che stringlengths 9 469 | ru stringlengths 1 384 |
|---|---|
Иза долуш долчу дерригенал а хьалха вара, Цо массо а долуш дерг шен-шен меттехь лоттуьйту. | и Он есть прежде всего, и всё Им стоит. |
Иза динан массо а тобанан Корта бу, ткъа и тоба Цуьнан дегІ санна ю. Оцу тобанан дахаран хьоста ду Иза. Беллачарна юкъара дуьххьара денвелларг а Иза ву, массо а хІуманна тІехь хьалхе йоккхуш Иза хилийтархьама. | И Он есть глава тела Церкви; Он — начаток, первенец из мёртвых, дабы иметь Ему во всём первенство, |
ХІунда аьлча Далла тамехь дара Шен мел йолу амал кхоччуш Цуьнгахь хилар. | ибо благоугодно было [Отцу], чтобы в Нём обитала всякая полнота, |
Далла лиира Цуьнгахула стигалахь а, лаьттахь а долу дерриг а хІума Шеца тайта. ЖІара тІехь Іанийначу Шен КІентан цІийгахула царна а, Шена а юкъахь барт бира Цо. | и чтобы посредством Его примирить с Собою всё, умиротворив через Него, Кровию креста Его, и земное и небесное. |
Аша дечу вочу гІуллакхаша гойтура, цхьана хенахь шу а Далла херадевлла хилар. Шайн кхетамехь Делан мостагІий дара шу. | И вас, бывших некогда отчуждёнными и врагами, по расположению к злым делам, |
Ткъа хІинца, Ша леррина Къобалвинчун дегІан даларехула, Дела шуьца тайра, Шена хьалха шу даздина а, цІена а, ала хІума доцуш а дІахІитторхьама. | ныне примирил в теле Плоти Его, смертью Его, [чтобы] представить вас святыми и непорочными и неповинными пред Собою, |
Иза иштта хир а ду, нагахь санна шайн тешар тІехь шеконаш а йоцуш, чІагІ а делла, шу латтахь а, шайна хезначу хазачу кхоо луш болчу сатийсамах аша шаьш дІа ца хадийтахь а. Стигал кІел болчу массаьрга а дІахазийтинчу оцу хазачу кхоан ялхо хилира сох, ПахІалах. | если только пребываете тверды и непоколебимы в вере и не отпадаете от надежды благовествования, которое вы слышали, которое возвещено всей твари поднебесной, которого я, Павел, сделался служителем. |
Со воккхавеш ву айса шун дуьхьа хІинца баланаш хьегарх. Аса сайн дегІа чохь кхочушдо Дала леррина Къобалвинчунна тІаьхьахІиттинчара Цуьнан дегІан дуьхьа хьега дезаш диснарг. Цуьнан дегІ – Іийсах тешачу массеран а тоба ю. | Ныне радуюсь в страданиях моих за вас и восполняю недостаток в плоти моей скорбей Христовых за Тело Его, которое есть Церковь, |
Дала суна тІедиллина шун дуьхьа оцу тобанан гІуллакхдархо хилар. Цо со къобалвинера Шен дош шуна дуьззина довзийта. | которой сделался я служителем по домостроительству Божию, вверенному мне для вас, [чтобы] исполнить слово Божие, |
Оцу Делан дашна чохь цхьа къайле ю. И къайле бІешерашкахь дуьйна массо а адамийн гаранашна дІакъевлина яра. Ткъа хІинца иза Шен долахь болчарна дІайовзийтина Дала. | тайну, сокрытую от веков и родов, ныне же открытую святым Его, |
Делан лаам бу Шен къайленан хьал мел сийлахь ду Шен долахь болчарна дІахаийтар. Массо а къаьмнех болчеран дуьхьа ю и къайле: Дала леррина Къобалвинарг шун даг чохь ву, цундела шун сатуьйсийла ду Делан сийлалле. | Которым благоволил Бог показать, какое богатство славы в тайне сей для язычников, которая есть Христос в вас, упование славы, |
