а девзина. Муьлххачу хенахь а, муьлххачу меттехь а сайн долчух тоам баран къайле евзина суна – со вуьзна я меца велахь а, со шортта хІума долуш я хІума оьшуш велахь а. | Умею жить и в скудости, умею жить и в изобилии; научился всему и во всём, насыщаться и терпеть голод, быть и в обилии и в недостатке. |
Суна ницкъ луш волу Дала леррина Къобалвинарг бахьана долуш, суна массо а хІума лан хаьа. | Всё могу в укрепляющем меня Иисусе Христе. |
Делахь а аша дика гІуллакх дина, сан баланашкахь дакъа а лаьцна. | Впрочем вы хорошо поступили, приняв участие в моей скорби. |
Пилапхой, шуна хууш ду-кх, со Македон-махкара ара а ваьлла, хаза кхаъ дІакхайкхо волавеллачу хенахь, шу доцучара цхьана а динан тобано суна хІума ца кховдийра, аша суна гІо ма-дарра. | Вы знаете, Филиппийцы, что в начале благовествования, когда я вышел из Македонии, ни одна церковь не оказала мне участия подаянием и принятием, кроме вас одних; |
Аша-м со Тассалник-гІалахь волуш а, суна хІума эшча, мосуьйттазза гІо динера. | вы и в Фессалонику и раз и два присылали мне на нужду. |
Сайна совгІаташ дайтар ца лоьху аса. Мелхо а аша динчу дикачу гІуллакхийн кехатна тІе кхин а хІуманаш дІаяздина хилар лоьху ас. | [Говорю это] не потому, чтобы я искал даяния; но ищу плода, умножающегося в пользу вашу. |
ХІинца шортта хІума ду сан. Оьшург ерриге а йолуш ю, аша мел даийтина совгІаташ Эпар-Падатис соьга схьакхачийна. Далла доккху хаза хьожа йогІу сагІа санна ду и совгІат, Дела цунна реза а ву. | Я получил всё, и избыточествую; я доволен, получив от Епафродита посланное вами, [как] благовонное курение, жертву приятную, благоугодную Богу. |
Сан Дала Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула Шен долчу сийлахьчу хьолаца шуна мел оьшург лур ду. | Бог мой да восполнит всякую нужду вашу, по богатству Своему в славе, Христом Иисусом. |
Абаденналц сийлалла хуьлда вайн Да волчу Ден! Амин. | Богу же и Отцу нашему слава во веки веков! Аминь. |
Маршаллаш ло Дала леррина къобалвинчу Іийсан долахь болчу массаьрга а. Соьца болчу динан вежарша а маршаллаш доуьйту шуьга. | Приветствуйте всякого святого во Христе Иисусе. Приветствуют вас находящиеся со мною братия. |
Делан долахь болчу массара а доуьйту шуьга маршаллаш, къаьсттина Рим-мехкан паччахьан цІерачара. | Приветствуют вас все святые, а наипаче из кесарева дома. |
Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дика хуьлда шуьца массаьрца а. | Благодать Господа нашего Иисуса Христа со всеми вами. Аминь. |
Делан лаамца Цо леррина къобалвинчу Іийсан векал волчу ПахІала а, динан вашас Тимапис а яздо | Павел, волею Божиею Апостол Иисуса Христа, и Тимофей брат, |
Ковлуси-гІалахь бехачу Дала базбинчу а, Далла тешамечу а, Дала леррина Къобалвинчуьнца боьзна а болчу динан вежаршка. Вайн Да волчу Делера долу дика а, синпаргІато а хуьлда шуна. | находящимся в Колоссах святым и верным братиям во Христе Иисусе: |
Шуна тІера доІанаш а деш, оха даим хастамаш бо вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан Да волчу Далла. | благодать вам и мир от Бога Отца нашего и Господа Иисуса Христа. Благодарим Бога и Отца Господа нашего Иисуса Христа, всегда молясь о вас, |
ХІунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Іийсах шун тешар хиларх а, массо а Делан долахь берш шуна безарх а лаьцна хезна тхуна. | услышав о вере вашей во Христа Иисуса и о любви ко всем святым, |