Дала леррина Къобалвинарг вай дІакхайкхаво, хІора адам, массо а тайпана хьекъалца кхета а деш, Іама а деш, иза, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна а долуш, дуьззина кхочуш а дина, дІахІотторхьама. | Которого мы проповедуем, вразумляя всякого человека и научая всякой премудрости, чтобы представить всякого человека совершенным во Христе Иисусе; |
Сайна чохь болх беш болчу Цуьнан ницкъаца оцу Іалашонна къахьоьгуш ву со. | для чего я и тружусь и подвизаюсь силою Его, действующею во мне могущественно. |
Суна шуьга дІахаийта лаьа, мел чІогІа къахьоьгу аса Лаудикехь дехачу шун дуьхьа а, юьхь-дуьхьал со шайна гина а боцучу массеран дуьхьа а. | Желаю, чтобы вы знали, какой подвиг имею я ради вас и ради тех, которые в Лаодикии и Иераполе, и ради всех, кто не видел лица моего в плоти, |
Аса иза до, уьш, вовшашка болу безам а болуш, цхьаьнакхетта хилийтархьама а, церан дегнаш иракарахІитторхьама а. Суна лаьа, церан хьекъал кхачам боллуш чІогІа хила, Делан къайле царна йовзийтархьама. Ткъа Делан къайле Дала леррина Къобалвинарг ву. | дабы утешились сердца их, соединённые в любви для всякого богатства совершенного разумения, для познания тайны Бога и Отца и Христа, |
Цунна чохь къайлаяьккхина ю кІоргге долчу хьекъалан а, кхетаман а мел йолу хазна. | в Котором сокрыты все сокровища премудрости и ведения. |
Аса иза боху шуьга, цхьаннан а хазачу къамелах шу Іеха ца далийтархьама. | Это говорю я для того, чтобы кто-нибудь не прельстил вас вкрадчивыми словами; |
ХІунда аьлча со, шуна гуш юххехь вацахь а, синца шуьца ву. Шун оьзда дахар а, Дала леррина Къобалвинчух шун чІогІа долу тешар а гуш, воккхавеш ву со. | ибо хотя я и отсутствую телом, но духом нахожусь с вами, радуясь и видя ваше благоустройство и твёрдость веры вашей во Христа. |
Дала леррина къобалвина Іийса шаьш Веза Эла санна тІеэцарна, Цуьнца доьзна а долуш, дахалаш. | Посему, как вы приняли Христа Иисуса Господа, [так] и ходите в Нём, |
Шайн тешаран орамаш Цунах дІа а тасий, Цуьнца цхьаьна хьалакхиалаш. Шайна хьехначу тешарехь чІагІлолаш. Баркаллех дуьззина хилалаш. | будучи укоренены и утверждены в Нём и укреплены в вере, как вы научены, преуспевая в ней с благодарением. |
Варелаш, динан вежарий, вайн дайша даьхначу Іадатийн а, кху дуьненах лаьцна адамийн болчу кхетаман а бух тІехь долчу, шу ледан дуьйцучу даьссачу къамелийн йийсархой ма хилалаш. Иштта долу къамелаш Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна дац. | Смотрите, братия, чтобы кто не увлёк вас философиею и пустым обольщением, по преданию человеческому, по стихиям мира, а не по Христу; |
ХІунда аьлча адаман сибат тІеэцна волчу Цунна чохь Дела кхачам болуш Іаш ву. | ибо в Нём обитает вся полнота Божества телесно, |
Шу а ду кхачам боллуш дуьзна, шу Цуьнца доьзна долу дела. Стигалийн мел болчу хьаькамел а, куьйгалхойл а коьрта ву Иза. | и вы имеете полноту в Нём, Который есть всякого начальства и власти. |
Шу Цуьнца доьзна хиларна, адамийн куьйгашца дина доцу шун сунтдар кхочушдина. Дала леррина Къобалвинчо кхочушдинчу сунтдарехула шун хьарам лаамаш дІабаьхна. | В Нём вы и обрезаны обрезанием нерукотворенным, совлечением греховного тела плоти, обрезанием Христовым; |
Хих чекхдовлучу хенахь Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна дІадоьхкина долу шу Цуьнца цхьаьна денделла, Иза веллачуьра денвинчу Делан ницкъах шун долчу тешарца. | быв погребены с Ним в крещении, в Нём вы и совоскресли верою в силу Бога, Который воскресил Его из мёртвых, |
Шаьш къинош летийна дела а, кхечу къаьмнех шаьш схьадевлла дела а, хьалха шу делла дара. Ткъа хІинца Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна долу шу денделла, Дала вайн массо а къиношна геч а дина. | и вас, которые были мертвы во грехах и в необрезании плоти вашей, оживил вместе с Ним, простив нам все грехи, |
Цо дІадайина вайн декхар тІеяздина долу йоза. Оцу кехат тІехь вайна дуьхьал долу а, вай бехке озош долу а парзаш дара. ЖІарах дІа а тоьхна, Дала и кехат дІадаьккхина. | истребив учением бывшее о нас рукописание, которое было против нас, и Он взял его от среды и пригвоздил ко кресту; |
Иза дарца жинийн хьаькамийн а, куьйгалхойн а карара олалла дІадаьккхина Цо. Іийса жІарах дІатохарехула царна тІехь толам а баьккхина, массарна а хьалха уьш юьхьІаьржачу хІиттийра Цо. | отняв силы у начальств и властей, властно подверг их позору, восторжествовав над ними Собою. |
ХІинца дуьйна йиънарг я мелларг бахьана долуш, къастийна долу а, я керла бутт болалуш долу а, я шоьтан деза долу а денош бахьана долуш цхьаммо а шу бехке ма дойла. | Итак никто да не осуждает вас за пищу, или питие, или за какой-нибудь праздник, или новомесячие, или субботу: |
ХІунда аьлча и дерриг а хиндолчун дегІан ІиндагІ ду, ткъа долуш дерг Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна ду. | это есть тень будущего, а тело — во Христе. |
Харц кепара шу лахара хила а деза, аша маликашна Іамал ян а деза бохучо шу Іеха ма дойла, ша дуьйцург шена гиначу суьрташца тІе а чІагІдеш. Цхьа а бахьана доцуш, адамийн кура ойла хуьлу ишттачу стеган. | Никто да не обольщает вас самовольным смиренномудрием и служением Ангелов, вторгаясь в то, чего не видел, безрассудно надмеваясь плотским своим умом |
ДегІан Корта болчу Дала леррина Къобалвинчунна тІе ца гІерта иза. И корта бахьана долуш, пхенаша а, меженаша а латтадеш цхьаьнатесна долу и дерриг а дегІ Делан лаамехь хьалакхуьуш ду. | и не держась главы, от которой всё тело, составами и связями будучи соединяемо и скрепляемо, растёт возрастом Божиим. |
Нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца шу, дала а делла, кху дуьнен чохь долчу парзийн а, Іадатийн а долара схьадевлла хилча, хІунда гІерта шу, кху дуьненан долахь долуш санна, | Итак, если вы со Христом умерли для стихий мира, то для чего вы, как живущие в мире, держитесь постановлений: |
«хІокхунах ма хьакхалолаш», «хІара ма яалаш», «кхунах куьг ма Іотталаш» бохучу сацамашна тІе? | «не прикасайся», «не вкушай», «не дотрагивайся»— |
Диина даьлча, телхина дІадер долчу хІуманех лаьцна дуьйцу оцу хьехамашкахь. Уьш адамаша даьхна парзаш а, хьехамаш а бен дац. | что всё истлевает от употребления,— по заповедям и учению человеческому? |