Шу иштта лела, стигалшкахь шайна кечдина долчуьнга шаьш сатуьйсуш долу дела. Цунах лаьцна хазачу кхоан билггал бакъдолчу дашехула хьалха а хезнера шуна. | в надежде на уготованное вам на небесах, о чём вы прежде слышали в истинном слове благовествования, |
Шу долчу кхаьчна болу и хаза кхаъ дерриг а дуьнен тІехь шен стом луш а, дІасабаьржаш а бу, Делан дика баккъалла а муха хуьлу шуна хезначу а, шу кхеттачу а дийнахь дуьйна, шуна юкъахь и кхаъ иштта лелаш ма-хиллара. | которое пребывает у вас, как и во всём мире, и приносит плод, и возрастает, как и между вами, с того дня, как вы услышали и познали благодать Божию в истине, |
И хаза кхаъ вайна везаш волчу Эпарпис бовзийтинера шуна. Вайца цхьаьна Далла гІуллакх деш ву иза, ткъа шун дуьхьа иза Дала леррина Къобалвинчун тешаме ялхо а ву. | как и научились от Епафраса, возлюбленного сотрудника нашего, верного для вас служителя Христова, |
Делан Сино шуна беллачу безамах лаьцна тхоьга хаам бинарг а иза вара. | который и известил нас о вашей любви в духе. |
Цундела тхайна и хаам бинчу дийнахь дуьйна, шуна тІера даим доІанаш деш ду тхо. Оха доьху, Делан Сино мел луш долчу хьекъалца а, кхетамца а Делан лаам бовзарх шу дузийтар. | Посему и мы с того дня, как [о сём] услышали, не перестаём молиться о вас и просить, чтобы вы исполнялись познанием воли Его, во всякой премудрости и разумении духовном, |
Иза иштта хилахь, массо а хІуманна тІехь Делан лаамехь дерг а деш, Везачу Элана хьалха хьакъ долуш лелар ду шу. Аша деш долчу муьлххачу а дикачу гІуллакхаша стом а лур бу, Дела вовзарна тІехь кхиамаш а бохур бу аша. | чтобы поступали достойно Бога, во всём угождая [Ему], принося плод во всяком деле благом и возрастая в познании Бога, |
Цуьнан нуьцкъалчу сийлалле хьаьжжина, шу чІагІдина хуьлийла, массо а хІума собарца ловш шу хилийтархьама. Даккхийдерца | укрепляясь всякою силою по могуществу славы Его, во всяком терпении и великодушии с радостью, |
стигаларчу Дена хастамаш бойла аша. Серлонан олаллехь Шен долахь болчарна лур ду аьллачун декъашхой шух хилийта, шуна хьуьнар Делларг Иза ма ву. | благодаря Бога и Отца, призвавшего нас к участию в наследии святых во свете, |
Вай, боданан олаллех кІелхьара а даьхна, Шен везаш волчу КІентан олалле даьхна Цо. | избавившего нас от власти тьмы и введшего в Царство возлюбленного Сына Своего, |
Цуьнгахула вай паргІатдахархьама мах а белла, вайн къиношна гечдина Дала. | в Котором мы имеем искупление Кровию Его и прощение грехов, |
Дала леррина Къобалвинарг – гуш воцучу Делан гуш долу васт ду. Цуьнан дуьххьарлера Доьзалхо ву Иза, кхоьллина мел долчу хІуманал тоьлуш а волуш. | Который есть образ Бога невидимого, рождённый прежде всякой твари; |
Стигалшкахь а, лаьттахь а гуш долу а, гуш доцу а массо а хІума Цо кхоьллина ду: стигалийн паччахьаш, я олахой, я хьаькамаш, я куьйгалхой хуьлийла уьш. И дерриг а Цо кхоьллина а ду, Цунна кхоьллина а ду. | ибо Им создано всё, что на небесах и что на земле, видимое и невидимое: престолы ли, господства ли, начальства ли, власти ли,— всё Им и для Него создано; |
Subsets and Splits
No community queries yet
The top public SQL queries from the community will appear here once available.