ТІехьаьжча, иштта парзаш хьекъале ду мотта тарло: цаьрца ду шайн лаамца Іамал яр а, харцкепара шаьш лахара хетар а, шайн догІмашна тІехь ницкъ бар а. Делахь а, цара шайн хьарамчу лаамашна урхалла даре хьаьжжина, цу парзийн цхьа а мах бац. | Это имеет только вид мудрости в самовольном служении, смиренномудрии и изнурении тела, в некотором небрежении о насыщении плоти. |
Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна шу деллачуьра денделла хиларна, Далла аьтту агІор Иза охьахиина волчу стигалшкахь долчух шун кхетам бузийла. | Итак, если вы воскресли со Христом, то ищите горнего, где Христос сидит одесную Бога; |
Лаьттахь долчун ойла а ца еш, стигалахь долчух дегнаш дуза. | о горнем помышляйте, а не о земном. |
ХІунда аьлча шун хьалха хиллачу дахаре хьаьжча, шу делла ду, ткъа Дала леррина Къобалвинчуьнца шун бакъдолу дахар Делан карахь дІахьулдина ду. | Ибо вы умерли, и жизнь ваша сокрыта со Христом в Боге. |
Шеца шун дахар долуш волу Дала леррина Къобалвинарг кху дуьнен чу юхавеача, шу а сийлаллица Цуьнца цхьаьна догІур ду. | Когда же явится Христос, жизнь ваша, тогда и вы явитесь с Ним во славе. |
Иза иштта долу дела, шайна чохь лелаш болу а, кху дуьненца боьзна болу а адамийн лаамаш хІаллакбелаш: нахаца лелар, цІена доцург лаар, боьхачу лаамех дуьзна хилар, зуламе лаамаш хилар, сутара хилар (хІунда аьлча сутара хилар цІушна Іамал яр санна ду). | Итак, умертвите земные члены ваши: блуд, нечистоту, страсть, злую похоть и любостяжание, которое есть идолослужение, |
Иштта дерг лелорна муьтІахь ца хуьлучу нахана Делан оьгІазло тІейогІур ю. | за которые гнев Божий грядёт на сынов противления, |
Мацах шу а ма дара иштта лелаш, шайн дахар цу хІуманех дуьзна долчу хенахь. | в которых и вы некогда обращались, когда жили между ними. |
Ткъа хІинца и шадерг дІадаккха: дералла, оьгІазалла, хьагІ, вониг дийцар, боьха бага леяр. | А теперь вы отложите всё: гнев, ярость, злобу, злоречие, сквернословие уст ваших; |
Вовшашка харц ма ле, хІунда аьлча шайн шира адам цуьнан гІуллакхашца цхьаьна аша дІа ма тесна. | не говорите лжи друг другу, совлекшись ветхого человека с делами его |
Керла адам а хилий, дІахІитта. Ша Кхоьллинчун вастехь карладолу и адам, Дела вуьззина вовззалц. | и облекшись в нового, который обновляется в познании по образу Создавшего его, |
Иза иштта хиларна, цхьа а башхо яц кхечу къомах волчу стагана я жуьгтичунна юкъахь, сунтвинчунна я сунтваза волчунна юкъахь, оьздачу халкъан волчу стагана я оьздангалла йоцучу халкъан стагана юкъахь, лена я маьршачунна юкъахь. Мелхо а, Дала леррина Къобалвинарг уггар лараме Верг а ву, Иза массаьрца а ву. | где нет ни Еллина, ни Иудея, ни обрезания, ни необрезания, варвара, Скифа, раба, свободного, но всё и во всём Христос. |
Дала даздинарш а, Цуьнан хьоме хаьржинарш а шаьш хиларна, къинхетамах, диканиг дарх, ша-ша лахара хетарх, эсалаллех, собар хиларх дуьзна хилалаш. | Итак облекитесь, как избранные Божии, святые и возлюбленные, в милосердие, благость, смиренномудрие, кротость, долготерпение, |
Вовшех кхеташ хилалаш, нагахь санна цхьаъ вукхунна дегабаам болуш велахь, вовшашна гечделаш, Везачу Эло шайна гечдаре терра. | снисходя друг другу и прощая взаимно, если кто на кого имеет жалобу: как Христос простил вас, так и вы. |
Даггара вовшашка болу безам дерриг а цу хІуманашна тІетоха. Массо а хІума кхачаме цхьаьна доьхкург безам ма бу. | Более же всего [облекитесь] в любовь, которая есть совокупность совершенства. |
Дала елла йолу синпаргІато хуьлийла шун дегнаш чохь олалла деш. Шух цхьа дегІ а дина, синпаргІатоне тІекхайкхина Дала. Далла баркалла олуш хила. | И да владычествует в сердцах ваших мир Божий, к которому вы и призваны в одном теле, и будьте дружелюбны. |
Дала леррина Къобалвинчун дош дуккха а дехийла шун даг чохь. Шайн мел долчу хьекъалца вовшашна хьехамаш а бе, вовшийн кхета а де. Шайн дегнаш чохь Далла баркаллаш а кхайкхош, назманаш а ала, эшарш а лекха, динан иллеш а ала. | Слово Христово да вселяется в вас обильно, со всякою премудростью; научайте и вразумляйте друг друга псалмами, славословием и духовными песнями, во благодати воспевая в сердцах ваших Господу. |
Дашца я гІуллакхца шаьш мел дийриг Веза Эла волчу Іийсан цІарах делаш, Да волчу Далла Цуьнгахула баркаллаш а олуш. | И всё, что вы делаете, словом или делом, всё [делайте] во имя Господа Иисуса Христа, благодаря через Него Бога и Отца. |
Зударий, шайн майранашна муьтІахь хила, хІунда аьлча иза шун декхар ду, Везачу Элаца шу доьзна хиларна. | Жёны, повинуйтесь мужьям своим, как прилично в Господе. |
Майранаш, шу а шайн зударий безаш хила, цаьрца буьрса ма хила. | Мужья, любите своих жён и не будьте к ним суровы. |
Бераш, массо а хІуманна тІехь шайн дас-нанас боххург деш хила, хІунда аьлча иза Далла хазахетарг ду. | Дети, будьте послушны родителям вашим во всём, ибо это благоугодно Господу. |
Дай, шайн бераш оьгІаз ма эхийта, дог доьхна уьш ца хилийтархьама. | Отцы, не раздражайте детей ваших, дабы они не унывали. |
Леш, адамаш долчу шайн элашна массо а хІуманна тІехь муьтІахь хила. Царна шаьш гуш долчу хенахь там бина а ца Іаш, Везачу Элах кхоьруш а, догцІена а лела. | Рабы, во всём повинуйтесь господам вашим по плоти, не в глазах только служа [им], как человекоугодники, но в простоте сердца, боясь Бога. |
Шаьш мел дийриг а доггах де, адамашна деш санна а доцуш, Везачу Элана деш санна. | И всё, что делаете, делайте от души, как для Господа, а не для человеков, |
Дагахь латтаде, Шен халкъана лур ду аьлларг Везачу Эло совгІатна лур ду шуна. Дала леррина Къобалвинарг баккъалла а аша гІуллакх деш волу Эла ма ву. | зная, что в воздаяние от Господа получите наследие, ибо вы служите Господу Христу. |
Ткъа харцонаш лелочунна, ша лелийначу харцоне хьаьжжина, таІзаран ял кхочур ю. Дала цхьаьнгге а озабезамаш ца бо. | А кто неправо поступит, тот получит по своей неправде, [у Него] нет лицеприятия. |
Элий, шайн лешца бакъо а, нийсо а лелош хилалаш. Диц ма делаш, шайна тІехь цхьа Эла хилар: стигалшкахь волу Веза Эла. | Господа, оказывайте рабам должное и справедливое, зная, что и вы имеете Господа на небесах. |
Сема а долуш, Далла баркалла а олуш, леррина доІанаш делаш. | Будьте постоянны в молитве, бодрствуя в ней с благодарением. |
Иштта тхуна тІера а доІанаш де Деле, Цуьнан дош дІакхайкхо а, Цо леррина Къобалвинчух лаьцна йолу Цуьнан къайле дІайовзийта а тхан аьтто бар доьхуш. И къайле дІакхайкхор бахьана долуш, ву со набахтехь. | Молитесь также и о нас, чтобы Бог отверз нам дверь для слова, возвещать тайну Христову, за которую я и в узах, |
Дехалаш Деле, и къайле дІакхайкхо еззачу тайпана дІакхайкхо суна хаийта алий. | дабы я открыл её, как должно мне возвещать. |
Арахь болчаьрца хьекъале хилалаш. БегІийла меттиг шайна нисъелча, хьехамаш бан пайденна хилийталаш. | Со внешними обходитесь благоразумно, пользуясь временем. |
Шун дистхилар а хаза хила деза, дуьйцург сингаттаме ма хилийта, хІоранга а жоп муха дала деза а хууш. | Слово ваше [да будет] всегда с благодатию, приправлено солью, дабы вы знали, как отвечать каждому. |
Сох лаьцна шадерг ТихІака дуьйцур ду шуна. Тхоьца цхьаьна Везачу Элана гІуллакх деш волу, тешаме къахьоьгуш волу, вайн хьоме динан ваша ву иза. | О мне всё скажет вам Тихик, возлюбленный брат и верный служитель и сотрудник в Господе, |
Тхоьгахь хІун хьал ду шуна хаийта а, шун дегнаш иракарахІитто а воуьйту аса иза шу долчу. | которого я для того послал к вам, чтобы он узнал о ваших [обстоятельствах] и утешил сердца ваши, |
Шу долчуьра тешаме а, хьоме а волу динан ваша Онисам а ву цуьнца. Цара кхузахь долчу дерригенах а лаьцна дуьйцур ду шуна. | с Онисимом, верным и возлюбленным братом нашим, который от вас. Они расскажут вам о всём здешнем. |
Шуьга маршаллаш доуьйту соьца цхьаьна набахтехь волчу Арестаха а, иштта Бар-Наабан шичас Марка а. (Цунах лаьцна олуш, аса тІедиллинера шуна, нагахь иза шу долчу кхачахь, цунна хьошалла дар.) | Приветствует вас Аристарх, заключённый вместе со мною, и Марк, племянник Варнавы — о котором вы получили приказания: если придёт к вам, примите его,— |
Иштта маршаллаш доуьйту шуьга ЮшаІа а. (Кхечу тайпана Юст олу цунах.) И кхоъ сунтбинчех ву. Уьш бен бац соьца Делан Олаллина лерина къахьоьгуш болу сунтбинарш. Сан чІогІа догъоьцура цара. | также Иисус, прозываемый Иустом, оба из обрезанных. Они — единственные сотрудники для Царствия Божия, бывшие мне отрадою. |
Маршалла доуьйту шуьга Дала леррина къобалвинчу Іийсан лай волчу шун Эпарпис а. Цо даим а дакъалоцу шуна тІера дечу доІанашкахь, шайн тешарна тІехь шу кхоччуш кхиийтархьама а, Делан лаамехь долчух шу дуьзна хилийтархьама а. | Приветствует вас Епафрас ваш, раб Иисуса Христа, всегда подвизающийся за вас в молитвах, чтобы вы пребыли совершенны и исполнены всем, что угодно Богу. |
Лаудика-гІалахь а, ХІерапал-гІалахь а долчу шуна Эпарпис чІогІа къахьоьгуш хиларх тоьшалла до аса. | Свидетельствую о нём, что он имеет великую ревность и заботу о вас и о находящихся в Лаодикии и Иераполе. |
Маршалла ду шуьга хьомечу лоьрера Лакера а, Демера а. | Приветствует вас Лука, врач возлюбленный, и Димас. |
Маршаллаш ло Лаудикехь болчу динан вежаршка а, Нумпате а, цуьнан цІерачу динан тобане а. | Приветствуйте братьев в Лаодикии, и Нимфана, и домашнюю церковь его. |
ХІара кехат шаьш долчохь дешна даьлча, Лаудикерачу динан гуламехь дІадешийта, ткъа Лаудикехь дерг шайн гуламехь аша а деша. | Когда это послание прочитано будет у вас, то распорядитесь, чтобы оно было прочитано и в Лаодикийской церкви; а то, которое из Лаодикии, прочитайте и вы. |
Арихупе иштта дІаала: «Варелахь, Везачу Элаца волуш айхьа тІелаьцна долу деза гІуллакх кхочушделахь». | Скажите Архиппу: смотри, чтобы тебе исполнить служение, которое ты принял в Господе. |
Аса сайн куьйгаца яздо шуьга хІара тІаьххьара долу маршалла. Со набахтехь хилар диц ма делаш. Делан дика хуьлийла шуьца массаьрца а. | Приветствие моею рукою, Павловою. Помните мои узы. Благодать со всеми вами. Аминь. |
ПахІала а, Салис а, Тимапис а хІара кехат яздо вайн Да волчу Делах а, Веза Эла волчу Іийсах а тешачийн Тассалник-гІалара тобане. Делан дика а, синпаргІато а хуьлда шуна. | Павел и Силуан и Тимофей — церкви Фессалоникской в Боге Отце и Господе Иисусе Христе: благодать вам и мир от Бога Отца нашего и Господа Иисуса Христа. |
Тхайн доІанашкахь, шу дага а лоьцуш, шуна массарна тІера даим Далла хастам бо оха. | Всегда благодарим Бога за всех вас, вспоминая о вас в молитвах наших, |
Шаьш Делах тешаш хиларна, аша дика гІуллакхаш дар а, аша безамца къахьегар а, вайн Везачу Эле, Дала леррина къобалвинчу Іийсага шу тешамца сатуьйсуш хилар а даим а вайн Да волчу Далла хьалха дагахь латтадо оха. | непрестанно памятуя ваше дело веры и труд любви и терпение упования на Господа нашего Иисуса Христа пред Богом и Отцем нашим, |
Далла безна болу динан вежарий, шу Дала хаьржина хилар хаьа тхуна. | зная избрание ваше, возлюбленные Богом братия; |
Шу долчохь тхан хаза кхаъ кхайкхор дашца бен хилла ца Іаш, Делан ницкъаца а, Делан Синца а, кхин а боккхачу тешамца а ма бара. Шуна шайна хаьа, шун дуьхьа шуна юкъахь тхо муха Іара. | потому что наше благовествование у вас было не в слове только, но и в силе и во Святом Духе, и со многим удостоверением, как вы [сами] знаете, каковы были мы для вас между вами. |
Делан дош тІе а эцна, тхох а, Везачу Элах а тарделла дІахІитти шу а. Аша дукха баланаш лайнехь а, Делан Сино хазахетар лора шуна. | И вы сделались подражателями нам и Господу, приняв слово при многих скорбях с радостью Духа Святаго, |
Цундела Македон-махкахь а, Ахай-махкахь а массо а Іийсах тешаш болчарна шух масал хилла. | так что вы стали образцом для всех верующих в Македонии и Ахаии. |
Ткъа Везачу Элан дош а, шун Делах тешарх болу хаам а шуьгара Македон-махка а, Ахай-махка а кхаьчна ца Іаш, массо а кхечу меттигашка а дІасабаьржина. Цундела шух лаьцна оха дийца оьшуш кхин цхьа а хІума дац. | Ибо от вас пронеслось слово Господне не только в Македонии и Ахаии, но и во всяком месте прошла [слава] о вере вашей в Бога, так что нам ни о чём не нужно рассказывать. |
ХІунда аьлча цара шаьш а дуьйцу тхох лаьцна. Цара дуьйцу, тхо шуна тІе муха даьхкира а, иштта шу, цІуйх дІа а дирзина, Делехьа дерзарх лаьцна а, дийначу а, бакъволчу а Далла гІуллакх дархьама. | Ибо сами они сказывают о нас, какой вход имели мы к вам, и как вы обратились к Богу от идолов, [чтобы] служить Богу живому и истинному |
Цара дуьйцу, Делан КІант стигалшкара схьаваре шу муха ладоьгІуш ду. Дала веллачуьра денвина волу а, тІейогІу йолчу Делан оьгІазлонах вай кІелхьардоху волу а Іийса ма ву и КІант. | и ожидать с небес Сына Его, Которого Он воскресил из мёртвых, Иисуса, избавляющего нас от грядущего гнева. |
Динан вежарий, шуна хаьа, тхан шуна тІедахкар эрна ца хилар. | Вы сами знаете, братия, о нашем входе к вам, что он был не бездейственный; |
Ткъа, шуна ма-хаъара, хьалха Пилап-гІалахь баланаш а лайна, сий дайина дара тхо. Тхайна луьра дуьхьало йинехь а, тхайца Дела волу дела, тхо майрра шуна хаза кхаъ кхайкхо гІиртира. | но, прежде пострадав и быв поруганы в Филиппах, как вы знаете, мы дерзнули в Боге нашем проповедать вам благовестие Божие с великим подвигом. |
ХІунда аьлча тхан хьехамашкахь дацара шу тило гІертар, я цхьа вониг шуна хила лаар, я шуна хІилла дар. | Ибо в учении нашем нет ни заблуждения, ни нечистых [побуждений], ни лукавства; |
Ткъа Дала тхан сий а дина, Шен хаза кхаъ тешарца тхоьга кховдоре терра, иштта, адамашна томана а доцуш, амма вайн дегнаш зуьйш волу Дела лоруш бо оха и хьехамаш. | но, как Бог удостоил нас того, чтобы вверить [нам] благовестие, так мы и говорим, угождая не человекам, но Богу, испытующему сердца наши. |
ХІунда аьлча, шуна ма-хаъара, тхо цкъа а дацара шу хестош я шуьгара тхайна пайда лоьхуш. Дела теш ву-кх! | Ибо никогда не было у нас перед вами ни слов ласкательства, как вы знаете, ни видов корысти: Бог свидетель! |
Шуна я кхечарна тхаьш ларар я тхо хестор тІе ца дуьллу оха. | Не ищем славы человеческой ни от вас, ни от других: |
Тхаьш Дала леррина Къобалвинчун векалш хиларе терра, тхаьш лоруьйтуш дахка йиш яра тхан, делахь а, бераш кхобург шен берашца кІеда-мерза ма-хиллара, шуна юкъахь тийна Іийра тхо. | мы могли явиться с важностью, как Апостолы Христовы, но были тихи среди вас, подобно как кормилица нежно обходится с детьми своими. |
Иштта тхо шух дІаийна дела а, тхайна шу дезадаларна а шуна Делера болу хаза кхаъ кхайкхийна оха. И дина а ца Іаш, тхайн синош а, ца кхоош, шуна дІадала лиира тхуна. | Так мы, из усердия к вам, восхотели передать вам не только благовестие Божие, но и души наши, потому что вы стали нам любезны. |
ХІунда аьлча, динан вежарий, шуна дагадогІу-кх шу долчохь оха хаза кхаъ кхайкхочу хенахь, тхайх шуна бала ца бархьама, буьйсанна а, дийнахь а оха хьегна къа а, тхуна хилла ницкъ а. | Ибо вы помните, братия, труд наш и изнурение: ночью и днём работая, чтобы не отяготить кого из вас, мы проповедывали у вас благовестие Божие. |
Шу а, Дела а теш ду-кх, Делах тешачу шуна хьалха цІена а, Делан лаамехь а, ала хІума а ца дуьтуш тхо муха Іара. | Свидетели вы и Бог, как свято и праведно и безукоризненно поступали мы перед вами, верующими, |
Шуна хууш ду-кх, шух хІора а, дас шен бераш санна, лелавора оха. | потому что вы знаете, как каждого из вас, как отец детей своих, |
Subsets and Splits
No community queries yet
The top public SQL queries from the community will appear here once available.